Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iеламнах

Пайхамар

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

Пайхамар

Дела хьахор

Аудио

Дерриге йозанаш

Хеттарш

 

 

Хаттар:

Зудчунна хазахетита путаш бот мегар дуй? Бусулба динехь муха дуьйца цунах лаьцна?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Шеко яц харцлер уггар вочу къинойх цхьа къа хилар. Иза иштта хилар гойтуш дуккха а тешаллаш ду Къуръан тIехь а, Суннатехь а.

Харцлер АллахIах тешаш болчеран гIиллакх ца хилар хоуьйтуш, лекха хинволчу АллахIа боху Шен Къуръан тIехь: «АллахIан билгалонех тешаш боцучара бен ца кхуллу харцдерг (цара бен юкъа ца доккху харцдерг), уьш бу и харцлуьш берш».

Бухарис а, Муслима а дийцинчу хьадисехь ду Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: "Бакъдолуш, бакълеро дикаллийна тIенисво, дикаллийно ялсаманина тIенисво; бакъдолуш цхьа стаг даим бакъ луьш хуьлу, АллахIана гергахь "сиддикъ" (баккъалла а бакъ луьш верг) аьлла дIавазваллалц! Бакъдолуш, харцлеро воллийна (вочунна) тIенисво, вочо жоьжахатина тIенисво; бакъдолуш цхьа стаг харцлуьш хуьлу, АллахIана гергахь "харцлуьйриг" аьлла цIарца дIавазваллалц".

Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: "Мунафикъ стеган билгало кхоъ ю: ша къамел деш харцлоь иза (пуьташ бутту цо), ша ваIд дича (цхьана хIуманна дош делча) иза кхочуш ца до цо, шех тешначунна тешнабехк бо цо". (Бухарий, Муслим)

Оцу айато а, хьадисаша а гойту вайна, харцлер доккха къа хилар а, иза хьарам хилар а, иза бусалба стеган гIиллакх цахилар а.

Цул тIаьхьа: Имам Бухарийс а, Имам Муслима а, Имам Абу Давуда а, Имам Тирмизийс а, иштта кхечара а дийцина Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла долу хIара хьадисаш:

"Харцлуьш вац нахана юкъахъ маслаIат деш верг - диканиг дIакхачош, диканиг олуш верг".

"Доцург дийцар кхаа хIуманна бен мегаш дац: шен хIусамнана реза йан стага къамел дар а, тIамехь Iехор а, нахана юкъахь маслаIат дан доцург дийцар а".

Умм Кулсума (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: "Наха харцлер олучу хIуманна юкъадогIуш долу цхьа а хIума Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) магош ца хезна суна хIара кхоъ доцург: тIамехь дерг а, нахана юкъахь маслаIат деш а, стага шен зудчуьнга къамел дар а, зудчо шен стаге къамел дар а".

Оцу хьадисаша, мегаш доцучу харцлерна юкъарадаьккхинарг кхо хIума ду: тIамехь керста мостагI Iехор а, нахана юкъахь маслаIат дар а, майрчо-зудчо вовшашлахь дуьйцуш дерг а. Оцу юкъарадахарийн билггал маьIна дина оцу хьадисийн маьIна динчу Iеламнаха, цу хьадисашкахь дерг баккъал харцлер дац, пуьташ боттар а дац, доцург дийцар а дац, лууш цхьаъ а долуш, кхиниг моттийтар ду аьлла.

Амма тIамехь харц лерах лаьцна, Iеламнаха масал далийна магийна долчу харцлерна: масала, "шун паччахь велла" алар, шен дагчохь цкъа мацах хилла волу паччахь а волуш; я "кхана тхуна гIо кхочур ду" алар, дагчохь яахIума а йолуш.

Доцца аьлча, бусалба нехан ницкъ алсам гойтур долу хIума алар, керста нах Iехор болу хIума алар магийна ду.

Амма нахана юкъахь маслаIат дарх лаьцна Iеламнаха аьлла: "Цу хьадисехь лууш дерг - шена хиъна долу дика дIадовзийтар ду, шена хиъна долу вон хIума къайладахийтар ду". Нагахь санна маслаIат кхечу кепара далуш дацахь, тIаккха вай хьалха хьахийначу маьIнийца къамел дан а мегар ду, дагчохь цхьаъ долуш, моттуьйтуш дерг кхин а долуш.

Амма майрачо зудчуьнга деш долчу къамелах лаьцна аьлча, оцу хьадисан маьIна деш Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: "И мегаш хилар безам гайтарца доьзна ду. Ша ца дича ца долуш дерг а доцуш, кхидолу хIума ша дийр ду алар ду". Имам ал-ХаттIобийс аьлла цунах лаьцна: "Стага шен зудчунна доцург дийцар - иза ша дийр долчул алсам ша цунна дика дийр ду алар ду, шегахь болчу безамал дукха цунна безам гайтар ду, цуьнца шен яккха еза хан совйоккхуш, цуьнан гIиллакхаш туодеш".

Оццу маьIнийца мегаш ду зудчунна а шен майрачуьнга харцле, цундела шен майрачо шега ша везарх лаьцна хаьттича, "веза" ала деза цо, шена иза везаш вацахь а, шайн доьзалан дахар лардархьама, шайна юкъахь цабезам ца кхоллабалийтархьама.

Кхузахь билгалдаккха деза ши хIума:

1) И шиъ вовший цу хIумнаш т1ехь харцле магар шаьшшинан доьзалан дахар бахьанехь хила деза, шайн доьзал боха ца бохийтархьама хила деза, шайна юкъара марзо чIагIйалийтархьама хила деза. Оцу бахьанашна бен харцдерг дийца мегаш дац, оцу бахьанашна иза дуьйцуш хилча а цу лакхара масалехь ма-дарра дуьйцур ду и.

2) Вовший цаьршима кхочушдан дезачу хьакъ тIехь Iехо мегаш цахилар а, харцле мегаш цахилар а. Иза довзуьйтуш Имам Нававийс аьлла: "Амма майрачо шена тIера декхарехь зуда Iехор, я зудчо ша дан дезачунна тIехь майра Iехор, я майрачо шен доцург зудчуьнгара Iехийна схьадаккхар, я изза хIума зудчо дар - иза хьарам ду".

 

2006 шо.