Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

 

НЕНАН МЕТТАН ДИЦЛУШ ЛАЬТТАЧУ ДЕШНИЙН МАЬIНАШ

 

А

 

абат /ду/ — магийнчу рогIехь дIахIиттийна элпаш /азбука, алфавит/

абат /ю/ — аьзнаш, элпаш /йоза-дешар/ Iамо книга /букварь/

агIаз /бу/ — жима гезг

агIо /ю/: книгин агIо /страница книги/

агIо /ю/: гонахара агIо /сторона/

агIо /бу/ дегIан ха ду /бок/

атлам /ду/ — хьеран кеманан дакъош вовшахлатош, тухуш хилла атланаш /скобаш/

арахис /ю/ — лаьттан бIар /земляной орех/

аркхо /ю/ — нускалан кирхьа дIаолла тосу тIийраг

алха — къажбан, самсабаккха /тIаргIа/

алхар — къажбар, самсабаккхар /тIаргIа/

алхийта — къажбайта, самсабаккхийта /тIаргIа/

ахкарг /ду/ — юккъе хи хIуттуш, мачо кога кIелара я цуьнан пIелга тIера чкъор совсор

айп /ду/ — сакхт

айпе — сакхте

акха — декха

ал — таьIна-боьмаша, таьIна-цIен

амалт /ду/ — стагах тешийна дитина хIума

аре гезъян — аре идо

ант /ду/ — кхачамбацар, сакхт, ледарло, гIалатло

асар /ду/ — чIогIа хаалуш болу синхаам /страсть, сильное чувство/

ашуг /ву, ю/ — илланча, иллиалархо

ача, очу, аьчна /хьаша, хьошу, хьаьшна/

ача /ю/ — е чохь чIагIделла чкъор, таш /накипь/

ачо /ю/ — хьагI, гамо, цабезам, хьу.

акхтарг  /ду/ — детин  басахь чкъор а, нийса гIад а долу, толлан кепара дитт /тополь серебристый/

 

Аь

 

аьлча /бу/ — 1)  гIулган агIо; 2)  аьтто

аьхза — осала, цIармата

аьхзалла /ю/ — цIарматалла, осалалла

аьрзу /ю/ — хьаьвзина зIок йолу, нуьцкъала, акха, ламанан я аренан олхазар /орел, беркут/

аьста /ю/ — дечиган чкъор доккху гIирс

аьрша /ду/— 1/ ворданан гIуркх; 2/ метрал кIезиго йохалла

 

Б

 

бага — буста, хазбан /некъ/; тега, хазбан, хабо /басма/

бага /ду/ — мехийн кепара деха, дуткъий гIаш а, горгий стоьмаш а хуьлуш долу дитт /сосна/

бага /ю/ — бат, бетан чоь

баймакх /бу/ — 1/ боккха ког, 2/ чен ког

балл   /ю/ — юуш  ерг, стом, муттане таьIна-цIен стом а, цуьнан дитт а

балл /ду/ — тоьпан хиэна тIе биргIа чIагIъен чIуг

бал /бу/— 1/ хелхар; 2/ кехатех ловзар

базаръачу /ду/ — шатайпа бага кхорзу туьха

бажа /ву/ — шина йишин ши майра

база /ду/ — елка, Iай а, бIаьста а сийна лаьтта дитт

бакъе /ю/ — кIадинан а, кехатан а, орденан а, медалан а бакъ агIо, ткъа харце /ю/ — харц агIо.

бакъо /ю/— 1/ Iилманехь хиламийн юкъаметтигаш а, законаш а билгалден некъ;

2/ халкъан оьздачу гIиллакхаша а, пачхьалкхо а хIиттийна а, ларъеш а йолу бакъонаш а, норманаш а.

баттам /ю/ — жима кIудал

баьхьа /бу/ — дечиган бел

бекх /ю/ — кетар, тулуп

берч /ю/ — дукха дIахьекхалуш, дегIан дилхан чкъор стамлуш, чIагIлуш хIоьттина бог /мозоль/

бевдала — дIакъаста, шадала

бежаIуьнабаппа /ю/ — орамат, мохохьуриг, можа зезагаш а, мохо довдош чоьш а долу орамат

берданг /ю/топ

баIар /бу/ — чу атарш юхкуш, гех баа кечбина кхача

битам /бу/ — амат

бол /бу/ — хьеран ял

борш /ю/ — старгIа /бычок/

борщ /ю/ — чорпа

бошто /ю/ — шо кхаьчна бож

бочабIар /ду/—доккха бIар

бIаьллангабIар /ду/ — жима бIар

бIежу /ю/ — лаьттах даьккхинчу Iуьргахь еха гезг

боргIал /ю/ — нIаьна

балам /бу/ — белш

бероза — къорза /котам/

бухта /ю/ — хIордан залив, айма

болар /ду/ — боларахь, меллаша яхар

бугIул /ю/ — белшах тосу тIоьрмаг /рюкзак/

барч /бу/ — 1/ хечин хьуьнжар тIетосийла, 2/ баьрчера меттиг

баьрче /ю/ — баьрчера, сийлаллин меттиг /почетное место/

боьлак /ю/ — къона, жима хьун

бумзи /ю/ — кIади

буркъаш /ю/ — хи тIехулара сийсаш хилар

буппаз /ю/ — чхьоч, стомма, дерстина адам

бурсанаш /ю/ — коьллаш, юькъа, луьста коьллаш

бургат /ю/ — жима хорбаз

бурко /ю/ — йовхо, йовхонан тов, тIех йовхо /зной/

бIоста /ю/ — дагаран шуьйра агIо

бIарза /ю/— 1/ вир; 2/ пондаран мерзашна кIел юьллу дечиг

бIарлагIа /ю/ — гIаларт

бурам /ду/ — адамаш, ворданаш, машинаш хих дехьайоху паром

буьйр /ду/ — омра /приказ/

бангIара — ший а бIаьрг чуьчча хьоьжург

буьйра /ду/ — хIоьа чуьра юккъера можа дакъа

бIаьлланг /ю/ — бууш болу стоьмаш — кегий бIараш тIехь хуьлу колл /орешник/

бIорзгал /ю/ — вон сагург

 

В

 

ватт /ду/ — дебо, кхио даьхни далар

варкхал /ю/ — тхов тIе чIагIонна йиллина дечиг /сторпал/

варш /ду/ — юькъа, луьста хьун

вехьар — кIадвелла, сиха садеIар

валти /ду/ — аганан жима гоь

васхал /ю/ — хIума дIаюьллу терхи, хIума дIауллу гажалг, хьостам

вескет /ю/ — мескат, меха /цIоканан тай/ хадо кечдина у

васхалъяккха — гучу метте, лакхаяккха

воьта /ду/ — 1/ шен гIодах эханг ден хьаса а, хIух даьтта а доккху буц; 2/ цуьнан хIух кечбина кхача

