Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Де дика дойла! Сан цхьа хаттар дара: ас хьиджаб лело ах шо ду, чурниш реза бац суна ас и лелош. И дIа а яьккхина, еха юбка, футболка, йовлукх лело мегий? И къилахь дуй? Баркалла.

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Далла езийла хьо!

Бусалба зудчо духа дезачу духаран ШариIатехь хIоттийна куц-кеп дац, сурт дац. Ши куьг а, юьхь а йоцуш, кхидIа долу дерриге дегI дIахьулдеш хилчахьана, чекх са гуш а ца хилчахьана, тIелетта а ца хилчахьана, божарех тарлуш а ца хилчахьана, муьлхха а кепара, муьлхха а суьртехь долу духар лело мегаш ду.

Цундела, нагахь санна хьуна «хьиджаб» бохучу дашца лууш дерг къаьсттина вайн нахана юкъахь девзаш долу «классически бусалба духар» делахь, масала чухта а, кортали санна охьахоьцуш йовлакх а, йоккха еха цхьа коч а – къаьсттина и духар ахь ца лелийча а къа дац хьуна. И биъ биллам – ши куьг а, юьхь а йоцург дерриге дегIа дIахьулдеш хилар, чекх са гуш ца хилар, меженийн куц-кеп билгалдечу кепара тIелетта ца хилар, божарийн духарх тера ца хилар – ларбеш хилчахьана, ахь лело мегар ду шуьйра «кофта» а, шуьйра, еха «юбка» а, месаш а, лаг а къайла а доккхуш коьрта тIехь гуобоккхуш хьарчийна «шарф» а, йа йовлакх а.

И вай далийнарг масал дара, и доцург муьлхха а кхийолу «фасон» йолуш духар лело мегар ду ахь, и биъ биллам ларбеш хилчахьана.

ТIаккха кхузахь хаа деза, и меженаш хьулйеш долу бусалба духар лелор хийра божарий болчахь бен фарз ца хилар. Ша маре яхар даиманна хьарам долчу божаршна хьалха и духар ца лелийча а хIумма а дац, къилахь дац, мелхо а мегаш ду.

Амма «футболка» лело мегар дуй аьлча – хьой маре яхар даиманна хьарам долчу божаршна хьалха (масала дена хьалха, йа девешина, йа вешин кIантана, и.кх.дI.), цхьаъа шеко йоцуш лело мегар ду «футболка». Ткъа хийра божарий болчахь, йа нахана юккъе арайолучу хенахь мегар дуй аьлча – хIинццалц схьа вайн евзина йолу «футболкаш» готта хуьлуш ю, цундела нагахь санна оцу футболкано хьан дегIан меженаш билгалйийр елахь, церан куц-кеп гучудоккхур делахь, иза лело мегар дац ахь. Амма иштта и хIума хир дацахь – тIаккха хьарам-ам хир дац хьуна иза, делахь а суна хетарехь еккъа цхьа футболка ца лелор гIолий хила мега, цунна тIехула цхьаъ йоьхча дика хирг хир ду, цхьа йаййа хIума йоьхна а.

ТIаккха, хьайн ма хуьллу хьайн бусалбаллий тIехь чекхъяла хьажа, хьайна цу новкъахь хуьлуш йолчу халонех хьайна Дала лур болу мел а дагахь латта бе, шайн динах боха ца бухуш яккхий халонаш лайна болу хьалхалера сийлахь бусалба зударийн дахар дагадаийта, хьайна уьш ца бовзахь церах лаьцна еша а, ладогIа а хьажа, цара лайна йолчу халонаш тIехь ойла йича хьайн сийлахь некъа тIехь чекхъяла а, цу новкъахь хуьлуш йолу халонаш лан а атта хир ду хьуна. Ахь хьайн сий лардеш, ахь хьайн оьздангалла ларйеш, ахь хьайн дин лардеш хьоьгуш долу къа гIазот ду хьуна, хьуна цунах хуьлуш йоккха ял а ю хьуна. Дала гIо дойла хьуна, Дала аьтту бойла хьан!

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

24.01.2010 = ‏08‏/02‏/1431