|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Зуда шена майрачуьнца Iа ца лаьа аьлла дIаяха мегий, майра и дIаяха реза воцуш, аладашна иза сан гергарнаш лоруш ваций или тхоьх ца веший... иштта кх.дI. бахьанашца. Иза Iа лууш яцахь церан дIасакъастар муха хила деза? Майрачуьнгара пурба доцуш цIа яхча, цунна малийкаша наьIалт олу бохург муха ду?
ХIара вайн цIахь хуьлуш
долчу хьелашех цхьаъ ду, хьуна уьш девза аьлла хеташ ву со.
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ХIокху хаттарх тера хаттар делла хилла Шейх Мухьаммад ибн Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-Шинкъи́тIийга, Дала Iалаш войла иза. Цуьнга делла долу хаттар а, цо делла долу жоп а далийча дика хир ду аьлла хета суна, жимма деха делахь а. Хаттар: Майрачуьнан пурба а доцуш, цунна хууш а доцуш, зуда шен цIера ара а яьлла, шен берашца шен денцIа дIаяхча, цу зудчо ша йитар доьхуш хилча, ткъа майрачунна иза йита лууш а ца хилча, майрачунна тIехь дуй цу зудчунна а, берашна а напха латтор, иза шен денцIахь Iаш йолчу юкъахь? Жоп: ХIара хаттар масийтта агIо йолуш ду, хIокху хаттарца доьзна масех хIума ду. Хьалхарниг: АллахIах а тешаш, ТIаьххьарчу (къемат) дийнах а тешаш йолчу хIора зудчуьнан декхар ду майрачуьнан хьакъ доккха дуй хаар; Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ма-аллара, майра зудчуьнан ялсамани а, жоьжахати а юй хаар: нагахь санна и зуда Делах кхоьруш хилахь ялсамани хир ю цунна и майра бахьана долуш, нагахь санна иза нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIан дозанел тIехйийлахь жоьжахати а ю иза. ШолгIаниг: Зудчунна хаа деза, шен ме́ран цIентIера иза араяла мегаш ца хилар майрачуьнан пурбанца бен. Цо пурба лахь араер ю иза, цо пурба ца лахь шен меран цIахь Iен еза иза. ТIаккха, нагахь санна цхьа цакхетамаш хилахь, вовший резадацарш хилахь, цуьнан ши хьал бен хуьлийла дац: Хьалхара хьал: И цакхетамаш а, резадацарш а хIиттина лаьтташ а долуш, шен (меран) цIахь и зуда Iа луш хилар, шен гергарчех цхьаъ ва́н а веана, майрачуьнца и гIуллакх цо къастадаллалц.[1] ХIокху хьолехь цунна мегаш дац (цIера) араяла. ШолгIа хьал: И зуда (шен ме́ран цIентIехь) Iийча цунна кхерам хилар, масала цуьнан майра къаркъа маларан бала кхетта велахь, йа цхьа кхечу вочу хIуманашца бала кхетта хилар, и зуда цо е́н мегачу кепара, йа цу зудчунна, йа цуьнан берашна цо цхьа зе́не́ хIума дан мегачу кепара. Иштта хьелаш ша-тайпа къаьсттина хьелаш ду, цундела ишттачу хьолехь зудчунна мегаш ду шен ме́ран цIера араяла, майрачо цунна пурба делла дацахь а. Амма хIора цакхетам (йа «проблема») мел хуьлу иза чура ара юьйлуш, шен денцIа, йа шен ненан цIа эхар – иза мегар дац, и хIума дан цуьнан бакъо а яц. Мегаш дац зуда шен ме́ран цIентIера араяла. Мегаш дац (цу зудчуьнан) дена, йа нанна, йа гергарчунна, оцу вочу хIуманна тIехь цунна гIо дар. Пурбанца бен араяла мегаш дац зудчунна шен меран цIа чура, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ма-аллара: «Нагахь санна шайн зударша шуьга шаьш маьждиге дахийта аьлла пурба дехахь, пурба лойла аш царна».