Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум варахьматуЛЛахI!

Со Iаш европехь ву, доьшуш ву со университетехь. Сан цхьа хаттар дар сайн хьолех лаьцна.

Цхьа цамгар йолуш ву со, суна хаа лаьара иза жиний болх буй?

Сих-сиха Iуьйра ламазана гIоттуш гIусл дан дезаш хуьлу со (полное омовение), Къуран доьшучу хенахь сайн аьтто кога чохь цхьа йовхо хаа ло суна.

И сайх дерг хIун ду хаа лаьара суна, цул тIаьхьа хIун тайпа дарба лело деза хаа лууш вара со.

АллахI реза хуьлда.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хьуна хуьлуш дерг билггал жиний болх бу йа бац соьга хIинца алалур дац. Делахь а, хIинца вай дуьйцур долу бахьанаш ахь леладахь, Дала мукъа лахь билгал дер ду иза.

1. ХIокху агIона тIехь долчу аудио рукъйате ладогIа, мосуьйттозза, юх-юха. Къаьсттина алсам ладогIа хьажа Шейх Солихь Ал-ДжухIанийс доьшучуьнга. Хьайн йиш хилахь, хIора дийнахь Iуьйранна-суьранна ладогIа хьажа цуьнга. Кхин а, «Ал-Бакъарат» сурате а ладогIа хьажа, хьайн аьтту баьл-баьллачух. Айхьа рукъйате ладугIучу хенахь, хьайн дегIехь лазарш хуьлий тидам бе, хьайн пхенаш ийзадой тидам бе, хьайна Къуръанах куьйла йолий тидам бе. Хьайца цхьаьна ахь кхечуьнга иштта оцу хIуманаш тIехь тидам байтича а дика хила мега. ТIаккха, хьайна цхьа хуьлуш хилахь, юха зIене вала, хIинца вай яздийр долчу совнаха ахь дича дика хирдерг дийца хьовсур ду вай, Дала мукъа лахь.

2. Ахь айхьа хIора кхаа дийнахь цкъа «Ал-Бакъарат» сурат деша хьажа, йа хIора кхаа денчохь цкъа цуьнга ладогIа хьажа. ХIора дийнахь хьайна дарбанна «Ал-Фатихьат» сурат деша.

3. Хьой дIавуьжчу хенахь, «Бусалба стеган гIап» цIе йолчу жайни тIера «ДIавуьжуш деш долу зикр» лело хьажа, хIора буьйсанна. Иза чIогIа маьIне хIума ду хьуна.

Цу юкъара къаьсттина тидам тIебахийта безаш ду «Айатул-Курсий» дешар а, «Áманарросýлу бимá унзила илайхIи» аьлла дерг («Ал-Бакъарат» суратан тIаьххьара ши айат) дешар а, «АллóхIумма роббассамáвáтиссабIи» аьлла долу доIа дар а. КхидIа дерг а дерриге деша хьажа хьо.

4. Хьайн куьг хьайн аьтту кога тIе а дилле, (йа муьлхха а хьайн лозуш йолчу меттиг тIе а дилле) кхозза - «БисмиллáхI» - а але, хIара доIа деша ворхIозза: «АIýзу биIиззатиллáхIи ва къудротихIú мин шарри мá ажиду ва ухьáзир».

«Со ларло АллахIан возаллийца а, Цуьнан ницкъаца а, сайна (сайн дегIехь) карочу хIуманан вонах а, со шех кхоьруш долчуьнан вонах а».

5. Хьайн кога тIе (йа муьлхха а хьайн лозуш йолчу меттиг тIе) хьайн аьтту куьг а хьокхуш, хIара доIанаш де:

● «АллóхIумма роббан-нáс, азхIибил-баъс, вашфи анташ-шáфú, лá шифáа иллá шифáук, шифáан лá йугIóдиру сакъомá».

«Йа АллахI! ХIай адамийн Дела! Вон (лазар) а дIадаккха Ахь, дарба а де Ахь, Хьо ву-кх дарба дийриг, Хьоьгара доцург кхин дарба а дац-кх, цхьаъа лазар дуьтур доцу дарба де Ахь».

● «Алло́хIумма имсахьил-баъс, роббанна́с, бийадикаш-шифа́ъ, ла́ ка́шифа лахIу́ илла́ анта».

«Йа АллахI! Лазар дIадайъа Ахь, хIай адамийн Дела! Хьан керахь ду-кх дарба! Хьо воцург кхин цхьаъа вац-кх и (лазар)  дIаайдан».

