Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум варохьматуллахIи вабаракатухIу.

Сан дехар ду хьога Олхазар аса йаздинарг дика деша а дешна соьга сан хаттарна жоп далар. Сийлахь волу АллахIа диканца бекхама бойла хьуна.

Я свой вопрос задам на русском чтобы было понятней.

Уже три года как я болею но врачи до сих пор не могут поставить мне конктретный диагноз. Врачи недавно поставили мне диагноз "Депресия", конечно я не исключаю что у меня нет депресии, но не на столько сильно что я падаю вне сознании.

За эти три года как я заболел я настолько сильно изменился, что я стал бояться Аллаха так сильно, что читая Его аяты мне становится очень плохо и я плачу до тех пор пока меня не успокоит кто-нибудь из моих родственников - мать или жена. В мое сердце внушена любовь к Аллаху и посланнику Мухаммаду (c.a.c), которая у меня не была три года назад, я начал часто видеть пророков во сне и молящихся людей в мечете.

Я хочу рассказать о признаках моей болезни (да простит меня Аллах за такие слова):

. дрожения всего тела

. теряю сознание

. сильные боли в области солнечного ортерия

. похолодание рук и ног

. высокое давление

. головокружение

Всегда когда у меня бывает этот приступ я говорю "Альхамдулиллах-Альхамдулиллах" и всегда повторяю что - Нет Бога кроме Аллаха", я чувствую что Аллах очищает меня о грехов и что это Его милость поотношению комне.

Мой вопрос - Олхазар как мне быть в таком положении?
Ларамца.

 

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме ваша! Хьан хаттар Iелам-нахе дахьийтира ас, цаьргара вайна кхаангара жоп деара.

² Жоп лург Къуръанан а, Суннатан а Iилманан Кхеташонан декъашхо Доктор НахIид Ал-Хура́ший ю:

«Хьан кехат Iаткъамца дийшира ас. Суна Iаткъам бира хьан хьолана лоьрашка дарба хIотта луш ца хиларо а, цу хьоло хьан синна а, хьан дегIана а хало еш хиларо а.

Амма ахь хьехош долу АллахI везар а, АллахIан элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – везар а, иза хьо цхьана хенахь динна гена хилла дела, АллахIана хьо Шена герга вало лаарна хила мега хьуна. Иза иштта хила магаран билгало ю хьуна гIенах АллахIан пайхамарш а, ламаз деш адамаш а гар. Цо гойту гIена кхоьлаца хьоьга кховдийна кхайкхар хилар, хьоьга нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIана герга гIо бохуш кхайкхам беш.

Амма депрессих лаьцна вай аьлча… Динна гена а ваьлла, шен дахар дерриге дуьненна а, шен дегIан марзонашна а, шен синан лаамашна а дIа а делла, дуьне а, эхарт а цхьаьнатухучу кепара шен дахарехь юкъара некъ ца лаьцна волчунна депресси цхьаъа шеко йоцуш хир а ю, хуьлуш а ю.

Цул тIаьхьа, хьан хьолана шина кепара дарба лелор кховдо лаьа суна хьоьга:

Хьалхарниг: Юха а, масех лоьрана тIе а вахана, хьайна билггал цхьа меженийн лазар ца хилар билгал дан деза ахь. Коьрта чура хье бевзаш, цунна лоьралла лелор девзаш волчу масех лоьрана тIе вахча дика хир ду хьо, нервашца доьзна долу лазарш девзаш волчу масех лоьрана а тIе вахча дика хир ду хьо. ХIунда аьлча, дукха хан йоццуш гучудаьлла ду, адамца хуьлуш долу сагатдар а, и санна долу кхидолу лазарш а хье́ чура цхьайолчу ге́нашца доьзна хилар. Хьо тайп-тайпана лоьрашна тIе вахча, нагахь санна хьуна оцу меженийн лазар делахь, церах цхьанна даьлла а билгалдала мега иза.

