Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Можно ли мусульманке носить все цвета?

Бусалба зудчунна муьлхха а беснаш лело мегий?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Бусалба зудчуьнан духар къаьсттина цхьана басахь хила деза аьлла билгалдина дац шариIато. Цхьана басца доьзна дац бусалба зудчуьнан духар. Цундела цунна мегаш ду муьлхха бос болу духар лело, духарна шариIато хIиттийна долу кхидолу бехкамаш лардеш хилчахьана. Цу бехкамех ду наха тIе пIелгаш хьежор долчу кепара, нахана юкъахь къаьсташ хир долчу кепара, бIаьрг тIехIуттуш долу духар лело ца магар а, иштта кхидIа а.[1]

СаIуди пачхьалкхера Даиманна болчу Фатван Гуламан фатваш юкъахь деана ду иштта хаттар а, жоп а:

«Хаттар: Бусалба зудчуьнан хьиджаб къаьсттина Iаьржа бос болуш хила езаш юй, йа муьлхха а басахь ерг лело мегаш ду?

Жоп: Бусалба зудчуьнан хьиджаб къаьсттина Iаьржачу басца йоьзна яц. Цунна мегаш ду шена луъу бос болу духар духа, нагахь санна иза цуьнан дIахьулйан еза меженаш дIахьулйеш а делахь, зуда божарех тарйеш а дацахь, межений куц билгалдеш готта а дацахь, чухула дерг гойтуш дуткъа а дацахь, (божаршна) питана гIиттош а дацахь».[2]

Цундела, и бехкамаш ларбеш хилчахьана, муьлхха а бос болу духар лело мегар ду бусалба зудчо, хуьлийла иза цхьана басахь духар, йа шина басахь, йа къорза.

Ткъа и бIаьрг тIехIуттуш хилар а, ца хилар а, божаршна питане хилар а, ца хилар а хIора адамийн Iадате хьаьжжина ду, хIора меттахь хIоьттина лаьтташ долчу хьоле хьаьжжина ду.[3] Цундела, масала, Африкерачу зударша лелош долу къорза духар вайн мехкашкахь бIаьрг тIехIуттуш, кхечарна юкъахь къастош хила мега, иштта кхидIа а.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

20.11.2009

 

 

 

[1] «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», фатва № 65221, 65637, 44647, 30857; «Фата́ва́ ал-исла́м суа́л ва джава́б», фатва № 72878.

[2] «Фата́ва́ ал-ладжнатид-да́имахI», 17/108.

[3] «Фата́ва́ ал-исла́м суа́л ва джава́б», фатва № 104257.