[2] (Бусалба дино хIоттийна) бух бу, араяларехь зуда шен майрачунна муьтIахь хила езаш хилар. Ткъа нагахь санна цхьа цакхетамаш хилахь – АллахIа хIора хIуманна шен барам хIоттийна, цакхетамашна уьш дIабохуш долу некъаш а хIиттийна. Амма цхьа цакхетам хиллера аьлла иза яха а яхана шен да а, нана а долчахь охьахаар – иза мегаш дац. Нийсонах лоруш дац майрачо урдо а делча, хIусам латто а езча, доьзална оьшург латто а дезча, тIаккха цхьадолчу гIулкхаш тIехь зуда цIера ара а яьлча. Цундела, нагахь санна йита бахьана а доцуш зудчо ша́ йитар доьхуш делахь, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа магийна майрачунна ша́ шен зудчунна делла долу урдо юхадерзор. Амма нагахь санна майрачо цунна зулам динехь, новкъарло йинехь, зен динехь – хIокхуьнан а масех хьал ду. Хьалхара хьал: Хуьлуш долу зен собар далуш долу зен хилар, сатохалуш долу зен хилар; (хIокху хьолехь зудчо сатоха деза, собаре хила еза иза), шена ме́л хиларга догдохуш, АллахIера шена дика тIаьхьло хирг хиларга догдохуш. Ткъа, АллахIа эрна ба́йтур бац дика Iамал йинчуьнан ме́л. (ХIокху хьолехь йолчу зудчо) шен Элера (АллахIера) шена гIо лехча, Цо бохам а дIабоккхур бу цуьнан, хилаза диссина долчу хIуманал гIолий дерг а лур ду цунна. Нагахь санна и цакхетамаш а, халонаш а собар дан а, сатоха а йиш йолчерах елахь – масала (майра) гIиллакхе ца хилар, вон мотт лиебеш хилар – бакъдолуш нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа эрна ба́йтур бац собаре хиллачеран ме́л, АллахI собаре болчаьрца ву, АллахI цу зудчуьнца хир ву, Цо цунна гIо а дийр ду, Цо иза чIагI а йийр ю, оцу баланца Цо цуьнан гIалаташ дIа а дойъур ду, даржашкахь иза лакха а йоккхур ю. Иза доккха ниIмат ду АллахIах тешаш йолчу зудчунна, цхьаъ вукхул тIаьхьа денош дIагIур ду цуьнан, суьйренаш а дIагIур ю цуьнан шена хуьлуш долу зен цо АллахIа доьхьа ловш долуш (шена хуьлучу зенна цо Делан доьхьа сатухуш долуш), шена хуьлуш йолчу сийсазлонна иза нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа доьхьа собаре йолуш. Эццахь боккха хир бу цуьнан ме́л, дика хир ю цуьнан тIаьхьло (чаккхе)! Мел дукха зударий бу, шайн ма́ро́ша сийсаз а бина, АллахIа (Шен дозаллехь) базбина йолуш, иза а, цуьнан бераш а даздина долуш, цуьнан тIаьхьло дика йина йолуш! Ткъа гIуллакхийн бустам тIаьхьлонца (чаккхенца) бу. Мел дукха зударий бу шайн дахаран юьхьенгахь белха дезна, ирс доцуш баьхна, шайн ма́рошкара новкъарлонаш хилла, зенаш лайна, тIаккха шайн дахаран чаккхенгахь шайн доьзалшца АллахIа шайн бIаьргбузийтина, шайн ма́ро́ш бала а белла, шайн доьзалш шайна уггар дика бераш хилла дIахIиттина, шаьш собар дарна а, шаьш бохамаш ла́рна а АллахIа диканца бекхам бина, шайна тIаьхьло дикачу агIор а хилийтина. Адамийн хьелашка хьаьжначунна а, церан хабарш девзачунна а билггал гуш-хууш хIума ду иза, вай шеца АллахIана – нуьцкъала а, сийлахь а ву Иза – тешалла деш долу хIума а ду иза: сийлахь-цIена а, лекха а волчу АллахIал дика бекхам беш цхьаъа вац, Цул комаьрша а цхьаъа