|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! АллахI мичахь ву бохучунна жоп муха хир ду?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Цунна жоп хир ду АллахIа Ша́ аьлла долчуьнца (Къуръанаца) а, Цуьнан элчано Мухьаммада (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) и хIума довзуьйтуш аьлла долчу хьадисашца а. И жоп Iеламнаха билгал ма-дарра дуьйцур ду вай, церан жайнашкара, доцца, дукха дах а ца деш. Ткъа хIара хаттар – АллахIан сифатийн хьокъехь долу хаттар – дукха хьалха дуьйна дуьйцуш, гIарадаьлла хаттар ду, хIокху хаттарехь бусалба нах тайп-тайпана тобанашка бекъабелла а бу, цара тайп-тайпана аьлла дешнаш а ду. Оцу сифатийн хьокъехь долчу хаттарна юкъара къаьсттина толлуш лелош ду хIара ахь дина долу хаттар а. Къаьсттина цу хаттар хьокъехь Iеламнаха яздина жайнаш а ду, масала Имам ЗахIабийс яздина дерг а, Имам Ибн Къудамас яздина дерг а, «АллахI Шен дерриге кхолларна тIехулахь, лакхахь хилар» аьлла йолчу цIарца. И санна долчу жайнашкахь а, кхидолчу Iакъидатан жайнашкахь а хIара хаттар боккхачу, кIоргечу чулацамца дуьйцуш ду, Делан дашца а, Цуьнан элчанан (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Суннатца а догIуш дерг, нийса дерг билгал а деш, цунна дуккха а тешаллаш а далош, гIалат долчу дешнашна доьхьал жоьпаш а луш. Ткъа кхузахь, хьан хаттарна доьххьала дIа долу доцца жоп а делла, цуьнца доьзна долу дуккха кхидолу Iилманан хаттарш а ца хьехош, шафиIий мазхIабера а болуш, нийса кхетам бийцинчу баккхийчу Iеламнахах веамма аьлларг а дийцина тоам бийр бу вай.
1. Имам ал-Музанийс[1] (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла АллахIан сифа́таш (куцош) дуьйцуш: «Шен Iарш тIехулахь лакхаваьлла верг ву Иза; Шен кхолларна Шен Iилманца герга верг ву Иза».[2]
2. Имам Ал-Ла́лака́ийс[3] (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа аьлла: [Цуьнга (АллахIе) хьаладоьду дика дош, дикчу Iамало хьалаайдо иза]. (Сурат «ФатIир», 10 айат). Кхин а аьлла Цо: [Шу тешна ду ткъа, стигланна тIехулахь волчух, Цо шу лаьтта буха дохуьйтур дац аьлла?].[4] (Сурат «Ал-Мулк», 16 айат). Кхин а аьлла Цо: [Иза ву Толаме верг, Шен лайшна тIехула; шуна тIе лардархой (малийкаш) а дохкуьйту Цо].[5] (Сурат «Ал-АнIам», 61 айат). Оцу айаташа гойтуш ду лекха хинверг (Дела) стигланна тIехулахь хилар а, Цуьнан Iилма Цуьнан лаьтта тIера а, Цуьнан стиглара а массо меттиг чулоцуш хилар а. Иза дийцина ду асхьабашкара, Iумарера а, Ибн МасIудера, Ибн Iаббасера а, Умм Саламатера а, Дела реза хуьлда царна. ТабиIунашкара (асхьабашкара Iилма Iамийначаьргара) а дийцина ду иза, РабиIа ибн Аби Iабдуррахьманера а, Сулайман Ат-Таймигара а, Мукъотил ибн Хьаййанера а. ФикъхI Iилманан дайша а аьлла иза, Малик ибн Анаса а, Суфйан Ас-Саврийс а, Ахьмад ибн Хьанбала а».[6] Цул тIаьхьа, Дела Ша́ кхоьллина долчу массо хIуманна тIехулахь-лакхахь хилар гойтуш долу хьадисаш а, асхьабийн дешнаш а, Iеламнехан дешнаш а дийцина Имам Ал-Лалакаийс. Цо дийцинчу асхьабийн дешнех ду Ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) аьлларг: «Лаьтта тIехь волчунах къинхетам бе ахь, стигланна тIехулахь волчо (Дала) къинхетам бийр бу хьох».
