Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а
волчу АллахIан цIарца!

 

 Къуръанаца а,

Суннатца а

дарба дар

 

 

 

 Шейх СаIид ибн Iалий Ал-КъахьтIаний

 

 

 

Гочдархо:

Адама Султана Олхазар

 

 

 Пайхамаран шахьар Мединат

4 Зул-КъаIдахI 1425 хI\ш

16/12/2004

 

 

_______________________________________________________________

 

 

Жайна яздинчуьнан дешхьалхе

Бозбунчаллийна дарба дар.

Хьалхара дакъа: Бозбунчалла хилале цунах ларвеш долу хIуманаш

ШолгIа дакъа: Бозбунчалла хиллачул тIаьхьа цунна дарба дар

БIаьрг хиларна дарба дар

Жинийн хьу хьакхадаларна, йа жин адамана чудаларна дарба дар

Синан цамгарийн дарба

Чевнашна дарба дар

Баланан халонна дарба дар

Сингаттамна а, сагатдаларна а дарба дар

ГIайгIа-баланна дарба дар

Цомгаш волчо ша-шена дарба дар

Цомгаш верг волча вахча цунна дарба дар

Лар тIехь наб ца кхетарна а, буьйсанна са ца туьйш хиларна а дарба дар

Дагарна дарба дар

Къовзорна а, катохарна а дарба дар

ОьгIазлонна дарба дар

Iаьржа тмúнаца дарба дар

Мозаца дарба дар

Замзам хица дарба дар

Дегнийн цамгаршна дарба дар

 

 

 

________________________________________________________________

 

 

 

ЖАЙНА ЯЗДИНЧУЬНАН ДЕШХЬАЛХЕ

 

Берриге хастам бу АллахIана. Иза хеста а во вай, Цуьнгара гIо а доьху вай, Цуьнгара гечдар а доьху вай. АллахIаца ларло вай вешан синойн вонех, вешан Iамалийн вонех.

Дала нисвинарг галваккха цхьа а вац, Цо галваьккхинарг нисван а цхьа а вац.

Ас тешалла до АллахI воцург кхин дела вац аьлла, Ша Цхьаъ ву Иза, накъост а вац Цуьнан. Кхин а ас тешалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца, Делера салават хуьлда цунна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, къемат де кхаччалц царна тIаьхьабаьзначарна а, дуккха маршаллаш а хуьлда царна. Цул тIаьхьа:

Шеко яц, Сийлахь Къуръан а, Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьадеанчу Суннатехь долу доIанаш а пайдане а, кхачаме а дарба хилар. [Ахь ала: иза (Къуръан) Делах тешначарна куьйгалла а ду, дарба а ду].[1] [Оха доссадо Къуръан, Делах тешачарна дарба а, къинхетам а шайца болуш долу].[2] ХIокху аятехь еана йолу дакъалг «мин» - билгал хIума гойтуш дакъалг ю. Цундела, Къуръан ша-дерг дарба ду, лакхарчу аятехь деана ма-дарра. [ХIай адамаш! Шуьга кхаьчна хьехам шун Делера: кийрахь дерг туодеш долу дарба, нийса куьйгалла, Делах тешаш болчарна къинхетам].[3]

Къуръан кхачаме долу дарба ду массо деган а, дегIан а цамгаршна, дуьненан а, эхартан а цамгаршна, делахь а, массо неха ца нисло цуьнца дарба лелор. Цомгаш волчо баккъалла а лело ма-деззара, дикка цуьнца дарба лелийча, цунах теша а тешаш, ша-дерг иза тIе а лоцуш,  даггара цо цуьнца шена дарба дича, цхьане цамгаро йийр яц цу Къуръанан дарбанна дуьхьало. Муха йан лур ю цамгаршка дуьхьало, стиглан а, лаьттан а Эла волчу Делан къамелана доьхьала, ша лаьмнаш тIе доссийча уьш лалийна дIадохур долуш долчу, йа ша лаьтта тIе доссийча иза хадийна юкъах чекхдер долуш долчу. Цхьа а цамгар яц – дегнийн цамгар, йа дегIан цамгар – Къуръан чохь цунна дарба дан некъ гайтаза, йа цуьнан бахьанаш довзийтаза, йа цунах ларвалар муха хила деза хаийтаза. АллахIа и хIуманаш хоуьйту, Шен Жайнах кхетар Ша деллачунна. АллахIа – нуьцкъала а, сийлахь а ву Иза – хьахийна Къуръан чохь дегнийн а, догIмийн а цамгарш а, дегнийн а, догIмийн а дарбанаш а.

Дегнийн цамгарш шина кепара ю: цакхетаман а, шеконан а цамгар а, дегIан марзонан а, лааман а цамгар а. Ткъа дегнийн цамгарш ша-ша хьахош хьахийна Дала – цIена а, лекха а ву Иза –, тIаккха оцу цамгарийн бахьанаш а хьахийна Цо, церан дарба а хьахийна Цо. [Йа ца тоьъна царна Оха хьуна тIе жайна доссор, (ахь) шайна доьшуш долу; баккъалла а, цуьнца къинхетам а, хьехам а бу Делах тешаш болчу нахана].[4]

Имам Ибнул-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ткъа, Къуръано шена дарба ца динчунна Дала дарба дийр дац, Къуръанах тоам ца хиллачунна Дала тоам а бийр бац».

Амма дегIан цамгарш – Къуръано гайтина вайна царна дарба даран баххаш а, церан коьрта дарбанаш а, церан бакъонаш а. Иза цо гайтар муха хуьлу аьлча: Къуръан тIехь ю дегIан цамгаршна дарба даран ерриге бакъонаш. И бакъонаш кхоъ ю: могшалла ларйар, зен дечу хIуманах ларвалар, зене йолу хIуманаш дегIах дIакъастор. Оцу кепара, цу цамгарийн кхин йолу агIонаш а оцу кхаа бакъонаца йовзалуш ю.

Ткъа адамо баккъалла а Къуръанаца дикка дарба дахьара, цунна гур бара сихонца дарба луш болу цуьнан тамашийна Iаткъам. Имам Ибнул-Къаййима – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Суна тIе цхьа хан хIоьттинера, со Маккахь волуш цомгаш хилла, йа лор а ца карош, йа молха а ца карош. Цу хенахь ас сайна дарба дора «Ал-Фатихьат» суратца. Суна хаалора цуьнан тамашийна Iаткъам. Замзам-хи схьа а оьций, цу тIехь мосуьйттозза доьшура ас и сурат, тIаккха дIамолура ас и хи. Кхоччуш дарба карийра суна иза. Цул тIаьхьа дуккха а лазаршкахь и дарба леладора ас сайна, кхин ца хиллал чIогIа пайда а хуьлура суна. Цхьа хIума лозуш волчо соьга шен лазар хьахийча, и дарба хьоьхура ас, тIаккха цуьнца дуккха а нах сихонца туо а лора».

Иштта, Пайхамаран нийсачу Суннатехь долчу «рукъйаташца»[5] дарба лелор а уггар пайдане долчу дарбанех ду. Ткъа, доIа дар, вон хIума духатохаран а, дезарг хиларан а уггар пайдане долчу бахьанех ду, ша духатухуш долчу бахьанех иза цIена хилахь. ДоIа дар уггар пайдане долчу дарбанех ду, къаьсттина дикка Деле дехар дарца иза дича. ДоIа баланан мостагI ду. Иза буха а тухуш, цунна дарба а деш, иза боссарна доьхьало йо цо, йа боьссинчул тIаьхьа жимбо цо иза. «ДоIано гIо до доьссина даьллачунна а, доссаза долчунна а. Цундела – хIай Делан лайш – доIа де аш». (Хьадис). «Цхьаъа хIумано юха ца туху Делан кхел, доIано бен; цхьане хIумано ца яхйо хан, дикалло бен». (Хьадис).

Делахь а, кхузахь цхьа хIума ду, вай шена тIе тидам бахийта безаш: шайца дарба лелош долу áйаташ а, азкáраш а, доIанаш а, лардарш а дерриге шаьш пайдане дарбанаш ду, делахь а, царна оьшу и дарба лелош волчуьнан ницкъ а, иза ша лелориг дикка къобал деш хилар а, цуьнгара Iаткъам хилар а. Цундела, иштта дарба лелийначул тIаьхьа стаг туо ца лахь, бахьана – дарба лелош волчо кхоччуш Iаткъам ца бар ду, йа шена дарба леладойтуш волчо уьш кхоччуш къобал ца дар ду, йа цу дарбанца цхьа онда дуьхьало хилар ду, цамгар цуьнга дIа ца йоккхуьйтуш. Ткъа, рукъйатца дарба дар шина агIонца хуьлуш ду: цомгаш волчуьнгара цхьа агIо а, дарба лелош волчуьнгара цхьа агIо а. Цомгаш волчуьнан агIор хила дезарг  - цуьнан са нуьцкъала хилар а, иза баккъалла а Лекха хинволчу АллахIе верзар а, иза баккъалла а Къуръан муъма-нахана дарба а, къинхетам а хиларх тешар а, дагца а, маттаца а иза цамгарх ларвалар а ду. И хIуманаш цо лелор цо шен мостагIчунна доьхьал тIом бар санна ду, ткъа тIемалочуьнга толам баккхалур бац шина хIуманца бен: ша́ герз нийса а, дика а хиларца а; куьг ницкъ болуш хиларца а. Цу шиннах цхьа хIума галдаьлча, герзо дукха пайда бийр бац, ткъа и шиъ ший а галдаьлла хилча хIун хир ду цунах?! Иштта дог доьхна хилча хIун пайда хир бу, шеца Дела цхьаъ вар доцуш, Далла тIе болх биллар доцуш, Делах кхерар доцуш, Деле верзар доцуш, шеца цхьа а герз доцуш?! Къуръанаца а, Суннатца а дарба лелош волчуьнан агIор хила дезарг а цомгаш волчуьнгахь хила дезаш доллу и ши хIума ду. Цундела аьлла Ибн Ат-Тúна – Дала къинхетам бойла цунах –: «Лардаршца а, кхечу рукъайташаца а, Делан цIерашца а дарба дар – иза синан дарба ду. Нагахь санна и рукъйат дикчу нехан маттаца хилахь дарба хир ду, Делан пурбанца».

Массо Iелам-нехан барт хилла бу, рукъйатца дарба лело мегаш хиларна тIехь, нагахь санна кхо бехкам кхочуш хилахь:

- Рукъйаташ лекха хинволчу Делан Къамелаца хилар, йа Цуьнан цIерашца хилар, йа Цуьнан сифáташца хилар, йа Цуьнан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – къамелаца хилар.

- Рукъйат Iаьрбийн маттахь хилар, йа цхьана кхечу маттахь хилар, олучуьнан маьIна кхетаме а долуш.

- Баккъалла Iаткъам бийриг лекха хинволу АллахI хиларх тешар, Цуьнан ницкъаца бен цу рукъйато Iаткъам беш ца хиларх тешар, и рукъйат Дала дарба даран бахьанех цхьа бахьана хиларх тешар.

Рукъйатца дарба даран иштта доккха маьIна хиларна, ас сайн «Дела хьахор а, доIа дар а, Къуръан тIера а, Суннатера а рукъйатца дарба дар а» цIе йолчу жайни тIера дацдина схьадаьккхира хIара жайна, тIаккха кхин а – Дала мукъалахь – пайдане хир долу хIуманаш тIе а туьйхира кхунна.

Нуьцкъала а, Сийлахь а волчу АллахIе доьху ас Цуьнан хазчу цIерашца а, Цуьнан лекхачу сифáташца а, Цо хIара болх Шен сийлахьчу Юьхьа доьхьа бар, хIокхуьнца суна а, хIара дешначунна а пайда бар а, зорбатоьхначунна а, йа хIара арахецарна тIехь дакъа лаьцначунна а пайда бар а, массо бусалба нахана а пайда бар а, бакъдолуш Иза ву и хIума керахь дерг а, цу тIехь ницкъ кхочуш верг а. Делера салават а, салам а, беркат а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, къемат де кхаччалц диканца царна тIаьхьабаьзначарна а.

 

Лекха хинволчу Деле хьашт долуш верг:

СаIид ибн Iалий Ал-КъахьтIáний

Яздина 18/6/1414 хI.ш.

 


 

1 – Бозбунчаллийна дарба дар.

Бозбунчаллийна долу Делера дарба шина декъехь ду.

Хьалхара дакъа: Бозбунчалла хилале хьалха, цунах ларвеш долу хIуманаш.

1. Дала тIедехкина долу массо хIуманаш, парзаш, важибаш кхочушдар, Дала хьарам дина долу массо хIума Iаддитар, массо вочу хIуманна тоба дар.

2. Сийлахь Къуръан дукха дешар, хIора дийнахь шена цу тIера вирд хIоттор.