вовхатар /ву/ — маьхчил тIаьхьара гергара стаг

вотангар /ю/ — текхарг

вескет /ю; ду/ — 1/ мескат; 2/ весет

вета /бу/ — тех юцуш йина кучан горга нуьйда

 

Г

 

гала  /ду/ — гала-гIожмех ловзуш, бераша ловзош йолу дечиган ехо-горга хIума

гирда /бу/ — 12 кг чуйоьду жима моьрка

гоьмукъ я  гоьмагI  /бу/ — генна хьалха тIамехь лелош хилла, гIуркх санна, беха цамза

гахIар /ду/ — кIади тIехь, бедар тIехь хуьлу киртигаш /дакъош/

гипербола /ю/ — хIума дестош дийцар

гечо /ду/ — хи гомха долу меттиг /брод/

гиба /ю/ — шуьйра бертиг йолу кхийра кхаба

гаьллаш   /ю/ — дуьрстан  тIехь хуьлуш йолу аьчган говрана багаюхкурш

герма /гарма ю/ — патарми чу буллу бехчалган, я кехатан, я бIегIиган тIус /пыж/

гуй /ду/ — жIаьлина доьша дутту ной

гоьрда  /ду/ — уггаре а чIогIачу болатан тоьлла тур /гурда/   /пхьеро ГIоьрдас динчу туьрах аьлла гоьрда, цул сов, вайн турпалаллин иллешкахь а цу туьрах гоьрда олу/

гел /ю/ — тIергаца хьовзош чIагIъеш, хIума дIайоьхку дечиг

гезъян — идо

гул /бу/ — хиэнан я кхечу диттан хадийна даьккхина гIад

ге /ю/ — нанапIелганий, хьажочу пIелганий юккъера юкъаметтиг

галц /ю/ — ор долчохь кхоссаялар, залк

гаьзло — аьрру куьйга гIуллакх дийриг, болх бийриг

гIала /бу/ — стен сай, шоьккаре

гIайна /ду/ — тоьгуна, тир

гIайна дар — тоьгуна дар, тир яр

гIазанча  /ву, ю/ — дежурни, шен рогIехь белхан декхар кхочушдийриг

гIарол /ю/ — сахьтан цамза

гIарол /ду/ — ха

гIатакх /ду/ — кхоам бар, таро яр

гIаролхо /ву/ — часовой, хехо

гIирт  /ю/— 1/ стоьмийн даа ца мега чкъор;  2/ бедар бехъеш цунна тIелеттарг

гIагI /ду/ — хьалхалерчу заманахь тIамехь лаза ца вайта лелош хилла метталлан чIагарех еш хилла бедар

гIина /ду/ — месийн басар

гIире — кIоршаме, кхоьлина, оьгIазе

гIирс /бу/ — коьчал, ортхал

гIийбат /ду/ — эладита, цадогIург дийцар

гIиргIа /ду/ — куьйранан а, лечанан а тайпанара, даккхий тIемаш долу олхазар /кобчик/ гIонжагIа /ду/ — охьа  ца  йожийта, нуьйра тIе хIума дIайоьхку доьхка, нуьйран доьхка /торока/

гIурчо /ю/ — черманан хIоз

гIели /ду/ — гIумгIа хазъян цунна тIехула дуьллу металлан чкъор

гIаргIа /ду/ — акхтарган кепара дитт /вид тополя/

гIос /бу/ — цинц, дакъа

гIореш /ду/ — 1/ вертанна деш долу басар; 2/ цомгушниг гIоле хилийта тIехаош лело дарба

гIота /ю/ — жоьла, уьстагIий Iалашден меттиг

ГIоба /ю/ — Кубань

гIобанхо /ву, ю/ — кубанец, кубанка

гIов /ю/ — дитташна  а, гIашна а, тхевнна а, пенна а тIебиллина ша.

гIумгIа /ю/ — хи дуттуш лело хIума

гIордаз /бу/ — яккхий киртигаш йолу ков бу /рашпиль/

гIомалла /ду/ — гIам хилар /колдовство/

гIарбу /ду/ — вертанан Iаьржа басар

гIарлу /ю/ — нох цIандеш йолу хIума

гIама /ю/— 1) тур, 2)  алах я чах йина жима рагI

гIиргIазо /ву, ю/ — киргиз, киргизка

гIоьмеш /ю/ — куьйгехъюхкурш /наручникаш/.

гIаккхар — агIор хьуьйсуш бIаьргаш берг

гIуьнжара — цхьа бIаьрг агIор хьоьжург

 

Д

 

дага /ю/ — дагаран гIаж

дак /ду/ — толлан кепара, кIеда, месала дитт /верба/

дакх /ду/ — гIода тIехь кIайн чкъор а, даккхий гIаш а долу дитт /береза/

дажал /ву/ — ницкъ болу стаг

дарта /ю/ — тодакх /дрофа/, деха лаг а, нуьцкъала когаш а болу аренан доккха олхазар

даста /ду/ — пхи цIока

дастама — ирча

дайлла — дайн хилар, деза цахилар

дацой, деций /ду/ — ламанан уьстагIий

дера /ду/ — бецаш йохош схьаяхар /потрава/

дерадуьллург /ю/ — кхаьнчатосург /лобогрейка/

дирша /ю/ — маIаш йоцу бежан

до /ду/ — лергахь хуьлу балозах тера хIума

дол /ду/ — куьйгера гоьле кхаччалц долу пхьаьрсан дакъа

дос /ду/ — дечиг

досбух /ю/ — даго дечиг кечден меттиг

дот /ю/—леррина кечйина пулеметийн точка

дужа /ю/ — цхьа тайпа шийтта хIума /дюжина/

деца /ю/ — дейиша

долма /ю/ — голубцеш /юург/

дола /ду/ — терго, хьожуш, ладугIуш хилар

долла /ду/ — да хилар /отцовство/

долалла /ду/ — долахь дерг, долахь хилар, хьал, бахам

дур /ду/ — говрийн когийн /бергийн/ тата

дурс /ду/ — билгалдар, нийса билгалдар

дуррас — нийсса хилар

дурга /ду/ — накхармезан мутта /нектар/

дургале /ду/ — олхазар, лечкъардиг, мерцхалдиг /стриж, йоца зIок, дехий тIемаш, Iаьржа бос болу жима олхазар

дуьхьлоцу /ду/ — стеран маьIах а тосуш, каралоцу урх

дуушто  /ду/ — шена тIехь бууш болу муьста-мерза цIен стоьмаш  болу, пелаган кепара гIа а, нийса гIад а долу колл я дитт /ясень/

дуьхьарг /ду/ —дуьххьар бехкаш болу къона етт /нетель/

дIама /ду/ — эчиг хадо хIума /зубило/

дIама  /ю/ — ира муцIар а, беха, луьста тIаргIа а болу жима экха /барсук/

 

Ж

 