3. Имам Ал-Iимро́нийс[7] (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла, АллахIан хьокъехь хьадисан охIлу болчу Iеламнехан кхетам буьйцуш: «Iарш тIехь лакхаваьлла ву Иза, Цо Ша́ ма-аллара, куц-кеп (девзаш) доцуш».[8] Кхин а аьлла цо (Дала къинхетам бойла цунах): «Жайнин юьхьехь вай хьахийра, хьадисан а, Суннатан а охIлу болчу Iеламнехан кхетамехь, сийлахь-цIена волу АллахI Ша́ Шен кхолларх къаьстина (кхоллар чохь воцуш, йа цуьнца хоттавелла воцуш, йа цунах хьакхавелла воцуш) ву аьлла; стигланаш тIехулахь Iарш тIехула Иза лакхаваьлла (ву) аьлла, цунах Iотталуш а воцуш; Цуьнан Iилма массо хIума чулаьцна а ду аьлла. Ткъа «карра́миййахI» цIе йолчу тобана юкъарачара аьлла: «Иза Iаршах Iотталуш ву». «МуIтазилахI» цIе йолчу тобана юкъарчара аьлла: «АллахI Ша́ массо меттехь ву, бецаш юкъахь а, дийнатийн кийрахь а тIехь». Бишр Ал-Миррийсига аьлла хилла: «Иза хьан хIокху вир чохь а ву-кх тIаккха?». Цо аьлла: «ХIаъ». ХIара кхетам «хьулу́лиййахI» олучу нехан (АллахI Шен кхолларца дIаоь олуш болчеран) кхетам бу, иза билггал керстаналла ду, цхьаъа шеко йоцуш. «АшIариййахI» олучу тобанах болчара аьлла: «Мегаш дац цунна куц дала, Иза Iарш тIехулахь ву аьлла а, йа стигланна тIехулахь ву аьлла а». Ткъа вай аьлла долчунна тешалла ду лекха хинволчу Делан дош: [Латта а, лекха стигланаш а кхоьллина волчуьнгара доссор ду иза. Къинхетаме верг ву Иза, Iарш тIехулахь лакхаваьлла Иза]. (Сурат «ТIо́хIа́», 4-5 ши айат). … Кхин а, вай аьлла долу маьIна гойтуш ду лекха хинволчу Делан дош: [Цуьнга (АллахIе) хьаладоьду дика дош, дикчу Iамало хьалаайдо иза]. (Сурат «Фа́тIир», 10 айат). Кхин а: [Муххале а, АллахIа Ша́ волчу хьалаваьккхина Иза]. (Сурат «Ан-Ниса́ъ», 185 айат). Кхин а: [Стиглара охьа лаьтта тIера болх лелабо Цо, тIаккха Цуьнга хьалабоьду иза]. (Сурат «Саждат», 5 айат). Кхин а: [ХIай ХIа́ма́н! Лекха гIишло йе суна, некъашка кхочур вара со. Стигланийн некъашка, Мусанан Дела ган мегара суна тIаккха]. (Сурат «ГIо́фир», 36-37 ши айат). Кхин а: [Шу тешна ду ткъа, стигланна тIехулахь волчух, Цо шу лаьтта буха дохуьйтур дац аьлла?]