|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! ЦIийнадас зуда ялош хилча, и (бухара) зуда собаре хила муха кхето еза цо ша? ХIун дан деза цо ревность дIайолуш ца хилча, даим вон ойли бен ца хилча дагчохь? ХIун ял хир ю цунна Къемат дийнахь, цу хIуманна собаре хилла иза дIа чекх ялахь?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме йиша! Хьуна хуьлуш дерг хьо санна дуккха а болчу зударшна хуьлуш дерриг ду. Хьоьгара цу хIуманна баккха бехк бац, хIунда аьлча и хьоьгахь йолу ревность (вайн маттахь «эмгаралла») массо зударшца хуьлуш ю, массо божаршца а хуьлуш ю. Бакъду, цхьайолчу хенахь, юхаялорна тIехь къахьега дезачу кепара тIепаза дIайовш а хуьлу иза, йа доьхьало йан езачу кепара дозанал совйолуш а хуьлу иза. Схьагучу суьртехь хьоьгахь дерг иза совялар ду. Цундела, хьуна хьайна а, хьан доьзална а, хьан гергарчарна а цунах бала ца хилийта, иза шен юккъерачу хастаме бараме охьайаккхархьама ахь дича дика хир долу хIума дийца хьовсур ду вай. Доьххьара, хьо дика а, хьекъале а, бусалба дика долуш а адам ду аьлла хета суна, хIунда аьлча хьо хьайн даго бохучунна тIе а тевжина, хьайн ас-со хьалха а даьккхина, хьайна хеттарг-луъург ца деш, иштта и хIума дар дика доций а хууш, иза хьайна пайденна доций а хууш, иза Дела реза вен хIума доций а хууш, цу массо хIуманах кхета а кхеташ, хьой яла ма езза чекх муха ера йара-те аьлла хаттар дина ахь, и нийса некъ лехна ахь. Хьо иштта дагаялар цхьаъа шеко йоцуш хьо дика бусалба адам хиларан билгало ю, хьо дика кхетам болуш хиларан билгало ю! 1. ТIаккха, лераме йиша, Iилманчаша ма-баххара, и хьоьгахь долу хьал (и хало) хенан йохалла ша-шах дIаайдала дезаш ду, Дала мукъа лахь. Хьо хьайн цIийнада лоруш а елахь, хьо иза оьшуш а елахь, хьо цуьнга хьашт долуш а елахь, хьо цунах йоьзна а елахь (ткъа шу иштта хила дезаш хилар шеко йац), денош дIаэхарца и чов дIаьхьаьар ю, и хало а хьуна мелла а йайлур ю, йа ахь жимма къахьегахь ерриге дIа а айлур ю, хьо тоьлашха а хир ю, хьо сийлахь а хир ю. Амма нагахь санна хьо собаре ца хилахь, ахь хьайн ас-со хьалха даккхахь, ахь хьайн хьекъале ла а ца дугIуш даге (чувство бохучунга) ла догIахь, хьан гIуллакх а, хьуна гонаха болчеран хьал а дикачахьа доьрзур дац – эвхьазло а хир ю, чевнаш а хир ю, тIе эхь а догIур ду, кхардам а богIур бу. Иза хаа а хууш, иза ца хилийта лууш ю хьо, вай доьххьара ма-аллара. Ткъа хIара хьоьгара таханлера хьал цкъа мацца даьлла а дIадер долуш хилча (ши-кхо бутт баьлча хуьлийла иза, йа жимма кIеззиг йа сов хуьлийла иза), и хьан «ревность» а хийцалур йолуш хилча, тахана оццул чIогIа са а хIунда гатдолуьйту ахь хьайн, сел чIогIа гIайгIане а хIунда хуьлуйту ахь хьой, и вон ойланаш коьрте хьийзийтарца а, и «ревность» дозанал тIехялийтарца а шайтIане толам а хIунда боккхуьйту ахь хьайна тIехь? ХIунда хIаллакбо ахь тахана хьайн ницкъ эрна, хIунда дойту ахь хьайн гIора