● «АллóхIумма роббан-нáс, музхIибал-баъс, ишфи анташ-шáфú, лá ша́фийа иллá анта, шифáан лá йугIóдиру сакъомá».

«Йа АллахI! ХIай адамийн Дела! ХIай лазар дIадоккхуш верг! Дарба де Ахь, Хьо ву-кх дарба дийриг, Хьо воцург кхин цхьаъа вац-кх дарба деш, цхьаъа лазар дуьтур доцу дарба де Ахь».

6. ХIара доIанаш доьшуш хила:

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммахI, мин кулли шайтIóнин ва хIáммахI, ва мин кулли Iайнин лáммахI».

«АллахIан кхачаме долчу дешнашца ларло со массо шайтIанах а, вочу экханах а, массо вочу бIаьргах а».

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá халакъ».

«Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманийн вонах».

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин гIодобихIú ва IикъóбихI, ва шарри IибáдихI, ва мин хIамазáтиш-шайáтIúни ва ан йахьдурýни».

«Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца Цуьнан оьгIазлонах а, Цуьнан Iазапах а, Цуьнан лайн вонах а, шайтIанийн вочу ойланех а, уьш сайна доьхьал дахкарх а».

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти, аллатú лá йуджáвизухIунна баррун ва лá фáджир, мин шарри мá халакъа, ва бараа ва зараа, ва мин шарри мá йанзилу минассамáи, ва мин шарри мá йаIруджу фúхIá, ва мин шарри ма зараа фил-арди, ва мин шарри мá йахруджу минхIá, ва мин шарри фитанил-лайли ваннахIáри, ва мин шарри кулли тIóрикъин, иллá тIóрикъан йатIрукъу бихайрин, йá рохьмáн».

«Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, дика стаг а, вон стаг а шайл тIех валалур воцуш долчу, Цо кхоьллинчу а, динчу а массо хIуманийн вонах, стиглара охьадуссучу массо хIуманан вонах, стигала хьаладолучу массо хIуманан вонах, лаьтта тIехь дIасадаьржина долчу массо хIуманан вонах, лаьтта тIера хьаладолуш долчу массо хIуманан вонах, буьйсанан а, дийнан а питанийн вонах, буьйсанна адамашна тIеоьхуш долчеран а вонах, диканца тIедогIуш дерг  доцург. ХIай Къинхетаме верг (ас доьху Хьоьга)!».

7. И сураташ а, айаташ а, доIанаш а хи тIехь деша а деше, йа цхьаьнга деша а дешийтий, и хи мала ахь. Аьтту белахь хи Замзам хилча дика ду, иза дацахь муьлхха а цIена хи мегар ду.

8. Иштта дика хир ду шена тIехь и айаташ а, доIанаш а дешна долу цIена моз кхоллуш хилча а, зайтдаьтта (оливковое масло) молуш хилча а, дегIа тIе хьокхуш хилча а.

9. Iаьржа буьртиган даьтта (масло черного тмина) молуш хилча а дика хир ду, Дала мукъа лахь. ДегIа тIе хьакха а мегар ду иза.

10. Оцу хьайн когах цIий даккхийта хьажа (хьижама йайта), и болх дика бевзаш волчу говзанче.

11. ЦIенчу даггара Деле дехарга кхочуш хIумма а дац хьуна. ДоIийна жоп луш йолчу хенашкахь а, хьелашкахь а, меттигашкахь а Деле деха хьайна дарба дар.

12. Iуьйранна-суьйранна деш долу азка́раш а, хIора ламазал тIаьхьа доьшуш долу азка́раш а, дIавижале доьшуш дерг а, чуволуш-араволуш олуш дерг а, иштта кхидолу хIора дийнахь оьшуш долу азкараш деша деза, уьш лардан деза. И азкараш дешар а, уьш лардар а муьлхха а цамгарна дарба хуьлуьйтуш долу чIогIа доккха бахьана ду. Ткъа и азкараш хьуна хIокху сайта тIехь карор ду шортта. ТIаккха, «Бусалба стеган гIап» цIе йолу жайна хила деза хьан, даим доьшуш.

13. Нагахь санна хьо зуда ялоза велахь, хьайн аьтту ма-баьллинехь мелла а сиха зуда яло хьажа.

Дала маршалла дойла хьуна!

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

22/08/2010 = ‏12‏/09‏/1431