. (Сурат «Ал-Мулк», 16 айат). Ткъа, Iарш стиглана тIехулахь ду, цундела аьлла Цо: [Шу тешна ду ткъа, стигланна тIехулахь волчух…]. Кхин а, вай аьлларг гойтуш ду лекха хинволчу Делан дош: [Иза ву Толаме верг, Шен лайшна тIехула; шуна тIе лардархой (малийкаш) а дохкуьйту Цо]. (Сурат «Ал-АнIам», 61 айат). Кхин а, лекха хинволчу Дала Iийсага (Делера салам хуьлда цунна) аьлла дерг а: [Бакъдолуш, хьо кхалхор ву Ас, Сой волчу хьала а воккхур ву Ас]. (Сурат «А́л Iимро́н», 55 айат). … МуIавийат ибн Ал-Хьакам Ас-Суламийгара дийцина ду, цо элира аьлла: «Ас элира: «ХIай Делан Элча! Цхьа гIарбаш ю сан, сан уьстагIий дажош. Цхьана дийнахь ас иза теллича, барзо цхьа уьстагI дIабаьхьна хилар гучуделира суна. Ткъа со Адаман тIаьхьенах цхьа адам ду, адамашна ма-хеттара халахета суна, цундела ас цунна тоьхнера». Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) чIогIа новкъа деара и хIума тIаккха. МуIавийата элира: «Маьрша йитий ас иза?». Цо иза схьакхайкха элира цуьнга тIаккха. Ткъа иза схьаеъча, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хаьттира цуьнга: «АллахI стенгахь ву?». Цо элира: «АллахI стиглана тIехулахь ву (йа лакхахь ву)». Цо элира: «Ткъа со мила ву?». Цо жоп делира: «Хьо АллахIан элча ву». Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира МуIавийате: «Маьрша яккха иза, бакъдолуш иза тешаш (муъма) ю».[9] … Кхин а аьлла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Лаьтта тIехь волчух къинхетам бе ахь, стиглана тIехулахь волчо (Дала) къинхетам бийр бу хьох тIаккха».[10] КхидIа цхьацца хьадисаш а, асхьабийн дешнаш а, Iеламнехан дешнаш а дийцина Имам Ал-Iимронийс. ТIаккха, оцу меттехь жимма тIаьхьа аьлла цо: «АшIарий болчара аьлла: «Нагахь санна аш Дела Iарш тIехулахь ву бахахь, цо Иза дозанаш долуш хуьлуйту, йа Иза чулоцуш йолчу меттиге а, агIонга а хьашт долуш хуьлуьйту, ткъа АллахI лекха ву цу хIуманах». Цунна жоп иштта ду: «Вай (оха) Иза Iарш тIехулахь ву олуш делахь а, Цо Ша́ Шен Жайни тIехь иза (вайна) ма-довзийттара, Цуьнан пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) а иза ма-довзийттара, хIетте а вай иза доза долуш ву ца олу, йа Цунна меттиг оьшуш ю а ца олу, йа Иза меттиго а, агIоно а чулоцуш ву а ца олу; муххале а, меттиг а йоцуш, зама а йоцуш (и шиъ хила а хилале хьалха) хилла ву Иза, тIаккха меттиг а, зама а кхоьллина Цо, Iарш тIехула лакха а ваьлла Иза, куц-кеп доцуш. Шена цуьнга хьашт хиларна ца кхоьллина Цо Iарш. Мелхо а, Зун-Нуне хаттар дича, цо аьлла бохуш дуьйцуш долчу маьIнийца хилла иза. Цуьнга хаьттина хилла: «Iарш кхолларца АллахIана лиънарг хIун ду?». Цо аьлла: «Ша вевзаш болчеран дегнаш тилла ца хилийта лиъна АллахIана, Шена иэшарна ца кхоьллина Цо иза. (Делах) тешаш волчуьнга хаьттича: «АллахI стенгахь ву?» - аьлла, цо эр ду: «Iарш тIехулахь». ХIокху хаттаран хьокъехь хьадисан охIлу болчу Iеламнаха ма-аллара билггал дешнаш аьлла АшIарий хилла волчу къедано Абу Бакр Ал-Бакъилланийс «Ат-ТамхIид» тIехь».[11]
