Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рохьматуЛлохIи, ва баракатухI! Цхьа хаттар дара сан, бисмиЛлахIи ответить дахьара ахь суна. Цхьа кIант ву соьга шега маре йола бохуш, со марехь хилла ю, иза зуда ялийна хилла вац, чIогIа вехаш Iаш ву иза, амма ийман гIийла ду цуьнан, шен ийман чIагIлур дара со ялайича бохуш хуьлу иза, соьца даиман связи вала лууш хуьлу иза, телефон тухуш, интернет чухула сообщениш йоийтуш, хьарам дуй хаьа суна иштта къамелаш дар, ас дIа аьлчи ца кхета иза, со шега маре яхле ладугIуш ца хилча, со маре еача шега цо вообще ладугIур ма дац. Кхечу йоIаршца общаться ца до ша олу цо, соьга серьезно вист хуьлуш ву ша бохуш, амма суна чIогIа ца лаьа цуьнга яха, 1. со марехь хилла йолу дера, иза зуд ялийна хилла воцу дера; 2. вехаш Iаш ву иза, суна бахамах Iехавеллачуьнга яха ца лаьа; 3. ийман чIогIа гIийла долу дера. Кхин иза тIаьхьара ца ваьлла чIогIо йистхилла тIаьхьара ваьккхана ас иза, цул тIаьхьа соьга еха смс яийтинера цо, шен чIогIа дог дохийна ас аьлла, чIогIа дагах кхийтира суна цуьнан дешнаш, со маре яххалц зуда ялор яц ша бохуш вара иза. Ас эццал дог дохийча суна къа-м хир дац? АллахIа (субхьанахIу ва таIала) со-м нис йийр яц-теша иштта положени, и кIант ас ма хотта варра холча хоттош?! Сан хаттарна жоп лахьара ахь.

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хьуна цуьнга йаха лууш ца хилча, ахь шега цкъа аьлча кхачам хила безара цунна иза лартIехь стаг велахь, цо хьуна тIедеана хилларг цо ма-аллара «серьезно» а хиллехь. Ткъа юх-юха цо хьоьца и хIуманаш лелор суна лартIехь хIума ца хета. Йахар-яр бохуш долчунна тIе къамел даьлча, ахь хьой реза ца хилар дIахаийтича, циггахь саца везара иза, кхидIа берийн ловзарш ца лелош.

Хьуна цуьнга йаха лууш ца хилча, ахь цуьнга кхин хьайга вист ма хила, кхин зIене ма вийла аьлча хьо харц яц, ахь аьлларг вон хIума а дац, мелхо а ахь дан дезаш хилларг ду иза, хIунда аьлча ахь айхьа ма-аллара и шун зIене дийларш оцу хьолехь лартIехь лоруш доцу дела, къилахь хила а тарлуш долу дела.

Цундела, ахь цхьаъа къа ца латийна, мелхо а ахь айхьа дан дезарг дина. Ишттачу хIуманна тIехь массера а дог лардина хьо ера яц.

Цул совнаха, цхьа хьехар а ду сан хьуна дан: айхьа лелош болу зIенан гIирсаш айхьа бусалба зудчо лелон ма-безза лелабой-те алий ойла йе, айхьа хьайга хаттам бе, оьрсийн маттара аьлча «самокритика» йе. Нагахь санна оьшуш хилахь хьайн телефон хийца, интернетан адресаш хийца.

Дала аьтту бойла хьан Ша реза волчу хIуманна тIехь!

Ткъа дика хуург АллахI ву!

10.10.2011 = ‏12‏.11‏.1432