вац. Мел дукха зударий бу шайн дахар а, бахам а, массо хIума а шайн майрошна дIалуш, хIетте а баркалла олуш хезаш мотт а боцуш, динчу диканна къера хуьлуш дог а доцуш, делахь а сийлахь-цIена а, лекха а волчу АллахIа шайн тIаьхьло дика а хуьлуьйтуш, динца ерг а, дуьненаца ерг а, эхартахь ерг а. Цундела, нагахь санна и халонаш ла́н йиш йолуш елахь, собар дан йиш йолуш елахь, сатоьхча хIумма а дац цо, АллахI цуьнца а хир ву. АллахIах а тешаш, ТIаьххьарчу дийнах а тешаш йолчу массо зудчунна билггал долчу хаарца девзаш хила деза, дуьненан дахар сингаттамийн а, гIайгIанийн а, баланийн а дахар хилар, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIана муьтIахь хиларца бен хIокху дахарехь кхин самукъа ца хилар. Ойла йе хьайна хIокху дерриге дахарх, дIасахьажа хьайна аьтту агIор а, аьрру агIор а, хьалха́ а, тIе́хьа́ а, тIехула а, буха а, хьайн самукъа доккхур долу хIума лаха хьайн оцу массо меттехь, АллахI хьехор а, цуьнца доьзна долу хIума а бен кхин цхьаъа хIума карор дац хьуна! ХIокху дуьненна дуьне ца аьлла иза лахара хиларна бен, цунна и цIе ца тиллина бакъ дерг цу чохь керста деш хиларна бен: бакъдерг харц хуьлуш, харц дерг бакъ хуьлуш, диканиг вон хуьлуш, вониг дика хуьлуш. И массо хIума дуьне лахара хилар ду, ткъа иза муъма-стеган (АллахIах тешаш долчу адаман) набахта ю. Зудчунна девзаш хила деза, ша мичча йахарх а, мичча ерзарх а, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа иза зуьйр хилар. Шен ме́ран цIийнах иза кIелхьара а яьлла, шен ме́ран цIентIера иза араяьлча, шен денцIахь Iашйолуш шена шен вежарша а, йижарша а новкъарло еш карор ю цунна. Вежарех а, йижарех а иза маьрша йиссахь, нехан къамелех маьрша юьссур яц иза, майрачуьнан гергарчерах а маьрша юьссур яц иза, ша санна болчу шен доттагIех-накъостех а маьрша юьссур яц иза. Ойла ян еза цо, хьажа еза иза боккха ме́л мичахь бу а, боккха дика бекхам мичахь бу а, тIаккха собаре хила еза иза, ме́л хиларга догда́ха а деза цо. Иза нагахь санна цуьнга собар далур делахь дерг ду, сатохалур делахь дерг ду, ткъа АллахIа ницкъ кхочург бен тIедиллина а дац адамана. Амма иза собаре муха хила еза аьлча – цунна АллахIа ницкъ лур бу цу балхехь цо сатохарца. Башхула ю адам собарна а, сатохарна а юкъахь. Сатохар собарал лакхара ду, хIунда аьлча собар долуш верг собаре воьлла стаг ву, иза цуьнца даим долуш ду, ткъа сатохар а, хало ла́р а, шен синна Iаткъам бар а – и болх бу и шеца адам кхачамаллашка кхочуш берг. Иштта сатохар нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIаца юкъаметтиг лело езаш ду, хьан дог АллахIаца хила дезаш ду. Iумар ибн Ал-ХаттIаба (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Тхайн уггар мерза дахар собарца (сатохарца) хилларг карийна тхуна». Пайхамара а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) боху: «(Собаре хиларехь хуьлучу халонашна) сатухуш волчунна АллахIа собар лур ду (собаре хила гIо дийр ду цунна)».