|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Цхьа дехар дар сан хьоьга. ХIара хIума хиина суна: "В этой связи Абдуллах ибн Умар (да будет доволен им Аллах) писал заклинание Джибриля (мир ему) и вешал его на шеи маленьким детям, а тех, кто уже умел разговаривать, просил заучивать эти рукия наизусть." Чохь долу кегий берашна жайна даккха валлара со. И ша заклинаний иштта перевод йолуш ю бах цар: "Ангел Джибриль (мир ему) явился к Пророку (мир ему и благословение) и спросил: «Ты болен?». Тот ответил, что да. На это Джибриль (мир ему) сказал: «Именем Аллаха заклинаю тебя от каждой вещи, что причиняет тебе вред, от зла каждой души или от сглаза завистника, Аллах излечит тебя. Именем Аллаха заклинаю тебя». Суна и заклинаний Iарбийн маттахь кара ца йо цхьани меттехь, транскрипций бен, ткъа транскрипций иштта ю цуьнан: «Бисмилляхи аркъика валлаху йашфика мин кулли дайн йу'ззика ва мин кулли нафсин ау 'айни хасидин Аллаху йашфика, би-сми-ллахи аркъика». И заклинаний ша шейна еша мегар дуй? Хьуна и хууш делахь Iарбийн маттахь язда, хан а, йиш а елахь, яздехьа.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ● Имам Муслима дийцина, Абу СаIи́д Ал-Худрийгара схьа, Дела реза хуьлда цунна, Джабраил малийко Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу а деана аьлла хиллера аьлла: «ХIай Мухьаммад! Цомгаш хилла хьо?». Цо жоп делла хилла: «ХIаъ». Цо элира тIаккха: بِسْمِ اللهِ أَرْقِيكَ مِنْ كُلِّ شَيْءٍ يُؤْذِيكَ وَمِنْ شَرِّ كُلِّ نَفْسٍ أَوْ عَيْنٍ حَاسِدٍ ، اللهُ يَشْفِيكَ ، بِسْمِ اللهِ أَرْقِيكَ. «БисмиллáхIи аркъúк, мин кулли шайъин йуъзúк, ва мин шарри кулли нафсин ав Iайнин хьáсидин, АллóхIу йашфúк, бисмиллáхIи аркъúк». МаьIна: «АллахIан цIарца доьшу ас хьуна, хьуна зен мел-дечу хIуманна доьхьал, массо вочу синна доьхьал, хьагI йолчу бIаьргана доьхьал, АллахIа дарба дийр ду хьуна; АллахIан цIарца доьшу ас хьуна». Чекхдели хьадис. Хаттар юкъахь ахь ялийначу транскрипци юкъахь гIалаташ ду, нийсаниг вай йийцинарг ю. ТIаккха, и доIа «Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар» цIе йолчу жайни юкъахь ду, адамо ша́ шена а, кхечунна еша мегаш йолчу рукъйат юкъахь 9-гIа доIа ду иза. Циггахь кхин дуккха а дика доIанаш ду, ша́ шена а, кхечунна а дешча пайда беш долу. ● Амма и доIа берашна яздарх лаьцна ахь хьахийнарг – IабдуллахI ибн Iумара, Дела реза хуьлда цунна, и доIа яздеш хиллера аьлла гина дац суна, хьадисашкахь дийцина дерг IабдуллахI ибн Iамра, Дела реза хуьлда цунна, цхьа кхин доIа яздеш хиллера аьлла ду, цхьадолчу жайнашкахь иза IабдуллахI ибн Iумара деш хилла аьлла а ду. Ахьмада а, Абу Давуда а, Тирмизийс а дийцина, АллахIан элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Нагахь санна шух цхьаъ набарха кхералуш хилахь, цо олийла: أَعُوذُ بِكَلِمَاتِ اللهِ التَّامَّاتِ مِنْ غَضَبِهِ وَعِقَابِهِ وَشَرِّ عِبَادِهِ وَمِنْ هَمَزَاتِ الشَّيَاطِينِ وَأَنْ يَحْضُرُونِ. «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин гIодобихIú ва IикъóбихI, ва шарри IибáдихI, ва мин хIамазáтишшайáтIúни ва ан йахьдурýн». МаьIна: «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цуьнан оьгIазлонах а, Цуьнан Iазапах а, Цуьнан лайн вонах а, шайтIанийн вочу ойланех а, уьш сайна доьхьал дахкарх а». Хьадисехь кхидIа аьлла ду: «Бакъдолуш, (и дешнаш алахь) шайтIанаша зен дийр дац цунна». И хьадис дийцинчо аьлла: «IабдуллахI ибн Iамра шен берех хIума дIалоцуш волчунна и доIа Iама а дой, дIавижале доьшуьйтура иза. Шен берех иза дагахь ца Iамалуш жима волчунна яз а дой, цуьнан коча оллара цо иза». Цундела, нагахь санна хьан чура бераш хIума дагахь Iамалучу хьолехь делахь дагахь Iамадайта цаьрга иза, ткъа нагахь санна уьш иштта хьолехь дацахь, Iамалучу хене уьш довллалц иза яздан а мегар ду ахь царна. Ткъа хIара доIа а «Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар» жайни тIехь ду, «Наб ца кхетарна а, буьйсанна са ца туьйш хиларна а дарба дар» аьлла йолчу цIарца. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 27.08.2009
| КхидIа
|