ШолгIаниг: Ийманан дарба лелор… Хьан хаттарехь билгал гуш ду хьо цхьайолчу хенахь динна генаваьлла хилла хилар. Цуьнан билгало хьуна гуш долу гIенаш ду. Цундела, иштта хIара дарбанаш лелор кховдадо ас хьоьга:

1. Хьайн дог АллахI везарх а, Цуьнан элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – везарх а дузийта деза ахь. Ткъа, АллахI везар бохург цхьа дош хилла Iаш дац хьуна. АллахI везар - иза ахь хьайна тIелаьцна хаттамалла а, тешамалла а ду хьуна, хьоьга даим хьайна тIехь терго йойтуш долу, хьан багара до́лу хIора дош а, ахь ден хIора гIуллакх а нийса хуьлуьйтуш долу, цIенчу даггара цхьана АллахIа доьхьа хуьлуьйтуш долу.

2. Хьо динах гена мел воккхуш долчу массо дегIан марзонех а, синан лаамех а тоба де ахь, бакъдолу тоба.

3. ХIора дийнахь хьайн ниййат цIанде ахь, массо айхьа олуш долчу дашца а, дечу хIуманца а, лелочу гIиллакхца а хьо даим АллахIаца хир волчу кепара.

4. Шен-шен хенахь ламазаш ларде ахь.

5. Ши ракаIат дина а, Iуьйкъа ламаз де ахь даим.

6. Лекха хинволу АллахI хьехор чIогIа доккха маьIна долчу гIуллакхех цхьа гIуллакх ду хьуна, хьо вонах кIелхьара а воккхуш, хьо вочух цIан а веш, хьо вочух лар а веш долу. Цхьана шейхана, Iелам-стагана тIе а вахана, цуьнга ахь хьайна рукъйат дешийтича а дика хетара суна. Цуьнга ахь хьайна вирд дина хIора дийнахь доьшуш лелор долу азка́раш хьехийтича а дика хир дара. Къуръан тIера а, Суннатера а и азка́раш цо хьуна хьехча, тIаккха ахь уьш даим лелийча, и бахьана долуш Делан нуьрехь хир вара хьо.

7. ХIора ламазал тIаьхьа Айатул-Курсий деша ахь.

8. ХIора ламазал тIаьхьа Суннатехь деана долу тасбихь де ахь.

9. Дуккха а АллахIан элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дилла ахь.

10. Хьайн таро йолччул сагIа луш хила хьо, йа хьайн ма-хуьллу дукха нахана дика деш хила хьажа хьо.

11. Марха кхабаро а цIанвийр ву хьуна хьо, вочух кIелхьара а воккхур ву хьуна хьо, къемат дийнахь Къинхетаме волчуьнан IиндагIехь а хуьлуьйтур ву хьуна хьо.

12. Айхьа хьайна доIа дар совдаккха ахь.

Цул совнаха, чIогIа маьIне цхьа хIума ду ахь лело дезаш. Хьайн коьрта чура а, хьайн дагчура а ерриге вон ойланаш дIалахка еза ахь даим. Вочу ойланийн меттана дика ойла йан еза ахь. Даим билггал тешна хила веза хьо, АллахIа хьайна дарба дийр хиларх. Лераме ваша, АллахIа хьайна лур йолчу уггар дика могшаллех лаце ойла еш хила даим, и могшалла хьайна йоьхуш а хила даим, тIаккха Дала мукъа лахь хир ю хьуна иза.

Вай тIеозоран бакъонаца (закон притяжения) дехаш ду, ахь ойла еш дерриг хир а ду хьуна. Цундела хьайн ойланна юкъатоха билггал хьой туолур хиларх тешар, билггал хьайна дарба хирг хиларх тешар, оцу ойлане хьайна и дарба «тIеозадайтархьама». Цхьаболчу талламашкахь дуьйцуш ду, хьайн лаам гойтуш долу цхьа дош, йа алам мосуьйттозза юх-юха хьехийча, и хьуна луург хир ду бохуш, хIунда аьлча хьайн коьрта чохь йолу ойла доIа санна ю, кхайкхам санна ю, масала «дарба» боху дош ахь юх-юха баьхча, хьайна и хила лууш хиларан билгало ю иза, цундела дуккха а юх-юха баха ахь иза, къаьсттина алсам хьой дIавижале цхьа пхи минот хьалха, хьой набарха самаваьлча а цхьана пхеа минотехь.