4. Имам Аз-ЗахIабийс[12] (Дала къинхетам бойла цунах), АллахI лакхахь хилар дуьйцуш ша́ яздинчу жайни тIехь цкъа доьххьара и маьIна гойтуш долу айаташ дийцинчул тIаьхьа, уьзза маьIна долу хьадисаш дийца волалуш, аьлла: «АллахIан лакхалла гойтуш долчу хьадисех ду МуIавийат ибн Ал-Хьакам Ас-Суламийс дийцина дерг. Цо аьлла: «Сан уьстагIий дара Ухьудна а, Джаванийатна а юкъахь (дажош). Цаьрга хьожуш сан цхьа гIарбаш (лай-зуда) яра. Цхьана дийнахь ас иза теллича, суна гучуделира барзо цхьа устагI баьхьна хилар. Ткъа со Адаман берех цхьаъ ву, цундела со оьгIаз вахара, ас цунна туьйхира. ТIаккха со Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) волчу вахара, ас иза цуьнга дийцира. Ткъа цо иза чIогIа даздира суна. ТIаккха ас элира: «ХIай Делан Элча! Маьрша йитий ас иза?». Цо элира: «Схьакхайкха иза».Ас иза схьакхайкхира, (тIаккха иза схьаеъча), Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хаьттира цуьнга: «АллахI стенгахь ву?». Цо элира: «АллахI стиглана тIехулахь ву (йа лакхахь ву)». Цо элира: «Ткъа со мила ву?». Цо жоп делира: «Хьо АллахIан элча ву». Цо (Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира тIаккха: «Маьрша яккха иза, бакъдолуш иза тешаш (муъма) ю». ХIара нийса хьадис ду, Муслима а, Абу Давуда а, Насаийс а, кхиболчу имамаша а шайна жайнашкахь дийцина долу. Цара иза ша ма-дарра дийца а дуьйцу, цуьнан кхин маьIна а ца до, маьIна хийца а ца хуьйцу. Иштта, шега хIара хаттар мел динчо: «АллахI стенгахь ву?» - аьлла, сихонца шен дуьххьаралерачу кхолламан хаамца жоп луш гина вайна: «Стиглахь ву» - олий. Ткъа оцу дийцарехь (хьадисехь) шиъ Iилманан хаттар ду: Хьалхарниг: Бусалба стага ала мегаш хилар ду: «АллахI стенгахь ву?» - аьлла. ШолгIаниг: Шега и хаттар динчо ала мегаш хилар ду: «Стиглана тIехулахь-лакхахь ву» - аьлла. Ткъа оцу шина хаттарна доьхьало йийриг – Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) доьхьало еш ву».[13] КхидIа дуккха (цхьа бIе гергга) хьадис а, асхьабийн дешнаш а, асхьабашца Iилма Iамийначу баккхийчу Iеламнехан дешнаш а, тайп-тайпана мазхIабашкахь хилла болчу Iеламнехан дешнаш а, муджтахIидаш хилла болчу Iеламнехан дешнаш а (цхьа бIе ах бIе сов дош) дийцина Имам ЗахIабийс (Дала къинхетам бойла цунах), АллахI Ша́ кхоьллинчу массо хIуманна тIехулахь-лакхахь хилар дуьйцуш а, и маьIна луш а долу. ТIаккха, АллахIан сифатийн хьокъехь нийса кхетам муха хила беза юкъарчу чулацамца дийцале хьалха, хIинца вай хьехийначу айаташкахь а, хьадисашкахь а вай аьлла долчу «стиглана тIехулахь» боху дош «лакхахь» бохучу дашца а маьIна дан йиш йолуш хилар билгалдан деза. Iаьрбийн маттара «сама́ъ» бохучу дашца лууш дерг йа вайна евзаш йолу стигал ю, йа лакхалла ю. Ткъа оцу айаташкахь а, хьадисашкахь а «фиссамаъ» бохучуьнан маьIна «стигал» бохучуьнца дича, «фи» бохучу дакъалган маьIна «тIехь, тIехулахь» бохург хуьлу, цигара схьа, оцу шина дешан маьIна «стиглана тIехулахь» бохург хуьлу. Амма оцу «самаъ» бохучу дешан маьIна «лакхалла» аьлла дича, «фиссамаъ» бохучуьнан маьIна «лакхахь» бохург хуьлу. И ший а маьIна нийса ду, АллахI Ша́ кхоьллинчу массо хIуманна тIехулахь-лакхахь хилар гойтуш а ду. ХIара жоп дIадерзош, Имам Ал-ХатIи́б Ал-БагIда́дийс[14] (Дала къинхетам бойла цунах) аьлларг дуьйцур ду вай: «Амма сифатех лаьцна дерг дийцича: церах лаьцна нийсачу хьадисашкахь деана дерг хьалха хилла болчу Iеламнаха (Дела реза хуьлда царна) ша ма-дарра тIечIагIдеш хилла ду, доьххьала дIа гуш долчу маьIнийца дуьйцуш хилла а ду, куц-кеп дацаре а деш, тардар дацаре а деш.[15] Ткъа цхьаболчу наха уьш духатоьхна, цигара схьа, сийлахь-цIена волчу АллахIа тIечIагIдинарг галдаьккхина цара. Уьш тIечIагIдина болчерах цхьаберш (дозанал тIехбевлла), цигара схьа, тардаран а, куц-кеп даларан а некъа тIе бевлла уьш. Ткъа нийса дерг – иза оцу шинна юккъера некъ лацар ду, АллахIан дин а дукха чIогIа чIагIвеллачунна а, кIеззиг бен бала боцучунна а юккъехь дерг ду. ХIокху хаттарехь болу бух хIун бу аьлча, иза иштта бу: АллахIан сифатийн хьокъехь олуш дерг Цунах Шех олуш дерриг ду. Цунах Шех лаьцна олуш долчуьнца ва́за веза Цуьнан сифатех лаьцна олуш долчуьнца а. Иштта, массарна девзаш-хууш ду, Iаламийн Дела (нуьцкъала а, сийлахь а ву Иза) ву аьлла тIечIагIдар Иза волуш хилар тIечIагIдар ду, Цуьнан хиларан куц-кеп тIечIагIдар дац. Оцу кепара ду Цуьнан сифаташ тIечIагIдар а – уьш Цуьнан хилар тIечIагIдар ду иза, царна доза а, куц-кеп а луш долу тIечIагIдар дац иза. Цундела, вай аьлча: лекхачу АллахIан Куьг ду, хазар а ду, гар а ду, - уьш лекха хинволчу АллахIа Шеца ду аьлла Шена тIечIагIдина сифаташ ду. Вай ца олу: Куьг бохучуьнан маьIна ницкъ бохург ду, йа хазар а, гар а бохучуьнан маьIна хаар ду. Кхин а вай ца олу: уьш меженаш ю; шайца цхьа хIума деш болу гIирсаш а, меженаш а ларалуш долчу куьйгех а, хазарех а, гарех а тар ца до вай Цуьнан сифаташ. Вай олу: уьш тIечIагIдар важиб хилла ду вайна, хIунда аьлча Къуръан тIехь а, Суннатехь а уьш даьхкина долу дела; уьш цхьанне хIуманах тера дац алар важиб хилла ду вайна, хIунда аьлча беркате а, лекха а волчу АллахIа аьлла долу дела: [Дац Иза санна цхьаъа хIума; Хезаш верг а, Гуш верг а ву Иза]. (Сурат «Аш-Шу́ро́», 11 айат). Кхин а, нуьцкъала а, сийлахь а волчо аьлла долу дела: [Цунах тера цхьаъа хилла вац]. (Сурат «Ал-Ихлас», 3 айат). БидIатийн охIлу болчу наха бехкаш дохуш довдеш ду хьадисийн охIлу болчарна, цара хIара (сифаташ юкъахь долу) хьадисаш дуьйцуш хиларна, Iилманца ледира болчарна моттуьйтуш, цара тавхьидаца догIуш доцург а дуьйцу бохуш, динехь нийса доцург а дуьйцу бохуш, керстаналлийца царна цIераш