[3] Шен майрачуьнца зудчунна собаре хила лиъча,шайтIано да́н а догIий, олу цуьнга: «Ахь муха тухур ду са, цо иштта а, иштта а аьлла хилча? Хьо муха хир ю собаре, цо иштта и хIума дина хилча? Ахь муха деттар ду са иштта-вуьшта а хилла хилча?», - ткъа оцу зудчо собар хьалха доккху, сатохар хьалха доккху, (шен майрачунна) «Дала нисвойла иза» аларца доIа а деш. Иза бусалба зудчуьнан уггар хаза а, уггар кхачаме а хила йиш йолу хьал ду, шена вон динчунна доьхьал дика дар, къа латорна доьхьал къинтIера ялар, гечдар, шен майрачунна доIа дар, цунна диканиг дехар. Эццахь шайтIа а юхадолу, тIаккха, халонашца а, цакхетамашца а дуьзна хилла долу и цIа оцу Делан лай йолчу зудчунна серлонца а, диканца а, беркатца а дIадузу, цо собар дарна а, сатохарна а, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа цунах Шен къинхетам барна. Иза АллахIан лай ю, АллахIана муьтIахь йолуш, собаре йолуш, шен цIахь Iаш йоллушехь шена новкъарлонаш хуьлуш, халонаш хуьлуш, хIетте а кIеззиг бен карор дац цо шен де́га йа вешига арз дина хилар, хIунда аьлча цуьнан дог АллахIаца ду. ХIора дийнахь тайп-тайпана баланашца новкъарло хуьлу цунна, делахь а хIора дийнахь шен селхана хиллачул дика дарж ло цунна, диканаш ло цунна. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Собаре болчарна кхочур бу шайн ме́л, хьесап (чаккхе, доза) доцуш].[4] Ткъа иза нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIера (диканца) ваIд ду. Цундела, нагахь санна и цакхетамаш а, халонаш а сатоха йиш йолуш елахь, (цIера) ара ма йолийла иза. ШолгIа хьал: Нагахь санна и цакхетамаш а, халонаш а сатоха йиш йоцучу кепара елахь, зудчуьнга кхидIа ла́лур йоцучу хьоле кхаьчна елахь, йа гIуллакх цунна а, цуьнан берашна зен хир долчу хьоле кхаьчна делахь, лекха хинволчу АллахIа боху: [Нагахь санна и шиъ дIасакъастахь – АллахIа Шен комаьршаллийца тоам хуьлуьйтур бу цаьршиннах хIоранна].[5] Нагахь санна, цаьршинан хьал йитар деха могуьйтуш долчу хьоле кхаьчна делахь, тIаккха и зуда шен майрачунах дIакъастахь, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа ша́ тIаьхьло дика хуьлуьйтур ю аларца ваIда ду цу айатехь деш. Майра туован а, маре туодан а шариIато хIиттийна долу массо бахьанаш лелийначул тIаьхьа, оцу бахьанашца гIуллакх туолуш дацахь, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIе шена диканиг деха деза зудчо, дикачу гIулкхана ша́ тIенисйар деха деза цо Цуьнга. Шен Элане дикачунна тIенисйар деххалц, (майрачуьнга) ша́ йита эра дац цо. Ша́ йита алар дика ду-те шена, йа иза ца алар дика ду-те шена аьлла истихара дан деза цо. ТIаккха, нагахь санна шен дагна синтем хилахь, иза шена дика хеталахь, тIаккха ала мегар ду цо иза. Ша́ истихара дале хьалха, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIе ша́ шена диканиг дехале хьалха, Iелам-нахана юкъара а, дикачу нахана юкъара а хьекъал долчу нахах дагаяла еза иза. Iилманца а, тешамаллийца а шена вевзаш, ша́ тешаш волчу Iелам-стагах дагаяла еза иза, хьекъал долчу нахах а дагаяла еза иза, хатта деза цо цаьрга. Шен накъостий ларалуш болчу зударшца а дагаяла еза иза. ТIаккха нагахь санна дIаса ца къаьстича ца йолуш