жамбалт /ду/ — доккха диг

жоммагIа /ду/ — жима диг

жаргIа /ю/ — стен хьакха, нана-хьакха

жаматта /ю/ — жа латто меттиг

жоьла /ю/ — гIота, жа Iалашден керт /кошара, кутан/

жигара   — мало йоцуш, каде, хьуьнаре /активный/

жигаралла /ю/ — каде, хьуьнаре, мало йоцуш хилар /актнвность/

жилIалам /ду/ — Iалам /природа/, лаьтта тIехь, дуьненахь долуш дерг /садолу а, садоцу а хIума дерриге а/

жигархо   /ву,   ю/ — жигара,   хьуьнаре   къинхьегамхо   /активист,   активистка/

жерахь — хьалхехьо

жIамар /ю/ — Iаьнан шелонна  коран бIаьрга тIехь хIоьттина, хаза тIамар /узор/

жIайхо /ву, ю/ — аварец, аварка

жIайрахо /ву, ю/ — джераховец, джераховка

жулар /ю/ — говрана бага юхку гаьллаш йоцу дуьрста

жут /ю/ — олхазарийн тоба

 

З

 

залк /ю/ — ор долчохь оьккху галц /цолк/

замо, /ву, ю-бу/ — нускал майрачун цIа дига баханарш

занжабил /ю/ — Iамбар, тропически бецан ира, хаза чам.

зарзар /ю/ — хаза эшарш локху, боьмаша-сира бос болу хаза олхазар /соловей/

закъалт /ду/—тешамана каралург

зебар /ю/ — лейка, ведаран кепара, трубка йолу хиштухург

зеразакъ /ю/ — 1/ лайх бина лекха барз; 2/ хIума хьалаойу гIирс

зорх /ю/ — дийнатийн юург охьу хьер — желудок животных

зоьпар   /ду/ — йойначу   меженна   и   нисъялийта   тIелато  онда   хIума   /у/

зез /ду/ — готта гIа долу дитт /лиственница/

 

И

 

инжил /ю/ — библин дакъа

инжир /ю/ — къилбехьара дитт а, цуьнан стом а

инкарло /ю/ — резавацар, хьагI, дуьхьал ойла исхар /ду/ — машин тайпа /сукно/

ирко /ю/ — цахIоттар, озавалар, кхерар, сацамбацар

ишлик /ю/ — талба  /ичмик/. нуьйра .кIел, говран букъа тIе, юьллу бIегIиг

 

Й

 

йорт /ю/ — жима  чабол,  кегийра  когаш  бохуш   говр  ядар  /рысца,  мелкая рысь/

йоргIа  /ю/ — цхьабосса  аьтту, тIаккха  аьрру  когаш тухуш,  говр  ядар   /иноходь/

йи /ду/ — пиво

йиз /ду/ — цIастанан я йоьзан тайпа /медь/

йиппар /ю/ — хаза хьожа йолу буц

йилбаздин   /бу/ — йилбазговр,    шайтIанкема    /стрекоза/,   дуткъа   дегI,   даккхий,

сирла, чекхсагун тIемаш долу сагалмат

йилбазкIудал /ю/ — цергашна дарбане йолчу бецан тайпа

йис   /ю/ — баца  тIе   я   дитташ   тIе  диллина   дуткъа  лайн   чкъор   /иней/

йовхатар /ю/ — маьхчил тIаьхьара гергара зуда

инфикс   /ю/ — керла  дош   кхуллуш,  орамна  юккъе  хIутту  аффикс:   кIаг — кIорга,

хьаса — хьаьрса, моз — мерза

йийбар /ю/ — цIера хIуманаш: мотт-гIайба а, пхьегIаш а, кхиерг а

йохкунча /ву, ю/ — шех амалан хIуьмалгаш дохку адам

йоьхуна /ю/ — нускал далийча луш болу там

йоIбIаьрг /бу/—бIаьрган чкъура  кIел долу сагойту горга дакъа  /зрачок/

 

К

 

када — 1/ елха, 2/ кадам бан

кадам /бу/ — 1/ кадам бар; 2/ елхар

кап /ю/ — кеп хIоттор, суртхIоттор

канво /ву/ — лаьцна стаг ларвен гIаролхо

карс /ю/ — аса, муш

Калак /ю/ — Тбилиси

калакойн Iежащ /ду/ — Калакара /Тбилисера/ Iежаш

корсам /бу/ — месала куй санна хеталун, кхуран генаш тIехь, я лаьттахь, я тIулгаш юкъахь  хуьлуш  йолу, я  орам   а,  я заз а  доцу зирхан орамат /мох/

карса /ю/ — еха аса, беха муш карсол /ю/ — хи дало саьнгар

карсхьокхург /ю/ — говран кога тIера хьаьтт

келап /ю/ — туп: ахчанан келап — ахчанан туп

керлахо /ву, ю/ — балха юкъа керла пайде агIонаш ялош вапу къинхьегамхо /новатор/

керч /ю/ — кетар

кит   /ю/ — хIордан йоккха дийнат /иза хи чохь хуьлучу йоккхачу яйнах тера хуьлу/

кийтарло /ю/ — харцдар, бакъцадар, даре цадар /отрицание/

кит  /ду/ — дийнатан  цIоканан  кочалла  чохь латто  жима  тIоьрмаг  /бурдюк/

карчолаг /ю/ — пен  хьаха  кечбинчу  поппарх даьккхина,  бела  тIе диллина дакъа

кирша /ю/ — маIаш йолу хьайба, бежан

ков /бу/—металл шардеш болу, кегийра киртигаш йолу жима гIордаз /напильник/

ковст /ю/ — диттан чкъор

кост /ду/ — дIаала дахьийтина хабар, дош

кож /ю/ — говра тIехь мохь хьон гIирс

командарм /ву/ — эскаран /армин/ командующи

комол /ю/ — хи чохь охьаоьху шан экъанаш

коьчал /ю/ — гIирс, ортхал, инструмент

кочар /ду/ — дууш долчу чкъургийн кочар — тIерга тIе тийсина дууш долу чкъургаш

курс   /ю/— 1/ дешаран заведенин группа; 2/ хохийн а, хорсамийн а, зезагийн а кочарш /пучок, букет/

кула /ю/ — гIовгIа ярца, дIасаидарца, харцахьараллица, сагатдарца, ен новкъарло

курзанаш /ю/ — чу жижиг диллина юург — /пельмени/

куьйра   /ду/ — хьаьвзина йоца зIок а, еха, ира мIараш а йолу акха олхазар /ястреб/

 

Кх

 

кхало /ю/ — кхалор, тIе ча а, латта а тесна тхов /кровля/

кхалор /ю/ — ча а, латта а тIетесна бина тхов.