етташ, Дела Шен кхолларх тарво цара бохуш. Царна жоп ду иштта: лекха хинволчу АллахIан Жайни тIехь айаташ ду, шайн маьIна доьххьала дIа долчу маьIнийца билггал девзаш долуш; кхин а оцу билггал маьIна долчу айаташка дерзийча бен шайн маьIна кхетаме доцуш айаташ а ду; ткъа и массо айаташ бакъдар а, церах дерригенах тешар а важиб ду. Иштта оцу кепара ду Элчанан (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцарш (хьадисаш) а, оцу маьIни тIехь лелаш ду уьш а, оцу кепара хьажа везаш ву цаьрга а, билггал маьIна кхетаме доцург билггал маьIна кхетаме долчуьнга а дерзош, дерриге къобал а деш. Ткъа сифаташ дуьйцуш даьхкина долу хьадисаш кхаа декъехь ду: - Царна юкъахь нийса хьадисаш ду, хьадисаш дийцина болчу Iеламнехан уьш нийса хиларца цхьабарт хилла болу, уьш дуккхамма дийцина хиларна а, уьш дийцинарш динца дика хилла хиларна а. Важиб ду и хьадисаш къобал дар а, церах (церан маьIнех) тешар а, шен дог лар а деш, АллахI Шен кхолларх тарвеш болу кхетам кхоллабаларх а, Цунна Цуьнца хила догIуш доцучу гIирсашца а, меженашца а куц даларх а, хийцаваларан а, меттахвийларан а куц даларх а. - ШолгIа дакъа: харц хьадисаш ду, гIийлачу иснадашца даьхкина долу, шайна чура дешнаш вон долу, хьадисан Iеламнехан уьш харц хилар тIехь цхьабарт хилла долу. ХIокху кепара долчу хьадисийн маьIнешка хьежа а мегаш дац, царна тIетовжа а мегаш дац. - КхоалгIа дакъа: Иштта хьадисаш ду, шаьш дийцина болчеран хьокъехь Iеламнахана юкъахь тайп-тайпана аьлла дешнаш долу, цхьаболчара уьш къобалбина хуьлу, вукхара ца бина хуьлу. ХIокху тайпана долчу хьадисашкахь (Iеламстаг) хьажа веза, цо къахьега деза, и шайн хьокъехь тайп-тайпана дешнаш аьлла болу нах къобал бан мегар долчерах бу йа бац, белахь церан хьадисаш къобал дийр долуш, бацахь церан хьадисаш а уьш санна харц хир долуш».[16] Оцу Iеламнаха аьллачунах схьа девза вайна, хIокху хаттарна долу жоп а, хIара санна долчу хаттаршкахь нийса кхетам муха хила беза а: Къуръан тIехь а, нийсачу Суннатехь а даьхкина долу АллахIан сифаташ къобал дар а, уьш Цуьнан кхолларан сифатех тера хила йиш йоций хаар а. Сифаташ къобал даран а, тарвар дацаре дарана а маьIна долуш ду хIокху хаттаршкахь бух лоруш долу айат: [Дац Иза санна цхьаъа хIума; Хезаш верг а, Гуш верг а ву Иза]. (Сурат «Аш-Шу́ро́», 11 айат). Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 21.03.2010 = 05/04/1431 [1] Имам Ал-Музаний – иза ИсмаIил ибн Йахьйа́ ву, Мисрера. Вина 175 шарахь, кхелхина 264 шарахь, хIижратан терахьца. Имам ШафиIийн уггар уллерачу цуьнан накъостех хилла ву, Имам ШафиIий кхелхинчул тIаьхьа цуьнга гIоьртташ воккха Iеламстаг хилла ву. [2] Имам Ал-Музаний, «Шархьус-суннахI», 81 агIо. [3] Имам Ал-Лалакаий – иза ХIибатуллахI ибн Ал-Хьасан ву, ТIабаристанера. Кхелхина 418 