Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

 

ШафиIийн мазхIабан зIе

 
ШафиIийн мазхIабан да Имам Мухьаммад ибн Идрис Аш-ШафиIий ву – Дала къинхетам бойла цунах а, массо Iелам-нахах а –.  Иза вина 150 шарахь, хIижратан (Бусалба) терахьца. Дуккха а баккхий Iелам-нах ган а гина, цаьрца Iилма а Iамийна, дехказчу иджтихIадан хьоле кхаьчча хилла Имам ву иза.
ХIинца кхузахь суна луург цуьнан дахар дийцар а, цуьнан Iилма дийцар а, иза Iийна хилла зама йийцар а дац, йа цуьнан мазхIаб чулацаме довзийтар а дац: цуьнан дахарх лаьцна яздина жайнаш дукха ду – хьалха а, хIинца а – иштта мазхIабах лаьцна а ду, хьалхалерчу Iелам-наха яздина а, тахана университеташкахь диссертациш язйина а. Цунах лаьцна шен хенахь дуьйцур ду  вай. ХIинца ас кхузахь доьвзуьйтур дерг, хIара карара хенаш тIекхаччалц ШафиIийн мазхIабехь фикъхI юьйцу жайнийн, оцу мазхIабан дена Имам ШафиIийна – Дала къинхетам бойла цунах – тIекхаччалц хIоттаелла зIе хилар ду. Иштта и зIе хилар доккха маьIна долуш хIума ду, хIунда аьлча и зIе хиларо тIечIагIдеш ду, тIаьхьа хиллачу Iелам-нахана а Имам ШафиIийна а – Дала къинхетам бойла цунах – юкъахь хадаза зIе хилар. Хьадисан Iиламанехь «санад» олу зIе санна маьIна долуш ю хIара а, вайн деш долчу Iибадатан (фикъхI Iилманан) баххаш Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – заманна герга хилар гойтуш.
ХIара зIе хьахийна долу жайнаш – суна доьвзаш дерш, ас хIара схьаэццарш – ши жайна ду:
1.        «Алфаваидул маккиййахI фима йахьтажухIу тIалабатуш-шафиIиййахI минал масаили ваддова- битIи вал къоваIидил куллиййахI» - «Маккара пайданаш: ШафиIийн мазхIабан мутаIеламашна оьшуш болу бехкамаш а, коьрта бакъонаш а».
Жайна яздинарг: Имам Iалавийй ибн Ахьмад Ассаккъоф, (кхелхина 1335 хI).
2.        «АлмазхIабу Iиндаш-шафиIиййати» - «ШафиIийн мазхIаб».
Жайна яздинарг: Мухьаммад АттIаййиб Алйусуф.
Кхин а ас пайда ийцира хIокху жайнах а:
«Алмадхалу ила мазхIабил Имами Аш-ШафиIиййи» - «Имам ШафиIийн мазхIаб довзаран некъ».
Жайна яздинарг: Доктор Акрам Юсуф Iумар Алкъавасимий. (Иорданин Университетехь, ШариIатан факультетехь доктор-даржана язйина диссертаци).

Имам ШафиIийн – Дала къинхетам бойла цунах – фикъхI Iилманехь яздина диъ жайна ду: «Ал-Умм», «Ал-Имлаъ», «АлбувайтIий», «Мухтасарул-Музаний».

