|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Бакъ дуй стаг валале цо сагIийна бийна болу стом и веллачул тIаьхьа и стом мел буу цунна ял хуьлу бохург? И АллахI реза хуьлда хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Цхьана бусалба стага цхьа дитт дIадийча, йа йалта дIадийча, тIаккха цу тIера цхьана адамо, йа олхазаро, йа дийнато цхьадерг даахь, сагIа хир ду цунна иза».[1] «Бусалба стага цхьа дитт дIа а дийна, йа йалта дIа а дийна, тIаккха цу тIера цхьана адамо, йа олхазаро, йа цхьана кхечу хIумано цхьадерг диъча, (и дийна волчу бусалба стагана ме́л хир бу цунах».[2] «Цхьамма цхьа йалта дIадийча, цу тIера цхьана олхазаро, йа рицкъа лохуш долчу кхечу хIумано цхьадерг диъча, цунна сагIа хир ду иза».[3] Абу Дарда́ъ (Дела реза хуьлда цунна) хилла Дамаскехь цхьа дитт дIадугIуш. ТIехволучу цхьана стага бехк баьккхина цуьнга, «Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) асхьаб волчу ахь муха до и хIума?» - аьлла. Цо аьлла цуьнга тIаккха: «Сих лой бехк ма баккхахьара ахь соьгара. Суна хезна АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш: «Цхьамма цхьа дитт дIадийча, цу тIера стом буур ма бац цхьанне адамо а, Дала кхоьллинчу цхьан кхечу кхолларо а, и доьгIна волчунна цунах сагIа хиллий бен».[4] «Цхьана бусалба стага дитт дIадийча, цу тIера диъна долу хIума цунна сагIа хир ду, цу тIера лачкъийна долу хIума а цунна сагIа хир ду, иза цхьаммо иэшийча а цунна сагIа хир ду, къемат де кхаччалц».[5] «ВорхI хIума ду, Делан лай веллачул тIаьхьа, иза каш чохь волчу хенахь а шайн ме́л цунна хуьлуш болуш: Iилма Iамор а, татолан охьадогIийла тойар а, гIу яккхар а, хурманан дитт дIадер а, маьждиг дар а, шел тIаьхьа доьшур долчунна Къуръан дитар а, шел тIаьхьа ша́ веллачул тIаьхьа шена гечдар доьхур долу бе́р дитар а».[6] ХIокху тIаьххьарчу хьадисехь дуьйцуш дерг сагIийна хурманан дитт дIадер ду, ткъа и хурманан дитт алар кхидолу дитт цу юкъа ца догIу бохург а дац, мелхо а, кхидолчу хьадисашкахь ма-дарра, муьлхха а стоьмийн дитт догIу цу юккъе. Ткъа доьххьаралера хьадисаш къаьсттина сагIийна дийна долу дитт дуьйцуш дац, иза цу юкъа дан йиш йолуш делахь а. СагIийна дийна доцучу дитт тIера а, йалтана тIера а цхьамма цхьадерг диъча ме́л хуьлуш хилча, сагIийна дийна долчунна тIера и хуьлуш хилар билггал хуьлу. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 04/09/10 = 25/09/1431 [1] Ал-Бухарий, Муслим. [2] Ат-ТIабараний; Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», № 2598. [3] Ахьмад; Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», № 2599. [4] Ахьмад; Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», № 2600. [5] Муслим. [6] Ал-Базза́р, Абу НуIайм; Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», № 73.
| КхидIа |