3. Мегаш долу лардарш а, доIанаш а, азкáраш а дешарца ларвалар. Церах ду:

بِسْمِ اللهِ الَّذِي لاَ يَضُرُّ مَعَ اسْمِهِ شَيْءٌ فيِ الأَرْضِ وَلاَ فيِ السَّمَاءِ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ.

«БисмиллáхIиллазú лá йадурру маIасмихIú шайъун фил-арди ва лá фиссамáи ва хIувассамúIул-Iалúм» - Iуьйранна а, суьйранна а кхокх-кхозза алар; хIора ламазал тIаьхьа а, дIавуьжуш а, Iуьйранна а, суьйранна а «Áйатул-курсий» дешар; Iуьйранна а, суьйранна а, дIавуьжуш а кхокх-кхозза «Къул хIуваллóхIу ахьад» а, ши «Къул аIýзу» а дешар; хIора дийнахь бIозза:

لاَ إِلٰهَ إِلاَّ الله، وَحْدَهُ لاَ شَرِيكَ لَهُ، لَهُ الْمُلْكُ وَلَهُ الْحَمْدُ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ.

«Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIул-мулку ва лахIул-хьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр»; Iуьйранна-суьйранна деш долу азкараш а, ламазел тIаьхьа деш долу зикр а, дIавижаран зикр а, самаваларан зикр а, хIусам чуваларан а, чура араваларан а зикр а, цхьана хIуманна тIехааран зикр а, маьждиг чуваларан а, цу чура араваларан зикр а даим дешар, шеца цамгаран бала болу стаг гича деш долу доIа даим дар, иштта кхидолу азкáраш даим леладар. Ткъа и азкараш ас дуккха хьахийна хьуна «Бусалба стеган гIап» жайни тIехь, церан хьолашка хьаьжжина, тайп-тайпанчу меттигашка а, хенашка а хьаьжжина. Цхьа а шеко яц и азкараш а, доIанаш а дар бозбунчалла а, бIаьрг хилар а, жинийн хьу хьакхадалар а духатухуш долчу бахьанех цхьа бахьана хилар. И вон цамгарш Iоттаеллачул тIаьхьа а лело дезаш долчу уггар даккхийчу дарбанех ду, Делан пурбанца, и азкараш а, доIанаш а.

4. Нагахь санна таро хилахь Iуьйранна мецчу чоьна тIе ворхI хурма йаар, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадисехь дийцина ма-дарра: «Iаджва[6] цIе йолу ворхI хурманна тIехь Iуьйре йинчунна цу дийнахь зен дийр дац дIоьвшо а, бозбунчалло а». ГIолий ду и хурманаш Мединатера хилар, цигарчу шина кIошта юкъара хилар а, Муслима дийцинчу хьадисехь деана ма-дарра. Ткъа Шейх Iабдул-Iазиз инб Бáза аларехь – Дала къинхетам бойла цунах – Мединатера ерриг хурманашца а ду и дарба, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дела: «Ша Iуьйренга волучу хенахь цуьнан шина йиста юкъара ворхI хурма йиънарг…», аьлла. Кхин а, Шейха дийцарехь, и дарба хир ду Мединатера йоцу ворхI хурма йуучунна а.

ШолгIа дакъа: Бозбунчалла хиллачул тIаьхьа цунна дарба дар.

Иза масийтта агIор ду:

Хьалхара агIо: Бозбунчаллийна йоьхкина йолу хIуманаш схьаяхар, ШарIо магийна долчу некъашца уьш стенгахь ю хиъначул тIаьхьа. ХIара агIо цомгаш волчунна уггар чIогIа дарба хуьлуш йолу агIо ю.

ШолгIа агIо: ШарIехь мегаш йолчу рукъйатца дарба дар. Цу юкъа догIу:

- Баьццарчу сидран[7] ворхI гIа шина тIулга юкъахь йа цхьана кхечу хIуманца ата а отий, лийча тоьар долччул цу аьттачу гIашна тIе цхьана хIумана чу хи а дуттий, хIара аяташ деша деза цу хи тIе:

أعوذ بالله من الشيطان الرجيم.  }اللَّهُ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ لَا تَأْخُذُهُ سِنَةٌ وَلَا نَوْمٌ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ مَنْ ذَا الَّذِي يَشْفَعُ عِنْدَهُ إِلَّا بِإِذْنِهِ يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلَا يُحِيطُونَ بِشَيْءٍ مِنْ عِلْمِهِ إِلَّا بِمَا شَاءَ وَسِعَ كُرْسِيُّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَلَا يَئُودُهُ حِفْظُهُمَا وَهُوَ الْعَلِيُّ الْعَظِيمُ{

«АIýзу биллáхIи минаш-шайтIóнир-роджúм» [АллóхIу лá илáхIа иллá хIувал-хьаййул-къоййýм, лá таъхузухIý синатув-валá навм, лахIý мá фиссамáвáти ва мá фил-ард, манзаллазú йашфаIу IиндахIý иллá биизнихI, йаIламу мá байна айдúхIим ва мá холфахIум, ва лá йухьúтIýна бишайъим-мин IилмихIú иллá бимá шáа, васиIа курсиййухIус-самáвáти вал-ард, ва лá йаýдухIý хьифзухIумá, ва хIувал-Iалиййул-Iазúм].[8]

}وَأَوْحَيْنَا إِلَى مُوسَى أَنْ أَلْقِ عَصَاكَ فَإِذَا هِيَ تَلْقَفُ مَا يَأْفِكُونَ. فَوَقَعَ الْحَقُّ وَبَطَلَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ. فَغُلِبُوا هُنَالِكَ وَانْقَلَبُوا صَاغِرِينَ. وَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سَاجِدِينَ. قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ الْعَالَمِينَ. رَبِّ مُوسَى وَهَارُونَ{

[Ва авхьайнá илá Мýсá ан алкъи Iасóка фаизá хIийа талкъофу мá йаъфикýн. ФавакъаIал-хьаккъу ва батIала мá кáнý йаIмалýн. ФагIулибý хIунáлика ванкъолабý сóгIирúн. Ва улкъийас-сахьароту сáджидúн. Къóлý áманнá бироббил-Iáламúн. Робби Мýсá ва ХIáрýн].[9]

}وَقَالَ فِرْعَوْنُ ائْتُونِي بِكُلِّ سَاحِرٍ عَلِيمٍ. فَلَمَّا جَاءَ السَّحَرَةُ قَالَ لَهُمْ مُوسَى أَلْقُوا مَا أَنْتُمْ مُلْقُونَ. فَلَمَّا أَلْقَوْا قَالَ مُوسَى مَا جِئْتُمْ بِهِ السِّحْرُ إِنَّ اللَّهَ سَيُبْطِلُهُ إِنَّ اللَّهَ لَا يُصْلِحُ عَمَلَ الْمُفْسِدِينَ. وَيُحِقُّ اللَّهُ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُجْرِمُونَ{

[Ва къóла фирIавнуътýнú бикулли сáхьирин Iалúм. Фаламмá джáас-сахьароту къóла лахIум Мýсá алкъý мá антум мулкъýн. Фаламмá алкъов къóла Мýсá мá джиътум бихIис-сихьру, инналлóхIа сайубтIилухI, инналлóхIа лá йуслихьу Iамалал-муфсидúн. Ва йухьиккъуллóхIул-хьаккъа бикалимáтихIú ва лав карихIал-муджримýн].[10]

}قَالُوا يَا مُوسَى إِمَّا أَنْ تُلْقِيَ وَإِمَّا أَنْ نَكُونَ أَوَّلَ مَنْ أَلْقَى. قَالَ بَلْ أَلْقُوا فَإِذَا حِبَالُهُمْ. وَعِصِيُّهُمْ يُخَيَّلُ إِلَيْهِ مِنْ سِحْرِهِمْ أَنَّهَا تَسْعَى. فَأَوْجَسَ فِي نَفْسِهِ خِيفَةً مُوسَى. قُلْنَا لاَ تَخَفْ إِنَّكَ أَنْتَ الْأَعْلَى. وَأَلْقِ مَا فِي يَمِينِكَ تَلْقَفْ مَا صَنَعُوا إِنَّمَا صَنَعُوا كَيْدُ سَاحِرٍ وَلَا يُفْلِحُ السَّاحِرُ حَيْثُ أَتَى. فَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سُجَّدًا قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ هَارُونَ وَمُوسَى{

[Къóлý йá Мýсá иммá ан тулкъийа ва иммá ан накýна аввала ман алкъó. Къóла бал алкъý, фаизá хьибáлухIум ва IисиййухIум йухоййалу илайхIи мин сихьрихIим аннахIá тасIá. Фаавджаса фú нафсихIú хúфатам-Мýсá. Къулнá лá тахаф иннака антал-аIлá. Ва алкъи мá фú йамúника талкъоф мá сонаIý, иннамá сонаIý кайду сáхьир, валá йуфлихьус-сáхьиру хьайсу атá. Фаулкъийас-сахьарату суджжадан, къóлý áманнá биробби ХIáрýна ва Мýсá].[11]

بسم الله الرحمن الرحيم. }قُلْ يَا أَيُّهَا الْكَافِرُونَ. لاَ أَعْبُدُ مَا تَعْبُدُونَ. وَلاَ أَنْتُمْ عَابِدُونَ مَا أَعْبُدُ. وَلاَ أَنَا عَابِدٌ مَا عَبَدْتُمْ. وَلاَ أَنْتُمْ عَابِدُونَ مَا أَعْبُدُ. لَكُمْ دِينُكُمْ وَلِيَ دِينِ{

«БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм». [Къул йá аййухIал-кáфирýн. Лá аIбуду мá таIбудýн. Ва лá антум Iáбидýна мá аIбуду, ва лá ана Iáбидум-мá Iабаттум. Ва лá антум Iáбидýна мá аIбуду, лакум дúнукум ва лийа дúн].[12]

بسم الله الرحمن الرحيم. }قُلْ هُوَ اللَّهُ أَحَدٌ. اللَّهُ الصَّمَدُ. لَمْ يَلِدْ وَلَمْ يُولَدْ. وَلَمْ يَكُنْ لَهُ كُفُوًا أَحَدٌ{

«БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм». [Къул хIуваллóхIу ахьад. АллóхIуссомад. Лам йалид ва лам йýлад, ва лам йакул-лахIý куфуван ахьад].[13]

بسم الله الرحمن الرحيم. }قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ الْفَلَقِ. مِنْ شَرِّ مَا خَلَقَ. وَمِنْ شَرِّ غَاسِقٍ إِذَا وَقَبَ. وَمِنْ شَرِّ النَّفَّاثَاتِ فِي الْعُقَدِ. وَمِنْ شَرِّ حَاسِدٍ إِذَا حَسَدَ{

«БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм». [Къул аIýзу бироббил-фалакъ. Мин шарри мá халакъ. Ва мин шарри гIóсикъин изá вакъаб. Ва мин шаррин-наффáсáти фил-Iукъод. Ва мин шарри хьáсидин изá хьасад].[14]

بسم الله الرحمن الرحيم. }قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ النَّاسِ. مَلِكِ النَّاسِ. إِلَهِ النَّاسِ. مِنْ شَرِّ الْوَسْوَاسِ الْخَنَّاسِ. الَّذِي يُوَسْوِسُ فِي صُدُورِ النَّاسِ. مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ{

«БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм». [Къул аIýзу бироббин-нáс. Маликин-нáс. ИлáхIин-нáс. Мин шаррил-васвáсил-хоннáс. Аллазú йувасвису фú судýрин-нáс. Минал-джиннати ваннáс].[15]

И лакхахь хьахийнарг цу хи тIехь дешначул тIаьхьа, и хи мер ду кхозза, тIаккха диссинчуьнца луьйчур ву. Дала мукъалахь, иштта и хIума дича цамгар дIаер ю. Нагахь санна иза юха-юха а дан дезаш хьал хилахь, цамгар дIаяллалц юха-юха дича а хIумма а дац. ХIара дарба мосуьйттозза лелийна а ду, цуьнца дарба хилла а ду, Дала цунах дукха пайда бина а бу. Шен хIусамнанна герга ца гIорталуш волчу стагна а дика дарба ду иза.

- Сурат «Ал-Фáтихьат» а, «Áйатул-курсий» а, «Ал-Бакъарат» суратан тIаьххьара ши айат а, сурат «Ал-Ихлáс» (КъулхIу) а, ши «Къул аIýзу» а деша деза кхозза, йа кхин а дукха, хьайн шина куьйга тIе хIуп а олуш, хьайн лозуш йолчу метте аьтту куьг а хьокхуш.

- Ларвар доьхуш долу дIоанаш а, дарбан доIанаш а, массо дика чулоцуш долу доIанаш а дан деза:

1. «АсъалуллóхIал-Iазúм, роббал-Iаршил-Iазúм, ан йашфийака».[16] (ворхIозза эра ду).