шарахь, хIижратан терахьца. ШафиIий мазхIабера а волуш, хьадисан Iилманца гIараваьлла воккха Iеламстаг хилла ву иза. [4] «Стигланна тIехь верг», йа «стигланна тIехулахь верг» - иза АллахI ву аьлла Ибн Iаббаса а («Задул-масир», 6/52 ), Имам ТIабарийс а («ДжамиIул-байан», 23/513), кхечара а. [5] ХIокху айатан маьIна шина кепара хила йиш ю: кхузахь и айат Имам Ал-Лалакаийс шена тешаллийна далийна долу маьIна а (АллахI Шен кхолларна тIехулахь, лакхахь хилар гойтуш долу), АллахI Шен лайшна тIехь толаме а, нуьцкъала а хиларан маьIна а. [6] Имам Ал-Лалакаий, «Шархь усул иIтикъод ахIлис-суннати вал-джамаIахI», 3/429-430. [7] Имам Ал-Iимроний – иза Йахьйа ибн Абил-Хайр ву, Йеменера. Вина 489 шарахь, кхелхина 558 шарахь, хIижратан терахьца. ШафиIий мазхIабера гIараваьлла Iеламстаг ву иза, «Ал-МухIаззаб» жайна дагахь хууш хилла а волуш. Оцу «Ал-МухIаззаб» жайнин маьIна деш цо яздина «Ал-Байан» жайна вуно пайдане а, дика а, девзаш а жайна ду. [8] Имам Ал-Iимроний, «Ал-Интисо́р фир-родди Iалал-муIтазилатил-къадариййатил-ашро́р», 1/98. [9] Муслим. [10] ХIара хьадис кхечу дешнашца дийцина Тирмизийс а, Хьакима а, Ахьмада а: «Къинхетам бечерах Къинхетаме волчо къинхетам бийр бу! Лаьтта тIехь болчерах къинхетам бе аш, стиглана тIехулахь волчо шух а бийр бу тIаккха къинхетам». [11] Имам Ал-Iимроний, «Ал-Интисо́р фир-родди Iалал-муIтазилатил-къадариййатил-ашро́р», 2/607-622. [12] Имам Аз-ЗахIабий – иза Мухьаммад ибн Ахьмад ву, Дамаскера. Вина 673 шарахь, кхелхина 748 шарахь, хIижратан терахьца. ШафиIий мазхIабера а волуш, хьадисан Iилмангахь воккха Iеламстаг хилла ву иза. Цуьнан «Сийар аIла́мин-нубала́ъ» (Сий долчу къонахийн дахарш) цIе йолу жайна гIадаьлла девзаш жайна ду, шен доккхаллийца Iеламнаха юх-юха доьшуш лелош а ду. [13] Имам Аз-ЗахIабий, «Мухтасарул-Iулувв лил-Iалиййил-гIаффа́р», 81. [14] Имам Ал-ХатIиб Ал-БагIдадий – иза Ахьмад ибн Iалий ву, Багдадера. Вина 392 шарахь, кхелхина 463 шарахь, хIижратан терахьца. ШафиIий мазхIабехь хилла а волуш, дукха хьолехь хьадисан Iилманца а, терахьан Iилманца а гIараваьлла хилла воккха Iеламстаг ву иза. [15] «Куц-кеп дацаре дар» бохург – оцу сифаташна иштта а, вуьшта а бохуш куц-кеп ца дийцар, церан и куц-кеп хуийла а, девзийла а ца хилар хаар, цу тIекхиа гIертар нийса ца хилар хаар, цунах лаьцна хаттар дар гIалат ду алар ду. «Тардар дацаре дар» бохург – Кхоллархо волчу АллахIан сифаташ Цо кхоьллинчу Цуьнан кхолларх тера ца хилар тIечIагIдар ду, Цуьнан куцош цхьанне хIуманах тера ца хилар билгалдар ду, АллахIан куцош вайн ойлане да́н йиш йолчу кепара ца хилар ду. [16] Имам Ал-ХатIиб Ал-БагIдадий, «Масъалатун фис-сифат»; зорбане даьккхина: «Маджаллатул-хьикмахI», 1/281, зорбанна кечдинарг: Шейх IабдуллахI Ал-ДжудайI.
| КхидIа |