Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Доьзална луш пособи ду, майрчунна а зудчунна а берашна а, квартилах  дIалуш а ду цара. Чуьра цхьа стаг балха вахча, оцу стаган луш дерг дIадоккху зудчунна луш дерг дIадоккху, квартилах луш дерг дIадоккху, и ахча цаьрга дIа ца дакхийта балха вахча, хIокхера (Европехь) Iедалехь развод йина аьлла куьг таIо мегар дуй, дагчохь и йитар ниййат доцуш. Цуьнан хьукма мух ду, иштта развод ян мегар дуй, иштта хьолехь зуда йитам ца ло?

Дала диканца бекхам бойла хьуна!

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ХIокху хаттарехь хьажа везаш ши хIума ду: цхьаъ – иштта куьг таIорца зуда йитича, иза нийса хуьлу йа ца хуьлу, зуда йитаелла хуьлу йа ца хуьлу?; шиъ – оцу ахчана доьхьа и хIума дан мегар ду йа дац, и ахча хьанал ду йа дац?

Амма хьалхарниг: иза яздарца зуда йитарх лаьцна долу хаттар ду, оцу хаттаран кхо агIо а ю.

1. Маттаца вистхилалуш волчу стага зуда йитаран дешнаш яздахь, яздарца цхьаьна маттаца уьш схьа а олуш – цуьнан зуда йитаелла ларалуш ю, хIунда аьлча цо шен маттаца ша́ шен зуда юьту аьлла схьааьлла долу дела.

2. Нагахь санна цо маттаца схьа а ца олуш, и дешнаш яздахь – масала: «Ас сайн зуда йити», йа «Ас хьо – хьенех - йити», аьлла яздахь – тIаккха цо уьш яздечу хенахь цуьнан иза йита ниййат (дагчохь лаам) хиллехь, цуьнан зуда йитаелла лоруш ю. ХIунда аьлча, цхьана агIор, и яздар тера ду билггал зуда йитаран маьIна доцуш долчу дешнех, ткъа оцу дешнашца цхьаьна ниййат хилча зуда йиталуш ю, ниййат ца хилча зуда йиталуш яц; вукху агIор, яздар – луург дIадовзийтаран шина некъах цхьа некъ бу, вистхиларца цхьаьна, цундела цуьнца цхьаьна йита лаам белахь, вистхилча йиталуш хиларе терра кхузахь а йитаелла хилар нийса хила до́гIу.

3. Нагахь санна цо маттаца схьа а ца олуш, и дешнаш яздахь, делахь а уьш яздечу хенахь цуьнан дагчохь иза йита лаам хилла бацахь (йита ниййат хилла дацахь), цуьнан зуда йиталуш яц, хIунда аьлча зуда йита цуьнан ниййат хилла а доцу дела, йа аьлла дешнаш а доцу дела.[1]

И кхо агIо вай йоцца йийицича: маттаца схьа а олуш яздича, зуда йитаелла хуьлу; маттаца схьа а ца олуш яздича – йита лаам хиллехь йитаелла хуьлу, ца хиллехь ца хуьлу.

Амма шолгIа хIума: иза оцу кепара хуьлуш долу ахча ду, йа, и ахча хилийтархьама и хIума дан мегар ду йа дац боху хаттар ду. И санна долчу хаттарна жоп делла болчу вайна гинчу Iеламнаха массара цхьатерра иза мегар дац аьлла жоп делла.[2] Иза нийса а ду. ХIунда аьлча, и ахча Iехорца а, харцлерца а схьаоьцуш ду, ткъа и шиъ ший а хьарам ду, харц лер даккхийчу къинойх а ду, цунах лаьцна айаташ а, хьадисаш а кхузахь вай дийца ца оьшуш массарна девзаш ду. Харц лер а, Iехор а бусалба стеган а, бусалба зудчуьнан а гIиллакх дац, йа цаьршинан бусалбаллин локхаллийца догIуш а дац. ТIаккха, цхьамма ма олийла, ас Iехориш керста-нах бу. ХIунда аьлча, цкъа делахь, Iехор а, харц лер а, пуьташ боттар а айаташкахь а, хьадисашкахь а ца магочу хенахь, къастам бина бац бусалба нахана а, керста нахана а юкъахь, дикачарна а, вуочарна а юкъахь. ШолгIа делахь, шайна ямартло йийр яц, шаьш Iеха а дийр дац, шайн низамца ца догIург лела а дийр дац аьлла оцу пачхьалкхаша тIелаьцна хилча, цаьрца и хIуманаш лелор хьарам ду. Иза вай дийцира хьалха масех хаттарехь.

ТIаккха, цIахь цIено дан а лаахь, цIерачарна гIо хилийта а лаахь, шена тоам боллуш ваха а лаахь – шена цхьа дика говзалла Iамо еза, йа цхьанхьа дикаче деша ваха веза. Тахана европехь долчу шун санна и аьтту болуш зама хилла а яц, иштта и аьтту боцуш вуно дукха нах бу, вайн къомах берш а боцурш а. Цундела, Дала шайна динчу ниIматана Далла хастам бар а декхар ду шу, кханена а, тIаьхьлона а ойла а йина, и ниIмат эрна да́н ца да́йтар а декхар ду шу. Цундела, цхьа дика куьйга говзалла Iамо хьаьжча, йа шена пайденна хир долу дешар дешча, 3-4 шарахь доьххьара хала хилахь а, цул тIаьхьа дуккха атта хир ду, Дала мукъа лахь. Шена чохь тоам бан а аьтту хир бу, хьашт долчарна кхечарна дан гIо а хир ду.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

23.04.2010 = ‏09‏/05‏/1431


 

[1] Имам Ан-Нававий, «МинхIажут-тIо́либи́н», 340 агIо ; Имам Ал-ХIайтамий, «Тухьфатул-мухьтаж», 32/411; Имам Ар-Рамлий, «НихIа́йатул-мухьта́ж», 6/436; Имам Аш-Ширби́ний, «МугIнил-мухьта́ж», 3/284.

[2] Хьажа, масала: «Фата́ва́ вастиша́ро́т ал-исламил-йавм», Шейх Мухьаммад Ал-Мани́Iий, 11/362.