кхалор /ю/ — ча а, латта а тIетесна бина тхов, кхало /кровля/

кхалкъ /ю/ — шалха чIенг, чIенга кIел севсина дилха

кхарта /ю/ — беран дегIа тIе долу хьар, морзгал /кррь/

кхалгу /ю/ — кхо га долу шеда я дечиг

кхахьам  /бу/ — чоме  хьажа,   хьогамана   ахьар  кхаллар,  сискалгIин  чам   баккхар

кхин /ю/ — шина вешлн ши зуда

кхийраг /ю/ — кхийра пхьегIа

кхимар /ю/ — муцIар, бат

кхоког /ю/ — очакх

кхартматтане — чупара, аьгна юьхь ерг, къорза /юьхь/ — рябой

кормат /ю/ — говзаллин, корматаллин агIо

кхез /ю/ — ледара, гIийла говр

кхер /бу/ — тIулг

кхорбIелиг  /ю/ — сира мас йолу, кIайн-Iаьржа бос болу хьуьнан жима олхазар /чиж/

кхокъали /ю/ — хечин кога тIе тегна чимчаргIа

къепал /ю/ — эмкалийн ковра /караван/

къепе — бегIийла, хила езачу кепара, кепе /удобный, подходящий/

ковра /ю/ — эмкалийн къепал /караван/

къийзаг /ю/ — къийзорг /клоп/

къонза /ду/ — чагIаркъонза /уксус/

къоракхокха — кхокханан кепара жима олхазар /горлица/

къорзалг /ю/ — юьхьа тIера къорза тIадам

къоршкъали /ю/— коьрта тIе гали тесна догIадоьхург

къахьашто /ду/ — гIезан пелаган кепара гIа долу, къаьхьа стом болу, нийса гIад долу дитт /ясень/

къахк /ду/ — тIамаран кепара шуьйра гIа долу аренан дитт /клен/

къуьда /ю/ — гIийла, ледара стогар, къоьгам

къоьгам /   бу/ — къуьда, гIийла стогар къуб /ю/ — коша тIехь кечдина цIа /чоь/

къуьрдиг /ю/ — къурдйоьлла котам /наседка/

 

КI

 

кIац  /ю/ — Iа  дола   гергадахча,  эсарал  алсамо баца тIе я дитташ тIе дуьллуш долу лайн дуткъа чкъор /иней/

кIадо /ю/ — мало, кIедалла, кIеда, мела хилар

кIай /ду/ — 1) тIам; 2)  бIаьрга тIера кIайн томмагIа

кIаркIар /ю/ — хьеран дай чуьра тIулга тIе ялта охьадоуьйту хIума

кIара /ю/ — эсий Iалашден чоь /телятник/

кIес /ю/ — кIесаркIаг /затылок/ болу вортанан тIехьара меттиг кIесаркIаг /затылочная яма/ — вортанан тIехьара кIаг

кIинж /ю/— 1/ чо; 2/ кIинжех ловза кечбина кIаг /кIинжа бу/

кIолла /ю/ — кIон хилар

кIинжа /бу/ — кIинжех ловза, гала чутаса, баьккхина кIаг

кIомалтай /ду/ — кIомалх дина тай кIелхьардиг /ю/ — асаран буц, чхьовг /сурепка/

кIорлагIа /ю/ — вочу стагана хIоттош хилла билгало

кIошт /ю/ — район, участок

кIурам /бу/ — даш доытина, кечдина гIулг /свинчатка/

кIуж /бу/ — кIужал

 

Л

 

лагжайна /ду/ — йоIа коча уллуш хилла дашо хIума

лазартни /ю/ — жима больница /лазарет/

ланга, лонгу /таса, тосу/

лахьа /ду/ — бежан дийна, Iаьннаи жижиг кечдар

лард /ю/ — бух, фундамент /основа/

лега— 1/ оьгу; 2/ хийцало /дожаршца/

лаьнгар /ю/ — аганан тоьк /супник, горшок/

леза /ю/ — йол вордан тIехь сацо буьллуш болу лезанан гIуркх

легар \I эгар, 2/ хийцадалар /дожаршца/

легор /легадар/— 1/ эгор, 2/ хийцар /дожаршца/

лем /бу/ — левар, хеттаршца дийцийтар /допрос/

лахьта /ду/ — коша чохь велларг дIанисван пен аьхкина даьккхинарг

ленгийта — тасийта

леткъа — далхадо, леткъамаш бо

лаппагIа /ю/ — доккха доцу ледара цIа /лачуга, хижина/

лиэшаIиэна

леча   /ду/ — инзаре   чехка   доду,   нуьцкъала,   майра   акха   олхазар   /сокол/

леIа — гулъян

лежиг /ду/ — газанан цIоканан гали

литота /ю/ — хIума жимдеш дийцар

липпар /яу/ — хаза хьожа йолу буц

локхар /ю/ — аса

лерса  /ду/ — хIума   хаза долу  хьуьнар;  бIаьрса  /ду/ — хIума  ган долу  хьуьнар

ловсакх /ю/ — локкхаг /болтушка, тухлое яйцо)

локкхаг /ю/ — ловсакх /болтушка/

лом  /ду/ — цициган тайпанара, можа боца тIаргIа а болу, боьршачун еха кхес а йолу доккха экха /лев/

лото /ю/ — номерш йолчу карташ тIехь ловзар

лоччар /ю/ — гIайбин чкъуьйраг, гIайби тIе тухург

лоьралла /ду/ —дарба лелор

луст, -аш /бу-ду/ — уьстагIан боьхаллин овголаш

луца, -наш /бу-ду/ — хастаман дош, декъалвар

луьйта /ду/— нуьйран чу ког буьллу хIума /стремя/

луьттар /ду/ — ялта цIанден цаца /цедилка/

лIонга /ю/ — гIулган Iункар агIо

лIонгавалаIункарвала

 

М

 

магар /ду/— 1/ мегаш хилар; 2/ могуш хилар

мега — мегаш ву

могу — могуш ву

магар /бу/ — берцан я овесан ча

мадар /ю/ — таро яр, оьшург кхоош нисдар

мажар /ю/ — даш туху топ

мазапIелг /бу/ — цIейоцу пIелг

мекха /бу/ — аьхна латта самсадоккхург

мекха /ю/ — аьчга тIе диллина боьха чкъор /ржаввдна/

мах /ду/ — 1/ доьхкаран мах, доьхкаран юьхьиг дIатосург, 2/ сетташ га а, готта гIа а долу, толлан кепара дитт /осина/