Хьайн ойлана чура массо кхерамаш, сингаттамаш дIалахка. Уьш ерриге хьо иэшор волу ойланаш ю, хьуна депресси тIейоуьйту ойланаш ю, дика хьуна генадоккху ойланаш ю. Хьан гIуллакх хьан керахь ду, хьан лаамца а, хьайн ницкъаца а доьзна ду. Нагахь санна хьан билггал лаам хилахь, хьой туолур ву аьлла, хьайн билггал АллахIах тешар а хилахь, Делан лаамца хьо туолур ву.

Айхьа доIа дечу хенахь даим Далла хастам барца дIадоладе иза, хIунда аьлча ахь хастам бар – хьуна лууш дерг АллахIа хьуна кхочушдийр ду аьлла хьо билггал тешаш хилар гойтуш ду, хьоьца шеконаш ца хилар гойтуш ду.

ХIетте а, и массо хIума ахь леладахь а, чIогIа маьIне ду хьуна ахь хьой цIанвар, дикачу Iелам-стаге рукъйат дешийтарца. Ахь айхьа а деша хьайна, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – вайна Iамийна долу рукъйат.[1]

ТIаккха, кхечерах доглозуш хилар, хIума тардолуьйтуш, могуьтуш хилар а ца хилча ца долуш гIиллакх ду хьуна. И гIиллакх ницкъ бу хьуна, хьо цIанвийр болу, хьуна дарба дийр болу.

Даим пусар дечу хьолехь а хила хьо… АллахIа деллачунна пусар дар ницкъ лун бахьана ду хьуна.

Даим чIагIдеш, хьехош хила хьо:  «АллахIа Iалаш веш ву со, Цо дарба а дийр ду суна хIинца! Цуьнан къинхетам а, Цуьнан нур а иэлуш ду сан хIора дегIан меженаца, суна дарба хилархьама!» - олуш, АллахIана хастам а бе ахь цу гIулкхана дуккха а. И дешнаш даим юх-юха олуш хила хьо, хIунда аьлча иза хьуна лууш дерг доьхуш доIа дар ду, хьо тIекхача гIерташ дерг ахь доьхуш доIа дар ду. И дешнаш даим олуш хиларца цхьаьна, билггал тешам болуш а хила хьо, АллахIа хьайна дарба дийр ду аьлла.

ХIинца хьоьца хIоьттина долу хьал – ловзарийн, лаамийн дахарера хьо керла дахаре дехьаваларан хьал ду, безаман, маршонца зовкх хьегаран, тешамаллин дахаре.

АллахIана а, Цуьнан элчанна а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьо герга алсам мел воьду, зовкхе, тешаме, маьрша дахарца ва́хар алсам хир ду хьан, сов а дер ду хьан. ТIаккха молханаш а, мехий а оьшур дац хьуна, хIунда аьлча бакъйолу цамгар а дагца ю, цунна дарба а дагца ду.

Хьайн синан ницкъаш жигара даха, хьайн дог а самадаккха, АллахI везарца а, Цуьнан элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – везарца а, АллахIана Iибадат дарца а, Иза реза хиларе а, Цуьнан къинхетаме а дог а дохуш. НеI тохар саца ма де ахь, хьайна иза дIаеллалц.

АллахIа аьтту бойла хьан дикачу хIуманна!».

 

² Жоп лург ву синан цамгарийн говзанча Доктор Мухьаммад Iабдул-Iали́м:

«Лераме ваша! АллахIера салам-маршалла а, АллахIан къинхетам а, Цуьнан дуккха диканаш а хуьлда хьуна!

