|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан 5 бутт кхаьчна волу кIант, буьйсанна кхералой самавуьйлу кест-кеста, цунна вайн динехь лело мегар долу хIума ала хуар дарий хьуна?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ахьмада а, Абу Давуда а, Тирмизийс а дийцина, АллахIан элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Нагахь санна шух цхьаъ набарха кхералуш хилахь, цо олийла: أَعُوذُ بِكَلِمَاتِ اللهِ التَّامَّاتِ مِنْ غَضَبِهِ وَعِقَابِهِ وَشَرِّ عِبَادِهِ وَمِنْ هَمَزَاتِ الشَّيَاطِينِ وَأَنْ يَحْضُرُونِ. «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин гIодобихIú ва IикъóбихI, ва шарри IибáдихI, ва мин хIамазáтишшайáтIúни ва ан йахьдурýн». МаьIна: «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цуьнан оьгIазлонах а, Цуьнан Iазапах а, Цуьнан лайн вонах а, шайтIанийн вочу ойланех а, уьш сайна доьхьал дахкарх а». Хьадисехь кхидIа аьлла ду: «Бакъдолуш, (и дешнаш алахь) шайтIанаша зен дийр дац цунна». И хьадис дийцинчо аьлла: «IабдуллахI ибн Iамра шен берех хIума дIалоцуш волчунна и доIа Iама а дой, дIавижале доьшуьйтура иза. Шен берех иза дагахь ца Iамалуш жима волчунна яз а дой, цуьнан коча оллара цо иза». И хьадис нийса хьадис ду. Хьайн кIант и доIа дагахь Iамалучу хене валлалц йолчу ханна и доIа цхьана кехат тIехь яз а дина, цуьнан коча олла мегар ду ахь, тIаккха цуьнан кхеравалар дIадер ду, Дала мукъа лахь. Кхин а, «КъулхIу» а, ши «Къул аIузу» а деша цунна, иза дIавижочу хенахь, айхьа деша, йа хьайн хIусамнене дешийта. Дала Iалашвойла хьан кIант а, доьзал а. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 17.12.2010 = 1432-01-11
| КхидIа |