|
|
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Толкха хиларна дарба дарах лаьцна таллам бича, тайп-тайпана дарбанаш дуьйцуш кара до. 1. Уггар хьалха, цу цамгарна дарба лелош болчу лоьрашна тIе а вахана, цаьрга шен хьал дIа а дийцина, вайна девзаш долчу юкъарчу лоьраллийца дарба леладайта деза. Цу лоьраша схьадийцарехь, таханлера лоьралле оцу цамгарна 80% хьолехь дарба далуш ду. Церан шайн некъаш ду цунна дарба дарехь – хIора стеган хене а, цуьнан хьоле а, цамгаран йохалле а, кхидолчу бахьанашка а хьаьжжина билгалдан деза уьш. Цу некъех цхьа некъ бу, масала, цхьаъ-шиъ молха малар. Цундела, нагахь санна хьой вехачу махкахь иштта лоьралла лелош делахь, «вистхиларца йоьзна йолчу халонашна» дарба лелош лоьраш белахь, и кIант царна тIевига хьажа, цаьрга цунна дарба дайта хьажа. ХIара уггар гIолий агIо хила мега хьуна, хIунда аьлча, дукхах долчу хьолашкахь мелла а цу лоьрашка дарба далуш хилар сецна ду.
2. Нагахь санна и кIант Къуръан деша хууш вацахь, цунна Iаьрбийн маттахь Къуръан деша Iамо деза. ТIаккха, иза ша цхьаъ цхьана чоьна чохь охьа а хиъна, лаккха аз айдеш Къуръан деша деза. Чоь яьсса а, жимма йоккха а хилча кхин а дика хир ду. Лоьраша схьадийцарехь, ша доьшург цунна шена чIогIачу озаца юхахазаро гIо до, тасса а ца луш вистхиларна. Къуръан, шеко йоцуш массо хIуманна дарба ду. Цундела мелла а алсам Къуръан дешийта деза цуьнга, хуьлийла иза вай лакхахь ма-аллара йолчу чоьна чохь, йа кхидолчу хьолехь. Вай тешна ду, Дала мукъа лахь, Къуръан дукха дешаро цунна гIо дийр хиларх.
3. ХIара некъ баккхийчаьргара гIо оьшуш некъ бу, къаьсттина дегара-ненера. Толкха долчу бераца цхьаьне охьа а хиъна, иза гIеххьа хьаста а хьаьстина, цуьнан ша шех тешам чIагIлун а, совбоккху а бахьана а дина, цуьнца цхьаьне цхьа дийцар, йа яздар, йа алар деша деза. Иза муха дан деза гойту хIокху видеоно. Цу тIехь ма-барра и болх юх-юха бан беза, Дала мукъа лахь берана дарба хиллалц. ХIара болх барехь а, вуьшта кхидIа йолчу ханна а билгал дан деза чIогIа маьIне цхьа хIума. Ахь хьайн хаттарехь а хьахийра иза, «эхь хетча толкхалла сов долу цуьнан» аьлла. Лоьраша дийцарехь, стеган толкхалла алсам долу цунна эхь хетачу хенахь а, цунна вас хуьлучу хенахь а. Бераш толкха хиларан бахьанех цхьа бахьана дуьйцу говзанчаша, дас-нанас беран жималлехь цуьнан бан ма-безза тергам бина ца хилар а, цунна тIечийхаш хилар а, цунна даим ваьснаш еш хилар а ду бохуш. Цундела, вуно чIогIа маьIне ду цу беран ша шех болу тешам совбаккхар, цунна вас хуьлуьйту хIума ца далийтар, цунна тIе ца чийхар, цуьнан бан ма-безза тергам бар, цо олучуьнга ладогIар, иза вистхиларехь тассавелча ладугIург вела ца велар, иза ша олург аьлла валлалц собар дар, цуьнга ца алалург цул хьалха схьа ца алар, нагахь санна доьзалехь масех бер делахь, ден-ненан цуьнца йолу юкъаметтиг вукхарна халахетар доцучу кепара къаьстина хилар, цунна халахетар дийр долчу массо хIуманах ларвалар. Масала, оцу видео тIехь, и дарба лелош волчо шен кIанте дечу къамела юкъахь иштта дешнаш ду: «Кийча вуй хьо, турпал?». Цу бере и санна долу дешнаш (турпал – оьрсийн маттара: герой) аларан бахьана – цуьнан «синан шад» бастар ду, цуьнан эхь хетар дIадаккхар ду, цунна ша цхьа кхачамбоцуш адам ду аьлла ца хетийтар ду.