Ахь ловш долчу хьолаца доьзна ду аьлла хета суна хьоьца цхьа синан цамгар хилар. Хьо чIогIа динан тIевирзина велахь а – иза-м шеко йоцуш хаза а, дика а хIума ду – хIетте а дерг ма-дарра ду ала деза хьоьга. Ахь дийцинчунна юкъахь билгалонаш ю хьо цхьа сица йоьзна йолу цамгар ловш хиларна. И хьоьгахь долу хьал, и цамгар, бакъалла а вайна евзаш йолу депресси яц, бакъду цхьажимма депресси хила-м мега хьоьца, цуьнца цхьаьна хьайн дагчохь хьо цхьана хIуманах кхоьруш, сингаттам болуш а волуш. Ткъа хьо собаре хиларо а, хьо хьайн са лардеш дине верзаро а хьан дог кIаддина, и дог кIаддаларо хьоьга дуккха а Iибадаташ а дойту.

И хьоьгахь долу хьал кхидолчу цхьана хьолех (цамгарех) тера ду, делахь а ахь царна тIехь ойла йан еза аьлла ца хета суна, хьо цу цамгарийн лоьрашна тIелела веза аьлла а ца хета суна.

Ас хьуна цхьацца молханаш дуьйцур ду, суна хетарехь хьуна цара гIолий а йийр ю, хьоьца долу и хьал дIадаларна а, хьайн хила ма-дезза долчу дахарца хьо воьзна хиларна а гIо а дийр ду.

Цхьа молха туьканашкахь Depakine Chorono цIарца девзаш ду, Iилманехь Valopric Acid цIарца девзаш ду. И молха ахь мелча дика хир ду аьлла хета суна, хIора буьйсанна 500 (пхи бIе) милиграм, ялх баттахь. ТIаккха нагахь санна хьайн хьал дикка туоделла аьлла хьуна хетахь, кхин а цхьана ялх баттахь мала ахь иза оццу барамехь, тIаккха цхьа шо даьлча, кхидIа йолчу ханна барам жимбе ахь цуьнан 200 милиграм кхаччалц. 200 милиграм и молха мала ахь кхин а шина баттахь, хIора буьйсанна, цул тIаьхьа саца де ахь иза молчара.

Ахь мелча суна дика хеташ долу шолгIа молха туьканашкахь Faverin цIарца девзаш ду, Iилманехь Fluvoxamine цIарца девзаш ду. Цхьана батта чохь хIора буьйсанна 50 (шовзткъе итт) милиграм мала ахь иза. ТIаккха 100 (цхьа бIе) милиграм тIе хьалабаккха ахь барам, хIора буьйсанна ялх баттахь. ТIаккха цул тIаьхьа богIучу кхаа баттахь барам охьабаккха ахь 50 милиграм кхаччалц, хIора буьйсанна мер долуш. Цул тIаьхьа сацаде ахь иза молчура.

И молханаш маьрша молханаш ду, синан хIоттам туобеш, нисбеш долу, Дала мукъа лахь, ахь хьехош долу хьо вегор а, хьо хьекъал чура валар а дIадер ду.

ТIаккха, Iибадат дар лар дан ма-дезза лар а деш, дин лелорехь юккъера барам лацар шеко йоцуш уггар нийса некъ бу. Кхин а, хьайн аьттту ма-ббу, Iелам-нахаца хьо охьахийша лаьара суна, Iелам-нахаца ахь хан яккхича дика хетара суна. Масала, маьждиган имамо гIо дийр ду хьуна хьан хьолана, цуьнгара гIо-накъосталла а, нийсо а карор ду хьуна Дала мукъа лахь.

Дала аьтту бойла хьан!».

