Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хеттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! ЦIацIмиш (цIоцкъамаш) дIадаха мегий, йа ца мега?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Бухарийс а, Муслима а, Тирмизийс а, Насаийс а дийцина тайп-тайпана дешнцашца, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – неIалт аьлла хиллера аьлла, юьхь тIера чоьш дIадохучу зударшна а, уьш дIадаха олучу зударшна а.

Оцу хьадис юкъара «юьхь тIера чоьш дIадахар» бохучуьнан маьIна шина кепара дина Iеламнаха. Цхьаболчара цунах лууш дерг къаьсттина цIоцкъамийн чоьш дIадахар ду аьлла, вукхара ерриге юьхь тIера муьлхха а чо дIабакххар ду аьлла.

Ткъа иза мухха делахь а, цу хьадисаша гойтуш ду цIоцкъамаш дIадахар мегаш ца хилар. Цундела Iеламнаха, хьарам а ду, даккхийчу къинойх а ду аьлла цIоцкъамаш дIадахар, хIунда аьлча и хIума дечунна неIалт алар – иза доккха къа хилар гойту билгало йолу дела.[1]

Бакъду, нагахь санна цIоцкъамаш дукха дахделла делахь, цхьаболчу Iеламнаха мегар ду аьлла уьш дIахедон, кхечу нехан санна юкъарчу хьолехь уьш хиллалц. Ткъа кхечу Iеламнаха иза «макру́хI» лерина, дича къа а доцуш, ца дича мел а болуш долу хIума лерина.[2]

ТIаккха, цхьаболчу Iеламнаха марехь йолчу зудчо шен цIоцкъамаш дуткъадан мегар ду аьлла, майрачунна кечйалархьама, нагахь санна иза майрачуьнан пурбанца делахь.[3] Делахь а, дукхах болчу Iеламнаха дийцарехь, нийсох дерг иза мегаш ца хилар ду, хIунда аьлча хьадисехь и хIума мегаш ца хилар дуьйцучу хенахь цуьнан бахьана а ду дийцина: - «неIалт элира зударшна…, АллахIан кхоллар хуьйцуш болчарна». Ткъа и хIума марехь йолчу зудчо шен майрачунна кечйалархьама деш хилча а кхочуш хуьлуш ду и «Делан кхоллар хийцар» боху бахьана.

Цундела, мегар дац зудчо шен цIоцкъамаш дIадаха, дерриге а, йа цхьадерш а.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

24.08.2009


 

[1] Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Аз-зава́джир Iаникъиро́фил-каба́ир», 1\366; Шейх Iабдул-Кари́м Зайда́н, «Ал-муфассал фи ахька́мил-маръати вал- байтил-муслим», 3\382.

[2] Шейх Iабдул-Кари́м Зайда́н, «Ал-муфассал фи ахька́мил-маръати вал-байтил-муслим», 3\386-388.

[3] Уьзза жайна, 3\382-383; «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», фатва № 22244.