Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Х1у маь1ан долш, мичара схьадаьлла ду те бусалба наха полумесяц шайн символ яр?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Беттаса (полумесяц) бусалба наха шайн билгало ярх лаьцна дуьцург гулдан хьаьжча, иштта хIара ши маьIна карийра суна:

1. Бусалба умматан терахь баттаца доьзна ду, малхаца доьзна дац. Бусалба нехан хенан беттанаш стигларчу баттаца дуьйлалуш а, чекхдовлуш а ду. Мархин бутт стиглахь керла бутт гича дIаболало, иштта Шаввалан керла бутт гича чекх а болу иза. Ткъа хенан беттанаш дуьйладалар а, чекхдовлар а стигларчу баттаца доьзна хилар къаьсттина бусалба нехан бен дац. Цундела, бусалба нехан терахь а, цхьадолу хьукманаш а стигларчу баттаца доьзна долу дела, шайна билгало йина хаьржина иза бусалба наха.

2. Бусалба нах малхбузенан цхьайолчу пачхьалкхашка кхаьчча, керстанаша шайн килсанаш тIехь а, вуьшта шайна билгало а жаIар хIоттийна хилар гича, цунна доьхьал цара маьждигаш тIехь беттаса билгало йина хилла, цигара дIа иза кхечу бусалба нахана юкъахь даьржина. Иштта, керстанашна доьхьалонна аьлла цIетиллина тахана бусалба нехан цхьацца пачхьалкхашкара дарбанийн гуламашна, «ЦIен Беттаса» аьлла, «ЦIен ЖаIар» бохучунна доьхьал.

 

Цхьаболчу Iелам-наха дийцина, СаIд ибн Малик – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу веъча, цо цуьнга цуьнан тайпанна тIехь Iаьржа байракх елла хиллера аьлла, тIехь кIайн беттаса (полумесяц) а болуш. Делахь а, хIокху хьадисан хьукм – нийса ду аьлла – девзаш дац. Ткъа таханлерачу цхьаболчу Iелам-наха аларо: «Бутт а, седа а бусалба динан билгало ю алар нийса дац, цхьаболчу бусалба наха иза шайна билгало хIоттийна елахь а, хIунда аьлча и билгало динан баххашкахь еана йоцу дела, йа Къуръан тIехь а, йа суннатехь а»[1] - аьлла иштта аларо гойту и хьадис нийса ца хила мегаш хилар. Иза нийса хилча а, цу хьадисо гойтург беттаса бусалба динан билгало хилар дац, байракх тIехь и сурт дилла мегаш хилар а, диллича дика хилар а ду. Амма иза бусалба динан билгало елхьара, иза Къуръан тIехь билгалйина хир яра, йа нийсачу сунннатехь билгалйина хир яра. Ткъа лакхара хьадис нийса хилахь а, цхьана тайпанна еллачу байракхна тIехь хIоттийна ца Iаш, кхечу байракхаш тIехь а хIоттийна хир дара и сурт, иза бусалба динан билгало елхьара. И билгало лелор мегаш дац бохург дац хIара, делахь а иза бусалба дин гойтуш, бусалба динан баххашкахь, бусалба дино ша-шена хаьржина билгало ца хилар довзийтар ду.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!

 


 


[1] Иштта аьллачех ву Шейх Мухьаммад Ибн Солихь ал-Мунадджид.