أَسْأَلُ اللهَ الْعَظِيمَ رَبَّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ أَنْ يَشْفِيَكَ.

2. Цомгаш волчо шен куьг шен лозуш йолчу меттиг тIе а диллина, кхозза - «БисмиллáхI» - а аьлла, хIара доьшур ду ворхIозза: «АIýзу биллáхIи ва къудротихIú мин шарри мá аджиду ва ухьáзир».[17]

بِسْمِ الله. أَعُوذُ بِاللهِ وَقُدْرَتِهِ مِنْ شَرِّ مَا أَجِدُ وَأُحَاذِرُ.

3. «АллóхIумма роббан-нáси, азхIибил-баъса, вашфи анташ-шáфú, лá шифáа иллá шифáук, шифáан лá йугIóдиру сакъомá».[18]

اللَّهُمَّ رَبَّ النَّاسِ أَذْهِبِ الْبَأْسَ، وَاشْفِ أَنْتَ الشَّافيِ، لاَ شِفَاءَ إِلاَّ شِفَاؤُكَ، شِفَاءً لاَ يُغَادِرُ سَقَمًا.

4. «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммахI, мин кулли шайтIóнин ва хIáммахI, ва мин кулли Iайнин лáммахI».[19]

أَعُوذُ بِكَلِمَاتِ اللهِ التَّامَّةِ، مِنْ كُلِّ شَيْطَانٍ وَهَامَّةٍ، وَمِنْ كُلِّ عَيْنٍ لاَمَّةٍ.

5. «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá халакъ».[20]

أَعُوذُ بِكَلِمَاتِ اللهِ التَّامَّاتِ مِنْ شَرِّ مَا خَلَقَ.

6. «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин гIодобихIú ва IикъóбихI, ва шарри IибáдихI, ва мин хIамазáтиш-шайáтIúни ва ан йахьдурýни».[21]

أَعُوذُ بِكَلِمَاتِ اللهِ التَّامَّاتِ مِنْ غَضَبِهِ وَعِقَابِهِ وَشَرِّ عِبَادِهِ، وَمِنْ هَمَزات الشياطين وأن يحضرون.

7. «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти, аллатú лá йуджáвизухIунна баррун ва лá фáджир, мин шарри мá халакъа, ва бараа ва зараа, ва мин шарри мá йанзилу минассамáи, ва мин шарри мá йаIруджу фúхIá, ва мин шарри ма зараа фил-арди, ва мин шарри мá йахруджу минхIá, ва мин шарри фитанил-лайли ваннахIáри, ва мин шарри кулли тIóрикъин, иллá тIóрикъан йатIрукъу бихайрин, йá рохьмáн». [22]

أَعُوذُ بِكَلِمَاتِ اللهِ التَّامَّاتِ الَّتِي لاَ يُجَاوِزُهُنَّ بَرٌّ وَلاَ فَاجِرٌ مِنْ شَرِّ مَا خَلَقَ، وَبَرَأَ وَذَرَأَ، وَمِنْ شَرِّ مَا يَنْزِلُ مِنَ السَّمَاءِ ، وَمِنْ شَرِّ مَا يَعْرُجُ فِيهَا ، وَمِنْ شَرِّ مَا ذَرَأَ فيِ الأَرْضِ ، وَمِنْ شَرِّ مَا يَخْرُجُ مِنْهَا ، وَمِنْ شَرِّ فِتَنِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ ، وَمِنْ شَرِّ كُلِّ طَارِقٍ إِلاَّ طَارِقًا يَطْرُقُ بِخَيْرٍ يَا رَحْمٰنُ.

8. «АллóхIумма роббассамáвáтиссабIи, ва роббал-Iаршил-Iазúм, роббанá ва робба кулли шайъин, фáликъол-хьабби ваннавá, ва мунзилат-таврóти вал-инджúли вал-къуръáн, аIýзу бика мин шарри кулли шайъин анта áхизун бинáсийатихI.
Антал-аввалу фалайса къоблака шайъ, ва антал-áхиру, фалайса баIдака шайъ, ва антаз-зóхIиру, фалайса фавкъака шайъ, ва антал-бáтIину, фалайса дýнака шайъ».
[23]

اللَّهُمَّ رَبَّ السَّمَاوَاتِ السَّبْعِ وَرَبَّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ، رَبَّنَا وَرَبَّ كُلِّ شَيْءٍ ، فَالِقَ الْحَبِّ وَالنَّوَى ، وَمُنْزِلَ التَّوْرَاةِ وَالإِنْجِيلِ وَالْقُرْآنِ ، أَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ كُلِّ شَيْءٍ أَنْتَ آخِذٌ بِنَاصِيَتِهِ ، أَنْتَ الأَوَّلُ فَلَيْسَ قَبْلَكَ شَيْءٌ ، وَأَنْتَ الآخِرُ فَلَيْسَ بَعْدَكَ شَيْءٌ ، وَأَنْتَ الظَّاهِرُ فَلَيْسَ فَوْقَكَ شَيْءٌ ، وَأَنْتَ الْبَاطِنُ فَلَيْسَ دُونَكَ شَيْءٌ.

9. «БисмиллáхIи аркъúк, мин кулли шайъин йуъзúк, ва мин шарри кулли нафсин ав Iайнин хьáсидин, аллóхIу йашфúк, бисмиллáхIи аркъúк». [24]

بِسْمِ اللهِ أَرْقِيكَ مِنْ كُلِّ شَيْءٍ يُؤْذِيكَ وَمِنْ شَرِّ كُلِّ نَفْسٍ أَوْ عَيْنٍ حَاسِدٍ ، اللهُ يَشْفِيكَ ، بِسْمِ اللهِ أَرْقِيكَ.

10. «БисмиллáхIи йубрúк, ва мин кулли дáин йашфúк, ва мин шарри хьáсидин изá хьасад, ва мин шарри кулли зú Iайн». [25]

بِسْمِ اللهِ يُبْرِيكَ ، وَمِنْ كُلِّ دَاءٍ يَشْفِيكَ ، وَمِنْ شَرِّ حَاسِدٍ إِذَا حَسَدَ وَمِنْ شَرِّ كُلِّ ذِي عَيْنٍ.

11. «БисмиллáхIи аркъúк, мин кулли шайъин йуъзúк, мин хьасади хьáсидин, ва мин кулли зú Iайнин, аллóхIу йашфúк». [26]

بِسْمِ اللهِ أَرْقِيكَ مِنْ كُلِّ شَيْءٍ يُؤْذِيكَ ، مِنْ حَسَدِ حَاسِدٍ ، وَمِنْ كُلِّ ذِي عَيْنٍ، اللهُ يَشْفِيكَ.

ХIара лардаран доIанаш а, дарбане доIанаш а пайденна ду бозбунчалла лелийначунна дарба деш а, бIаьрг хиларна дарба деш а, жинийн хьу хьакхаделла волчунна дарба деш а, кхийолчу массо цамгаршна дарба деш а. Уьш массо агIор дарбане долу доIанаш ду, Лекха хинволчу Делан пурбанца цара пайда а бийр бу.

КхоалгIа агIо: Шена тIехь бозбунчаллин Iаткъам хаабеллачу дегIан межена тIера, йа цунна уллера оьшуш доцу цIий арадаккхар. Нагахь санна и дан аьтту ца хилахь, хIокхул хьалха хьахийна долу дарба тоьар ду, цу тIехь Далла хастам а бу.

ЙоьалгIа агIо: Вайна массарна а девзаш долчу дарбанашца пайда эцар. Къуръано а, Суннато а хьахийна Iаламо вайна луш долу дарбанаш ду, нагахь санна вай баккъалла теша а тешаш, Деле дарба хилийтар а доьхуш, церах хуьлуш болу пайда Делера буй а хууш, Дала Шена лиъча цу дарбанашца пайда бой а хууш вай уьш лелийча, Дала мукъалахь церах дарба хир ду. Масала, ораматех а, кхечу цхьацца хIуманех схьадохуш дарбанаш ду, дарбанчаша уьш лела а деш, церах билггал пайда хуьлий а хууш долу. Цундела и санна долчу дарбанех пайда эцарх хIумма а дац, хьарам долу хIуманаш церах хьакхалуш ца хилчахьана. Делан пурбанца пайда беш долчу дарбанех ду, масала, моз а, Iаьржа тмин а, Замзам-хи а, догIун-хи а. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Оха доссийна стиглара хи, беркате долу]. [27] Иштта дарбане ду зайтдаьтта (оьрсийн маттахь: оливковый даьтта) а, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дела: «Зайтдаьтта даа аш, иза шайна тIе а хьакха аш, бакъдолуш иза беркате долчу диттах схьадолуш ду».[28] Цуьнца дарба лелорца а, и даьтта лелорца а, жайнашкахь дешарца а чIагIделла сецна ду и зайтдаьтта уггар дика даьтта хилар. Кхин а оцу дарбанашна юкъадогIу лийчар а, дегIаца цIена лелар а, хаза хьожа йогIу IатIар тухуш хилар а.

 

 

2 – БIаьрг хиларна дарба дар

 

БIаьрг хиларна дарба дар кхаа декъе декъалуш ду:

Хьалхара дакъа: БIаьрг хилале хьалха дан дезарг ду, иза а масийтта агIо йолуш ду.

1. Азкáрашца а, доIанашца а, ларвалар доьхуш дечу доIанашца а ша ларвалар, йа бIаьрг хиларна кхерам болуш верг цаьрца ларвар, бозбунчаллийна дарба даран хьалхарчу декъа юкъахь даьхкина долу доIанаш а деш.

2. Ша цхьанна бIаьрг хилийтарна кхоьруш волчо, шена шеца, йа шен берашца, йа шен даьхница, йа шен вежаршца, йа цхьана кхечу хIуманца шена хазахеташ долу хIума гича, цунна беркат хилийта аьлла доIа дан деза, масала: «Ма́ша́Алла́хI», «Далла лиънарг ду-кх иза! Делера бен ницкъ бац-кх! Везан Дела беркат де ахь цунна!» - аьлла, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дела: «Шайна шайн вешица цхьа хазахоьтуьйтуш долу хIума гича, цунна Деле беркат деха аш».[29]

3. Шена бIаьрг хила мега аьлла хеташ волчу стеган дикаллаш йийца ца юьйцуш, къайлайахийта еза.

ШолгIа дакъа: БIаьрг хиллачул тIаьхьа дарба дар. Иза а масех агIо йолуш ду:

1. БIаьрг хилийтинарг вевзаш велахь, цуьнга ламаз оьцуьйту, тIаккха шена бIаьрг хилларг цо ламаз эцначу хица лийчийта веза. [30]

2. Бозбунчаллийна дарба дечу декъана юкъахь даьхкина долу доIанаш а, «КъулхIу» а, ши «Къул аIýзу» а, «Фатихьат» а, «Айатул-Курсий» а, «Ал-Бакъарат» суратан тIаьххьара айаташ а дуккха а деша деза, куьйгаш тIе хIуп а олуш, тIаккха шен аьтту куьг шен лозуш йолчу метта тIе а хьокхуш.

3. И айаташ а, доIанаш а цIенчу хи тIехь доьшур ду, цу тIе хIуп а олуш, тIаккха и хи мер ду бIаьрг хилла волчо, цунах диснарг бIаьрг хилла волчунна тIедуттур ду.[31] Йа зайтдаьттина тIе и айаташ а, доIанаш а дешна, и зайтдаьтта шен дегIах хьокхур ду.[32] Нагахь санна таро хилахь Замзам тIехь уьш дешча кхин а дика хир ду, таро ца хилахь догIун-хи тIехь дешча а дика хир ду.

4. Кехат тIехь Къуръанан айаташ а яздина, тIаккха и кехаташ тIада а деш, царна тIера йоза цхьана хи чохь даша а дина, бIаьрг хилла волчуьнга и хи малийта деза.

Иштта яздича дика хир долчу айатех ду сурат «Ал-Фáтихьат» а, «Айатул-Курсий» а, «Ал-Бакъарат» суратан тIаьххьара ши айат а, «КъулхIу» а, ши «Къул аIýзу» а, бозбунчаллийна дарба дечу декъана юкъахь даьхкина долу доIанаш а.

КхоалгIа дакъа: БIаьрг ца хуьлуьйтуш долу бахьанаш лелор. Уьш иштта ду:

1. БIаьрг хиларан вонах АллахIаца ларвалар.

2. Делах кхерар, Делан омрунна муьтIахь хилар, Цо ма де аьлларг ца дар. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «АллахIан хьакъ дерг ларде ахь, тIаккха Цо хьо а ларвийр ву». [33]

3. ХьагI лелош волчуьнца собаре хилар, цунна къинтIера валар, цуьнца дов ца дар, цунна арз а ца дар, «цунна вониг дийр ду ас» аьлла шен дагчу хIума ца даийтар.