эрна, оцу хIуманна сингаттаме а йоьжна, цунах боккха бала а бина? Хьан ницкъ а, хьан гIора а, хьан хьекъал а, хьан дог а, хьан ойла а баккъалла чIогIа оьшуш дукха агIонаш ю хьуна хьан дахарехь, хьуна гонаха дукха хIума ду хьуна хьан оцу массо хIумане хьашт долуш. Хьан цIийнада, хьан бераш, хьан гергарнаш… Берриге бусалба нах… (ХIаъ, берриге бусалба нах а бу хьуна хьоьга хьашт долуш, цец ма ялалахь. Масане бу вайн, набахти чубоьхкина хало ловш йижарий а, вежарий а, хьан доIане хьашт болуш… Масане бу вайн…) Уьш ца бийцича а, хьо хьой церал массерал чIогIа хьашт долуш ю хьуна айхьа хьайга. Эхарта ерза езаш яц хьо?! Ялсамане кхача Iалашо йолуш яц хьо?! Шена чохь цхьаъа сингаттам а, бала а, хало а йоцуш долчу даим долчу дахарна кечам бан декхар яц хьо?! Цундела олуш ду цхьаболчу Iеламнаха, тахана хьайна тIе цхьа бала хIоьттинехь, цхьа хало хIоьттинехь, хьо тахана цхьа некъ лаца безаш елахь, и таханлера хьайгарчу хьолах нисса ткъа (20) шо даьлча хIун дуьссур ду хьажа. Ткъа шо хан яьлча, тахана хьан бага гIерташ болчу кийранах хьуна дагадогIур дерг хIун хир ду? Мел дукха йича а цхьана эха сохьтехь ойла йалла хIума хир ду-кх? Ткъа даим хир долчу эхартан дахарца дуьстича, ахь хьайн хIокху дуьненара дахарехь яккха езачу сирла-самукъане хенаца дуьстича, ткъа шо-м хIунда дуьйцу, цхьа-шиъ шо йа цхьа ши-кхо бутт баьлча дуккха дицлур долу хIума тахана ахь хьайн сагатдайта дезаш хIума дуй-те? Жоп хьуна хьайна хаьа. 2. Лераме йиша, хьо санна йолчу хьан бусалба йишо хIокху хьайчух тера хаттар делча, доьххьара цунна дан хилла хьехар иштта дара сан: «Эхартах лаце ойла алсам йе ахь, каш чохь хир долчуьнца бала кхачар алсам хилийта ахь, къемат дийнахь АллахIана хьалха хьесапана хIоттор хиларан сингаттам алсам хилийта ахь – дуьненаца болчу баланашна сов бIаьрхиш а Iенор дац ахь, эхартахь декъал а хир ю хьо».[1] Ахь эхартан ойла алсам йича, ийман совдер ду хьан, ийман совдаьлча дуьне а, цуьнан халонаш а, баланаш а, сингаттамаш а дайлур ду хьуна. Хийла ца оьшург хьуна дагаоьхуьйтуш долчу шайтIанна тIехь толам а боккхур бу ахь. Дуьненан дахар беркате хир ду хьан тIаккха, ирсе хир ду хьан, хьайна хуьлуш йолу хало хьайна пайдане юй хуур ду хьуна, цу халонах чекх муха яла еза а хуур ду хьуна. Тахана хьуна нисделлачу хьолаца Дала хьо зуьйш юй хуур ду хьуна, цунна собаре хила езий хуур ду хьуна. Хьоьгара таханлера хьал – хIокху дуьненахь адамо йоккхучу хенахь цунна хьалха хIуьттуш долу эзарнашкахь долчу хьелех цхьаъ дуй хуур ду хьуна, и хьал хIоттарца дуьне духуш доций а хуур ду хьуна, дахар хедаш доций а хуур ду хьуна, Дала хьайна язйина йолчу тIейогIучу хена чохь хьо кхин а йоккха гIулч яккха езаш юй, ахь кхочуш дан дезаш кхин а даккхий гIулкхаш дуй а хуур ду хьуна. Дала диннарг хьайна дика дуй хуур ду хьуна, Дала динчунна реза а хир ю хьо, иза даим дика долу дела, хьуна цуьнан дикалла къаьсташ хилча а ца хилча а. Дог Делах тешарца дуьзна хилча, Дела даим хьоьца хир ву, Иза даим хьоьца хилча хьо даим ирс долуш хир ю, дуьненахь а, эхартахь а. 3. Хьадисехь деана ду: «АллахIах тешаш, Цо шена мел хилийтарга дог а дохуш шен эмгараллийна (ревностана) собаре хилла йолчу зудчунна гIазотехь кхелхина волчу шахIидана санна ме́л хир бу».