Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Цхьа нехан бер сан зудчо дакхийнехь, оцу беран биссинчу йижарийн а, вежарийн а цуьнан доллу хьукм хуьлий? Биссинарш хуьлий молочный вежарий, йижарий? Дала сий дойла хьан!

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хууш ма-хиллара, цхьана зудчо шен доцу бер дакхийча, и бер цуьнан шен долуш санна хуьлу ШариIатехь. Цундела, и дакхийна долу бер оцу зудчуьнан кхидолчу берашна йиша-ваша санна хуьлу: цара вовший маре дан а ца мега, уьш вовшах  Iоттабелча ламаз а ца духу, цхьаьна кхин стаг воцуш уьш цхьаьна чохь Iан а мега, и. кх.дI.

ТIаккха, дакхийначу беран доллу хьукм хуьлу цуьнан берийн а. Цуьнан доллу хьукм ца хуьлу цуьнан йижарийн а, вежарийн а, ден а, ненан а.

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дакхийна долчу берера и хьукм (хьурмат) дехьадолу цуьнан берашка, хуьлийла иза дакхорца лоруш долу бераш, йа цунах ше́ха схьадевлла долу бераш. Иштта, бер дакхийначу зудчуьнан беран бераш хуьлу уьш, йа цуьнан меран беран бераш хуьлу уьш. И хьукм (хьурмат) дехьа ца долу цуьнан дайшка а, наношка а, вежаршка а, йижаршка а; цундела цуьнан дена а, цуьнан вешина а мегаш ду иза вакхийна (йа якхийна) йолу зуда яло а, цуьнан йоIарий ба́ло́ а».[1]

Иштта и маьIна долу дешнаш аьлла цул хьалха Имам ГIазалийс а (Дала къинхетам бойла цунах), цул тIаьхьа Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансо́рийс а (Дала къинхетам бойла цунах).[2]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

01.01.2010 - ‏1431‏-01‏-15


 

[1] Имам Ан-Нававий, «Ровдатут-тIолибин», 9/15.

[2] Имам Ал-ГIазалий, «Ал-ВаситI», 6/186; Шайхул-Ислам Закариййа́ Ал-Ансо́рий, «Аснал-матIолиб», 3/418.