|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Суна хезна бера дуьненчу даьллачул тIаьхьа цуьнан аьтто лергахь азан доьшу, аьрро лергахь къамат дан деза бохуш. Кхечар олуш хезна суна и бидIа ду олуш. Нийса хIун дича ду теша?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Тирмизийс а, Абу Давуда а, Хьаким а, БайхIакъийс а дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) азан дира аьлла, Iелин кIентан Хьасанан лерга, ПетIамата иза винчу хенахь. Имам Тирмизийс и хьадис нийса ду аьлла, цу хьадисаца Iеламнаха Iамал еш ю (и азан дар лелош ду) а аьлла. ТIаккха, БайхIакъийс дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Хьасанан аьтту лерга азан дира, аьрру лерга къамат дира аьлла. Кхин цхьа хьадис а ду цу хьокъехь деана, аьтту лерга азан дича, аьрру лерга къамат дича, цхьа цIе йолуш йолу цамгар кхетар яц аьлла. ХIара ши хьадис цхьаболчу Iеламнаха гIийла ду аьлла, цхьаболчара кхоьллина ду аьлла. Ткъа дукхах болчу Iеламнаха дика ду аьлла, бера дуьненчу ма-даьллинехь цуьнан аьтту лерга азан дар а, аьрру лерга къамат дар а. Тешаллийна и хьадисаш далийна цара. Кхин а, иштта и хIума даран бахьана – берана доьххьара хезаш долу хIума Дела цхьаъ варан а, Дела вазваран дешнаш хилийтар ду; цунна доьххьара хезаш дерг Деле кхойкхуш долу дешнаш хилийтар ду; шайтIа цунна генадаккхар а ду.[1] Иштта и хIума деш хиллера аьлла дийцина ду Имам ал-Хьасан ал-Басрийгара а, Имам Iумар ибн Iабдил-Iазизера а. ТIаккха, цхьаболчу Iеламнаха и азан дарх лаьцна долу хьадис гIийла ду аьлла, къамат дарх лаьцна дерг кхоьллина хьадис ду аьлла. Иштта аьлла суна карийнарг Шейх ал-Албаний ву. Цигара схьа ду оцу шина хьадисаца Iамал ца йар а, и ши хIума дар суннат дац алар а. ХIокху хаттарехь нийса хIун дича аьлла харжа суна ца хаьа. Дукхах болчу Iеламнаха (шайна юккъехь вуно баккхий Iеламнах а болуш, хьадисан Iилма а, фикъхIан Iилма а дикка девзаш хилла болу) хIинццалц схьа шеца Iамал еш схьадеана дерг цхьанна лелон лиъча, иза гIалат хир ду аьлла-м ца хета суна. Шена ца луучо ца лелон а мегар ду иза, мел-мухха хилча а суннат долчу хIуманна тIехь бен бац и къовсам, даккхийчу хаттарех дац хIара хаттар, иштта а вуьшта хила тарлуш долчу хаттарех ду. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 19.06.2011 = 17.07.1432 [1] Имам Ибнул-Къаййим, «Тухьфатул-мавдуд», 25-26; Шейх Хьусамуд-Дин IаффанахI, «Фатава йасъалунак», 4/237-239.
|