|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи. Жима бери корта лазабаьлча муьлха доIа деша деза, хье лазболий сан йоI йоьлху.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ● Хьайн ши куьг хьала а айдей, цаьршина тIе туй тухуш санна хIупп а алий, тIаккха цаьршинна тIе хIара кхо сурат деша: "Къул хIуваллохIу ахьад" а, "Къул аIузу бироббил-фалакъ" а, "Къул аIузу бироббиннас" а. ТIаккха и ши куьг хьайн йоIана тIехьакха, коьрта тIера а, юьхь тIера а дIадоладей, кхидIа хьайн куьг кхочуче массо метте. Иштта и хIума кхозза де. ● Хьайн йоьIан коьрта тIе хьайн аьтту куьг а хьокхуш, хIара доIа де: «АллóхIумма роббан-нáси, азхIибил-баъса, вашфи анташ-шáфú, лá шифáа иллá шифáук, шифáан лá йугIóдиру сакъомá». «Йа АллахI! ХIай адамийн Дела! Вон (лазар) а дIадаккха Ахь, дарба а де Ахь, Хьо ву-кх дарба дийриг, Хьоьгара доцург кхин дарба а дац-кх, цхьаъа лазар дуьтур доцу дарба де Ахь». "Алло́хIумма имсахьил-баъс, роббанна́с, бийадикаш-шифа́ъ, ла́ ка́шифа лахIу́ илла́ анта". "Йа АллахI! Лазар дIадайъа Ахь, хIай адамийн Дела! Хьан керахь ду-кх дарба! Хьо воцург кхин цхьаъа вац-кх и (лазар) дIаайдан". «АллóхIумма роббан-нáси, музхIибал-баъс, ишфи анташ-шáфú, лá ша́фийа иллá анта, шифáан лá йугIóдиру сакъомá». «Йа АллахI! ХIай адамийн Дела! ХIай лазар дIадоккхуш верг! Дарба де Ахь, Хьо ву-кх дарба дийриг, Хьо воцург кхин цхьаъа вац-кх дарба деш, цхьаъа лазар дуьтур доцу дарба де Ахь». ● Хьайн йоьIан цIе а йоккхуш, (масала цуьнан цIе Асмаъ хилча), иштта хIара дешнаш ала: "Алло́хIумма ишфи Асмаъ. Алло́хIумма ишфи Асмаъ. Алло́хIумма ишфи Асмаъ". "Йа АллахI! Дарба дехьа Асмаана. Йа АллахI! Дарба дехьа Асмаана. Йа АллахI! Дарба дехьа Асмаана". ● КхидIа иштта хIара доIанаш деша: «АсъалуллóхIал-Iазúм, роббал-Iаршил-Iазúм, ан йашфийак». (7-зза ала хIара). «Воккхачу АллахIе доьху ас, доккхачу Iаршан Деле доьху ас хьо туо йар». «БисмиллáхIи аркъúк, мин кулли шайъин йуъзúк, ва мин шарри кулли нафсин ав Iайнин хьáсидин, аллóхIу йашфúк, бисмиллáхIи аркъúк». «АллахIан цIарца доьшу ас хьуна, хьуна зен мел-дечу хIуманна доьхьал, массо вочу синна доьхьал, хьагI йолчу бIаьргана доьхьал, АллахIа дарба дийр ду хьуна, АллахIан цIарца доьшу ас хьуна». «Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м. УIи́зуки билла́хIил-ахьадис-сомад, аллази́ лам йалид ва лам йу́лад, ва лам йакул-лахIу́ куфуван ахьад, мин шарри ма́ тажиди́н».[1] «Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Ас хьо ларйо АллахIаца, Ша́ цхьаъ волчу, массо хIуманан Шега хьашт долуш волчу, цхьаннах схьаваьлла а воцучу, Шех схьадаьлла цхьаъа хIума а доцучу, Шех тера цхьаъа хIума хилла а воцучу, хьуна (хьайца) хаалуш долчуьнан вонах». «Бисмилла́хIил-каби́р, наIу́зу билла́хIил-Iази́м, мин шарри Iиркъин наIIа́р, ва мин шарри хьарринна́р». «Воккхачу АллахIан цIарца! Воккхачу АллахIаца ларло вай, шена чу цIий хьодуш болчу пхенан вонах а, цIеран йовхонан вонах а». (Къаьсттина хIара доIа корта лазарна а, дагарна а, хоршийна а, иштта уьш санна йолчу цамгаршна а деш ду. КхидIа долу доIанаш муьлхха цамгарна а, лазарна а дан мегаш ду). ● Хьайн йоIана улло охьа а хаий, цунна хаза а хозуьйтуш Къуръан деша цунна: сурат "Ал-Фатихьат" а; "Ал-Бакъарат" суратан доьххьара диъ айат а, юккъера ши айат а (163-164), "Айатул-курсий" а (255), тIаьххьара кхо айат а; Къуръанан тIаьххьара кхо сурат а. Къуръан дерриге дарба ду, хьайга дешалуччул алсам Къуръан деша цунна. ● Бер лардар доьхуш деш долу доIа де хьайн йоIана Iуьйранна а, суьйранна а, иза дIаюьжучу хенахь а, кхийолчу хьайна луучу хенахь а: "УIúзуки бикалимáтиллáхIиттáммати мин кулли шайтIóнин ва хIáмматин, ва мин кулли Iайнин лáммахI".[2] «АллахIан кхачаме долчу дешнашца ларйо ас хьо массо шайтIанах а, вочу экханах а, массо вочу бIаьргах а». ● Цул совнаха, вай хIокху хаттарехь: «Дукха жимчохь дуьйна корта лозуш хилча...» - хьахийна долу дарбанан бахьанаш лело хьажа, зайтдаьттинца (оьрсийн маттара: оливковое масло), Iаьржачу тминан даьттинца а, и шиъ цуьнан коьрта тIе а, дегIа тIе а хьокхуш, берана мало меггачул тминан даьтта мала а деш. И ший а даьтта и доIанаш тIехь дешна хилча кхин а дика ду. Нагахь санна хьан йоI хьижа́ма йайта мегар долуш елахь, цу балхана говза волчуьнга хьижама а йайта цунна. Даггара АллахIе доIа деш а хила, цунна гIолий йар доьхуш. Дала маршалла дойла цунна. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 27.03.2010 = 11/04/1431 [1] ХIокху доIанан доьххьара дош "УIи́зуки" йоIана догIуш долчу кепара ду. КIантана, йа борша стагана "УIи́зука" ала деза. [2] Кхузахь дерг а йоIана догIуш долчу кепара ду, "УIи́зуки" аьлла. КIантана, йа борша стагана "УIи́зука" ала деза.
| КхидIа |