маъ /ду/ — гIа долу докхан кепара дитт я колл /ольха/

макхо /ю/ — гамо, хьагI, вон ойла, цабезам /ненависть/, дага тIехь хуьлу мекха

манкха — мерах луьйш

маркизет /ю/ — кIади

марш /ю/ — мера чохь хуьлу тIеда хьаса

марш  /ю/ — 1/ тIемалоша,  салташа  могIарехь йоккху гIулч;  2/ гIулч  яккхарехь

бIаьхоша олу илли

марш /бу/ — кечдина йоьхь

маржан /ду/ — цIен тIулг /коралл/

мáсалла /ю/ — чехкалла

мисарболат /ду/ — магнит, эчиг тIелоцу болат

махмар /ду/ — тIехь тIамарш, дашо теш долу чилланан кIади

мазал /ду/ — 24 кг чуйоьду шина гирданан барамехь йолу моьрка

мазлагIа /ю/ — накхарш лело меттиг

матъян — сийсазъян, емалъян

маша /ду/ — шуьрин сурсат маша /бу/ — исхаран тайпа /сукно/

маждар /ду/ — цамгар /желтуха/

маждар /ду/ — маждина дIахIоттор

масар /ю/ — акха бож

моьрка /ю/ — дечиган доккха ведар

маьлказ /ду/ — шуьйра гIаш долу дитт /клен/

мергIад /ю/ — кIе юкъахь хуьлу ца оьшу горгий, Iаьржа хIуманаш

мержо /ву/ — карабулакец, къоман тайпа

менингит /ю/ — хьен цамгар

мерцхалг /ду/ — лазийна метхахдаьлла дилхан чкъор

мерцхалдиг /ду/ — олхазар, лечкъардиг, дургале /стриж/

мескат /ю/ — цIоканан тай /меха/ хадо у

меха /ю/ — цIоканан тай

муш /бу/ — аса /канат, веревка/

муьжг /ду/ — гIезан когах тера йолу юу буц /гусиная лапка, спорыш/. Иза юуш йолу буц ю, жаннашна дарбане лоруш йолу

муьстарг /ю/ — муьста чам  а болуш, гIа санна а йолуш, юу буц /щавель/

муьрг  /ю/ — муьста-къаьхьа  чам  а  болуш,  цIен  бос  а болуш,  юуш  йолу жима-горга хIума /калина/

муьшдечиг /ю/ — къилбехьара дитт /карагач/

муж /бу/ — аттана ,жаржах кечбина кхача

морзгал /ду/ — дегIа тIе даьлла хьар /оспа/

мо /бу/ — чевнан я кIомаран билгало

миндар /бу/ — охьахууш кIелбуьллу жима гIайба

мискъал /ю/ — йозаллин жнма барам

мисхал /ю/ — жима йозалла

мокха /ду/ — чукагден урс

мокха — таьIна-сирла, бодане, Iаьржа бос

морса /ду/ — лимонадан тайпанара молу хи /морс/

моха /ю/ — 1/ аса /полоса/; 2/ оьгIазвахар, карзахвалар

моьрдиг /ю/ —дегIан меженан тIехулара дуткъа чкъор /плева/

мохса /ду/ — ниха /квас/

мур /ю/ — яхкаелла дечиг

милта /ю/ —лампин цIе лато лента /фитиль/

муртйолар — яхкаяла йолар

мурйолар /ду/ — яхкаялар

мур /бу/ — хан-зама /период/

мулк /ю/ — хьал, бахам

мохь /бу/ — еза хIума /груз/

мохь /ю/ — дегIаца йолу хьоналла /сало/

мохь /бу/ — генара хеза чIогIа

аз /крик/ мулгIа /бу/ — говр дIаюжучу гIирсан дакъа /подхвостник/

мукIарло /ду/ — къобалдар, даре дар /признание/

момсар /ю/ — маьждиган бохь /минарет/

мIов /ю/ — гудок

мимар /ю/ — маьждигехь молла кхойкху меттиг

милк  /бу/ — ворданан  чкъурган  юккъера  цергаш  тIетуьйсу дакъа  /ступица/

 

Н

 

наж /бу/ — онда гIад а, буу стоьмаш — бIараш  /нежнаш/  а  хуьлуш  гIаш долу доккха дитт /дуб/

нажжаз /ду/ — наьIалт

нар /ю/ — маьнга

нехца /ю/ — балгах тера бууш болу хасстом

наьрт /ду/ — наьртъастхо, туьйранан турпалхо

нефть /ду/ — мехкадаьтта

нахазара — нехан доцу гIиллакх, нахах тера цалелар

неца /ю/ — ненайиша

нилха — луьста йоцу

никказ-яI — цавашар гойту айдардош нелхаевлла — нилха хилла дIахIиттина

никIапа /ю/ — хьаьж тIе яьхкина месаш

неI /ду/ — цIока

нишкахоийла /ю/ — аравоьдийла, арахоийла, хьаштагIа /агIа суффиксан гIоьнца «хьашт» дашах хилла/

нIаьна /ю/ — боргIал

ыIаьна /бу/ — даьIахк йоцу кIеда дегI долу, еха садолу хIума /червь/

никх /бу/ — накхармозийн яьшка /улей/

 

О

 

о /ю/ — кхо гIулг

огар /ю/ — сеша а, кхечу хьайбанаша а дика Iруш йолу, цIегIо бос а, хаза хьожа а йолу аренан кIеда буц /степной ковыль/

объем /ю/ — барам, чухоам

оба /ю/ — барт /поцелуй/

óба /ю/ — еха бедар /халат/

ов /ю/ — чIерий лоьцу бой

ов /ду/ — тIехь жижиг дотту чIу

овгол /бу/ — поппарх йина горга гIорза

овсал /ю/ — хьайбанийн цамгар /ящур/

овст /ю/ — шо кхаьчна газа

оввай — /лазор/

оти /ду/ — жима цIа

ортхал /ю/ — коьчал, инструмент

охIла /ву, ю/ — шен гIуллакхан говзанча, хьуьнарча

оххIайIадвалар/ оффай /хьожа кхетар/

очвалар — карзахвалар

 

Оь

 

оьзаг /ю/ — 1/ жима гIайре; 2/ дегIа тIе яьллачу хIуманан орам

оьмар /ю/ — стеган вахаран ерриге а хан

оьпа /ю/ — жима дийнат /суслик/

оьс /ю/ — пхи цIов

 

П

 

парди /ду/ — пондаран мерзаш кIел юьллу дечиг /пленка/

парду /ду/ — чкъор /оболочка/

пал   /бу/ — 1/ таро  яр;  2/ хиндерг  хуучуха  хабар  дийцар   /пал  тасар/

паста /ю/— 1)  юуш ерг, хасстом /дыня/; 2)  цергаш цIанйийраг

патар /ду/ — заза, гIа /побег, росток, почка/; чIенг хецар

пачхье /ю/ — столица, коьрта гIала

паыитиг /ду/ —тхов шарбен жIов

пийсак /ду/ — хин кема дIадуьгуш хьокху пистиг /весло/

пистиг /ду/ — хьовла деш, боккхачу е чу а, хьаьжкIаш кхорзуш, куьрка а хьовзош

долу пийсак /гIаж/

петар /ю/ — хIусам /квартира/

пехиг //пехк /ю/ — кIеда хIума

пистон /ю/ — патарма оьккхуьйту колпачок

поп /ду/ баьццара-сира чкъор а, шуьйра гIаш а долу доккха дитт /чинара/

постфикс /ю/ — керла дош кхуллуш, чаккхенна я суффиксана тIехьа хIутту аффикс

/дакъалг/: Асета-м ешна, цо ешна-кха

потак /ду/: — 1/ юу буц; 2/ искиртиг /желудок птицы/

пулу /ду/ — дуганах кечбина кхача /плов/

пха /бу/ — цIий лиэларг /жила/ — пхенаш

пха /бу/ — Iодаца кхуссург /стрела/ — пхерчий

пха /бу/ — резина — пхенаш

пха /ду/ — докхан кепара долу, гIода тIехь ситтина а, чутеIна а меттигаш йолу дитт /граб/

