|
|
|
Ассаламу
Iалайкум!
Абонемент телефон эца мегий ? Туькана а воьде, аладашна 100 туьма доккху
телефон оьцу ахь 1 соьмах , амма цара хьуна и 1 соьмах ялар х1ун ду аьлча
ахь цаьрца барт бо 1 шарана хьо церан клиент хир ву але, ма дарра аьлча ахь
цаьргара 1 сахьт я ши сахьт къамелан хан оьцу-кх , ткъа ахь и эцарна цара
хьуна и телефон йорах юхку. Довза луург чуьчча махха-м ца хуьлу цуьнах ду.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Оцу ахь дийцинчу кепара мах бар Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадисана кIел а догIу, мах барехь мегаш боцу биллам хIотторна кIел а догIу Амма хьадис: Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ца магийна цхьана меха юкъахь ши мах бар». (Имам Тирмизийс а, кхечара а дийцина хIара хьадис, Имам Тирмизийс аьлла: «Абу ХIурайрин хьадис дика, нийса хьадис ду».) Имам Тирмизийс – Дала къинхетам бойла цунах – ша и хьадис дийцинчул тIаьхьа, цуьнан маьIна дуьйцуш аьлла: «ШафиIийс аьлла: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана меха юкъахь ши мах бар ца магоран маьIнех цхьа маьIна ду юхкуш волчо алар: «Ас хьуна духку сайн хIара цIа иштта мехах, ахь суна и хьайн лайн вухкург иштта мехах, ткъа нагахь санна хьан лай сан дола валахь сан цIа хьан дола долу». Имам Ал-Мáвардийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах шен «Ал-Хьáвú» тIехь: «И хьадисаш нийса хилар хиъначул тIаьхьа… цхьана меха юкъахь ши мах баран цу хьадисах схьаяьккхина ши агIо ю, имам ШафиIийс йийцина йолу, цаьршиннах цхьаъ иштта ю: «Ас хьуна духку сайн хIара цIа иштта мехах, ахь суна и хьайн лайн вухкург иштта мехах, ткъа нагахь санна хьан лай сан дола валахь сан цIа хьан дола долу» - ткъа хIокху механ ший а мах харц бу, иза магийна доцу дела; кхин а, иза мах а, цуьнца биллам а болу дела, ткъа иза а магийна дац…». Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах, «МинхIаджут-тIóлибúн» тIехь: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ца магийна цхьана меха юкъахь ши мах бар, иштта аларца: «…ас хьуна хIара лай вухку эзарх, ахь суна хьайн цIа духкург иштта мехах…». Имам Нававийн хIокху жайнина маьIна динчу Iелам-наха иштта тIетохар а дина цуьнан дешнашна: «…ас хьуна хIара лай вухку – масала – эзарх, ахь – йа цхьана кхечу хьенехо – суна хьайн цIа духкург иштта мехах – йа ахь соьгара, йа хьенехара цхьа хIума иштта мехах оьцург – иза харц мах бу, цо харц биллам хIоттийна дела».[1] Имам Ибн Къудáмас – Дала къинхетам бойла цунах – бах, «Ал-МугIнú» тIехь, цхьана меха юкъахь ши мах баран хьадис а, цуьнан Имам Ахьмада – Дала къинхетам бойла цунах – дина маьIна а дийцинчул тIаьхьа: «Иштта ду цуьнан маьIнехь мел догIуш дерг а, масала иштта алар: «Ас хьуна доьхки сайн хIара цIа, сайн цхьа кхи цIа а хьуна иштта мехах духкург (ахь соьгара сан цхьа кхи цIа а оьцург)..., иштта и санна дерг ша-дерг нийса мах бар дац». Амма мегаш боцу биллам хIотторна иза кIел дар – Имам Ибн Къудáмас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла «Ал-МугIнú» тIехь, меха юкъахь хIитточу билламийн диъ дакъа дуьйцучу хенахь: «ШолгIа дакъа: цхьана меха юкъахь кхин цхьа мах хилийтар биллам хIоттор ду. Масала, цо цхьа хIума юхку цунна, ша цунна кхин цхьа хIума йохкар биллам а хIоттош, йа цуьнгара цхьа хIума иэцар биллам а хIоттош.., ткъа хIара харц биллам бу, цо мах талха бо, башхула яц и биллам юхкучо хIоттийнехь а, оьцучо хIоттийнехь а». Иштта бах Имам Нававийс а – Дала къинхетам бойла цунах – «Ровдатут-тIóлибúн» тIехь, йохка-иэцарехь хIиттош болу билламаш буьйцучу хенахь: «(Йохка-иэцар тIехь барт иэгIарна тIевуьгучу билламех бу) кхин цхьа йохка-иэцар дийр ду аьлла, йа декхар лур ду аьлла биллам хIоттор…».
Хьуна ма-гарра, и ахь йийцина механ кеп оцу шина мегаш доцучу хIуманна кIел йогIу, Iелам-наха ма-аллара,[2] цундела иза эцар дика дац.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
[1] «НихIáйатул-Мухьтáдж», Ар-Рамлий. Уьзза маьIна долуш кхин масалш далийна Имам Нававийн оцу дешнийн маьIна динчу кхечу Iелам-наха а, масала: «МугIнил-Мухьтáдж», Имам Аш-Ширбúний; «Тухьфатул-Мухьтáдж», Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий; «ШархIул-Махьаллий Iалал-МинхIáдж», Имам Ал-Махьаллий. [2] Кхузахь хаийтархьама билгал дича дика хир ду, цхьаболчу Iелам-наха и кеп оцу хьадисана кIел йогIуш лерина ца хилар. Делахь а, дукхах болчу Iелам-нехан агIо иштта ю, цара аьлларг а, вукхара аьлларг а ший а оцу хьадиса кIел догIуш ду. Оцу хьадисах билггал лууш йолу кеп билгалйар елам-нахана юкъахь уггар дукха а, хала а теллинчу хаттарех цхьаъ ду. |