4. Болх Далла тIе биллар, болх Цуьнан кера дIабалар. Далла тIе болх биллинчунна Иза тоьаш ву, цунна кхин оьшуш хIума дац.

5. ХьагI лелош волчуьнах кхера ца оьшу, шен даге даим цунах лаьцна ойланаш йайта а ца оьшу. ХIара уггар пайдане долу дарба ду.

6. Сийлахь-цIена АллахIе верзар, Цуьнца догцIена хилар, Иза резавар лахар.

7. Шен къиношна тоба дан деза, хIунда аьлча къиноша стеган мостагIашка цунна тIехь толам боккхуьйту: [шуна хилла болу бала – аш шайн куьйга лелийна долу хIуманаш бахьана долуш бу; Цо (АллахIа) дуккха а хIуманна геч а до шуна]. [34] 

8. СагIа дала деза, нахана дика дан деза шен таро йолччул. Нахана дика даро чIогIа тамашийна йоккха дуьхьало йо бала тIебáрна а, бIаьрг хиларна а, хьогIан вонна а.

9. ХьагI лелош волчуьнца дика хиларца, девне ваьллачуьнца а дика хиларца, вон дан гIертачуьнца а дика хиларца, церан вонаша летийна цIераш дIайайъа еза. И нах хьоьца хьагI лелорехь сов мел-бовлу, вон хIуманца сов мел-бовлу, девнаца сов мел-бовлу, хьо цаьрца дика хиларца сов вала веза, царна хьехар дарца сов вала веза, церах къахетарца сов вала веза. Делера цхьа доккха дакъа долуш волчу стаге бен далуш хIума дац хIара, (церан хьал баккъалла девзича бен кхетар волу хIума а дац).[35] 

10. Нуьцкъала а, хьекъале а волу Дела цхьаъ вар цIена хилийта деза, цу тIехь шен дог цIан дан а деза. Цуьнан пурбанца бен хуьлуш дац цхьаъа зен а, пайда а. Сийлахь-цIена волу АллахI ву и ша-дерг Шегахь долуш верг. Цуьнан керахь ду хIара бахьанаш кхочуш хилийтар. «Тавхьид» - Дела цхьаъ вар уггар йоккха гIап а ю, стаг вочу хIуманах ларвеш долу уггар доккха лардар а ду, цхьаъ цу чуваьллачул тIаьхьа шеко йоцуш маьрша хуьлуш а ву.

ХIара итт бахьана ду, хьагI лелочуьнан вон а, бIаьрг хиларан вон а, бозбунчаллин вон а шайца духатухуш долу.


 

3 – Жинийн хьу хьакхадаларна, йа жин адамана чудаларна дарба дар

 

Жин чуда́ларна а, жинийн хьу хьакхадаларна а дарба дар шина декъе декъалуш ду:

Хьалхара дакъа: и лазар кхетале дан дезарг.

Бусалба стаг ларвала веза иштта лазар шена кхетийтарх, дерриге парзаш кхочушдарца а, Дала тIедехкина кхидолу хIуманаш кхочушдарца а, Цо хьарам динчу массо хIуманах генаваларца а, шегара дийлинчу дерриге къиношна дохко а ваьлла тоба дарца а, Дела а хьахош, доIанаш а деш шайтIанех ларваларца а, суннатехь даьхкина долу лардарш дешарца а.

ШолгIа дакъа: жин чудаьллачул тIаьхьа дарба дар.

Жин чудаьллачул тIаьхьа дарба дар хила деза шен дагчохь дерг маттаца а, Iамалца а долуш волчу бусалба стага Къуръан тIера рукъйат дешарца. Уггар доккха дарба ду хIара айаташ дешар: «Ал-Фáтихьат» сурат а, «Айатул-Курсий» а, «Ал-Бакъарат» суратан тIаьххьара ши айат а, «Къул хIуваллóхIу ахьад» а, «Къул аIýзу бироббил-фалакъ» а, «Къул аIýзу бироббиннáс» а цIе йолу сураташ а. Уьш деша деза кхозза, йа кхин а дукха, доьшучу хенахь цкъацкъа цомгаш волчунна тIе хIупп а олуш. Кхин а деша мегар ду Къуръан тIера кхидолу айаташ, хIунда аьлча дерриге Къуръан вай дегнашна дарба долу дела, Делах тешаш болчарна и Къуръан ша-дерг дарба а, къинхетам а болу дела. Кхин а дешча дика хир ду бозбунчаллийна дарба дечу декъана юкъахь даьхкина долу доIанаш.

ХIокху кепара дарба дарехь кхочуш хила деза ши хIума: 1) цомгаш верг онда дог долуш хила а веза, баккъалла а Деле верза а веза, лардарш (доIанаш) доьшуш лело а деза цо, ша маттаца олуш дерг шен дагчохь а хуьлуьйтуш, цхьана маттаца деша а дешна, тIехь ойла а ца еш Iадда а ца дуьтуш. Дарба лелош волчуьнца а хила деза уьзза гIиллакхаш, хIунда аьлча дарба шегара схьадолуш верг иза волу дела.

Цомгаш волчуьнан лерга чу азан дича (моллакхайкхича) а дика хир ду, шайтIа шена азан деш хезча дIадоду дела.[36]


 

4 – Синан цамгарийн дарба.

 

Синан цамгаршна а, кийра гатбаларна а долу уггар деза дарба, дукха дах ца деш дийцича, иштта ду:

1. Нийсона тIехь хилар, Дела цхьаъ варна тIехь хилар. Галвалар а, Делаца накъост вар а кийра гатбаларан уггар даккхийчу бахьанех ду, ткъа цаьршинна доьхьал долу нийса дерг – дарба ду.

2. АллахIа Шен лайн дагчу тосуш долчу Ийманан нур а, цуьнца цхьаьна дика Iамал йар а дарба ду.

3. Пайдане долу Iилма Iамор. Делан лайно пайдане Iилма алсам мел Iамадо, цуьнан кийра бастало, паргIат болу.

4. Сийлахь-цIена волчу АллахIе верзар, шен дог дузош Иза везар, даим Цуьнца хилар, Цунна Iибадат дарца марзо эцар.

5. Даим Дела хьахор, массо хьолехь а, массо меттехь а. Дела хьахоро чIогIа тамашийна Iаткъам бо кийра паргIатбаларна а, дог маьрша хиларна а, сингаттам а, гIайгIа а дIаяларна а.

6. Адамашца массо агIор дика хилар, шега балуччу кепара царна пайда бар, диканиг дар. Комаьрша а волуш, нахана дика деш волу стаг – дог уггар паргIат долу стаг ву, са уггар дика долу стаг ву, дагца уггар маьрша волу стаг ву.

7. Майра хилар, хIунда аьлча майра стаг даим паргIат дог долуш хуьлу дела.

8. Шен дагца йолу боьхаллаш дIаяхар, и дог гатдеш, цунна паргIато ца хуьлуьйтуш йолу: хьагI а, оьгIазло а, цабезам а, мостагIалла а, хIуьттаре а, харцо а. Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хилла, уггар дика стаг мила ву аьлла, цо жоп делла: «Дог цIена а долуш, мотт бакълуьйш а болуш волу стаг ву». Асхьабаша аьлла: «Мотт бакълуьйш хилар-м девзара тхуна, дог цIена верг бохург хIун ду?» Цо аьлла: «Иза Делах кхоьруш верг ву, цIена верг ву, шеца къинош а доцуш, йа харцо а йоцуш, йа цабезам а боцуш, йа хьагI а йоцуш».[37]

9. Ца оьшучу метте шен бIаьрг ца хьажор, эрна къамел ца дар, ца оьшучуьнга ла ца дегIар, нехан зударий гар кIеззиг хилийтар, совнаха яахIума ца яар, совнаха мерг ца малар. Бакъдолуш и хIуманаш Iаддитар кийра паргIат хиларан а, дог маьрша хиларан а, сингаттам а, гIайгIа а дIаяларан а бахьанех ду.

10. Муьлхха елахь цхьа дика Iамал йар, йа цхьа болх бар, йа цхьа пайдане Iилма Iамор. Дог дIатен ца дуьту хIуманаш коьртехь ца лоттуьйту иштта болх баро.

11. Тахана долуш долчунна тIехь ойла алсам йар, дIайаханчу ханна эрна шен са ца гатдар, тIейогIу йолчу хенах лаьцна сахьийзош йолу ойланаш ца йар. Делан лайно эрна ойланаш а ца еш, къахьега дезаш ду, шена шен динехь а, дуьненахь а пайда болчу хIуманна тIехь, шен Деле шен аьтту бар а доьхуш, Цуьнгара шена гIо а доьхуш. Иштта хиларо дицдо сахьийзар а, сингаттам а, гIайгIа а.

12. Хьайл лахара волчуьнга хьажар, дикаллехь хьайл лакхара волчуьнга а ца хьоьжуш.

13. Цхьана хенахь хила а хилла чекхдевлла долу вон хIуманаш дицдар, айхьа ойла йича а хьайга духадерзалур доцучу хIуманаш тIехь ойла ца йар.

14. Делан лайна тIе цхьа бала беъча, цо къахьега деза и бала лахбалийта, шена тIехIуттур долу уггар вочу хIумана хьесап а деш, тIаккха иза духатуху бахьанаш а лелош.

15.  Дог онда хилар, вочу ойланаша кхуллуш йолу моттаргIанаш бахьанехь а, хеталуш долу хIуманаш бахьанехь а дог ца лазар, уьш бахьанехь оьгIаз ца ихар. «Суна дезаш долу хIуманаш дIадевр ду-кх сан, йа цхьа халонаш тIехIуьттур ю-кх суна», – бохуш вон ойланаш а ца еш, болх Делан кера дIа а белла, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIана тIе болх биллар, лело дезаш долу пайдане бахьанаш а лелош, Деле дика а, маршо а доьхуш.

16. Дог Деле дирзина хилар, болх Далла тIе биллар, гIуллакх Цуьнан кера дIадалар, шен Делах лаьцна йолу ойла цIена а, дика а хилийтар, сийлахь-цIена а, лекха а ву Иза. Бакъдолуш, баккъалла а шен болх Далла тIе буьллуш волчунна моттаргIанаша Iаткъам ца бо.

17. Хьекъал долчу стагана хаьа, шен нийса дахар ирс долуш дахар а, паргIат дахар а дуйла, хIокху дахаран хан чIогIа кIеззиг а юй, цундела цо и шен дахаран ирсе хан кхин а йац ца йо сингаттамашца а, вочу ойланаш чувожарца а, хIунда аьлча иза нийсачу дахарца цхьаьна ца догIу дела.

18. Хьайна цхьа вон хIума хилча, ахь иза дуста хьайца долуш долчу дикчу хIуманашца, динан агIор а, дуьненан агIор а. ТIаккха, ахь уьш вовший дуьстича хьуна карор ду хьайца хьайна хиллачу вонал дуккха а дукха дика хIуманаш. Кхин а ахь дуста хьайна хила мега аьлла хьой кхоьруш волу хIума, хьой маьрша висса мегаш долчу кхидолчу дуккха а некъашца. Цхьа гIийла хила тарлуш долу хIума ахь ма тола де, кхидолчу дуккха а маьрша йолчу агIонашна тIехь. Ахь иштта ойла йахь хьан сингаттам а, кхерам а дIабер бу.

19. Хьуна хаа деза: наха хьуна дан гIертош долчу вочу хIуманаша хьуна зен дийр дац, къаьсттина цара хьуна дуьйцуш долчу вочу къамелаша, мелхо а цара шайна зен дийр ду. Цундела ахь уьш тергал ма де, йа церан ойла а ма йе, и бахьанехь хьайна эрна зен ца хилийта.

20. Хьайн ерриг ойланаш хьайна динехь а, дуьненахь а пайда бийр болчу хIуманца хилийта.

21. Айхьа дина долчу диканна хьайна цхьана АллахIера бен баркалла ма леха. Хьуна хаа деза: ахь дика хIума дар – иза Делаца лелош йолу юкъаметтиг ю, цундела айхьа цхьанна дика динехь цуьнгара баркалла хиларга ма хьежа, [оха шуна даар ло Делан Юьхьан доьхьа, тхуна ца беза шуьгара йа (дика) бекхам а, йа баркалла а].[38] ХIара маьIна къаьсттина тидаме лаца деза хьайн доьзалца а, берашца а йолчу юкъаметтигехь.

22. Пайдане долу хIуманаш коьрта Iалашо хилийтар, цу хIуманаш тIехь болх бар, зен деш долу хIуманаш тергал а ца деш, йа царна тIехь ойла а ца еш.