ТIаккха Имам Джувайнийс (кх. 478 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – и диъ жайна цхьана жайни чу а дерзийна, дац а дина, церан маьIна дина, «НихIайатул матIлаб фú диройатил мазхIаб» аьлла цIе йолчу жайни чохь. И жайна чIогIа доккха жайна ду, цо чу ца лоцуш фикъхI Iилманан цхьа а дакъа дитина дац. Ламазана цIано йарна тIера дIадолийна, ламаз дар а, марха кхабар а, кхин дIа дисина долу Iибадаташ а чу а лоцуш, йохка-эцар а, даьхнийца нахана юкъахь леларг а, зуда ялор-йитар а, веллачуьнан дисина «ирс» дIасадекъар а, кхин долу массо нахана юкъахь лела хьукманаш а чу а лоцуш, тохарца-лазорца зен даран хьукманаш а, тIеман хьукманаш а, юкъараллин а хIора стеган а хьукманаш а, пачхьалкхан массо агIонаш а – ахчанца ерш а, пачхьалкх лелорца ерш а, кхечу пачхьалкхашца юкъаметтиг лелор а – иштта кхин долу массо ШарIан хьукманаш чулоцуш, вуно чIогIа доккха а, пайдане а жайна хилла дIахIоьттина иза. ХIора ша хьахочу хьукмана тешалла (далил) билгал а доккхуш, тIаккха кхечу Iелам-наха аьлларг а хьахош, церан тешаллаш а дуьйцуш, тIаккха цхьаъ кхечунна дуьхьал а хIоттош, «Усулул ФикъхI» Iилманехь а, ФикъхI Iилманехь а хIоттийна ма-дарра церах нийса дерг схьа а къастош яздина цо и жайна. Дуккха а Iелам-нахана гергахь коьрта жайнех цхьаъ хилла дIахIоьттина иза, цара дуккхаммо а йа маьIна деш, йа дацдеш пайда а эцна цунах.

ТIаккха Имам ГIазалис (кх. 505 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – и «НихIайатул матIлаб фú диройатил мазхIаб» жайна дацдина шен «АлбасúтI» олучу жайни чохь.

Цул тIаьхьа юха а кхин цкъа и шен «АлбаситI» жайна дацдина Имам ГIазалис – Дала къинхетам бойла цунах –, «АлвасúтI» цIе йолчу жайни чохь. ХIара жайна ШафиIийн мазхIабехь уггар коьрта долчу пхеа жайнех хилла дIахIоьттина тIаьхьа. Масийтта Iелам-стага маьIна дина хIокху жайнин, масала: Ибнур-РифIахI (кх. 710 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – цIе йолчу Iелам-стага маьIна дина цуьнан, «АлматIлабул Iáлú фú шархьи васúтIил ГIазали» жайни чохь, ткъе ялх жайна (дакъа) долуш доккха жайна ду иза; Къамýлийс (кх. 727 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – маьIна дина цуьнан, «Албахьрул мухьúтI фи шархьил васитI» жайни чохь; Ал-АзруIийс (кх. 783 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – маьIна дина цуьнан, «АттавассутIу вал фатхь байнар-ровдати вашшархь» цIе а йолуш, ткъа жайна (дакъа) хьаладузуш долчу жайни чохь.

Цул тIаьхьа Имам ГIазалис – Дала къинхетам бойла цунах – и шен «АлваситI» олу жайна кхин а дацдина, «Алваджúз» цIе а тоьхна, керлачу жайница.

ХIара «Алваджиз» цIе йолу жайна Имам ГIазалис – Дала къинхетам бойла цунах – ша а юха а дацдина «АлхулáсахI» жайнийца; Имам РофиIийс а (кх. 624 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – дацдина, «Алмухьаррар» жайнийца: хIара «Алмухьаррар» дацдина Имам Нававийс (кх. 676 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – шен «МинхIажут-тIóлибúн» цIе йолчу жайница [1], иза а дацдина Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансарийс (кх. 962 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – «АлманхIаж» жайнийца, тIаьххьара иза а дацдина Имам ЖавхIарийс – Дала къинхетам бойла цунах – «АннахIж» цIе йолчу жайнийца.

Оцу ГIазалин «Алваджúз» цIе цолчу жайнин маьIна дина Имам РóфиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – шозза, «АшшархьуссогIийр» - «Жима маьIна» а, «Ашшархьул кабийр (АлIазúз)» - «Доккха маьIна» а цIе йолчу шина жайнийца.

«Ашшархьул кабийр» цIе йолу, Имам РофиIийн – Дала къинхетам бойла цунах – жайна дацдина Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Ровдатут-тIóлибúн» цIе йолчу жайнийца а, Имам Къизвúнийс (кх. 665 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – «Алхьáвис-согIийр» цIе йолчу жайнийца а. ХIокху шинне а жайнин масийттозза маьIна а дина, и шиъ ший а масийттозза дац а дина.

«Ровдатут-тIóлибúн» дацдина кхозза: Имам Ибнул Мукърийс а «Арровд» [2] жайнийца, Имам Алмазжада а «АлIубáб» [3] жайнийца, Имам СуйýтIийс а «АлгIунйахI» жайнийца – Дала къинхетам бойла церах массерах.

