|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! У меня 3-х месячный грудной ребенок, и после каждого кормления он вырывает и пачкает мою одежду. Вопрос в том можно ли мне совершать ламаз в этой одежде? считается ли моя одежда грязной для молитвы? Сан кхо бутт кхаьчча дакхош бер ду. Дакхийначул тIаьхьа хIорозза Iеттадо иза, сан духар бехдо. Сан хаттар: и духар тIехь долуш ламаз дан мегий ас? Ламазана мегаш йоцучу кепара боьха лорур дуй сан духар?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дукхах болчу Iелам-наха, Iеттийча кийрара арайолу хIума нажас (ламазана цIена йоцу, дIацIанйан езаш йолу боьха ло́ру хIума) ю аьлла, хIунда аьлча иза хьера чукхачарца хийцало дела. Цхьаболчара иза нажас яц аьлла, хIунда аьлча цу шариIатан баххашкахь иза нажас ю аьлла къаьсттина хьахийна доцу дела. Ткъа, нажас ю аьлларш дукхахберш хиларна а, иза шафиIий мазхIабехь дерг хиларна а, цIано латтарна иза гIолий хиларна а, дукхах болчу Iелам-наха аьллачунна тIетевжа вай. Ткъа иза нажас хилча, иза тIехь йолчу духарца ламаз дан мегаш дац. Цу юкъара къастийна Iелам-наха бер дакхош йолу зуда: бер Iеттийча арайолуш йолу кIеззиг йолу хIума цIан ца йича а мегар ду аьлла цара цунна, хIунда аьлча иза хIорозза а цIанйарехь цунна хало хуьлу дела, бер Iеттор сих-сиха а хуьлу дела.[1] Оцу массо хIуманца дуьстича, хьан хаттарна долу жоп иштта хуьлу: нагахь санна хьан бер Iеттийча арайолуш йолу хIума дукха елахь, и хIума тIехь йолчу духарца ламаз ма де, хьайн аьтту белахь духар хийца, йа дIацIанде. Нагахь санна и Iеттор кIеззиг бен дацахь, и тIехь долчу духарца ламаз дан мегар ду ахь. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 19.03.2010 = 03/04/1431
| КхидIа |