пхьу /ду/ — боьрша жIаьла /кобель/ — пхьаьрчий

пхатоьда   /ду/ — 1/ готанан хьонхал /лемех/; 2/ цIоканан асанаш /доьхкарш/ хедо инструмент

пхьагIат /ю/ — пхьаьрсан йохалла

пхораниг — бер хин долу зуда /беременная женщина/

пхьуьйрахан /ю/ — пхьор дуу хан

 

ПI

 

пIаьнгазхо /ву, ю/ — ПIаьнгазахь веха стаг я зуда

 

Р

 

руьйта /ю/ — хьайбанашна хи мало меттиг /водопой/

рагI /ю/ — хIума эца я кхечу гIуллакхана рогIе хIоттар /очередь/

рагI /ю/ — гонахарчу меттигал алссам лекха йолу локхалла /гора/

рагI /ю/ — еха а, биъсаболуш а, йоккха а ваьштайиллина йол /скирда, стог сена/

ретанг /ю/ — 1/ астагIа ког; 2/ салазан аьрша

речIа /ю/ — олхазарш лоьцу тIергийн гур

С

 

сагалбуц /ю/ — кегий зезагаш а, чIогIа хьожа а, къаьхьа чам а болу буц /полынь/

сагалмат /ю/ — жима садолу хIума /насекомое/

сажа /ю/ — латта дусту метр /сажень/

синхьегам   /бу/ — чIогIачу синхаамций, хаадаларций, сагатдарций лан еза ойла /переживание/

саза /ю/ — боккха чIара /сазан/

сазгIа /ю/ — готанан биъсаболу металлан хьоихал а, чIуг а тIетосу дакъа /грядиль/

сайра /бу/ — ялта чудухку дечиган йоккха яьшка /ларь/

сакх — цец /стаг/

сакхо /ю/ — тидам, терго, ларвалар /присмотр, настороженность/

сало /ю/— 1/ паргIато, 2/ токхо, атто

сало /ву/ — гIумкийн эла

само /ю/ — тидаме, сема хилар

самоне — тидаме, само еш

салт /ду/ — адам гулдеш, хаам беш кхайкхар /оьрсийн: набат/

сардал /ву/ — наместник, хьалха хилла областан хьаькам, куьйгалхо

саьхьара — сутара

сеалар /ю/ — гезгамаша /паутина/ сега//сиэга — лепа

селасат /ду/ — зевне аз долу, эшарш локху хьоза /иволга/

сера /ду/ — кIорнеш дахийта дехкина хIоаш /подкладень/

сетал /ю/ — 1/ хьостамхьовзораг /отвертка/; 2/ дато доьхкара тIе хазаллина теснарг

сет /ду/ — говран хьаьжа тIехь хуьлу кIайдарг /звездочка/

сема — наб кхетаза

силу /ду/ — цIока кечъяр, дермат дар

синталлам /бу/ — хIума къасто деган ойланца бен таллам

синтагма /ю/ — маьIнин кийсак /смысловой отрезок/

синIаткъам /бу/ — психика, дагна сингаттаме ойланаш Iаткъар

синхаам /бу/ — дог-ойла /чувство, эмоция/

синхьаам /бу/ — синтем

сиппа /ду/ — аган чохь хуьлу беран хьатI чукхочу трубка

сир /ду/ — басар /краска/

сискалгIа /ду/ — ахьар /кукурузная мука/

сискал /ю/ — сискалгIих /ахьарх/ еш йолу юург

сосакх /ю/ — акха бож, Кавказехь хуьлу масар

сицкъар /ду/ — юткъа экъа

совдегар  /ву/ — купец,  коммерсант, торговец,  хьалдолу  йохкаэцар  лело стаг

совкх /ю/ — хьайбанийн /бежанийн/ цамгар /сап/

совр   /ду/ — 1/ цIока;   2/ шога   чкъор;   3/ тоеш   кечйина   говран   цIока   /неI/

соз /ю/ — хьаса болу хIума

сос /ю/ — мекхан тайпанара орамат

социйла /ю/ — остановка, соцу меттиг

сорам /бу/ — мерза кIайн орам болу уьшалан буц

сте /ю/ — зуда

сир /ду/ — пхьегIи тIе диллина хаза чкъор

сега — лепа, къиэга

сторпал /ю/ — тхевнан чIагIонан дечиг

сту /ю/ — зуда-эла /княгиня, княжна/

сорса — оьгIазе, кIоршаме, дера, буьрса, тIечехаш

силлабика /ю/ — дешдакъа Iамош долу фонетикан дакъа

стулла /ду/ — сту хилар, зудчун олалла

соламтне — собаре, тидаме, самоне

сура — цIазаман кепара тIехь стоьмаш болу дитт /рябина/

сужда /ду/ — корта таIор /поклон/

сула /бу/ — овес, говраша юуш йолу, буьртигаш долу, сугIин кепара буц

сулу   /ду/— 1/ хи   оьцу   меттиг;   2/ хи   ма.ю   а,   говраш   лийчо  а   меттиг

сунк /ю/ — 1/ залк; 2/ галц; 3/ айаелла жима меттиг

сунт /ду/ — боьрша бер хадор

 

Т

 

табу /ю/ — бехкаме дош, ала ца магийна дош /запрет/

талба /ю/ — нуьйра кIел, говран букъа тIе юьллу бIегIиг

талмаж /ву/ — талмажалла дийриг /устный переводчик/

тангIалкх /ю/ — стаг ирхъуллу бIогIам /виселица/

тапта /ду/ — чилланан кортали

тар /ду/ — мела наб /дремота/

тар /ду/ — товш хилар, дика а, хаза а хетар

тайдоккхург  /ю/ — пIелга  тIе йолу хIума,  ахкарг  /панариций/;  и  лазарна  сатохийта дечгапондар локхуш хилла

тахта /ю/ — лист, кехатан, ангалин, дуткъачу аьчган йоккха тахта

таьжгенаш /ю/ — язораш /затяжки/

тайша — боьмаша, таьIна-цIен-можа /коричневый/

таьлсаш /ду/ — ши ога долу чу хIума юьллу тIоьрмаг

тассам   /ю/ — исбаьхьаллан васташкахь дахаран бакъдерг гойту кхолларалла /искусство/

