|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Со ательехь болх беш ю, болх ба дIахIоьттина дукха хан яц, чIогIа дукха заказаш хуьлу са, уьш, ах сов доца пхьош, голелц бе йоцуш кучмиш хуьлу, ас иштта коч тегча, йоI и духар доьхна араялахь, цунах фитна хила мегий-те? Суна къа-м хир дац?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Оцу кепара кучамаш тегар а, йохкар а къилахь хIума ду аьлла ца хета суна, Дала мукъа лахь. ХIунда аьлча, шина агIор (хьарам долчу а, хьанал долчу а агIор) лело йиш йолу хIума йар а, йохкар а шен бухехь мегаш хIума ду. Масала, телевизор йар а, йохкар а мегаш ду, цхьаберш цуьнца хьарам долчу хIумане хьуьйсур белахь а. Иштта масала дало йиш ю вуно дукха хIуманца: герз, машен, интернет, радио, цемент (цхьаволчо цуьнца маьждиг а, шена хIусам а йан мега, кхечо цуьнца хьарам долчу ловзарийн хIусам а, харцахьа лелачу нехан бен а бан мега). Иштта и санна хьукм долуш ду зударийн дукхах долу духарш: цхьаболчу зударша и духарш хьарам долчу кепара лело тарло, кхечара мегаш долчу кепара лелон а тарло. Ткъа, цхьаболчара, йа цхьаберш хилла ца Iаш дукхах болчара а цхьа духар хьарам долчу кепара лело мега аьлла иза тегар а, дохкар а хьарам дича, масала шен хIусамдена кечлуш доха духар доцуш юьссур ю зуда. Бакъду, иштта шина агIор лело йиш йолу хIума оьцуш волчо иза хьарам агIор лелор хилар хууш делахь (масала, доца пхьуьйшаш долу коч тега олуш йолу зуда хила ма-дезза духар доьхна лелаш йоций хууш делахь), цхьаболчу Iелам-наха хьарам лору и йохкар, иза хьарам долчуьнга вуьгуш болу некъ а бу, хьарам долчунна гIо дар а ду олу цара. Ткъа вукху Iелам-наха иза хьарам ца лору, къилахь а ца лору, иштта дина йохкар-иэцар нийса ду а олу цара, хIунда аьлча оьцуш волчо и хIума хьарам агIор ца лело а тарлуш долу дела, ткъа хила мега, хила тарло бохучу хIуманца билггал мегаш долу хIума хьарам дойла йоцу дела. Амма хьарам йолчу агIор бен лело йиш йоцу хIума йар а, йохкар а - иза мегаш дац. Масала цхьа духар хьанал долчу агIор леладойла яцахь, тIаккха иза тега а, дохка а мегар дац. Къаьсттина хIокху хаттарехь суна гург – ахь хоьттуш йолу кучамаш (уьш санна долу кхидолу духар а) тегар а, йохкар а хьарам ца хилар ду, Дала мукъа лахь. И коч лело ца мегачу кепара лелош йолчунна ду къа, жоьпалла а цунна тIехь ду. Мегаш долчу агIор лело йиш йолу хIума ахь йоьхкича, цхьамма иза вочу агIор лелийча, къа хьуна дац, иза лелийначунна ду. Нагахь санна со галваьллехь – иза соьгара а, шайтIанера а ду. Со нийса хиллехь – иза сийлахь АллахIан къинхетам бу. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 31.03.2010 = 15/04/1431
| КхидIа |