 

² Жоп лург ву Шейх Ахьмад Ал-Фарджа́бий, шарIан Iилманан говзанча:

«Шеко йоцуш, «лоьрашка дарба ца хIотта луш йолу цамгар кхетта суна» боху ойла дIайаккха езаш ойла ю, хIунда аьлча даим сингаттам, сагатдар, кхерам латтаро дарба хиларна а, маршаллийна а гIо ца до. Хьо санна болчарна ца хууш дац, дарба хиларехь уггар коьрта дерг синан агIор дерг ду. Цундела, хьайн дагчура вон ойланаш дIалахка, хьайга далур доцург хьайна тIе а ма иэгаде. Цкъаъа лийр воцуш даим дийна волчу АллахIана тIе а билла хьайн болх. Ткъа лело ма-дезза бахьанаш лелийначо шена тIера декхар тIерадаьккхина, цундела кхачамаллех лоруш ду бахьанаш лелийча шен болх Шена луъург луш волчунна тIе биллар, доIанца Цуьнга верзар а, дикачу гIуллакхийн неIаршка боьду некъ лацар а.

Иштта хIара хаттарш а кхоллало сан, хьан хьоле ладоьгIча: хьайна шариIатехь хила ма-дезза долу рукъйат дешний-те ахь аьлла? Хьайна пайденна дерг уггар чIогIа лардан везарг хьо хьой ма-ву. ШариIатан дозанашца а, гIиллакхашца а вогIуш волчу цхьанга хьайна шариIатан рукъйат дешийтиний-те ахь? Iуьйранна-суьйранна доьшуш долу зикр лардеш вуй-те хьо? Кхо шо хьалха и хIума хьуна хуьлучу хенахь хилла долу цхьаъа билггал долу бахьанаш дагадогIий хьуна, билгалонаш дагайогIий хьуна, масала «иштта и хIума хилча хилира суна иза» аьлла?

Амма Iибадатех лаьцна аьлча, оха хьоьга кхайкхам бо хьайна хало ца йарца. Хьуна хаа деза, хIара дин цхьамма дукха чIогIа чIагIдахь, цу дино цунна тIехь толам а баьккхина, иза чIагIдинарг гIорасиз хилла, оьшур хирг хилар. Цундела, дин тIеверзар меллаша, кIедаллийца хилийта деза ахь, хьайга лелалур доцург хьайна тIе а ца иэгош, хIунда аьлча цо хьо хIаллакьхиларга вуьгур ву, ахь иза дукха чIогIа чIагIдахь.

Хьуна хаа деза, хьайн дегIана ахь дIакхачо дезаш хьакъ хилар, цундела цунна догIуш хьакъ дIало цунна, юучуьнца-молучуьнца дерг а, садаIарца дерг а.

Сийлахь болчу Iелам-наха герга ваха а хьажа веза хьо. И лакхахь мел дерг айхьа лелочу хенахь, хIора хIума шен хила безачу барамал сов ца доккхуш, деста а ца деш лело деза.

Хьайна хьехна молханаш мала а хьажа хьо, хьайн ма-хуьллу, дарба а, маршалла а деш волчу АллахIан пурбанца церах хьуна хьо туоваларан бахьана хир ду.

Сан весет (хьехар) ду хьоьга АллахIах кхерарца, тIаккха дуккха а доIа дарца Цуьнга верзарца.

Ас догдоху хьоьгара тхуна дика хабарш хазаре. Ахь тхоьга хьайн гIулкхах лаьцна кехат яздар билгало ю хьо маршалла хиларан неIаршкахь лаьтташ хиларна. Цундела хьо верза хIара латта шен метта хIоттийна волчу, стигланаш лакхахь айъина волчу АллахIе.

Пайхамарийн мохIур долчу Мухьаммадца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – вай цхьаьнатохар доьху вай АллахIе. Иштта и доIа а до оха хьуна.

АллахIа аьтту бойла хьан».

 

Лераме ваша, оцу Iилманчаша а, Iелам-наха а делла жоьпаш кхузахь чекхдевли. Цара цу юкъахь дийцинарг хIун дара а хьаже, цара хьехийна долу бахьанаш лело хьажа хьо, Къинхетаме волчуьнан пурбанца дарба хир ду хьуна.

Веза хинволчу АллахI-Дала аьтту бойла хьан!

 

07\03\2009.


 

[1] Къаьсттина бозбунчаллийна дарба деш доьшуш долу рукъйат хьуна карор ду кхузахь: Рукъйат