текъа — леткъа — далхадо

текъам /бу/ — леткъам, далхадар

тема /ю/—дийцаран чулацаман ойла

тема /ду/ — таро яр

терсмаймал /ду/ — уггаре а чIогIачу болатан тур /терсмаймун/

терхи /ю/ — полка

тохка /ду/ — бод текха ца латийта, хьорсуш долу кIеззиг бен доцу дама

теIа — охьатеIа

тикма /ю/ — бедар тIехь йина чилланан хьесан тIамар

тарсал  /ю/ — цицолаг,  цестарг, диттан  пхьагал  /белка/,  буькъа  кIеда  чо болу, хьуьн чохь хуьлу дитта тIе йолу пхьагал

тосадала — хаадала, гучудала, дуьхе кхиа /распознаться, чуяться, почуяться, обнаружиться/

тусадала — дахчадала, чIагIдала /отбить, накалить, закалять/

тиймак /ю/ — нуьйран дакъа /тебенек/

тоба /ю/ — группа

торгIал /бу/ — къорза етт

торгIала — къорза

томарк /ю/ — буьххьехь муцIара корта болу лекха уьшалан буц /рогоз/

тоьк /ю/ — беран аганан горшок

тулка /ю/ — чкъурган юккъера милк /втулка/

турс /ду/ — 1/ мачин йистана лоцу хIума, 2/ стоьмаш  хилла бовлар, 3/ тур  ца кхетийта дуьхьаллоцу аьчган хIума

турс /ю/ — диттан тайпа, онда гIад долу, лекха доцу дитт

туьйлаг /ю/ — зингатийн барз

туьллиг /ю/ — пайде воцу стаг, пайда боцу хIума

толла /ду/ — кIади дечу чорхан чIегIиг /челнок в ткацком станке/

товрат /ду/ — библин бакъонийн гулам

тутмакх /ву/—лаьцна стаг /арестант/

товбуц /ю/ — хьаькхначун метта, керла юхаяьлла буц /отава/

туьйдарг /ду/ — кучан  чета  тIехь вета  я  нуьйда дIайолла  йинарг  /застежка/

туьта /ю/ — 1/ коьртан туьта  /череп/; 2/ хи чохь нека дан  Iемаш  юкъахйоьхку

шина декъах лаьтта хIума

туьтмIаьжиг /ю/ — коьртах юллу маска

тха /ду/— 1/ бетта тIаргIа; 2/ гурахь лергина баьккхина тIаргIа

тхи   /ду/ — Iуьйранна   хьалххе   баца   тIе   дехкина   хин   сирла   тIадамаш   /роса/

тхинчо /бу/ — хьаьрса чо

тхонка /ду/ — тIаргIа

тхьамстха /ю/ — дечиган дакъарна тIе тосу дукъарц /планка ярма/

ткъов  /ю/ — догIа  а,  ло  а   ийна  йолу  йочуна  /дождь с  мокрым  снегом/

 

ТI

 

ткъарш   /бу/ — ткъов  бахьанехь   хIоьттинчух,   шаткъанах  ткъарш   олу   /лаьттахь

догIа а, ло а ийна кочалла/ — слякоть, шаткъа, распутица на земле

тIадо /ю/ — тIуно /сырость, влажность/

тIуно /ю/ — тIадо

тIамар /ю/ — 1/ жIамар, Iаьнан шелоно коран бIаьрга тIехь хIоттийна хаза сурт; 2/ бедара тIехь чилланан теца диллина куьце сурт

тIамари /ю/ — хи чохь нека деш ласто пхьарс

тIар /бу/ — аьттан шура чохь хуьлу, эса дакхо меже /сосок/

тIара   /бу/ — бедар  латош,   пIелгах   юллу  металлан   колпачок   /наперсток/

тIара /ду/—ластийна тухуш долу куьг /ладонь/

тIармаIа /ю/ — берана шура яо шишан тIе тосу колпачок /соска,  рожок/

тIаус /ю/ — хаза мас йолу олхазар /павлин/ 

тIéкха /ду/ — кIалдан а, морзин а берам /чуьхьа/ кечден шелиг

тIуьллиг   /ю/— 1/ харц  хабар;  2/ харц  хабар  дуьйцу — тIуьллиг  буьйцу  стаг

тIуьйлаг /ю/ — тиша бедар

тIекIиръяр —тIесихъяр

тIингар /ю/—доккха гай

тIилд /ю/ — нIаьнин /боргIалан/ коьртан тIилдиг

тIод /бу/ — ког /лапа/

тIуьск /ю/ — коьртан туьта

 

У

 

убар  /ду/ — кошара   ара  а   волуш,  адамашна  юкъавогIу  бохуш,  вуьйцу  велларг

улх /ю/ — накхар чохь балозан киртикаш /соты/

улхоз /ду/ — шен дола дохуш, цIаьххьашха гIулгашна катохар: «улхоз дай сан!»

упха /ду/ — коша чохь веллачун дегIаца нисдеш хIоттош долу у

утаркх /ду/ — мачи чу юьллу бIегIиг

уьралла /ю/ — ира хIума, урс, ю, тукар, и дI. кх. а

уьсанг /ю/ — хIусам

 

Х

 

хама /бу/ — сий, ларам

хан — 1/ зама; 2/ эла, хьалдолу стаг

ханша /ю/ — зуда-эла, сту

харданг /ю/ — къамкъарганий, искиртигний юккъера трубка /зоб/

хасп /ду/ — жижиг даккхар, дохкар

хуьнжар /ду/ — хечин борчах тосуш долу, тех дуцуш дина доьхка. .

хайра /ду/ — рицкъа, беркат

хатт /бу/ — хиэ тIадийна лаьттан чкъор /грязь/

хатт /бу/ — бедарна тIехуттуш долу кIадинан дакъа /сборка, клин/

хесара — оза, гIийла

хеха /бу/ — хи тIе хIоьттина баьццара бос болу уьшалан чкъор

хешт /ду/ — нека деш долу экха, хаьштиг

хаьштиг /ду/ — 1/ хешт, нека.ден экха; 2/ яьгна дечиг, цIе дIаяйна а, яза а йолу дечиг /обгорелое полено/

хинчо /бу/ — чоьнах тера а болуш, хин нIаьна /волосатик/

ховха, ховхара — кIеда, кIеда-мерза

холмач /ю/—лаьттах юхку хIуманаш

хулчи /ю/ — кIарх

хут /ду/ — кIади

ху /ю/ — оьгIазе амал

хутал /ю/ — хорбазан, гIабакхан, наьрсан буц

хенан хIоттам /бу/ — хIо-марха /ю/, Iаламан хIо-мархин хьал /погода/

хоти /ду/—дитташ доцу хьуьнан аса, хьуьнан йист /опушка, поляна/

хуьйсахо /ву/ — хесан хехо

 

Хь

 

