Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! (Бусалба йиша ю хоьттуш, шен вешина дика ца хета бохуш ша цунна хьалха коьртаIуьйра лелар, коьртахь хIума лело езий ша цунна хьалха, иза важиб дацахь а, бохуш?)

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме йиша! Хьуна АллахI реза хуьлда хьо Цо бохург деш хиларна, Цо тIедиллина декхар чекхдоккхуш хиларна, Цо хIоттийна доза лардеш хиларна!

ТIаккха, лераме йиша, нийса боху ахь, хьарам дац ахь хьайн чохь йовлакх дIадаккхар. Хьан воккхах волу ваша хьуна хьалха голаш тIе кхаччалц шорташ йоьхна лелар а хьарам дац. ЦIонгана тIера голаш тIе кхаччалц йолу «шорташ» а йоьхна, лакхахь кхин цхьаъа бедар йоцуш, йа коч йоцуш, йа «майка» йоцуш, букъ а, накха а, гай а дерзина долуш хьан ваша хьуна хьалха лелар а хьарам дац. Хьан ваша иштта хьан нанна хьалха лелар а хьарам дац. Хьан ваша иштта шен ненайишийна а, дейишийна а, ненанна а, денанна а, йишин йоIаршна а, вешин йоIаршна а хьалха лелар хьарам дац. Цул совнаха, хьан ваша оцу кепара верзина ваьлла шен дена а, дедена а, лулахошна а, юьртахошна а хьалха лелар хьарам дац. Лелар ву аьлла хетий хьуна иза иштта? Йа иза иштта лелча, нахана хьалха ца лелахь а хьайна хьалха иза иштта верзина лелча, хьуна дика хетар дарий иза? Хьуна дезор ма дацара иза, цхьаъа шеко йоцуш.

Цец ма ялалахь, хIокхо дийца хIун дуьйцу-те алий. Хьоьга жимма ойла йайта, бусалба динехь гIиллакх бохург кIоргера хIума хиларх хьо кхетийта, хьан даго хьоьга хьан вешо бохург атта къобал дайта далош долу масалш ду уьш ас.

Лераме йиша, хьарам-хьанал хиларал совнаха, Бусалба динехь оьздангалла боху хIума а ду, гIиллакх боху хIума а ду, эхь хетар боху хIума а ду, яхь хилар боху хIума а ду. Хилла ца Iаш, гIиллакх-оьздангалла дацахь Бусалба дин дан а дац, хIунда аьлча Бусалба дин дахаран некъ бу, ткъа гIиллакх доцу дахар дахар дац. «Бусалба динан гIиллакхех (цхьадерг)» цIе йолу жайна долош цу хьокъехь Шейх Iабдул-Фаттахьа (Дала къинхетам бойла цунах) аьллачуьнга а, вай цуьнан динчу маьIнийга а ахь ладоьгIча жимма алсам девзар ду хьуна иза, Дала мукъа лахь.

Лераме йиша, цхьа хIума хьарам ца хилар а, цхьа хIума дан мегаш хилар а и хIума дан деза, и хIума лело деза бохург дац. Хьарам дац бохург – дича эхартахь Iазап хир дац бохург ду. Ткъа гIиллакх – иза дикаллин уггар лакхарчу даржех цхьа дарж ду. Вайн нахана юкъахь гIиллакхе лоруш дац зуда шен чура божаршна хьалха коьртаIуьйра лелар. Иэхье доцург – зуда шен майрачуьнца ша йиссича коьртаIуьйра ялар ду. Иштта дика лоруш дац вайн, масала, борша стаг баккхийчарна хьалха кач баьстина лелар. Иштта и санна ду и зуда коьртаIуьйра лелар. Хьо кхетийта масалш ду уьш ас далош. Ткъа и гIиллакх хаза гIиллакх ду, дика гIиллакх ду, оьзда гIиллакх ду, Бусалба динна доьхьал догIуш доцуш, Бусалба динца цхьаьна догIуш гIиллакх ду. Цундела, хьан вешийна хьо шена хьалха коьртаIуьйра лелча дика хеташ дацахь, ерриге месаш хьулйеш долу йовлакх ца тиллахь а мухха тиллина а коьрта хIума тилла хьажа еза хьо, коьртаIуьйра ца лела хьажа еза, хьайна вешин лерамана. Хийра божаршна хьалха санна ахь хьиджаб лело еза бохург дац иза, делахь а коьртахь тиллина цхьа хIума хилча дика ду бохург ду.

Айаташца а, хьадисашца а, Iеламнехан дешнашца а дийцича дуккха а дийцалур дара хIара хаттар, ткъа вай хIинца аьллачух а, далийначу масалех а тоам хила декхар ду хьуна, Дала мукъа лахь.

Иштта и аьлла хета суна, лераме йиша.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

31.10.2011 = ‏04‏.12‏.1432