|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ас цхьа ах шо хьалха зуда ялийна, АллахIан къинхетамца, амма сайна бина болу там-мах гIалат долуш буй техьа аьлла шеконаш ю сан. ЙоIи опекунс пурба делла, моллано сан зудчунгара пурба хоттучу хенахь цу чоьна чохь цхьа зуда бен ца хилла. Соьга хоттучу хенахь ши теш хилла. Тхойшиннига, цхьа кехат тIехь, тхойшиъ реза ду аьлла яз яйтна цо. И цхьа зуда бен ца хилар (тоьшаллийна, йоI йолчахь), никахь нийса доцуш-м ца хуьлу? Юха никахь дан суна чIогIа хала хира ду, хIунда аьлча и там-мах бина волу молла, тхан охIлунехь Iелам-стаг ву бохуш лоруш ву, тIаккха ас и мах нийса бац алахь со вахабист хира ву, тIехвуьйлаг хира ву. ТIаккха, сан зудчун да цигахь оьшуш хилахь (никахь деш), иза кхетар вац ас лелочунах. Олхазар, чIогIа дехар дара сан хьоьга, сан гIуллакхе дика хьажар, и хаттарна жоп хьай дацахь хьо воллучу махках болу Iеламнахе хаттар и, я суна ас хIун дан деза аьлла, хIун дича дикох хира дара аьлла, цхьа хьехар дар. АллахI Дала диканца бекхам бойла хьуна, баракаЛлохIу фийка.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Лераме ваша! Ахь хьой вахабист ву бахийта оьшуш дац, тIехвуьйлург хилийта а оьшуш дац, йа кхийолу цхьаъа халонаш хилийта оьшуш дац, йа ахь хьайн там-мах нийса хилар тIехь сагатдан а оьшуш дац, Дала мукъалахь. Шуна юкъахь бина болу мах вайн махкахь массара ма-барра бинчух тера ду, ахь дуьйцучуьнга хьаьжча. Мах беш волчу моллано йа дешначу стага зуда ялош волчуьнгара пурба а доккхий, ша цуьнан векил хIоттаво, тIаккха ялош йолчу йоьIан деца мах бо цо. ЙоьIан деца мах бечу хенахь оцу йоьIера шегара пурба а доккху. Цхьаболчара оцу йоьIан дега ша векал а войтий, тIаккха зуда ялош волчу кIантаца мах бо. И шиэ агIо нийса ю. Ткъа цу юкъахь тешаш хилар важиб долу меттиг, тешаш ца хилча мегар доцу меттиг ша́ и мах беш йолу меттиг ю, хуьлийла иза йоьIан деца мах беш, йа зуда ялочу кIантаца мах беш. ЙоьIера пурба доккхучу хенахь ши теш ца хиларх мах гIалат лоруш бац, йа галбаьлла лоруш бац. Ши теш хилча дика ду, делахь а и шиъ ца хиллера аьлла мах галболуш бац. Цундела, ахь цу хьокъехь са гатдан оьшуш хIума дац. ТIаккха, шун мах бинарг Iеламстаг лоруш ву боху ахь. Наха къобал а веш, цара Iеламстаг лоруш хилча, баккъалла Iеламстаг хила декхар ду иза, ткъа иштта волчу цо ша деш дерг хIун ду а хууш дина хила декхар ду. Цхьадолу хIума хьуна ца девзина хила а тарло. Цундела, кхин гина вон хIума ца хилча, цо бинчу механ хьокъехь шеконаш хилийта ца оьшу. Цунна шен болх бевзаш хиларан билгало ю цо шуьга кехат яздайтина хилар. Маттаца аьллачунах тоам бина ца Iаш, хилларг тIечIагIдеш кехат тIехь цо шуьшинга шуьшинан лаам дIаязбайтар дика хIума ду. Цундела, и бахьанехь холчухIитта ца оьшу хьо. Шайн дахар тIейогIучу хенахь Дела реза волчу кепара нийса а, ирсе а, беркате а муха хуьлуьйтур дара-те бохучунна тIехь алсам ойла йан еза ахь. Дала иштта хуьлийтийла шун дахар! Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 13.12.2011 = 18.01.1433
|