23. Дан деза гIуллакхаш сихха де, дIа а ца тоьттуш. ТIейогIучу ханна паргIат вала, тIейогIучу хенахь дан дезаш долчу гIуллакхашна ницкъ а, нийса ойла а, дика Iамал а хилийтархьама.

24. Пайдане долчу гIуллакхех а, Iилманех а уггар коьрта-коьртаниг хьалха даккха деза, къаьсттина шен дагна алсам дезаш дерг, цу гIуллакх тIехь шена Деле гIо а доьхуш, дагавала везачуьнца дага а волуш, тIаккха ша сацам бинчул тIаьхьа Далла тIе болх а буьллуш.

25. Дала дина долу къайлах а, гучахь а долу ниIматаш дийцар. Дала дина ниIматаш довзарца а, уьш дийцарца а Дала бухатуху сингаттам а, гIайгIа а. Уьш довзаро вайга Далла шукр а дойту.

26. Хьайн зудчуьнца а, гергарчаьрца а, айхьа юкъаметтиг мел лелош болчаьрца йолу хьайн юкъаметтиг церан дикаллийна тIейоьгIна хилийтар, цара дина долчу дикане бен ца хьажар, цаьргара долу кIеззиг вон хIума тергал ца дар. Иштта хиларо юкъаметтиг даим дика латтайо, кийра паргIат а хуьлуьйту. «Делах тешаш верг Делах тешаш йолчу шен зудчунна оьгIаз ма гIойла. Шена цуьнгара цхьа вон хIума гича, иза реза хила веза цуьнца долчу кхечу дикчу хIуманца».[39]

27. Дерриг хIума дика хилийтар доьхуш доIа дар. Иштта долчу доIанех уггар деза доIа хIара ду:

اللَّهُمَّ أَصْلِحْ لِي دِينِي الَّذِي هُوَ عِصْمَةُ أَمْرِي ، وَدُنْيَايَ الَّتِي فِيهَا مَعَاشِي ، وَآخِرَتِي الَّتِي إِلَيْهَا مَعَادِي ، وَاجْعَلِ الْحَيَاةَ زِيَادَةً لِي فيِ كُلِّ خَيْرٍ ، وَالْمَوْتَ رَاحَةً لِي مِنْ كُلِّ شَرٍّ.

«АллóхIумма аслихь лú дúниллазú хIува Iисмату амрú, ва дунйáйаллатú фúхIá маIáшú, ва áхиротиллатú илайхIá маIáдú, ваджIалил-хьайáта зийáдатан лú фú кулли хайр, валмавта рóхьатан лú мин кулли шарр». [40]

اللَّهُمَّ رَحْمَتَكَ أَرْجُو فَلاَ تَكِلْنِي إِلَى نَفْسِي طَرْفَةَ عَيْنٍ، وَأَصْلِحْ لِي شَأْنِي كُلَّهُ لاَ إِلٰهَ إِلاَّ أَنْتَ.

«АллóхIумма рохьматака аржý, фалá такилнú илá нафсú тIарфата Iайнин ва аслихь лú шаънú куллахI, лá илáхIа иллá анта». [41]

28. Делан некъахь гIазот дар. Делера салават а, салам а хиларо аьлла: «Делан некъахь гIазот де аш, бакъдолуш Делан некъахь гIазот дар ялсаманин неIарех цхьа неI ю, Дала цуьнца кIелхьаравоккху сингаттамах а, гIайгIанах а». [42] 

И лакхахь дерш синан цамгаршна дарба хиларан бахьанаш а, некъаш а ду, са паргIат доцуш волчунна уггар доккха дарба а ду, царна тIехь ойла а йина, цIенчу даггара баккъалла а уьш лелийначунна. Цхьаболчу Iелам-наха цаьрца дуккхозза а дарба дина синан цамгаршна а, са паргIат доцучарна а, Дала уьш бахьана долуш царна боккха пайда а бина.


 

5 – Чевнашна дарба дар.

 

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьаъ чов йолуш хилча, шен хьажо-пIелг шен матта тIе а Iуттий, тIаккха иза латтана тIе а Iуттий, тIаккха хIара доIа а дой:

بِسْمِ اللهِ، تُرْبَةُ أَرْضِنَا، بِرِيقَةِ بَعْضِنَا، يُشْفَى سَقِيمُنَا بِإِذْنِ رَبِّنَا.

«БисмиллáхI, турбату ардинá бирúкъати баIдинá йушфá сакъúмунá, биизни роббинá» - цу чов тIе и шен пIелг хьокхуш хилла. [43]

Цу хьадисо гойту вайна, чов хилча хIун дан деза: шен хьажо-пIелг шен матта тIе а Iоьттина, цу пIелга тIехь кIеззиг шен туй а дуьтуш и пIелг лаьтта тIе а Iоьттина, и туй а, латта а тIехь а долуш и пIелг чоьвна тIе хьакха беза, и лакхахь долу доIа а деш. [44]

 


 

6 – Баланан халонна дарба дар.

 

1. [Цхьа а бохам хир ма бац лаьттахь а‚ шуьца шайца а (цамгар хиларца), иза Оха (Лавхьул-Махьфуз) жайни чохь дIаязбинчул тIаьхьа бен. Бакъдолуш, иза иштта хилийтар - АллахIана атта хIума ду. (Иза иштта хилар) шуна ца хуьлуш дисинчунна шу гIайгIане ца хилийтархьама ду, Цо шуна деллачух шу дукха даккхий а ца дайтархьама ду. Ткъа АллахIана ца веза куралла мел еш верг а, ша (наха) хесто лууш верг а].[45]

2. [Цхьа а бала хилла бац Делан пурбанца бен; ткъа АллахIах тешаш верг – Цо цуьнан дог (дикане) нисдийр ду, АллахI массо хIума хууш а ву]. [46]

3. « Делан лайно шена цхьа бала хилча аьлча:

إِنَّا لِلَّهِ وَإِنَّا إِلَيْهِ رَاجِعُونَ، اللَّهُمَّ أَجِرْنِي فيِ مُصِيبَتِي وَأَخْلِفْ ليِ خَيْرًا مِنْهَا.

- «Иннá лиллáхIи ва иннá илайхIи рóджиIýн. АллóхIуммаъджурнú фú мусúбатú, ва ахлиф лú хойран минхIá» - АллахIа и бала бахьана долуш ме́л лур бу цунна, цунна хиллачул гIолий хIума а лур ду цунна».[47]

4. «Делан цхьана лайн бер делча, АллахIа олу Шен малийкашка: «Сан лайн беран (са) схьаийцин аш?» Цара жоп ло: «ХIаъ!» Цо олу: «Цуьнан дагна дезаш хилларг схьаийцин аш?» Цара жоп ло: «ХIаъ!» Цо олу: «ХIун элира тIаккха Сан лайно?» Цара олу: «Хьо хастийра Цо, Хьоьга верза а вирзира иза». АллахIа олу: «Ялсамани чохь цIа догIа Сан лайна! «Хастаман цIа» – а́ле́ цIе а тилла цунна!». [48]

5. «Лекха хинволчу АллахIа бах: «Ас Сайн лайн уггар цIена дерг (бер) дуьненан охIлунна юкъара дIаэцча, цунна шена цунах ял хилар а лиъча, оцу Сан лайна Соьгахь болу бекхам ялсамани бу!».[49]

6. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла кIант веллачу стаге: «Хьой ялсаманин неIарех муьлхха неIарна тIе вахча а, хьайна иза дIайиллина хилийтар ца деза хьуна?».

7. «Нуьцкъала а, Сийлахь а волчу АллахIа бах: «Сан лайна уггар дукха езаш йолчу цуьнан шина меженаца Ас Сайн лайна бала белча, цо цу балийна собар дахь, Соьгара мел хиларга цо дог а дахахь, цаьршинна доьхьал ялсамани лур ю Ас цунна». Цуьнан ши бIарг бу кхузахь буьйцург.

8. «Цхьана бусалба стагана цамгар кхетча, йа цхьа кхин вон хIума цунна хилча, цунна тIера къинош охьаиэгар ду, дитта тIера гIаш охьаиэгаш санна».[50]

9. «Бусалба стагана цхьа къохцалг а Iотталур дац, йа цул лакхара кхин вон хIума а хир дац, и бахьана долуш иза цхьана даржехь сов ваьлла а бен, цуьнан цхьа гIалатло дIайайъина а бен».[51]

10. «Делах тешаш волчу стагана даим долу лазар кхетар а, иза кIадвалар а, иза цомгаш хилар а, цуьнца сингаттам хилар а, ур-атталла цуьнан сагатдалар а – цуьнан къинош дIадойъу бахьана ду».[52]

11. «Дикчу агIор боккха дика бекхам хилар – ловш болу бала боккха хиларца доьзна ду. Бакъдолуш, АллахIа Шена цхьаъ везча, иза зуьйш, цуьнга цхьа бала кховдабо; реза хиллачунна АллахI реза хир ву, оьгIаз ваханчунна оьгIазло а ю».[53]

12. «…балано Делан лай вуьтур вац, хIокху дуьнена тIехь цуьнан дахар шеца цхьаъа къа доцуш хиллалц».[54]


 

7 – Сингаттамна а, сагатдаларна а дарба дар.

 

1 – Делан цхьана лайх сингаттам а, сагатдалар а хьакхаделча, цо хIара доIа дича, Дала цуьнан сингаттам а, сагатдалар а дIадоккхур ду, цуьнан метта хазахетар а лур ду:

اللَّهُمَّ إِنِّي عَبْدُكَ، اِبْنُ عَبْدِكَ، اِبْنُ أَمَتِكَ، نَاصِيَتِي بِيَدِكَ، مَاضٍ فِيَّ حُكْمُكَ، عَدْلٌ فِيَّ قَضَاؤُكَ، أَسْأَلُكَ بِكُلِّ اسْمٍ هُوَ لَكَ، سَمَّيْتَ بِهِ نَفْسَكَ، أَوْ أَنْزَلْتَهُ فيِ كِتَابِكَ، أَوْ عَلَّمْتَهُ أَحَدًا مِنْ خَلْقِكَ، أَوِ اسْتَأْثَرْتَ بِهِ فيِ عِلْمِ الْغَيْبِ عِنْدَكَ، أَنْ تَجْعَلَ الْقُرْآنَ رَبِيعَ قَلْبِي، وَنُورَ صَدْرِي وَجَلاَءَ حُزْنِي وَذَهَابَ هَمِّي.

«АллóхIумма иннú Iабдук, ибну Iабдик, ибну аматик, нáсийатú бийадик, мáдин фиййа хьукмук, Iадлун фиййа къодóук, асъалука бикуллисмин хIува лак, саммайта бихIú нафсак, ав анзалтахIý фú китáбик, ав IалламтахIý ахьадан мин халкъик, авистаъсарта бихIú фú Iилмил-гIойби Iиндак, ан таджIалал-къуръáна рабúIа къалбú, ва нýра содрú, ва джалáа хьузнú, ва захIáба хIаммú».[55]

2 – ХIара доIа дича дика хир ду:

اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنَ الْهَمِّ وَالْحَزَنِ ، وَالْعَجْزِ وَالْكَسَلِ وَالْبُخْلِ وَالْجُبْنِ ، وَضَلَعِ الدَّيْنِ وَغَلَبَةِ الرِّجَالِ.

«АллóхIумма иннú аIýзу бика минал-хIамми валхьазан, валIаджзи валкасал, валбухли валджубни, ва долаIид-дайни, ва гIолабатир-риджáл».[56]


 

8 – ГIайгIа-баланна дарба дар.

 

1. «Лá илáхIа иллаллóхIул-Iазúмул-хьалúм, лá илáхIа иллаллóхIу роббул-Iаршил-Iазúм, лá илáхIа иллаллóхIу роббус-самáвáти ва роббул-арди, ва роббул-Iаршил-карúм».[57]

لاَ إِلهَ إِلاَّ اللهُ الْعَظِيمُ الْحَلِيمُ، لاَ إِلهَ إِلاَّ اللهُ رَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ، لاَ إِلهَ إِلاَّ اللهُ رَبُّ السَّموَاتِ، وَرَبُّ الأَرْضِ، وَرَبُّ الْعَرْشِ الْكَرِيمِ.

2. «АллóхIумма рохьматака арджý, фалá такилнú илá нафсú тIарфата Iайн, ва аслихь лú шаънú куллахI, лá илáхIа иллá анта».[58]

اللَّهُمَّ رَحْمَتَكَ أَرْجُو، فَلاَ تَكِلْنِي إِلَى نَفْسِي طَرْفَةَ عَيْنٍ، وَأَصْلِحْ لِي شَأْنِي كُلَّهُ، لاَ إِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ.

