|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар:
Ассаламу Iалайкум лараме
Олхазар. Иштта йар хаттар дара са. ДЕЛАХ дуй а биана, кхин тешаш хIиттийна
нах а боцуш зудчуьнга хьо йитина ю аьлча иза йитина хуьлуш йуй? Юха яло ойла
хилча там-мах бан безий? Иза юха ялийча ас биина дуй къера хуьлий? ДЕЛА реза
хийла хьуна.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1. Зуьда юьтучу хенахь теш хIотторах лаьцна вай дийцира хьалха хIокху хаттарна деллачу жоьпехь: Зуда юьтуш теш хIоттор декхар дуй? Цигахь Iеламнехан кхаа кепара долу дешнаш дийцира вай, дукхах болчара аьлла дерг а, нийса хиларна герга дерг а тешаш ца хилча а зуда йиталуш хилар ду элира вай. 2. Хууш ма-хиллара, юхаяло мегаш йолу зуда цкъа йа шозза йитина йолу зуда ю. Кхозза йитинчул тIаьхьа зуда юхаяло мегаш дац, иза кхечуьнгахь марехь а хилла, тIаккха цо йитинчул тIаьхьа бен. Ткъа, юхаяло мегаш долчу хьолехь иза юхаялош хилча цуьнца керла мах бан безар а, ца безар а йитарна а юхаялорна а юкъаюлуш йолчу хенах доьзна ду. Нагахь санна зудчуьнга «хьо йитина ю» аьллачул тIаьхьа иза кхозза ламазана цIанйеллехь (кхо бутт хан яьллехь), и зуда юхаялош хилча цуьнан верасца (деца, дедеца, девешица, вешица, и.кх.дI) керла мах бан беза, керла урдо дала деза, массо хIума доьххьара ялош санна лардан деза. И зуда реза хила а еза цуьнга юхаян. Амма нагахь санна и дешнаш аьллачул тIаьхьа и зуда кхозза ламазана цIанйелла яцахь (кхо бутт хан яьлла яцахь), тIаккха иза керла мах ца беш юха яло мегар ду, «Ас хьо сайна юхаялий» аьлла цуьнга дIа а олуш. И дешнаш ала дезаш ду, уьш олучу хенахь шиъ теш хилар а дика ду, делахь а билламе дац и шиъ хилар. ХIокху хьолехь зуда юхаялош хилча иза реза хилар билламе дац, иза реза яцахь а юхаялийна лоруш ю иза. 3. Делаца дуй а бууш зуда йитича, тIаккха иза юхаялийча, и дуй къера лоруш бац, йа ахь дуй къарбина, гIуда такха деза ахь олийла а дац. Ткъа дика хуург сийлахь веза волу АллахI ву! 01.12.2011 = 06.01.1433
|