хилар билгалда́лахь, пайдане дерг дIасакъастар хилар билгалдалахь, истихара а дахь, дагна цу тIехь синтем а хилахь, ша́ шен майрачуьнга эра ду цо, ша́ йита аьлла, нагахь санна иза ша́ аьлча пайденна а делахь, ша́ аларо зен духатухур а делахь. Ткъа нагахь санна ша́ аларо хьовзам бийр белахь, йа зен дийр делахь, йа гIуллакх кхин а генадоккхур делахь, тIаккха уггар хьекъале, уггар дика кхетам болуш верг лаха веза цо (шен майрачуьнга иза дIаалийта). Тешаме а волуш, ницкъаца эшаме а воцуш шен гергарчех цхьаъ лаха веза цо. Нагахь санна шена тешаме а волуш, ницкъаца эшаме а воцуш верг шен деца-ненаца ца каравахь, йа шен вежаршна а, гергарчарна а юкъахь ца каравахь, тешаме а волуш, ницкъаца тоаме а волуш верг лохур ву цо шен тайпана юкъахь. ТIаккха, шена карийначуьнга дIакховдор ду цо и гIуллакх. Цуьнан вежарша а, цуьнан гергарчара а гIо дан деза цунна, цуьнан хьакъ лардарехь Делах кхера а беза уьш, нагахь санна бакъо цуьнца хилар шайна хаахь. ТIаккха ша́ йитар доьхур ду цо. И ду уггар дика дерг, шен ме́ран цIентIера араялар шариIато хIоттийначу некъаца хир ду цуьнан тIаккха. Амма йитале хьалха ара а яьлла, шен денцIахь иза охьахиъча, йитинчул тIаьхьа ларйан еза хан муха ларйийр ю цо? Шен ме́ран цIентIехь саца аьлла, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа шена тIеиэгийна долу хIуманаш кхочуш муха дийр ду цо? Цундела, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIах кхера беза зударий, шариIато хIоттийна болчу оцу бух тIехь лела беза уьш, цаяьллачу денна бен ша́ йитар деха мегар дац зудчо. ШариIато хIоттийначу коьрта бакъонехь, бусалба зуда собаре хила езаш ю, хIума ловш хила езаш ю, ткъа нагахь санна шариIато магош долчу бахьанца ша́ йитар дехахь – къа дац цунна тIехь оцу хьолехь. Амма зуда харцонца шен ме́ран цIе́ра ара а яьлла, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIан дозанаш доха а дина, шен майрачунна тIехула экхха а гIоьртина, цо ша́ йитар дехахь – бакъдолуш, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) довзийтина (цуьнан хьал): «Хилла зен а доцуш, шен майрачуьнга ша́ йитар дехна йолчу зудчунна ялсамани(н хьожа) хьарам ю».[6] Дала лардойла вай массо вочунах. Иза доккха хIума ду, цундела зуда Делах кхера еза. Воккхачу АллахIе доьху вай, сийлахь Iаршан Элане доьху вай, вайн массо гIуллакхаш дикчу кепара дерзийтар, бакъдолуш и хIума Цуьнан керахь а ду, Иза цу тIехь ницкъ кхочуш а ву. АллахIера салават а, салам а, беркат а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадна. Чекхдели Шейх Шинкъи́тIийс делла жоп.[7] ТIаккха, зудчо ша́ йитар дехча, майрачо реза а хилла йита а мега иза. Нагахь санна иза иштта йита ца лаахь, Шейх Шинкъи́тIийс ма-аллара, оцу зудчо ша́ юьтург цхьа мах хIотто мегар ду майрачунна, масала, цо делла хилла урдо юхалур ду аьлла. Цунах фикъхIехь «хулI» олу. ТIаккха, нагахь санна иштта а и зуда йита майра реза ца хилахь, и гIуллакх къедане дала деза. ТIаккха, шега и гIуллакх кховдийча, сихонца и зуда йитар тIедожо мегар дац къедано, цу зудчо луш болу мах