|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Со маре яханчул таьхьа сан нана соьх дIахерйелла, суна тIе йоха хIуммаъ ца оьцуш, со тергал ца еш. Соьга са маре вон ду, со ца лору сан марзахоша, цIа йолу бохуш. ТIехьари соьга ша йа сан маре харжа аьлла цо, хьай аьтто балахь далил далош жоп лахьара ахь суна, ас мила харжа веза? хьай ма хуьллу сиха жоп лахьара ахь суна!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме йиша! ХIара хаттар кехат яздарца жоп дала тарлуш хаттар дацара, хIунда аьлча ишттачу хьолехь жоп луш волчунна довза дезаш а, хаа дезаш а дуккха а хIума хуьлу, хоттуш волчуьнга иштта а иштта а де аьлла цуьнан хIоьттинчу хьолаца догIуш ма-дарра нийсса жоп далархьама. Бакъду, муьлхха хаттарна а юкъара жоп далалур ду, масала хIара хIума иштта ду, важа хIума вуьшта ду аьлла. Делахь а, хIара санна долчу хьелашкахь юкъара жоп далар гIалат хила тарло, хIунда аьлча хIоьттина долу хьал оцу юкъарчу жоьпана кIел догIуш доцуш хила тарло дела. И бахьана долуш, суна сайна доьххьара хIара хаттар дешча дагадеана дерг а, ас масех Iелам-стаге дагаволуш хIара хаьттича цара соьга хаьттина дерг а, ас хьоьга яздина долу хаттар дара: «Хьо маре йоьдучу хенахь хьайн цIеранаш реза а болуш йахана юй? Мах бечу хенахь хьан верас а волуш (да, деда, ваша деваша), шиъ теш волуш, нахана ахь маре деш дуй хууш хилла дуй хьан маре йахар?». Иштта дан ма-дезза маре ца даро кхолладолуьйтуш ду дукха хьолехь хIинца хьоьгахь дерг санна долу чолхе хьелаш. Ахь цунна жоп далаза дукха хан яьлча, маре дан ма-дезза дина хир дац аьлла хийтира суна, ткъа вай дагадевлла волчу Iелам-стага яздина долу жоп а цу тIедоьгIна дара. ХIинца, ахь хьайн да реза вара боху, цундела, оцу Iелам-стага (Дела реза хуьлда цунна) яздинчу жоьпан доьххьаралера дакъа хьуна догIуш доцу дела, иза ца яздо вай кхузахь. Иза Iадда а дитина, къаьсттина ахь дан дезарг а, ахь дича дика хиндерг а яздийр ду вай, Дала мукъа лахь:
«ХIинца дан дезарг хIун ду? Нана собаре хила еза, йоI чIогIа гIиллакхах ца юхуш чекхъяла хьажа еза. Хан яларца дайлур долуш хIума ду хIара. ХIара юьхьиг ю, юьхьехь массо хIума чIогIа а, хала а хуьлу, собар оьшуш хуьлу, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ма-аллара: «(Хила ма-дезза, баккъалла долу) собар – доьххьара хало ма хилланехь дийриг ду».[1] Зуда йоьдуш а, стага ялош а лардан дезаш ши хIума ду, хьадисехь деана ма-хиллара: и меттиг дин долуш а, оцу динца догIуш долу гIиллакх долуш а хилар. Марзахоша ларар коьрта дац, майра и ши хIума (дин а, гIиллакх а) долуш хилчахьана. Вацахь, хилла даьлларг дохочул дендан хьажар гIолий ю. Нана шен йоIах къа ца хеташ хир яц. ХIинца дерриге гIора тIедахийтина, йоI цигахь дIатаръян хьажар хьекъале ду. И яхана болу нах оццул сиха муха бу ца хаа тарло, цундела нана сих ца ялар а, царна халахетар долу хIуманаш ца дийцар а кху муьрехь а, даиманна а дика ду. «Иралло йина чов йирзина, матто йина чов ца йирзина» - олуш хилла ду вайн дайша а, бусалбанаша а. ЙоI марера ма йохае аьлла дехар а, хьехар а ду вайн оцу хьомечу вайн нене. «Ма-бохху ца хилча, ма-торру» - аьлла юха а вайн дайша. Иза хIума нисдан гIерташ къахьега бохучу маьIнанга ду. Бусалбанаш дерриге хIума тодар тIедиллина бу, хIума дохор церан гIиллакхех дац. Вайна тIехь тахана йоккха киртиг ю, хало ю. Тахана а вай вовший догэцар а, юкъахь гIиллакх а ца лардича, кхечу хенахь лардийр ду бохург гена хеташ хIума ду. АллахIа дикачу хIуманна тIехь аьтту бойла вайн массера а! ЙоIе цхьа дехар ду вайн: и (хьо, хIай йоI) жима хир ю, цундела тахана хаа аьтту болчу массо гIирсашкахула вайн Ислам дин хаа а, Iамо а хьажахьара хьо, хьайн аьттоне хьаьжжина!».
И жоп чекхдели, цу юкъара къовларш юкъахь дерг ас сайгара тIетоьхна дара, маьIна билгалдеш. Лераме йиша! Ахь дан дезарг а, хьан нанас дан дезарг а чIогIа дика а, кхачаме а билгалдина ду цу жоьпехь. Ткъа сан кхин тIетоха хIума дац, ахь далил дале аьлла дехар дина дела иза хьахор доцург. Бусалба динехь девзаш, чIагIделла хIума ду, майрачуьнан хьакъ ненан хьокъал хьалхе йолуш хилар. Вуьшта аьлча, майрачо бохург нанас бохучул хьалха даккха дезаш ду. Нагахь санна иза бусалба динна доьхьал дацахь, нанна муьтIахь хилале хьалха майрачунна муьтIахь хила езаш ю зуда. Цундела, майрачуьнгара даьлла хIума а доцуш, марзахоша ца лорура аьлла хьоьга хьан нанас цIайола алар нийса дац, кхин бахьана а доцуш хьо цIа яхар а нийса хир дац. Ткъа дан дезарг – лакхарчу жоьпа юкъахь билгалдина дара хьуна: хьайн ненаца гIилкхах а ца юхуш, хьайн ма-хуьллу цуьнца дика юкъаметтиг а лелош, иза хьайца херйеллехь а хьой цунна тIегIертачара ца соцуш, даим даггара Деле хьайн хьал дикачу агIор нисдар доьхуш, хьайн хьолехь уггар коьрта агIо хьайгахь юй а хууш, хьекъалца а, собарца а чекхъяла еза хьо, лакхарчу жоьпехь хьайга дина долчу дехарна жоп дала а хьожуш! Дала туодойла, нисдойла хьан хьал! Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 23.01.2010 = 07/02/1431
| КхидIа |