Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Лараме бусалба ваша Олхазар.

Цхьа хаттар дара сан. Зуда церг тайайта борша стаган тIе йаха мегий? Бакъ ду кхузахь (Францехь) зударий бу лоьраш, делахь а цара тойина церг сиха галйолу, и бахьана хилча, борша стаган тIе йахана церг тайайта мегар дуй?

Дала ялсаманца бекхам бойла хьуна. Ларамца. Турпал-Iела.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Шейх Ибн Iусаймина (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нагахь санна борша стаг а, зуда а лелон дезачу лоьраллехь цхьатера делахь (цхьа специализаци елахь), цаьршинан говзалла а цхьатера елахь, зуда борша стагана тIе йаха мегар дац, хIунда аьлча ишттачу хьолехь цхьаъа бахьана доцу дела, хьашт доцу дела. Амма нагахь санна борша стагехь говзалла алсам елахь, йа цуьнан лоьралла дар (специализаци) кIорге елахь, тIаккха мегар ду зуда цунна тIейаха, цигахь лор-зуда йолуш хилча а; хIунда аьлча иза хьашт долуш хIума ду, оьшуш хIума ду, ткъа оцу кепара долчу хьашто и санна долу хIума мегаш хуьлуьйту».[1]

Цундела, нагахь санна зударша тойича а, божарша тойича а цхьатера делахь, мегар дац зуда борша стагана хьалха хьийза. Нагахь санна ахь ма-аллара зударша тойича церг сиха галйолуш елахь, йа лар тIехь церг тоеш зуда яцахь, мегар ду Дала мукъалахь зуда борша стагана тIе церг тойайта йаха. Бакъду, оцу зудчуьнца цхьаьна йа цуьнан ваша хилла а, йа цIийнада хилла а, йа кхин цхьа тешаме зуда хилла а цхьаъ хила везар ву, и  лор а, и зуда цхьана чоьна чохь шаьшшиъ дисса мегар дац.

Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву!

20.06.2011 = ‏18‏.07‏.1432


 

[1] «Фата́ва́ Iулама́ил-баладил-хьаро́м», 693.