3. «Лá илáхIа иллá анта, субхьáнака, иннú кунту миназзóлимúн».[59]

لاَ إِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ سُبْحَانَكَ إِنِّي كُنْتُ مِنَ الظَّالِمِينَ.

4. « АллóхIу АллóхIу роббú, лá ушрику бихIú шайъан».[60]

اللهُ اللهُ رَبِّي لاَ أُشْرِكُ بِهِ شَيْئًا.


 

9 – Цомгаш волчо ша-шена дарба дар.

 

«Хьайн куьг хьайн лозуш йолчу меттиг тIе а дилле, кхозза: - «БисмиллáхI» - ала, тIаккха ворхIозза хIара ала:

أَعُوذُ بِالله وَقُدْرَتِهِ مِنْ شَرِّ مَا أَجِدُ وَأُحَاذِرُ.

 «АIýзу биллáхIи ва къудратихIи мин шарри мá аджиду ва ухьáзир».[61]

 


 

10 – Цомгаш верг волча хьажахIотта вахача цунна дарба дар.

 

«Бусалба стаг цомгаш верг волча вахача, цо ворхIазза хIара дешнаш алахь иза туолур ву, нагахь санна цуьнан валаран хан тIехIоьттина яцахь:

أَسْأَلُ الله الْعَظِيمَ رَبَّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ أَنْ يَشْفِيَكَ.

«АсъалуллóхIал-Iазúм, роббал-Iаршил-Iазúми ан йашфийака».[62]


 

11 – Наб ца кхетарна а, буьйсанна са ца туьйш хиларна а дарба дар.

 

أَعُوذُ بِكَلِمَاتِ اللهِ التَّامَّاتِ مِنْ غَضَبِهِ وَعِقَابِهِ وَشَرِّ عِبَادِهِ وَمِنْ هَمَزَاتِ الشَّيَاطِينِ وَأَنْ يَحْضُرُونِ.

«АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин гIодобихIú ва IикъóбихI, ва шарри IибáдихI, ва мин хIамазáтишшайáтIúни ва ан йахьдурýн».[63]

 


 

12 – Дагарна дарба дар.

 

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Дагар жоьжахати чура ду, цундела аш иза шелде хица». (Билгалдаккхаре хьажа) [64]


 

13 – Къовзорна а, катохарна а дарба дар.

 

1. Цу стагна «Ал-Фáтихьат» сурат деша деза, къовзийначу меттиг тIе туй а хьокхуш.

2. Къовзийначу меттиг тIе хи а, туьха а хьакха деза, хIара кхо сурат а доьшуш: «Къул йá аййухIал-кáфирýн» сурат а, «Къул аIýзу бироббил-фалакъ» сурат а, «Къул аIýзу бироббинна́с» сурат а.

 


 

14 – ОьгIазлонна дарба дар.

 

ОьгIазлонна дарба дар шина агIор ду.

Хьалхара агIо: Цунах ларвалар ду.

ОьгIазло йоуьйтуш долчу бахьанех ларвала веза, иза гучу ца ялийтархьама. ОьгIазло йоуьйтучу бахьанех ду: куралла а, ша-шех воккхавер а, дозалла дар а, дукха чIогIа дуьне дезар а, ца оьшучу меттехь забарш йар а, эрна къамел дар а, иштта церах тера долу кхидолу хIуманаш а.

ШолгIа агIо: ОьгIазло гучуяьллачул тIаьхьа дарба дар.

ОьгIазло хилла яьллачул тIаьхьа цунна дарба дар деа хIуманца ду:

1. Дала Шена генадаьккхинчу шайтIанах Делаца ларвалар. (Масала, «АIузу билла́хIи минаш-шайтIо́нир-роджи́м» аларца).[65]

2. Ламаз эцар.

3. Ша оьгIаз воьдучу хенахь хилла долу хьал хийцар: хIоьттина Iаш хиллехь охьахаар, йа дIатовжар, йа аравалар, йа къамел ца деш Iадда Iар, йа кхийолчу агIор хьал хийцар.

4. ОьгIазло юхатоьхначунна хуьлуш болу мел дагабаийтар, цунах лаьцна долу айаташ а, хьадисаш а дагадахкийтар. ОьгIазлонах хуьлуш йолу вон тIаьхьло дагайаийтар.[66]

 


 

15 – Iаьржа тмúнаца дарба дар.

 

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, Iаьржачу буьртигца (тминаца) дарба ду массо цамгарна, цхьа валар доцучунна».[67]

Ибн ШихIáба аьлла: «… Iаьржа тминаца чIогIа дукха пайданаш ду. Цу хьадисехь аьлла долу хIара дош: «дарба ду массо цамгарна» - иза тера ду Делан дашах: [Массо хIума дохош хир ду цо (мохо), шен Делан омрунца] - цуьнан маьIна ду: доха тарлуш долу массо хIума дохор ду цо».[68]

 

 

16 – Мозца дарба дар.

 

1. Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа аьлла, накхар-мозех лаьцна: [Церан кийрара схьадолу малар (моз), тайп-тайпана беснаш долу; адамашна дарба ду цуьнца; бакъдолуш цу хIуманца билгало ю (Дела цхьаъ хиларна) ойла еш болчу нахана].[69]

2. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Дарба кхаа хIуманца ду: цIий доккхуш волчо цIий даккхарца, йа моз маларца, йа цIарца дагорца. Ас сайн умматана ца магадо цIарца дагор».[70]

 

 

17 – Замзам хица дарба дар.

 

1. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла замзам хих лаьцна:

«Бакъдолуш иза беркате хи ду, бакъдолуш иза даарийн даар а ду, цамгарийн дарба а ду».[71]

2. Жабира дийцина Пайхамарера схьа (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хIара хьадис: «Замзам хи ша меллачу хIуманна (дарба) хир долуш хи ду».[72]

3. ХIара хьадис а ду цунах лаьцна: «Цо леладора шеца замзам хи, пхьегIанаш чохь а, кIудалш чохь а. Цомгаш болчарна тIе а доттара цо иза, царна мала а дора цо иза».[73]

Ибнул-Къаййима – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Дукха тамашийна дарбанаш дина ас а, со воцучо а замзам хица. Масийтта цамгарх сайна а дарба дира ас цуьнца, Делан пурбанца туо а велира со».[74]


 

18 – Дегнийн цамгаршна дарба дар.

 

Дегнаш кхаа кепара ду:

1. Маьрша дог, цIена дог. Иштта дог долуш АллахIана хьалха веънарг бен къемат дийнахь кIелхьара вер воцург ду иза. Лекха хинволчу Дала аьлла: [Даьхнино а, кIенташа а пайда бийр боцу де ду иза. АллахIана хьалха цIенчу дагца веанчунна бен (пайда хир боцу де ду иза)].[75]

ЦIена дог – иза Дала де аьллачунна а, ма де аьллачунна а доьхьал болчу лаамех цIена хилла дог ду, Цо хьахийнарг бакъ ца дойтуш йолчу массо шеконех маьрша хилла дог ду, Иза а воцуш, кхечуьнан лай хиларх маьрша долу дог ду, Цуьнан Элча а воцуш – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхечуьнга хьукм дайтарх маьрша хилла дог ду. Юкъарчу дешнашца аьлча, маьрша а, цIена а, могуш а долу дог – иза цхьанне а агIор шена чохь Делаца накъост вар доцуш долу дог ду. Дерриге лолла АллахIана хилийтина долу дог ду иза: лаамца а, безамца а, тIе болх билларца а, верзарца а, муьтIахьаллийца а, кхерарца а, догдахарца а. Шен Iамал цхьана АллахIа доьхьа хилла дог ду иза, шен безам Дела доьхьа хуьлуьйтуш, шен оьгIазло а Дела доьхьа хуьлуьйтуш, ша луш дерг Дела доьхьа хуьлуйтуш, ша сацош дерг а Дела доьхьа хуьлуьйтуш. Цуьнан ерриг ойла Дела доьхьа ю, цуьнан берриг безам а Дела доьхьа бу, цуьнан берриг лаам а Цуьнан доьхьа бу, цуьнан дегI а Цуьнан доьхьа лелош ду, цуьнан Iамалш а Цуьнан доьхьа еш ю, цуьнан наб а Цуьнан доьхьа еш ю, цуьнан семалла а Цуьнан доьхьа хуьлуш ю, цунна уггар дукха деза дийцар Цунах лаьцна дийцар а, Иза вийцар а ду, цуьнан ойланаш а Иза реза хиларца ю, Цунна дезачуьнца хьийзаш а ю. Лекха хинволчу Деле доьху вай ваьшна иштта дог.[76]    

2. Делла дог. Иштта дог доьххьарлерчу дагна нисса доьхьал долу дог ду. Цунна шен Дела вовза а ца вевза, йа Цо де аьлларг дарца Цунна Iибадат а ца до цо. Иза веза а ца веза цунна, Цунна реза а дац иза. Шен дегIан марзонашца ду иза даим, цу марзонашца цхьаьна Шен Делан оьгIазло хилча а. Дела воцучунна лолла деш ду иза: безамца а, кхерарца а, догдахарца а, реза хиларца а, оьгIазлонца а, дозаллийца а, сийсазаллийца а. Ша оьгIаз дахча шен лаам доьхьа оьгIаз доьду иза, шен безам хилча шен лаам доьхьа безам хуьлу цуьнан, ша луш дерг шен лаам доьхьа ло цо, ша сацош дерг шен лаам доьхьа саца до цо. Цуьнан паччахь цуьнан лаам бу, цунна куьйгалла деш ерш цуьнан дегIан марзонаш ю, цуьнан некъ лаьцна ерг жохIлалла ю, иза тIехиъна дIадоьдуш дерг гIопул хилар ду.[77] АллахIаца ларло вай и санна долчу дагах.

3. Цомгаш дог. И дог – дехаш дог ду, делахь а цуьнца цамгар ю. Цуьнан ши агIо ю, цкъа цхьана агIор таьIа иза, тIаккха вукху агIор таьIа иза, тIаьххьара а цу шина агIонах толам баьккхинчуьнца хуьлу иза. Цу даг чохь ду цунна дахар луш долу лекха хинволу АллахI везар а, Цунах тешар а, Цуьнца йолу юкъаметтиг цIена хилар а, Цунна тIе болх биллар а. Цу даг чохь кхин а ду иза хIаллакдеш а, иза талхош а долу хIуманаш: дегIан марзонаш езар а, уьш кхочуш йарна тIехь къахьегар а, хьагI а, куралла а, дозалла а, дарж дезар а, дуьнена тIехь паччахьалла лоьхуш бохамаш бар а, шалхо лелор а, ша гайта лаар а, бIаьрмецигалла а, сутаралла а. АллахIаца ларло вай ишттачу дагах.

Деган массо цамгаршна дарба дар чулацаме хьахийна ду сийлахьчу Къуръана тIехь. Лекха хинволчу Дала аьлла: [ХIай адамаш! Шуьга деана шун Делера хьехар а, кийранашкахь долчунна дарба а, нийсо а, муъма-нахана къинхетам а].[78] [Оха доссадо Къуръанах (айаташ), Делах тешачарна дарба а, къинхетам а шайца болуш долу; зулам-нах эшамаллийца бен сов а бохур боцуш долу].[79]

Дегнийн цамгарш шина кепара ю:

Цхьайолу цамгарш ю, цомгаш волчунна церах хуьлуш долу лазар хаа ца луш. Уьш жохIлалла а, цакхетам а, шеконаш а цIе йолу цамгарш ю. ХIокху кепара йолу цамгарш – лазар уггар чIогIа долу цамгарш ю, делахь а дог дукха телхина хиларна, цунна хаа ца ло уьш. 

Кхин йолу цамгарш ю, церах хуьлуш долу лазар сихха хаа луш: сингаттам а, гIайгIа а, сагатдалар а, оьгIазло а санна йолу. ХIара цамгарш вайна массарна девзаш долчу юкъарчу дарбанашца а дIайовла мега, цу цамгарийн бахьанашна дарба дичахьана.

Дегнашна дарба диъ хIуманца дан деза:

Хьалхарниг: Сийлахь Къуръан ду. Сийлахь Къуръан дарба ду дегнаш чохь йолчу шеконашна, цо дIадоккху дегнаш чура ширкан бахьанаш а, керстаналлин баххаш а, шеконийн цамгарш а, дегIан марзонийн цамгарш а. Иза куьйгалла ду нийсо йовза а евзина, цуьнца Iамал еш волчунна. Иза къинхетам бу муъма-нахана, шеца йа сихха йолчу гергарчу хенахь, йа тIаьхьа тIейогIучу хенахь хуьлуш болу ме́л бахьана долуш: [Йа тера вуй, (ийманах къастарца) велла хиллачул тIаьхьа Оха (нийсонан некъ гайтарца) ден а вина, нахана юкъахь дIавахавалийта Оха шена нур делла верг, юкъара ара а ца валалуш боданаш юкъахь хиллачух?].[80]  

ШолгIаниг: Дагна оьшуш долу кхо хIума ду:

- Шен ницкъ лар беш долу бахьанаш, Делах тешар а, дика Iамал а, Iибадатан вирдаш а санна долу.

