|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Са девашас зуда ялийна, иза ялийна-м 8-9 шо-а ду, эц зудчо бозбуанчалла лелдина, тхуна наха дуьйцу шайн из цхьацца джинашца болчу нахана тIе яхана гина бохуш, тхан дас сан нана дIаяхийтана и керта еанчу хенахь дуьйна. Цул тIаьхьа ялийнаг а дIаяхийтана. Тхан да дакъаз воккхур ву ша бохуш хIумниш дуьйцур цо, тIаьхье ца хилийта хьожур ю ша бохуш. Со йоцург кхин доьзал бац тхан де. 9-зза марехь хилла ю иза, тхан дена войзаш ву цуьнан хилла волу 7-гIа цIийнада. Цо дийцана тхан дега иза 9-зза марехь хилла аьлла, тхойга ша 2-зза бен ца хилла марехь аьллера цо. Тха девашига аьллера тхан дас, иза дуккху маренаш дина ю, хIора маренгара цхьацца во бахьнац цIа йиъна бохуш. Иза тхан девашас эц ше зудчуьнга дийцана, цул тIаьхьа ша тхан дас гучу хIунда яьккхана бохуш тхан да ца веза цунна. Ша хьоьгаъ яла йойтар ю хьун 9 зуда бохуш, хьа йоIе дойтар ду хьуна 9 маре бохуш яра иза. Тхан деваша доьхьул ваьлла тхан дена, тхан да бIаьрга ган ца лаьа шена олу цо, цера чохь суна сайн суьрташ карийнера, коьрта гондахь цхьа ягайна кружок йина, ши бIаьрг дIаа баьккхина, коьрта техулахь крест долуш. Цул тIаьхьа со маре яхара. Со марехь йолу 4 шо ду, доьзалхо вац сан, лоьраш могаш ю олу, и тхан девеши зуда-м яц-те оцунна бехке? Хьай аьтто балахь цхьацца доIанаш даздахьара ахь.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Инна́ лилла́хIи ва инна́ илайхIи ро́жиIу́н! Шун хьал ахь ма-дуьйццу делахь, баккъалла ма-доккха хIума ду иза. ХIара хьан яздар мосазза доьшу, цхьана агIор шух къахете, вукху агIор иштта адам муха хир ду олий цецволий, ша-йолу ойла а, дог а духу. Шуна юкъахь хилларг а, лелларг а хьуна хьайна а дика хуур ду, нийса динарг а, ца динарг а. Цундела, кхидIа йолчу ханна хьуна мелла а чIогIа оьшург дийца хьовсур ду вай, Делан пурбанца. Лераме йиша! Хьан доьзалхо ца хилар оцу зудчо цхьа бозбунчалла лелор бахьана долуш хила мега, лоьраша массо хIума дика ду бохуш хилча. Делахь а, тайп-тайпана меттигашкахь лоьраш хьовсийта беза аш юха а, хьайна а, хьайн хIусамдена а таллам байта беза. ТIаккха, лелийнарг бозбунчалла делахь, цунна аш массара лелийча дика хир долу дарба иштта ду: 1. - Рукъйат [1] деша деза ахь айхьа хьайна, хIора дийнахь кхозза, йа кхозза ца дешалахь цкъа мукъане. Айхьа иза дешарал совнаха, кхечуьнга иза хьайна дешийтар а дика ду. Хьуна и доьшур верг йа доьшур ерг Делах кхоьруш адам хилча пайда чIогIох хир бу. Кхин а, айхьа хьайна иза дешарал сов, кхечо хьуна иза дешарал сов, ладогIа а мегаш ду цуьнга. И кхоэ хIума аьтту ма-ббу цхьаьне лелош кхин а дика ду. ЛадогIа рукъйат карор ду хьуна хIокху агIона тIехь. - ХIора Iуьйранна «Ас-Со́ффа́т» олу Къуръанан сурат деша деза, йа цуьнга ладогIа деза. - ДIавуьжчу хенахь «Ал-МаIа́ридж» олу Къуръанан сурат деша деза, йа цуьнга ладогIа деза. - Iаьржа тминан даьттана тIехь доьшур ду и рукъйат, тIаккха и даьтта ша дIавижале шен накхана тIе а, хьаж тIе а, букъан-тIехка (позвоночник) тIе а хьокхур ду, мелча а дика хир ду жим-жима. - Иштта и рукъйат доьшур ду зайтдаьттина (оливковое масло) тIехь, тIаккха иза а шен дегIа тIе а хьокхур ду, мала а мер ду. - Кхин а иштта и хIума дийр ду мозца а: цу тIе и рукъйат а дешна, тIаккха хIора дийнахь мецчу чоьна тIе цхьацца Iайг кхоллуш и моз дуур ду. - Кхин а и рукъйат доьшур ду цIенчу хи тIе, цхьана дийнахь шена мала а, лийча а тоьар долччул. ТIаккха и хи мер а ду, цуьнца луьйчур а ву. Аьтту хилахь, и хи замзам хи хилча дика ду, йа цIенчу догIанан