[2] ХIара хьадис гIийла хьадис ду аьлла Iеламнаха. Делахь а, ахь ма-бохху, хьо яла ма-езза оцу хьолах чекхялахь, хьо собаре хилахь, собаре хиллачарна хуьлуш болу мел хир бу хьуна. Собаре хиллачарна мел боккха ме́л бу хаьий хьуна? Собаре хилар сийлахь веза волчу АллахIа Къуръан тIехь а, Цуьнан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хьадисашкахь вуно дукха дийцина ду, хIинца кхузахь дийцина ца валлал боккха ме́л болуш хIума а ду. Хьан дог те́дан, хьо собаре хилар тIехь чIагIйалийта, оцу айатех а, хьадисех а къаьсттина хьан хьолаца догIуш дерг цхьадерг дуьйцур ду вай. Хьан цIийнадас зуда ялорехь хьо зер ду, хьуна тIе хало хIоттар ду. Ткъа хьо оцу халонна собаре хилахь, АллахIа аьлла долчу хIокху дешнаш юкъа йогIур ю хьо: «Собаре хиллачарна ме́л дIакхачор ма бу (АллахIа), барам боцуш».[3] Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла хало ла́рах лаьцна: «Бусалба адамана цхьаъа лазар кхетар ма дац, йа иза кIад а лур ма дац, йа цунна цхьа халахетар а, сингаттам а хир ма бац, йа цхьа новкъарло а, гIайгIа-бала а хир ма бац, ур-атталла цунна цкъа цхьа кIохцалг а Iотталур ма дац, АллахIа цуьнца цуьнан къинош дIадайъиний бен».[4] Кхин а аьлла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Ма тамашийна ду-кх АллахIах тешачуьнан гIуллакх! Дикачу агIор ду-кх цуьнан гIуллакх дерриге, АллахIах тешачунна бен кхечунна иштта дан а дац иза: шена хазахеташ долу хIума хилча АллахIана баркалла олу (шукр до) цо, тIаккха иза дика хуьлу цунна; шена халахеташ долу хIума хилча собаре хуьлу иза, тIаккха иза а дика хуьлу цунна».[5] Кхин а аьлла Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Собаре хила гIоьрташ верг АллахIа собаре вийр ву. Собарал дика а, доккха а хIума делла дац цхьанна а (Дала)».[6] Собаре хиларх лаьцна а, цуьнан дозаллех лаьцна а долу айаташ а, хьадисаш уьш доцурш кхин а дуккха ду, Имам Нававийс «Риядус-солихьи́н» тIехь мелла а алсам дийцина уьш. Цундела, хьуна хуьлуш долчух, Дала мукъа лахь хьуна ме́л хуьлуш бу, хьо къинойх цIанлуш а ю, хьо собаре хилахь АллахIана гергахь сийлахь а ю. 4. Лераме йиша, хьан хьолехь вуно дика дарба а, гIо а, синтем хуьлуьйту бахьана а ду Дела хьахор. Дела хьехор, зикр дар, чIогIа дукха хIуманна дарба ду. Айхьа доьшуш долчунах кхета а кхеташ, цуьнан маьIни тIехь ойла а еш ахь дуккха Дела хьехавахь, Дала хьуна гIо дийр ду, хьуна синтем а лур бу, Дела хьоьца а хир ву. Хьан ийман совдолу бахьана а хир ду иза, Дала мукъа лахь. Дела хьехорца Делаца йолу хьайн юкъаметтиг чIагIйан еза ахь, ойла а еш Дела хьехоро вуно дукха неIарш дIайоьллу хьуна, гаттонера маршонга ара а воккху хьуна. Хьайна вон ойланаш дагаяхка йолаелча, йа хьайн эмгаралла совдала доладелча, «АIузу билла́хIи минаш-шайтIо́нир-роджи́м» алий, АллахIе хьой шайтIанах ларйар деха, цул тIаьхьа АллахI хьахо йолало, и вон ойланаш а, и вон хьал а дIадаллалц. Дела хьехорах лаьцна дуккха а хIума карор ду хьуна хIокху «Динул-Ислам» сайта тIехь. 