Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Цхьа хаттар кхолладеллера сан, бакъдерг дийцича и хаттар ца далархьама хIуъа дан реза вара со, и санна долу хIуманаш нахиг даккха ца лаьа, делахь хьоьга ца хаьтча кхин хIун дан деза ца хаьа суна.

Цхьа йоI йоьвзанера суна, и схьаяло дагахь ву со, хан йилна. Ламаз деш ю и, марха кхобу цо, делахь хьиджабан чIогIа дуьхьал яьлла. Хьалха цхьа ледарло елира соьгара: кхану дико йоьвзича кхетор ю ас и, аяташ, хьадисаш даличхьана кхетар ю аьлла Iехавелира со. Вовшех дика кхеташ ду тхо, амма эц хаттар тIехь барт ца хуьлу. "Кхану кхетар ю" боху иллюзи дIаели сан.

ХIара гIуллакх нахала даккха ца лаар суна, амма кхечу къомарачуьнга хаьтча и сан хьоланах кхетар вац, хIунда аьлча вай ша-тайпа Iадаташ ду, кхечера йоцу психологи ю вайнеха. Цундела хьоьга хоттуш ву со. Цхьа хьехам бахьар ахь суна. Суна 99,9% хаьа цо и хьиджаб юхур йоцийла. 

Ас хIун дича бакъахь ду? Хьалхе корта хила безара, кхетор ю ца бохуш, ас айс со Iехо ца оьшур, амма хIинца и дIадаьлла. Хан юху йогIур яц.

Эц йоIана, цуьнан доьзалхошна вас хир яра бохуш, ислам дино бохург Iаддуьтийла ма дац сан, даций? Вайн динехь хьиджаб лелор фард ма ду, цхьа "исключенеш" йоцуш? Ишта дуй иза Олхазар?

Ларамца!!

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хьоьга цхьа хадам боллуш хIума ала хала ду суна а, лераме ваша. ХIетте а, ахь яздинчунна тIехь а, хьан хьолах лаьцна а цхьаьне ойла йан хьажий вайшиъ.

Суна ахь бохучунна юкъахь уггар коьрта дерг, уггар дика дерг, тIейогIучу ханна хьуна цхьа синйовхо луш дерг хIун ду аьлла хета – ахь иза ламаз деш ю алар а, марха кхобуш ю алар а хета. Нагахь санна иза дийнахь пхи ламаз лардеш йоI елахь, иза шеко йоцуш дика бусалба йоI хила декхар ду. Цул совнаха иза марха кхобуш а хилча, дика агIо кхин а совйолу цуьнан.

Хьо кхин а цхьана хIумане хьаьжча дика хетара суна. ГIиллакх-оьздангалла муха долуш ю и йоI ша́ а, цуьнан да-нана а? Нагахь санна уьш гIиллакх-оьздангалла билггал дика долуш белахь, цу хIуманна хьо царна реза а велахь, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцина долу ши хIума оцу йоIаца цхьаьнакхетта ду аьлла хета суна: дин хилар а, гIиллакх хилар а.

Ахь хатта мега: дин долуш муха хуьлу иза, хьиджаб лело реза ца хилча? И хаттар нийса хила догIуш хаттар хир дара цхьаъа шеко йоцуш, вай махкахь а, вайн къома юкъахь а дукхах болчара мукъане а лелон ма-дезза духар лелош делхьара, иштта духар лелочу меттехь а, нахана юкъахь а иза кхиъна а елхьара, бусалба зудчо шен меженаш хийра божаршна дIаэхьар эхь долуш хIума ду, вон хIума ду, вайн дино а, гIиллакхо а, кхетамо а, оьздангалло а, сийлахьалло а магош хIума дац бохуш жималлехь дуьйна хьехарш деш иза кхиийна елхьара. ТIаккха нийса хир дара и хаттар хIоттор. Амма и массо хIума хилла ца хилча, хилла долу а, долуш долу хьал нисса цунна бIостанехьа хилча, айхьа иза схьаялоле хьалха хьо цуьнца цу хIуманна тIехь къийсавалар жимма нийса ца хета суна.

Ялоле хьалха цхьацца хеттарш тIехь цакхетам хилча, «и хIуманаш хIинца дуьйцу хIуманаш дац, иза хьан долахь яц, схьаялийча жим-жима нисдийр ду ахь уьш», - олуш гина суна наха, иза бакъду аьлла а хета суна. Ялоле хьалха ахь цуьнца и хIума дийцаре дича, иза хьуна тIе ца тайча, ахь догдиллар дика ца хета суна, хьо воцучунна а хуьлуш а, юха нислуш а хIуманаш ду уьш.

Нагахь санна иза дан ма-дезза ламаз лардеш елахь, цул совнаха марха кхобуш а елахь, гIиллакх-оьздангалла дика долуш а елахь – иза бусалба дог долуш ю, Дала мукъа лахь. Айхьа иза схьаялийначул тIаьхьа хьо хила ма-везза бусалба хIусамда хилахь, иза ахь бохучунна тIейогIур ю, Дала мукъа лахь. Кхузахь уггар коьрта дерг – хьо муха хир ву, хьо хила ма-везза хир ву, хьайгара дика масал гойтуш хир ву, йа ах-улх хир ву, маттаца дерг гIулкхаца долчул алсам долуш хир ву? И ду ахь цуьнан духар нисдарехь даим дагахь латто дезаш дерг. КIеда-мерза, хьостуш-Iехош, хьехар деш, совгIат оьцуш, хьиджабан дикалла юьйцуш, цо и лелор цо АллахI реза вар а, хьо (цуьнан хIусамда) резавар а хилар а довзуьйтуш, иштта кхидолу бахьанаш ахь хьо хьой дика хиларца цхьаьна лелийча, суна хетарехь цо ахь бохург дийр ду, цхьа кIира даьлча дойла цо иза, йа цхьа шо даьлча дойла.

Иштта и хьехар ду сан хьуна дан.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

02.08.2011 = ‏02‏.09‏.1432