хи хилча дика ду. Оцу хи чу «сидр» (лотос) олуш долчу диттан ворхI гIа ата а аьтта чутесча а дика пайда хир бу, Дала мукъа лахь. 2. Iуьйранна-суьйранна деш долу азка́раш а, хIора ламазал тIаьхьа доьшуш долу азка́раш а, дIавижале доьшуш дерг а, чуволуш-араволуш олуш дерг а, иштта кхидолу хIора дийнахь оьшуш долу азкараш деша деза, уьш лардан деза. И азкараш дешар а, уьш лардар а муьлхха а цамгарна дарба хуьлуьйтуш долу чIогIа доккха бахьана ду. Ткъа и азкараш хьуна хIокху сайта тIехь карор ду шортта. ТIаккха, «Бусалба стеган гIап» цIе йолу жайна хила деза хьан, даим доьшуш. 3. Даим Деле хьаста луш, даим Цуьнга доIа деш хила еза хьо, хьайца цамгар елахь иза дIаяккхар доьхуш, хьайна дика, беркате доьзалхо валар а доьхуш. ДоIийна жоп далийтархьама, цунна жоп лун бахьанаш лело деза, сагIа далар санна, йа муьлхха а цхьа дика Iамал йар санна, дика хан харжар санна, иштта кхидIа а. И бахьанаш а, хенаш а юьйцу «Уггар деза доIанаш» (Къуръан тIера а, Суннатер а доIанаш) цIе йолчу жимчу жайни тIехь. И жайна хIокху сайта тIехь а ду хьуна, кехат-зорба тоьхна а ду хьуна. 4. Дала хьайна тIедожийна долу парзаш кхочуш деш хила еза хьо: ламаз шен-шен хенахь дар, лело ма-дезза бусалба духар лелор, марха кхабар, и.кх.дI. АллахIа хьарам динчух а ларйала еза, хьайн ницкъ ма-кхоччу. Хьайн чохь лоькхуш эшарш елахь, церан меттан АллахIан сийлахь Дош – Къуръан – хилийта деза даим хезаш дерг, ладугIуш дерг. Делах кхерар а, эхартан ойла алсам йар а хила деза хьоьца даим. 5. Массо хIума «бисмиллайца» дар а, долор а лардан деза. Вочу нехах а, бозчбуанчанех а, хьагI йолчу нехах а Деле хьой ларйар деха деза, даим АллахIаца церах ларлуш хила еза хьо. 6. Хьайца хьагI лелочуьнца собаре хила еза хьо, цуьнца девнаш даха ца оьшу, йа къийсаяла а ца оьшу. Хьо цуьнца собаре хилар – цул дика хIума дац хьо цунна тIехь толаме хуьлуьйтур йолуш. Хьайга далахь, цунна дика дан хьажа мегар ду хьо, иза хьайн ийман лакхара хилар гойтуш хIума ду. Шена вон динчунна дика дар – бакъболчу бусалба нехан гIиллакх ду, хьаьнг-хьаьнга а лелалуш хIума а дац, АллахIа шайна дика динчаьрга бен. 7. Хьайца хьагI лелош, хьайца вон волчунах лаьцна ойланаш ма йе, и адам хьайн дагчохь ма латтаде. 8. Даим АллахIана тIе болх буьллуш хила еза. Хьайн гIулкх дерриге Цуьнан кера дIадала деза, болх даим Цуьнга дIабала беза, Иза воцучуьнца сатийсар хилийта ца деза. 9. Хьайн къиношна бакъдолу тоба дан деза ахь, даим Деле йоьрзуш хила еза хьо, Цуьнга гечдар доьхуш хила еза. 10. Хьайн аьтту ма-ббу дика хIуманаш дан деза, дика Iамалш йан еза, нахаца дика хила хьажа еза, нахана пайда хуьлу хIума лело хьажа еза. Цу юкъахь уггар доккха хIума хила тарлуш ду хьуна сагIа далар. СагIа далар – тIебогIу бала бухатохаран бахьана ду, доIа дар санна. ТIаккха, и дерриге хIума хьан дас а, нанас а, хьан хIусамдас а лелийча дика ду, хIунда аьлча бозбунчалла лелийна делахь, иза шух массерах хьакхалуш хила а тарлуш ду. ХIара дарба лелорехь хьуна хаа дезаш кхин цхьа хIума а ду: цхьана кIирнах а, шина кIирнах а сихха дарба ца хила мега хьуна. Лелийна долу бозбунчалла чIогIа делахь, цунна дарба дан хан иэша мега мелла а, масех бутт хила а тарло и хан. Цундела, мало ца еш, дог а ца дуьллуш, и дарба лело хьажа, Дала хьайна диканиг дийр хиларх тешна а хила, Цо Шен къинхетам бийр бу хьох. Дала гIо дойла хьуна, Дала дарба лойла. 02.05.2010 = 18/05/1431 [1] Ар-РукъйахI – Къуръан тIера билгал даьхна айаташ а, суннатера доIанаш а ду, цхьацца цамгаршна дарбанна доьшуш долу.
| КхидIа |