Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 Ассаламу 1алайкум!


Диллина кор долуш вижа ца мега олуш хезни шуна ?


баркалла!

 

 

Ва 1алайкум ассалам ва рохьматуллах1и ва баракатух1!

Диллина кор долуш вижа ца мега алар х1окху хьадисах схьадаьлла ду:
 

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Буьйса йоьллачул тIаьхьа – йа шаьш суьйренга доьвлча – шайн бераш чу а дерзадей, шайна уллохь совцаде аш, бакъдолуш, шайтIанаш дIасадаьржа шуна цу хенахь. ТIаккха и хан дIаяьллачул тIаьхьа, шайн чохь паргIат дита аш уьш, шайн неIарш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, бакъдолуш, шайтIано ца йоьлла шуна дIакъоьвлина неI. Шайн хи чудутту пхьегIаш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, шайн кхечу пхьегIашна тIе цхьа хIума йилле а, уьш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, шайн тогарш а дIадайъа аш».

Цу хьадисо гойту вайна, йиллина не1 йа кор долуш д1авижар дика ца хилар, шайт1а не1-кор къевлина долчу ц1а чу далуш ца хилар, бисмиллайца къевлина не1-кор шайт1ане схьаделлалуш ца хилар.

Амма шена цхьана бахьанна кор диллина дита лаахь, иза диллина дитича х1умма а дац, делахь а д1акъевлина хилча шайт1анан вуонна доьхьало хуьлу цунах.

Дала лардойла вай шайт1анах а, цуьнан вуонах а!
 

 

 

 

____________________________________________