|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи ва баракатухI! АЛЛАХIА чIогIа сиха доIана жоп ло суна. И хIун ду? Ас АЛЛАХIЕ хIума дехна цхьа де ши де далале, уже и хIума хуьла суна. Бакъду, хьарам хIума ас ца доьха. Но доIана сиха жоп далар хIун ду хаа лаьар суна. Бехк ца биллар доьху ишта хаттарш ас дарна. АЛЛАХIА диканца бекхам бойла хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! АллахIана ахь саццаза хастам бан безаш долу хIума ду иза! Хьуна АллахIа доIийна жоп луш хилар, уггар хьалха, АллахI къинхетаме хилар а ду, Цуьнан дикалла а ю, Цуьнан комаьршалла а ю, Цо Шен лайш дIатесна буьтуш ца хилар а ду, Иза Шен лайш безаш хилар а ду. ТIаккха, ахь деш долу доIа цIенчу даггара деш хила а тарло иза, хьо АллахIе хьаста йала ма-езза хьасталуш хиларна а, хьо ерза ме-езза АллахIе йоьрзуш хиларна а, хьуна веза ма-везза АллахI везаш хиларна хила тарло иза. Делахь а, хьо дика ю а аьлла, айхьа хьайх ахь дозалла дийр долу бахьана хилийта а ца лаьа суна, хIунда аьлча иза дика хIума доцу дела. Хьайна Дала билггал цхьа дика деш хилар гуш хилча, кхин а чIогIа Цунна Iибадат дан деза, Цунна баркалла ала деза ахь, Цунна шукр дан деза ахь, Иза реза хуьлу бахьанаш алсам даха деза ахь, Цунах кхера ма-езза кхера а еза, Цуьнга догдохуш хила а еза хьо. Нагахь санна хьо иштта дикачу хIуманна тIехь совялахь, Цо Шен къинхетам совбоккхур бу хьуна, Шен комаьршаллийца. Нагахь санна ахь шайтIане хьой Iеха а йайтина, ахь айхьа хьайх дозалла дахь, йа хьайна хуьлуш дерг беккъа Делан къинхетам бахьана долуш хуьлуш хиларх хьо ца кхетахь, АллахIа и дика сацо а кхерам бу хьуна. Цундела, цкъаъа АллахIан къинхетамах дог ма дилла, цкъаъа Цуьнан Iазапах хьой кIелхьара алий дагчура кхерам дIа а ма баккха, даим Деле болу безам совбоккхуш а хила. И кхо хьал цхьаьнакхетта хилча дерг ду хьуна хила ма-везза волчу бусалба стеган а, зудчуьнан а уггар кхачаме долу хьал. Дала аьтту бойла хьан Шена муьтIахь хиларехь! 28/08/2010 = 18/09/1431
| КхидIа |