- Зене долчу хIуманех иза лардар, ерриг Iесаллех генаваларца а, мегаш доцучунна генаваларца а.

- Массо вочу хIуманах дог цIена латтор, Деле тоба а деш, Деле гечдар а доьхуш.

КхоалгIаниг: Сино шена тIехь толам баккхарна дарба дар. Сино толам баккхарна ши дарба ду: сине даим хаттам беш хилар а, синна дуьхьало йар а.

Амма хаттам беш хилар – иза шина кепара ду:

А) Муьлхха а Iамал а, гIуллакх а дале хьалха бан беза хаттам. Цуьнан диъ хаттар ду:

1. ХIара Iамал а, гIуллакх а сан ницкъ кхочуш ду, йа дац?

2. ХIара Iамал а, гIуллакх а ас дича суна гIолий хир дуй теша, ца деш Iаддуьтучул?

3. ХIара Iамал а, гIуллакх а ас Делан доьхьа деш дуй-те?

4. Нагахь санна суна хIокху Iамалехь а, гIуллакхехь а гIо дан стаг оьшуш хилахь, кхачаме гIо дан накъостий хир буй-те суна?

Нагахь санна шен оцу хаттаршна жоьпаш делахь, ша юьхьар лаьцна гIуллакх дан мегар ду, амма жоьпаш дацахь – цкъаъа иза дан ца деза.

Б) ГIуллакх динчул тIаьхьа бан беза хаттам. ХIара а кхаа кепара бу:

1. Делан хьокъех лаьцна шен сине хаттам бар, сино кхоччуш чекх ца даьхначу лекха хинволчу АллахIан хьокъех лаьцна хаттам бар. Лекха хинволчу АллахIан хьокъех ду: деш дерг Цуьнан доьхьа дар, Цуьнца юкъаметтиг чIогIа хилар, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаьхьавазар, Дала шена динчу диканна тешалла дар, Цо шех бинчу къинхетамца тешалла дар, цу массо хIуманал тIаьхьа Ша Цуьнан хьакъ кхоччуш кхочуш деш ца хиларца тешалла дар.

2. Ша ца деш Iаддитинехьара гIолий хилла хир долчу хIора гIуллакхах лаьцна шен сине хаттам бар.

3. Ша ца динчу мегаш долчу хIуманах лаьцна а, йа ша даим лелош хиллачу хIуманех ша ца динчух лаьцна а хаттам бар: иза ша Дела доьхьа дитиний, эхарт дезаш дитиний, ша толаме хилийтархьама, йа дуьнена доьхьа дитина, и бахьанехь ша эшаме хуьлуьйтур волуш.

 И дерриг хIума чулоцуш, юкъарчу дешнашца аьлча: цо доьххьара хаттам бан беза шен сине парз долчу хIуманех лаьцна, тIаккха цо уьш кхочуш дан деза нагахь санна эшаме делахь. Цул тIаьхьа шен сине хаттам бан беза мегаш доцучу, хьарам хIуманех лаьцна, тIаккха шена ша цхьа хьарам дерг диний хиъначул тIаьхьа, иза дIадайъа деза цо тоба дарца а, гечдар дехарца а.  Цул тIаьхьа цо хаттам бан беза шен дегIан меженаша лелийначух лаьцна, цул тIаьхьа цо хаттам бан беза ша гIопул хиларх лаьцна.[81]

ДоьалгIа хIума: ШайтIано шен дагна тIехь толам баккхаран цамгарна дарба дар.

ШайтIа адаман мостагI ду. ШайтIанах дIакъастар а, цунах ларвалар а ШарIо магийначу агIор, бусалба дино магош долчу бахьанашца хила деза. АллахIа магийна долчу ишттачу бахьанех ду АллахIаца шайтIанах ларвалар, Цуьнга шайтIанах ларвар дехар. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен доIанехь цхьаьнатоьхна синан вонах ларвар дехар а, шайтIанан вонах ларвар дехар а. Делера салават а, салам а хиларо аьлла Абу Бакаре: «Ахь ала:

اللَّهُمَّ فَاطِرَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ، عَالِمَ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ، أَنْتَ رَبُّ كُلِّ شَيْءٍ وَمَلِيكُهُ ، أَشْهَدُ أَنْ لاَ إِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ، أَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ نَفْسِي، وَمِنْ شَرِّ الشَّيْطَانِ وَشِرْكِهِ، وَأَنْ أَقْتَرِفَ عَلَى نَفْسِي سُوءًا، أَوْ أَجُرَّهُ إِلىَ مُسْلِمٍ.

«АллóхIумма фáтIирос-самáвáти вал-ард, Iáлимал-гIойби вашшахIáдахI, робба кулли шайъин ва малúкахI, ашхIаду анлá илáхIа иллá анта, аIýзу бика мин шарри нафсú, ва мин шарриш-шайтIóни ва ширкихI, ва ан акътарифа Iалá нафсú сýан, ав аджуррахIý илá муслим».[82]

Ахь иза ала, хьой Iуьйренга ваьлча а, суьйренга ваьлча а, хьой (дIавижа) хьайн метта ваьлча а».[83]

Деле шайтIанах ларвар дехаро а, Далла тIе болх билларо а, «ихлас» хиларо а ларво стаг шайтIано толамбаккхарх.[84]

Делера салават а, салам а хуьлда Цуьнан лай а, элча а волчу Муьхьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна массарна а, къемат де кхаччалц диканца царна тIаьхьа мел ваьзначунна а.


 

 

 

?


 

Билгадаккхарш а, доIанийн маьIнеш а


 

[1] Сурат «Фуссилат» 44 аят.

[2] Сурат «Ал-Исрóъ» 82 аят.

[3] Сурат «Йунус» 57 аят.

[4] Сурат «Ал-Iанкабýт» 51 аят.

[5] Рукъйат – дарба лелош доьшуш долу хIума ду. Иза мегаш дерг а хуьлу, мегаш доцург а хуьлу. Мегаш дерг – Къуръана тIера а, Суннатера а дерг а ду, шен маьIна девзаш долу дика доIанаш а ду. Иштта доцург мегаш дац, хIунда аьлча и дешнаш жинашца уьйр йолуш хила а тарлуш долу дела, царна юкъахь Делаца накъостий лецаран маьIна а хила мега дела.

[6] Iаджва – хурманан цIе ю. Хурманаш тайп-тайпана хуьлу, церах цхьаъ Iаджва ю – хьажочу пIелган кхоалгIа дакъа санна, йа ах пIелг санна еха а йолуш, Iаьржачу басахь а йолуш, Мединатехь кхуьуш ю иза. Мединатехь хурманаш юхкучу меттехь и цIе яьккхича евзаш ю иза. Механа кхечу хурманел еза а хуьлу и.

[7] Сидр – лотос а, набкъ а цIе йолу дитт ду, жима а долуш, нийса шера а, кIайн а генаш а долуш, иштта шера гIаш а долуш, ул-уллохь гулделла кегий зезагаш а долуш, баа мегар болуш мерза стом а болуш. И дитт кхуьуш ду Мисрехь (Египтехь) а, цунна герга йолчу Къилбаседа-Африкин мехкашкахь а. «Ал-МуIджамул-ВаситI», 898 агIо.

[8] «Со ларло АллахIаца, Цо Шена генадаьккхина долчу шайтIанах». «АллахI – Иза воцург кхин дела вац, дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна; Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг; мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр дерг, Цуьнан пурбанца бен? Царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна, Цунна лиънарг бен; стигланаш а, латта а чулаьцна ду Цуьнан «курсийй», и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна, лекха верг а, воккха верг а ву Иза». [Айатул-Курсий].

[9] «Оха хаийтира Мусанна: - «Охьатаса хьайн Iаса» - аьлла, эццахь цо дIакхаьллира цара суьрта куьцехь хIоттийнарг. ТIаккха бакъдерг гучуделира, цара деш дерг харц хилира. Эшийра уьш цигахь, сийсаз хилла юхабевлира уьш. Бозбунчалла лелориш ийгира тIаккха сужуде охьа. Шаьш олуш: «Тхо тийши Iаламийн Делах. Мýсáнан а, ХIарунан а Делах». [Сурат «Ал-АIроф», 117 – 122 аяташ].

[10]  «ФирIавна элира: «Схьавалаве суна массо говза мел волу бозбунчалла лелориг». Ткъа и бозбунчалла лелораш схьакхаьччи, Мусана (цаьрга) элира: «Охьакхосса шаьш кхуссур ерг!». Цара охьакхоьссича, тIаккха Мусана элира: «Аш динарг бозбунчалла ду! Баккъалла а, АллахIа дохор ду иза, бакъдолуш АллахIа туо ца йо бохамаш бечеран Iамалш. Бакъдерг бакъдо Цо Шен дешнашца, вочу нахана иза ца дезахь а». [Сурат «Йýнус» 79 – 82 аяташ].

[11] ×Цара элира: «ХIай Муса! Ахь кхуссур ю доьххьара, йа тхо хир ду доьххьара кхуссур ерш?» Цо элира: «ХIан-хIа, аш кхосса аш». ТIаккха церан тIергаш а, Iасанаш а тарйелира цунна лаьттахь лелаш йолуш санна, цара динчу бозбунчаллех. Ша шена кхеравелла карийра тIаккха Мусана. Оха элира цуьнга: «Ма кхера! Бакъдолуш хьо ву лекхара верг! Ахь охьакхосса хьайн аьтту куьйгахь ерг, цо дIадуур ду цара динарг, цара динарг бозбунчаллин мекарло ю, ткъа бозбунчалла лелочо хIуъа дича а декъала хир вац иза». ТIаккха ийгира бозбунчалла лелораш сужуде охьа, шаьш олуш: «Тхо тийши ХIарунан а, Мусанан а Делах!Ø.  [Сурат «ТIóхIá» 65 – 70 аяташ].

[12] «Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!» ×Ахь ала: хIай АллахIах ца тешарш (керста нах)! Ас Iибадат (лолла) ца до аш Iибадат (лолла) дечунна! Шу а дац Iибадат деш ас Iибадат дечунна! Со а вац Iибадат деш (йа дийр долуш) аш Iибадат динчунна! Шу а дац Iибадат деш ас Iибадат дечунна! Шун шайн дин ду, сан сайн дин ду!Ø. [Сурат «Ал-Кáфирýн»].

[13] «Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!» ×Ахь ала: Иза – АллахI ву, Цхьаъ волу! Даим дийна волу, Шена цхьаьнггара хIумма а оьшуш воцуш, массарна а Ша оьшуш волу! Цхьа а вац Цунах схьа-ваьлла, я дех-ненах схьаваьлла а вац Иза! Накъост хилла а вац Цуьнан цхьа а!Ø [Сурат «Ал-Ихлáс»].

[14] «Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!» ×Ахь ала: Со ларло сатасаран Делаца! Цо кхоьллинчу массо хIуманан вонах! Бодане буьйса тIееъча, цуьнан вонах! Шеддашна тIе хIупп бохучу зударийн вонах! ХьагI йолчуьнан вонах, цо хьагI лелочу хенахь!Ø [Сурат «Ал-Фалакъ»].

[15] «Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!» ×Ахь ала: со ларло адамийн Элаца! Адамийн Паччахьца! Адамийн Делаца! Дела хьахийча гучара долучуьнан (вонах), дагчу вон ойланаш туьйсучуьнан вонах! Адамийн дегнаш чу вон ойланаш кхуьссуш долчу! Адамашха а, жинашха а долчунах!Ø. [Сурат «Ан-Нас»].

[16] «Воккхачу АллахIе доьху ас, доккхачу Iаршан Деле доьху ас хьо туо вар». [Абу Давуд, Тирмизий].

[17] «Со ларло АллахIаца а, Цуьнан ницкъаца а, сайна сайн дегIехь карочу хIуманан вонах а, со шех кхоьруш долчу вонах а». [Муслим].

[18] «Йа АллахI! ХIай адамийн Дела! Вон (лазар) а дIадаккха Ахь, дарба а де Ахь, Хьо ву-кх дарба дийриг, Хьоьгара доцург кхин дарба а дац-кх, цхьаъа лазар дуьтур доцу дарба де Ахь». [Муслим].

[19] «АллахIан кхачаме долчу дешнашца ларло со массо шайтIанах а, вочу экханах а, массо вочу бIаьргах а». [«Фатхьул-Бари», 6/408].

[20] «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманийн вонах». [Муслим].

[21] «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца Цуьнан оьгIазлонах а, Цуьнан Iазапах а, Цуьнан лайн вонах а, шайтIанийн вочу ойланех а, уьш сайна доьхьал дахкарх а». [Абу Давуд, Тирмизий].

