|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: 23 шо хьалха делла долчу шен берана тIера хьакъикъат дейта мегий ша бохуш хоьттуш ю бусалба йиша. Хаттар схьакхачийна волчо иза шен майрачуьнца дIасакъаьстина Iаш ю боху. Кхин а хоьттуш ю иза, хьена ду а ца хууш, шен бер дIадуллучу хенахь ша дIадоьллинчу берана тIера Iакъикъат ден мегий ша бохуш.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Доьххьаралера хаттарехь хьажа везарг ши хIума ду: делла долчу берана тIера Iакъикъат дер а, нанас шен берана тIера Iакъикъат дер а. Амма делла долчу берана тIера Iакъикъат дер – шафиIий мазхIабехь суннат лоруш ду чу са кхоьллинчул тIаьхьа делла долчу берана тIера Iакъикъат дер, ненан кийрахь долуш иза деллехь а, йа дуьненчу даьллачул тIаьхьа деллехь а, ворхI де кхачале деллехь а, кхаьчначул тIаьхьа деллехь а.[1] Амма нанас шен берана тIера Iакъикъат дер – берана рицкъа латтор важиб долчо дуьйш ду цунна тIера Iакъикъат. Ткъа цунна рицкъа латтор дена-нанна тIехь ду, уггар хьалха дена тIехь ду, тIаккха цуьнан аьтту бацахь нанна тIехь ду. Цундела, дай-наний дIасакъаьстина делахь, дега хаийта аьтту белахь, ша шен берашна тIера Iакъикъат ден яллара аьлла нанас цуьнгара пурба даьккхича дика хир ду. Ткъа иштта и пурба даккха аьтту бацахь, йа да шен берашца бала болуш вацахь, нанас шен берашна тIера Iакъикъат дейта мегар ду, Дала мукъа лахь. Цигара схьа девза вайна хIокху хаттарна жоп: жималлехь делла долчу оцу беран дегара пурба даккха аьтту белахь, цуьнгара пурба даьккхинчул тIаьхьа нанас Iакъикъат дейта мегар ду, Дала мукъа лахь, оцу шен делла долчу берана тIера. Нагахь санна пурба даккха аьтту бацахь, йа да шен оцу хIуманца бала болуш вацахь, тIаккха цуьнга ца хоьттуш а дейта мегар ду иза нанас, Дала мукъа лахь. Iакъикъат деран бахьанех цхьа бахьана ду аьлла Iеламнаха оцу беро шен дена-нанна къемат дийнахь шафаIат дийр хилар, ткъа дас и Iакъикъат дуьйш дацахь, шена шен берера шафаIат хилийтархьама де́н мегаш хила догIу иза беран нанас. Ткъа шолгIа хаттарх лаьцна аьлча – Iеламнаха иштта долчу берах лаьцна хIумма а хьахош ца карий суна. Бакъду, буоберана тIера Iакъикъат дуьйр дац цуьнан шен ахчанах бен аьлла цхьаболчу Iеламнаха. Ткъа цунах а, Iакъикъат дерах лаьцна Iеламнаха вуьшта яздина долчух а суна гуш дерг оцу берана тIера ахь Iакъикъат ден оьшуш ца хилар ду, хIунда аьлча иза хьан бер дац, йа хьуна мила ду хууш а дац, йа иза хIинца дийна а дац. Ткъа дика хуург веза-сийлахь АллахI ву! 16.08.2011 = 16.09.1432 [1] Имам ан-Нававий, «Ал-мажмуI шархьул-мухIаззаб», 8/448; Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Ал-фата́ва́ ал-фикъхIиййатул-кубро́», 9/426.
|