Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум! Cа ваш Азан дича деш долу доIа (тасбихь) дезара-кх.
Дела реза хуьла хьуна.. Дала Шен хаза хинболу къинхетам бойла вайх!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

«Бусалба стеган гIап» цIе йолчу жимчу жайни тIехь деана ду азан дечу хенахь аьлча дика долу зикр а, доIа а. Цигара схьа дуьйцур ду вай уьш, хIора доIанца хьадис а хьахош:

«15. Азан деш (молла кхойкхуш) хезча деш долу зикр.

1. (22) Азан деш хезча, и деш волчо ма-аллара цунна тIаьхьара ала деза, «Хьаййа Iалассолáт, хьаййа Iалалфалáхь» аьлча: «Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI» ала деза хIоразза. Цуьнан маьIна: «Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера бен» бохург ду.

Иза иштта алар деана Имам Муслима дийцина долчу масийтта хьадисехь.

2. (23) Азан деш волчо : «АшхIаду ан лáилáхIа иллаллáхI» олуш хезча, иза цуьнца ала а аьлла, хIара кхин а тIе аьлча дика хир ду:

"Ва ана ашхIаду ан лá илáхIа иллллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIý ва расýлухI. Роди́ту биллáхIи роббан, ва бимухьаммадин росýлан, ва бил-ислáми дúнан".

«Ас а до тешалла, цхьа АллахI воцург кхин дела вац аьлла, Шеца накъост воцуш волу, Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а ву аьлла. Со реза хили АллахI сайн Дела хиларна, Мухьаммад сайн элча хиларна а, Ислам сайн дин хиларна а».

Имам Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду, азан деш хезча и дешнаш аьллачунна цуьнан къиношна гечдийр ду аьлла.

3. (24) Азан деш волчунна ша тIаьхьара аьлла ма-ваьлла, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –  салават дуьллур ду.

Имам Муслима дийцина цу хьокъехь иштта хьадис: «Шайна азан деш хезча аш олийла азан дечо ма-аллара долу дешнаш. ТIаккха суна салават дуьллийла аш, бакъдолуш суна цхьа салават диллинчунна АллахIа итт салават дуьллур ду. ТIаккха суна «васи́лат» доьхийла аш, бакъдолуш иза АллахIан лайшна юкъара Цуьнан цхьана лайна бен хила йогIуш йоцуш меттиг ю, и лай со хиларна дог а доху ас. Ткъа суна и «василат» дехначунна (къемат дийнахь сан) шафаIат хир ду».

Ткъа уггар деза салават «ИбрахIиман салават» аьлла девзаш дерг ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен умматана хьехна долу салават ду: «АллóхIумма солли Iалá Мухьаммад, ва Iалá áли Мухьаммад, камá соллайта Iалá ИбрóхIúма ва Iалá áли ИбрóхIúма, иннака хьамúдун мажúд. АллóхIумма бáрик Iалá Мухьаммад, ва Iалá áли Мухьаммад, камá баракта Iалá ИбрóхIúма ва Iалá áли ИбрóхIúма, иннака хьамúдун мажúд».

«Йа АллахI! Мухьаммадах Хьайн къинхетам бе Ахь, хазчу хасторца хаставе Ахь иза, цуьнан охIлунах а Хьайн къинхетам бе Ахь, Айхьа ИбрахIим хесторе терра, цунах а, цуьнан охIлунах а Айхьа къинхетам баре терра, баккъалла а, Хьо хастам бан хьакъ долуш а, Веза а ву. Йа АллахI! Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а Хьайн беркат а, ниIмат а ло Ахь, Айхьа ИбрахIимна а, цуьнан охIлунна а даларе терра, баккъалла а, Хьо хастам бан хьакъ долуш а, Веза а ву».

4. (25) ТIаккха хIара доIа дийр ду:

"АллóхIумма робба хIáзихIид-даIватит-тáммахI, вассолáтил-къóимахI, áти Мухьаммаданил-васúлата валфадúлахI, вабIасхIу макъóман махьмýданиллазú ваIадтахI, иннака лá тухлифул-мúIáд".

«Йа АллахI! ХIокху кхачаме долчу кхайкхаран Дела, дечу ламазан Дела, Мухьаммадна “василат”[1] а, “фадилат”[2] а луо Ахь, Айхьа цунна лур ю аьлла ваIда йина йолчу хастамечу меттехь гIаттаве Ахь иза. Баккъалла а, Ахь Айхьа йина ваIд йоха ца йо-кх».

Имам Бухарийс дийцинчу хьадисехь деана ду, азан динчул тIаьхьа иштта и доIа динчунна къемат дийнахь Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шафаIат хир ду аьлла.

Чекхдевли «Бусалба стеган гIап» тIера доIанаш.

 

И доIанаш дийцинчул тIаьхьа Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «ТIаккха (цу доIанал тIаьхьа), эхартан а, дуьненан а шена луъу хIума доьхуш доIа дийр ду цо».[3]

Иштта и доIа дар дуьйцуш долу хьадисаш далийна цул тIаьхьа Имам Нававийс, «Азан динчул тIаьхьа доIа дар» аьлла цIе а хIоттийна:

АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Азанна а, къаматна а юкъахь дина долу доIа юхатухуш дац». ХIара хьадис дийцина Абу Давуда а, Тирмизийс а, Насаийс а, Ибнус-Суннийс а, кхиболчара а. Тирмизийс аьлла: «Дика, нийса хьадис ду иза». Тирмизийс шен «Джа́миI» цIе йолчу жайни тIехь «ДоIанийн жайна» аьлла хIоттийначу цIарца оцу хьадисан хIара совнаха долу дешнаш дийцина: «Асхьабаша аьлла: «ХIун ала оха тIаккха, хIай АллахIан Элча?». Цо аьлла: «Дуьненахь а, эхартахь а шаьш массо вонах лардар деха АллахIе».

Цхьана стага аьлла хилла: «ХIай АллахIан Элча! Азан дийриш дозаллехь тхоьл лакхара хуьлу-кх!». ТIаккха АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ца эрриг ала ахь а, тIаккха хьой ваьллачул тIаьхьа (хьайна луъург) деха (Деле), ахь дехнарг лур ду хьуна». Абу Давуда дийцина иза, гIийла ду а ца аьлла цо иза.

«Сунан Аби Давуд» тIехь «ДжихIадан жайна» цIе йолчу дакъана юкъахь дийцина ду нийсачу иснадаца, СахIл ибн СаIдера схьа – Дела реза хуьлда цунна – АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Ши (доIа) ду духатухуш доцуш: (ламазе) кхайкхам бечу хенахь дина доIа а, тIом чIагIбелла эскарш вовшах хьаьрчачу хенахь динарг а».

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

08.07.2009


 

[1] АллахIана герга вуьгуш йолу Iамал а, ялсаманехь йолу еза меттиг а ю иза.

[2] Массо адамел веза хиларан дарж ду иза.

[3] Имам Ан-Нававий, «Ал-Азка́р», 32.