[22] «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, дика стаг а, вон стаг а шайл тIех валалур воцуш долчу, Цо кхоьллинчу а, динчу а массо хIуманийн вонах, стиглара охьадуссучу массо хIуманан вонах, стигала хьаладолучу массо хIуманан вонах, лаьтта тIехь дIасадаьржина долчу массо хIуманан вонах, лаьтта тIера хьаладолуш долчу массо хIуманан вонах, буьйсанан а, дийнан а питанийн вонах, буьйсанна адамашна тIеоьхуш долчеран а вонах, диканца тIедогIуш дерг  доцург. ХIай Къинхетаме верг (ас доьху Хьоьга)!». [Ахьмад (нийсачу иснáдаца), Ибн Сунний, «МаджмаIуз-Завáид»].

[23] «Йа АллахI! ХIай ворхIе стигланийн Дела, лаьттан а Дела, доккхачу Iаршан а Дела, хIай тхан а, массо хIуманан а Дела, буьртиг а, хурманан лаг а кхиош волу Дела, хIай Таврат а, Инжил а, Къуръан а доссийна верг, со Хьоьца ларло массо хIуманан вонах, Хьо ву иза керахь долуш верг. Хьо ву Хьалхарниг, Хьол хьалха хIумма а хилла дац, Хьо ву ТIаьххьарниг а (массо белча а вуьсур верг, Хьайн сифаташца), Хьол тIаьхьа хIумма а дац, Хьо ву толаме верг, Хьол лекха хIумма а дац, Хьо ву Къайлах верг (а, къайлах дерг хууш верг а), Хьол герга хIумма а дац». [Муслим].

[24] «АллахIан цIарца доьшу ас хьуна, хьуна зен мел-дечу хIуманна доьхьал, массо вочу синна доьхьал, хьагI йолчу бIаьргана доьхьал, АллахIа дарба дийр ду хьуна, АллахIан цIарца доьшу ас хьуна». [Муслим].

[25] «АллахIан цIарца! АллахIа туо вийр ву хьо, массо цамгарна Цо дарба дийр ду хьуна, хьагI лелочо хьагI лоцучу хенахь Цо ларвийр ву хьо, бIаьрг хуьлуш волчуьнан вонах а Цо ларвийр ву хьо». [Муслим].

[26] «АллахIан цIарца доьшу ас хьуна, хьуна зен мел дечу хIуманна доьхьал, хьагI йолчуьнан хьагIана а доьхьал, бIаьрг хуьлуш волчунна а доьхьал, АллахIа дарба дойла хьуна». [Ибн МáджахI].

[27] Сурат «Къоф», 9 айат.

[28] Ахьмад, Тирмизи, Ибн МаджахI, Албанис нийса ду а аьлла иза.

[29] «Ал-МуваттIаъ», Имам Мáлик; Ибн МáджахI; Ахьмад. Кхин а хьо хьажа: «Зáдул-МаIáд» 4/170, «Ассóримул-Баттáр», 229-252 агIонаш.

[30] «Ас-Сунан», Абу Давуд; «Зáдул-МаIáд», 4/163.

[31] «Ас-Сунан», Абу Давуд. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Сáбит ибн Къайсана дина иза иштта.

[32] «Ал-Муснад», Имам Ахьмад.

[33] Тирмизий.

[34] Сурат «Аш-Шýрó», 30 айат.

[35] Къовларш юкъахь дерг соьгара ду. Гочдархо.

[36] Бухарий.

[37] Ибн МáджахI. Нийса хьадис ду иза, хьажа: «Сахьихь Ибн МаджахI», Шейх Ал-Албáнúй.

[38] Сурат «Ал-Инсан», 9 айат.

[39] Муслима дийцина и хьадис.

[40] «Йа АллахI! Сан дин туо де Ахь суна, сан белхан лардархо долу; сан дуьне а туо де Ахь суна, шена чохь сан дахар долу; сан эхарт а туо де Ахь суна, сан воьрзу меттиг йолу; сан дахар суна массо дикчу хIуманехь со сов волуш де Ахь; со валар со массо вочу хIуманах паргIат волуш а де Ахь». [Муслим].

[41] «Йа АллахI! Хьан къинхетаме дог доху ас, ткъа Ахь со ма витахьа сох сайх воьзна, бIаьрга негIар тухучу юкъана а; сан ша долу гIуллакхаш туо а дехьа, Хьо воцург кхин дела вац».

[42] Ахьмада дийцина иза; Хьáкима а дийцина иза, нийса ду а олуш, ЗахIабийс цо аьлларг тIе а чIагIдина.

[43] «АллахIан цIарца! Вайн латтанах латта ду, вайн туйнаца цхьаьна, вайн цомгаш верг туолур ву, вайн Делан пурбанца». [Бухарий, Муслим].

[44] «Шархь Сахьихь Муслим» 14/184, Ан-Нававий; «Фатхьул-Бáрú» 10/208, Ал-Iаскъоланий; «Зáдул-МаIáд» 4/186, Ибнул-Къаййим.

[45] Сурат «Ал-Хьади́д» 22-23 айаташ.

[46] Сурат «Ат-ТагIóбун» 11 айат.

[47] «Вай АллахIан ду, вай Цуьнга доьрзур долуш а ду! Йа АллахI! ХIокху баланехь суна ял а ло Ахь, хIокхул тIаьхьа кхин а гIолий хIума а ло Ахь». [Муслим].

[48] Тирмизийс дийцина и хьадис.

[49] Бухарий.

[50] Бухарий, Муслим.

[51] Муслим.

[52] Муслим.

[53] Тирмизий, Ибн МáджахI.

[54] Тирмизий, Ибн МáджахI.

[55] «Йа АллахI! Баккъалла а Хьан лай ву со, Хьан лайн кIант а ву со, Хьан лай йолчу (сайн ненан) кIант а ву со, сан болх Хьан керахь бу, Хьан хьукм суна тIехь чекхдолуш а ду, Ахь йина кхел суна нийса а ю. Ас Хьан массо цIарца доьху Хьоьга, Ахь Айхьа Хьайна яьккхина йолчу, йа Ахь Хьайн Жайни тIехь йоссийна йолчу, йа Ахь Айхьа кхоьллинчу Хьайн кхолларна цхьанна Iамийна йолчу, йа Ахь Хьайна гергахь Хьайн къайленехь сацийна йолчу – Къуръан сан деган бIаьсте йар, сан кийран нур иза дар, сан сингаттам дIаойъуш дерг иза дар, сан сагатдалар а дIадоккхуш дерг иза дар». Ахьмада дийцина и хьадис, Алба́нийс нийса ду а аьлла иза.

[56] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца сингаттамах а, сагатдаларх а, кIелвисарх а, малонах а, сутараллех а, осалаллех а, декхаро лацарх а, суна тIехь толам баккхарх а». Бухарис дийцина хьадис, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – и доIа дукха дора аьлла.

[57] «АллахI воцург кхин дела вац, воккха а ву Иза, сих луш воцург а ву Иза. АллахI воцург кхин дела вац, доккхачу Iаршан да ву Иза. АллахI воцург кхин дела вац, стигланийн Эла ву Иза, лаьттан а Эла ву Иза, сийлахьчу Iаршан да а ву Иза». [Бухарий, Муслим].

[58] «Йа АллахI! Хьан къинхетаме дог доху ас, ткъа Ахь со ма витахьа сох сайх воьзна, бIаьрга негIар тухучу юкъана а, сан ша долу гIуллакхаш туо а дехьа, Хьо воцург кхин дела вац».

[59] «Хьо воцург кхин дела вац, (кхачамбацарех) цIена ву Хьо! Баккъалла а, со зулам динчерах хилла-кх». [Тирмизий, Хьаким].

[60] «Алла́хI, АллáхI ву сан Дела; ас Цуьнца цхьанне агIор накъост веш вац». [Абу Давуд, Тирмизий, Ибн МаджахI].

[61] «Со ларло АллахIаца а, Цуьнан ницкъаца а, сайна сайн дегIехь карош долчу вонах а, со шех кхоьруш долчу вонах а». [Муслим].

[62] «Воккхачу АллахIе доьху ас, доккхачу Iаршан Деле доьху ас хьо туо вар». [Тирмизий, Абу Давуд].

[63] «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цуьнан оьгIазлонах а, Цуьнан Iазапах а, Цуьнан лайн вонах а, шайтIанийн вочу ойланех а, уьш сайна доьхьал дахкарх а». [Абу Давуд, Тирмизий].

[64] ХIара хьадис Бухарис а, Муслима а, кхечара а дийцина ду. Вайна ма-хаъара, дагар долчуьнан хьаж тIе шийла хица бехчалг йиллича дика ду. Ткъа оцу хьадисан маьIна деш Iелам-наха цу хьадисах лууш дерг иштта билгалдаьккхина:

- цу хьадисехь дуьйцуш долу дагар шело бахьана долуш хилла дагар дац, довхачу мехкашкахь йовхо бахьана долуш хилла дагар ду; цундела шена тIе шийла хи доттар довхачу мехкашкахь йовхонах дагар хиллачунна бен мегар дац, масала Iаьрбойн ах-гIайре тIехь волчунна а, Африкехь волчунна а, иштта дI. кх.;

- дагарийн бахьанаш тайп-тайпана хуьлу, цундела лоьро аьлла дацахь дагар долчунна мегар дац шийла хи лелор, хIунда аьлча шело бахьана долуш, йа цхьа кхин хIума бахьана долуш дагар долчо шийла хи лелийча иза кхин а чIогIа цомгаш хуьлу дела;

- дагар совдаьллачунна тIера хьогах волчунна сагIийна хи малийча, цомгаш волчунна дарба хиларан бахьана хир ду иза Дала мукъа лахь. Лазар а, цамгар а, бала а бухатохар доьхуш сагIа далар чIогIа дика хIума ду, цхьадолчу хьадисашкахь деана ду, хьогах волчунна хи малор чIогIа дика сагIа ду аьлла. Хьажа: «Фатхьул-Бари Шархь Сахьихьил-Бухари», Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланий, 10/216. 

[65] Къовларш юкъахь дерг соьгара ду. Гочдархо.

[66] ХIара дарба а, цуьнан тешаллаш а хьуна карор ду хIара жайна яздина волчу Шейх СаIид Ал-КъахьтIанийн кхечу шина жайни тIехь: «Áфáтул-лисáн» а, «Ал-Хьикмату фиддаIвати илаллóхI» цIе йолчу шина жайни тIехь.

[67] Буха́рий, Муслим.

[68] Кхузахь Ибн ШихIáба – Дала къинхетам бойла цунах – ала лууш дерг иштта ду: оцу айатан маьIна санна, цу хьадисан маьIна а хIара ду: цу Iаьржачу тмино дарба дан тарлуш йолчу массо цамгарна дарба ду иза. 

[69] Сурат «Ан-Нахьл», 69 айат.

[70] Бухарий; Ибн Хьажар Ал-Iаскъоланий, «Фатхьул-Бари» 10/137; Ибнул-Къаййим, «Зáдул-МаIáд» 4/50.

[71] Муслим, БайхIакъий, ТIабараний; Ал-ХIайсамий, «МаджмаIуз-Завáид».

[72] Ибн МаджахI а, кхиберш а.

[73] Тирмизий, БайхIакъий.

[74] «Зáдул-МаIáд», 4/393.

[75] Сурат «Аш-ШуIарóъ», 88-89 ши айат.

[76] «ИгIóсатул-лахIафáн мин масóидиш-шайтIóн» 1-7 а, 73 а агIонаш, Ибнул-Къаййим.

[77] Уьзза жайна.

[78] Сурат «Юнус», 57 айат.

[79] Сурат «Ал-Исрóъ», 82 айат.

[80] Сурат «Ал-АнIам», 122 айат.

[81] «ИгIóсатул-лахIафáн», 1/136 агIо, Ибнул-Къаййим.

[82] «Йа АллахI! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллина верг! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш верг! ХIай массо хIуманан Эла, массо хIуманан паччахь верг! Ас тешалла до Хьо воцург кхин дела цахиларца. Сайн синан вонах ларло со Хьоьца, шайтIанан вонах а, цуьнан ширках а лар ло со Хьоьца, ас айса сайна вониг дарх а, йа и вониг кхечу бусалба стагана тIе де́хьадаккхарх а лар ло со Хьоьца».

[83]  Тирмизий, Абу Давуд.

[84] «ИгIóсатул-лахIафáн», 1/145-162 агIонаш, Ибнул-Къаййим.

__________________________________________________
 

ХIокху жайница догIуш долу кхидолу жайнаш:

Бер ца хиларан дарба

Рукъйат

 

 

Коьрта агIо     Жайнийн цIерш