4. Амма муьлха жайна доккхур дара-те аьлча, цунах лаьцна суннатехь деана цхьаъа хIума ца девза суна, йа Iелам-наха цу гIулкхана къаьсттина иштта айат, йа хьадисера зикр, йа доIа яздича дика хир ду аьлла дуьйцуш а ца карий суна. Бакъду, Муса-пайхамара, Делера салам хуьлда цунна, Дела дин дIадовзийтарца Цо шена тIедиллина хилла декхар чекхдаккха араволучу хенахь доIа дина хилла. И доIа мелла а вайн хьолаца догIуш ду, цу кIантана яздан а, цо даим деша а мегар долуш ду, Дала мукъа лахь, Дала Шен дешан беркатах бахьана а хилийтина дарба дийр ду цунна. Ткъа Муса-пайхамара дина хилла долу и доIа Къуръан тIехь АллахIа довзуьйту вайна, «ТIо́хIа́» сурат тIехь, 25-28 айаташкахь: ]قَالَ رَبِّ اشْرَحْ لِي صَدْرِي. وَيَسِّرْ لِي أَمْرِي. وَاحْلُلْ عُقْدَةً مِنْ لِسَانِي. يَفْقَهُوا قَوْلِي[ ﴾Цо элира: Сан Дела! Сан накха (кийра, дог) шорбехьа (сапаргIат хилийтахьа со)! Сан болх (гIуллакх) суна атта а бехьа! Сан меттан шад а дIабастахьа (со паргIат вистхилалур волуш)! Уьш сан дашах кхетар болуш!﴿ Кхин а, хьадисашкахь даьхкина долу хIара доIанаш яздан а мегар ду цунна оцу айатца цхьаьне, Дала мукъа лахь церан беркатах бахьана а хилийтина, Дала дарба дийр ду: "اللهم اهد قلب حامل هذا الكتاب وثبت لسانه. اللهم اهد قلبه وسدد لسانه. اللهم اجعل في بصره نورا واجعل في سمعه نورا واجعل في لسانه نورا واجعل في قلبه نورا. يا الله يا رحمن بجلالك و نور وجهك نور بكتابك بصره و أن تطلق به لسانه و أن تفرج به عن قلبه و أن تشرح به صدره و أن تشغل به بدنه. اللهم اجعل له لسانا صادقا وقلبا شاكرا وسليما. وصلى الله وسلم وبارك على نبيه محمد وسلم كثيرا كثيرا كثيرا". ХIара доIа масийтта хьадис юкъара схьаэцна ду, цуьнан маьIна иштта ду: «Йа АллахI! ХIай везан Дела! ХIара жайна карахь долчуьнан дог нийсонна тIе нисдехьа, цуьнан мотт дикачунна тIехь сацабехьа. Йа АллахI! Цуьнан дог нисдехьа, цуьнан мотт нийсона тIе нисбехьа. Йа АллахI! Цуьнан бIаьрсица нур дехьа, цуьнан хазарца нур дехьа, цуьнан маттаца нур дехьа, цуьнан даг чохь нур дехьа. Йа АллахI! ХIай къинхетаме верг! Хьан сийлаллийца, Хьан юьхьан нуьраца доьху Хьоьга, Хьайн Жайница Къуръанаца цуьнан бIаьрса нуьре дехьа, цуьнца цуьнан мотт дIа а бастахьа, цуьнца цуьнан дог паргIат а даккхахьа, цуьнца цуьнан са паргIат а даккхахьа, цуьнца цуьнан дегIе Iамал а йайтахьа. Йа АллахI! Бакълуьйш болу мотт лохьа цунна, шукр деш а долуш, цIена дог а лохьа цунна. АллахIера салават а, салам а хуьлда Цуьнан пайхамарна Мухьаммадна, дуккха, дуккха, дуккха».
ТIаьххьара, хIара дIадерзош дагадаийта лаьа суна, массо хIума АллахIан керахь хилар, хуьлуш дерг дерриге Цуьнан кхелаца хуьлуш хилар, цомгаш хилар а, дарба хилар а Цуьнгара а, Цуьнан керахь а хилар, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш хилар, Шега дехначунна Цо жоп луш а хилар. Цундела, даим дагахь латтаде и маьIнеш, даим доьхуш хила Цуьнга дарба дар, вочух ларвар. Даим реза а хила Цо хIоттийначу Цуьнан кхелана.
Дала маршалла дойла хьан кIантана!
13.11.2008
|