сихонца къобал бар тIедожо мегар дац, муххале а, цкъа доьххьара царна юкъахь барт балур белахь, маслаIат далур делахь, и дан хьажа веза иза, масала, майрий-зудий реза а долуш и гIуллакх къасто цаьршинан цIийнах цхьацца стаг харжа веза цо, цу шина стага бина болчу сацам тIехь и шиъ чекхдала а деза, реза хила а деза. Нагахь санна оцу шина стаге и гIуллакх къастадайталур долуш ца хилахь, цу некъаца иза листалуш ца хилахь, йа кхидолу маслаIат цаьршимма къобал деш ца хилахь, къедано майрачунна тIедожо деза зудчо луш болу мах къобал а бина, иза Iадйитар, нагахь санна и хIоьттина лаьтташ долу хьал и хIума магош хьал делахь. ТIаккха, майрачо иза къобал ца дахь, къедано и шиъ дIасакъастош сацам бан беза, зудчуьнга мах болуьйтуш, йа ца болуьйтуш, хIоьттинчу хьоле хьаьжжина, гIолий дерг муьлхург ду хьаьжжина.[8] ТIаьххьара, бусалба стагана а, зудчунна а хууш хила деза, доьзал кхолларна Бусалба дино хIоттийна некъ буйла а, доьзалан дахарна хIоттийна некъ буйла а, и доьзал дIасакъаста безаш хилахь – цунна а Бусалба дино хIоттийна шен некъ буйла. Доьзал кхолларна хIоттийна болу некъ – и доьзал дIаса ца къастийта хIоттийна бу, доьзалан дахар дуьненахь а, эхартахь а ирсе хилийта хIоттийна бу. Доьзал дIасакъастарна хIоттийна болу некъ – дIасакъастаран зен жимдеш хIоттийна бу, массо агIонан бакъонаш ларйеш хилийта хIоттийна бу, диканехь санна вонехь а бусалбалла лело дезий хаийта хIоттийна бу, кхидIа долу дахар дуьненахь а, эхартахь а ирсе хилийта хIоттийна бу. Бусалба волчо и ший а некъ ларбеш лело беза, шегахьа белахь а, шена доьхьал белахь а. Дала барт бойла массо бусалба нехан, Дала ийман а, ислам а, беркат а, барт а ма иэшабойла бусалба нехан доьзалшкахь. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 27.11.2009
| КхидIа [1] Ас (Олхазара) бах: зудчуьнан гергарачех цхьаъ вогIийла дацахь, майрачуьнан гергарачех цхьамма къасто деза иза, йа хьекъале волчу кхечу стага къасто деза, йа маслаIат лелочо къасто деза, йа дешна стаг юкъавала веза цунна. Бакъду, гергарчу нахал ара ца даккхар дика ду иштта гIуллакх, хIетте а нагахь санна гергарчаьрца гIуллакх листалур дацахь, вай ма-аллара кхечаьргахула цхьа бахьанаш лело хьажа веза. Иштта бахьанаш лело аьтту а болуш, зуда цIера ара а яьлла, иэгIана йоьду ша аьлла дIа яха мегар дац. [2] И маьIна долу хьадис дийцина Бухарийс а, Муслима а. Цу хьадисо гойтуш ду, зуда маьждиге йоьдуш хилча а цо шен майрачуьнга пурба даккха дезаш хилар. [3] Бухарий. [4] Сурат «Аз-Зумар», 10 айат. [5] Сурат «Ан-Нисаъ», 130 айат. [6] Абу Давуда а, Тирмизийс а, Ибн МаджахIас а дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хилла зен а доцуш, шен майрачуьнга ша́ йитар дехна йолчу зудчунна хьарам хир ю ялсаманин хьожа». И хьадис нийса ду аьлла Имам Тирмизийс а, Имам Ибн Хьиббана а, Имам Ибнул-Джа́ру́да а, Шейх Ал-Албанийс а. [7] ХIара жоп, Шейх Шинкъи́тIий «Задул-мустакъниI» жайна хьоьхуш волуш, шега и хаттар делча, маттаца делла жоп ду. [8] «Къара́ра́т ал-маджмаI ал-фикъхIий ал-исламий, МаккахI», 105. |