|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! (Мохьмад вара хIара хаттар хьоьга хатта бохуш:) Отель чохь болх беш ву цхьа стаг, тIевеънарг тIеоьцуш а, цунна комната луш а (портье олу моьтта суна цуьнах йа менеджер по приему гостей алахь а) , ткъа цу отель чохь лакхарчу этаж тIехь духкуш вахошволу маларш а ду, цигара хаттар ду: цунна цу отель чохь болх бан мегар дуй? (Прямой отношени цуьнан и маларш дохкарна ца хилар тидаме а оьцуш). Баркалла! Къаьркъа духкучу отела чохь болх бар
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «АллахIа неIалт аьлла къаьркъанна (маларна) а, иза молучунна а, иза дуттучунна а, иза духкучунна а, иза оьцучунна а, иза доккхучунна а, иза доккхуьйтучунна а, иза хьуш волчунна а, иза шена доуьйтучунна а».[1] Анас ибн Малика (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) неIалт аьлла къаьркъанах Iоттавеллачу итт стагана: иза доккхучунна а, иза доккхуьйтучунна а, иза молучунна а, иза хьуш воьдучунна а, иза шена доуьйтучунна а, иза дуттучунна а, иза духкучунна а, цуьнах даьлла ахча дуучунна а, иза оьцучунна а, иза оьцуьйтучунна а».[2] Оцу хьадисашкахь хьахийнарг къаьркъанах Iотта мел велларг ву, ткъа къаьркъанна гIо дийриг – муьлхха агIор иза делахь а – цу хьадисашна юкъавогIуш ву, хIунда аьлча иза Iесаллийна гIо деш волу дела.[3] Иза девзинчул тIаьхьа… Отелехь болх бан магарна кхо биллам хIоттийна Шейх Хьамид ал-Iалийс: 1. Къаьркъа дохкарца цхьанне агIор юкъаметтиг ца хилар. Масала, цхьамма хьоьга алахь, шена къаьркъа эца лаьара, къаьркъа духкуш йолчу туькана чура телефон ло шена, йа цаьрца зIене ваккха ша, йа муьлхха а кхечу кепара долу гIо де шена, мегар дац ахь цунна гIо дан а, йа иштта гIо дан безаш болу болх бан а. 2. Кхидолчу вочу хIуманна гIо деш ца хилар. Къаьркъа доцург кхидолу хьарам хIуманаш хуьлу гостиница чохь, къаьркъа духкуш-оьцуш цхьанне кепара гIо дан мегаш ца хиларе терра оцу кхидолчу хьарамлонашна гIо дар а мегар дац, йа иштта гIо дан дезаш болу болх бан а мегар дац. 3. Оцу отелан дукхах йолу са оцу къаьркъанах йогIуш ца хилар. Масала, цу чохь къаьркъа духкуш хиларна богIуш бу цу чу нах, цу чохь и къаьркъа дацахьара богIур бацара уьш цу чу. Оцу хьолехь а ца магадо цу чохь болх бар, хIунда аьлча тIаккха оцу отелан уггар йоккха а, коьрта а бизнес къаьркъа дохкар хуьлу. Бакъду, цхьаболчара маггане мегар дац олу иштта йолчу отела чохь болх бар, къаьркъа духкучу меттехь болх бар вочу хIуманна гIо дар ду олий. Делахь а, кхечу меттигашца иза дуьстича дикка хала хуьлу цигахь болх бар цхьанне агIор мегар дац ала. Масала, аэропорт ю, цу чохь къаьркъа духкуш меттиг хилча, тIаккха цу чохь болх бан мегар дац ала Iилманан агIор чIогIа хала ду. Цигара схьа девза вайна оцу хаттарна жоп: нагахь санна иза хьарам долчу хIуманна цхьанне кепара гIо дан везаш вацахь, и цо болх беш йолу гостиницин дукхах йолу са и къаьркъа бахьана долуш а яцахь, мегар ду цо цу чохь болх бар. Нагахь санна и билламаш кхочуш хуьлуш бацахь мегар дац. Ткъа дика хуург АллахI ву! 21.09.2011 = 23.10.1432
|