5. Лераме йиша! Хьайна тIе мел йоккха хало хIоттарх йохий ма хьовза. Хьайна тIехIуьттуш йолчу халонашна доьхьал е́лалуо. Оцу халонах хьайна пайда хуьлу агIо муха ю а хьажа, йа и хало пайдане ерзо а хьажа. И хало бахьана долуш, хIинццалц схьа хьуна хьайца гуш хилла доцу цхьа вон хIума гучудала мега хьуна, иза дIадаккхар тIехь къахьега хьажа. Йа цхьа дика хIума гучудала мега хьуна, иза кхиор тIехь къахьега хьажа. Уьзза хIума хьайн хIусамдеца а довза мега хьуна. Ойла йе ахь, хьайга оцу хьайн хьолах хьайна а, хьайн цIийнадена а, хьайн доьзална а, шайн дахарна а хIун пайда балур бара. Масала, цунах бахьана хила тарло хьуна хьайн цIийнадеца йолу юкъаметтиг хьалхачул чIогIа чIагIйан, иза хьалхачул гIолий хилийта, шай вовшашлахь йолу уьйр чIагIйан. 6. Хьо цхьаъ деш хилар – оьшучул совнаха ахь са ца гатдаран бахьана хир ду, хьан коьрте вон ойланахь ца хьийзаран бахьана а хир ду. Цундела, цу хIуманна а, вуьшта хьайн дахарехь хьайна шортта пайда хилийта а, хьайна цхьа пайдане дан хIума караде. Масала, «саморазвити» юьйцуш йолу «книгаш» еша хьажа, царна тIехь дерг хьайн ницкъ кхоччург кхочуш дан а, лело а хьажа. ХIокху дахарехь хьайга хIун лар йиталур яра-те алий ойла йе. Иштта ойла йаро хьан дахарехь дукха хIума хуьйцур ду хьуна, Дала мукъа лахь. Хьайн цхьа дешар деша аьтту белахь, хьайна пайденна долу цхьа Iилма Iамо хьажа, деша хIотта хьажа, керла мотт Iамо хьажа, йа иштта цхьа кхидолу хьайна дуьненахь а, эхартахь а пайденна хир долу хIума Iамо хьажа. Доьзалх лаьцна а, бераш кхиорах лаьцна а жайнаш деша хьажа, йа цунах лаьцна дуьйцучуьнга ладогIа хьажа. ХIинца хьоьгахь долу хьал – къаьсттина ша-тайпа хьал ду, цунах массо кепара пайда эца хьажа еза хьо. 7. ТIаккха, и дерриге бахьанаш лелорца цхьаьна, АллахIе доIа дар диц ма де. Делера гIо лаха хьайна, оцу хьайна тIехIоьттина йолчу киртигах яла ма-езза чекхйа́ла. Хьайна собар доьхуш хила Цуьнга, хьайна хьайн дахарх а, хьайн доьзалх а, хьайн цIийнадех а беркат дар доьхуш хила Цуьнга. Айхьа муьлхха а бахьана лелочу хенахь, хьайн болх берриге Цуьнан кера дIалуо, тIетовжар Цунна а хилийта. АллахI къинхетаме хилар а, Цо къинхетам беш хилар а даим дагахь латтаде. АллахI Дала гIо дойла хьуна! Ткъа дика хуург сийлахь веза волу АллахI ву! 17.06.2011 = 15.07.1432 [1] «ЦIийнада зуда яло нийат долуш ву сан…» - цIе йолчу хаттарна жоп. [2] ТIабараний. [3] Сурат «Аз-Зумар», 10 айат. [4] Бухарий, Муслим. [5] Муслим. [6] Бухарий, Муслим.
|