Имам Къизвúнийс яздина жайна «Алхьáвис-согIúр» дацдина Имам Ибнул Мукърийс – Дала къинхетам бойла цунах – «Ал-Иршáд» жайнийца. ХIара «Ал-Иршáд» тIехь шозза маьIна дина Имам Ибн Хьажар АлхIайтамийс (кх. 973 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – хIокху шина жайнийца: «Ал-Имдáд», «Фатхьул Джавáд».

ХIокху шина кехат тIехь карор ю хьуна кепе ерзийна тойина зIе, цхьаъ Iаьрбийн маттахь а, важа нохчийн маттахь а.

 

ХIара лакхахь хьахийна долу жайнаш доцург а кхин а дуккха жайнаш ду ШафиIийн мазхIбехь яздина. Цхьадерш массо Iелам-нехан дешнаш а дуьйцуш, уьш вовший дуьхьал а хIиттош, хIоранне а тешалла а хьахош яздина ду, масала: Имам Мáвордийн «Алхьáвил кабийр» а, Имам Нававийн «АлмажмýI»а, Имам Iамрóнийн «Албайáн» а, Имам Ашшáший Алкъаффáлан «Хьилйатул Iуламáъ» а. Вуьйжаш деккъа ШафиIийн мазхIаб дуьйцуш ду, шен тешаллашца (далилашца) цхьане, масала: Имам Алхьиснийн «Кифáйатул ахйáр» а, Имам Ширбúнийн «Ал-ИкънáI» а. Цхьадерш тешаллаш кIеззиг а дуьйцуш, деккъа хьукманаш дуьйцуш ду, масала: Имам Бáжýрийн «Хьáшийат» а, Имам Ибн Ан-Накъúба яздина «Iумдатус-сáлик» а. Цхьадерш доьххьара деша буьйлалучарна дагахь Iамо атта хилийта доцца яздина жайнаш ду, коьрта-коьрта хIумнаш хьахош долу, масала: Имам Абу ШужáIа яздина «АлгIойату ваттакърúб» а, Имам Малийбáрийн «Къурратул Iайн» а. Доьххьара деша буьйлалучарна дагахь Iамо атта хилийта и цхьадолу кегий жайнаш байташка дерзийна яздина ду, байташ дагахь Iамо атта хуьлу дела, масала: Имам IамрúтIийс яздина «Назму гIóйатит-такърúб» - хIокху жайни чохь Имам IамрúтIийс байташка дерзийна лакхахь хьахийна «АлгIóйату ваттакърúб» цIе йолу жайна, цхьа эзар ши бIе ткъа байт йолуш ду иза.

 

 



[1] ХIара жайна Iелам-нахана юкъахь чIогIа деза жайна лоруш ду. Дукха маьIнаш деш жайнаш ду цунна яздина. Нохчийчохь «Маьхьалш» олуш долу жайна Имам Махьаллийс – Дала къинхетам бойла цунах – оцу «МинхIажут-тIолибин» жайни дина маьIна ду. Кхин а цуьнан маьIна дина Имам Ахьмад ибн Хьажар АлхIайтамийс (кх. 973 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – «Тухьфатул Мухьтáж» жайнийца, Имам Рамлийс (кх. 1004 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – «НихIáйатул Мухьтáж» жайнийца, Имам Ширбúнийс (кх. 977 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – «МугIнил Мухьтаж» жайнийца. ХIинца а керла зорбатухуш гучудуьлуш ду цуьнан маьIна деш яздина жайнаш, масала хIокху шара – 2004 – зорбатоьхна Имам Дамúрийс – Дала къинхетам бойла цунах – динчу маьIнана.   

[2] «Арровд» жайнин маьIна дина Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансарийс (кх. 962 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Аснал матIáлиб» жайнийца. ТIаккха иза дацдина Имам Ибн Хьажар АлхIайтамийс (кх. 973 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – «АннаIúм» цIе йолчу жайнийца, делахь а иза тахана карош дац, дайна лоруш ду.

[3] «АлIубáб» жайнин маьIна дина Имам Ахьмад ибн Хьажар АлхIайтамийс (кх. 973 хI) – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Ал-ИйIáб» цIе йолчу жайница.