хьаго /ю/ — хьогалла

хьайба /ду/ — бежан

хьайба /ю/ — стом  /айва/,  хаза, тамехьа  хьожа  йолу,  Iежах тера  стом

хьакхолг /ю/ — коган, гоьлан даьIахк

хьама /бу/ —ларам, лерам

хьано /ю/ — хьоналла

хьаладан /хьалакарчо /пхьуьйшаш/

хьар /ду/ — дегIа тIехь хуьлу сурхаш, чераш /сыпь/

хьаре — хьар долу /сыпной/

хьаргIа /ю/ — Iаьржа къийг /черный ворон/

хьаса /бу/ — хьаьжкIан хьаьрса кIужал /метелка/

хьасене — кIеда-мерза

хьалхо /ву/ — хьалдолу стаг, хьолахо, хьолада

хьатI /ду/ — жаннаша къастош йолу кочалла /моча/

хьаьжо /ву/ — хьаьжацIа ваханарг /хаджи/

хьаха— 1/ кIордо; 2/ поппар хьаха

хьацархо /ву, ю/ — хьацар доккхуш, къахьоьгуш волу къинхьегамхо /труженик, -ца/

хьашлагIа /ю/ — хIума а йиллина, къовсар, /пари/

хьаьвхье /ю/ — малх ца кхочу, IиндагIа долу басе /теневой склон горы/

хьаькназ /ю/ — нехашкхуьссург, аьшкал /совок/

хьаьхьамч /ду/ — клей

хьаьрмик /ю/ — шена тIехь зезагаш а, кегий гIаш а, бууш болу цIен горгий стоьмаш а, кIохцалш а долу колл /шиповник/

хьер /ю/ — 1/ ялта охьу хьер /мельница/; 2/ кхача /юург/ охьу хьер /желудок/

хьекхорг /ю/ — IаьIан доккха гIа

хьех — 1/ адаман дагах тера хеталуш, цергаш йолуш санна долу гIаш долу, чIогIа тамехьа хьожа йолу, мезан мутта шех дблу зезагаш тIехь хуьлу дитт /липа/; 2/ ламанан бож  /тур/;  3/ лаьтта  бухахь я ламанан бердах йоллу чоь санна меттиг /пещера/

хьокх /ю/ — томмагIа /пятно/; д. т. хьоькхнаш

хьокъа — карзахе, оьгIазе, челакха, аьрха, хадоза, айгIаре

хьормат /ю/ — боккха муцIара кхор /груша/

хьонхал /бу/ — готанан латта оху урс /лемех/

хьорка /ю/ — коган гола /лодышка, шикотка/

хьонкмача /ю/ — хьонкин корта

хьу /ю/ — чов шелъялар, хьу йолар

хьукма /ду/ — гIуллакх, ирсе хилар-цахилар

хьукмат /ю/ — учреждени

хьуьнкIаш /ю/ — шелваларца синош дахар

 

ХI

 

хIуй /ду/ — наьIалт /проклятие, анафема/

хIуй-пака— /в пух и в прах/

хIайбат /бу/ — безам, товш хаза хетар /симпатия/

хIайбате — товш, куц долуш, безамехьа /симпатичный, -ая/

хIо-марха /ю/ — Iаламан хIо-мархан хьал, хенан хIоттам /погода/

хIор /ю/ — гIийла бежан

хIора — ша-ша

хIож /ю/ — 1/ дечиган йоккха жIов; 2/ нуьйран гIонжагIа

хIост /ду/ — бежан довзийта билгало яр /метка/

хIушт /ду/ — хIума цанисдалар

хIуй-пакаяьккхира — йохийна, яржийна дIаяхийтира /разнес в пух и в прах/

хIушт-пушт — бен  а  ца  хеташ,  пайда  боцчу кепара  хIума дар  /тяп-ляп  или тяп да ляп/ — хьапар-чупар /ду/

хIуштар-пуштар   /ду/ — кхоччуш хьекъале маьIна а доцуш, дуьйцу пайде доцу хабар

 

Ц

 

цергков /ю/ — церг дIаяьлла меттиг

цим /бу/ — стим, питана

цхьалла /ю/ — ша висар, цхьан висар /одиночество/

цхьаалла /ю/ — единство, цхьабарт болуш хилар

цхьалгу /ю/ — цхьа га долу шеда я дечиг

цхьалхо /ю/ — къасто, къастам, билгало /результат/

 

ЦI

 

цIагара — цIога доцу /куцый/

цIарз /ду/ — охьаоьгуш долу я даима сийна лаьтта  гIаш долу колл  /бересклет/

цIаста /ду/ — 1/ йиз /медь/; 2/ кIиранан пхоьалгIа де

цIетт /ду/ — мостагIчуьнгара даьккхина герз а, кхин хIума а

цIингаш /бу/ — мийраш кхиссар

цIинжий /бу/ — шо сов кхаьчна стен Iахар

цIинто /бу/ — шо сов кхаьчна боьрша Iахар

цIинцIолаг /ю/ — кийсак, кусок

цкъар /ду/ — цаьпцалгийн екар

цкъарг /ю/ — хьонкица йолу яа ца мега буц

цIодар /ду/ — гIийла бер

цIокъ /ду/—леопард, цицигах тера томмагIаш долу, къорза мохарчий йолу экха.

цIокъберг   /ю/ — барс, цицигах тера а, томмагIаш а, сира а, кIуьрах тера а, тIаргIа болу доккха экха

цIуьхIар /ву/ — напха гулдийриг

цIоькъалом   /ду/ — тигр, къорза мохарчий йолу, цицигах тера долу, нуьцкъала, буьрса экха

цIохар /ду/ — металл а, дечиг а кечден станок

цIом /ю/ — 1/ пийлан мара /хобот/; 2/ муцIар

цIула — кIиранан ворхIалгIа де

цIумока — кIиранан йолхалгIа де

цIулласара /бу/ — буткъа сара

цIура — боьршаллин гIора доцу стаг — импотент

 

Ч

 

чабакх /ю/ — шуьйра чIара /леш/

чабол /ю/ — цхьабосса хьалхара цхьаъ, тIаьхьара  цхьаъ когаш  ойуш, говр ядар /рысь/

чадакх /ю/ — готанан тIам

чаьнчакх /ю/ — саза лоцу шеда

чаккхарма /ю/ — километрал алсамо меттиг /верста/

чангIалкх  /ю/ — экха  /шакал/,  еллачу хIуманан  жижиг дуу,  жIаьлех тера экха /дийнат/

чаьрпаз — мехкарийн  гIабалин хаза кечдина дато туьйдарг /нагрудная застежка на праздничном платье горянки/

челакха — аьрха

черт /ю/ — къожах йина истанган метта кIелтосург /циновка/

чет   /ду/ — кучан   нуьйдарчий   дIаюхкучу   йисте  кIадинан   аса   тIелатийна   дакъа

/манишка/

чилла /ю/ — Iаьнан шийла хан

чарто, курчало, Iаларо — тайпанаш ду

чин /ду/ — дарж, гIуллакх                                                                                    .

чинт /ю/ — чкъура тIе хIоьттина жима бог /бородавка/

чуьхьа /ду/ — кIалдах, морзих кечбина берам

чийрик /ю/— сохьтан доьалгIа дакъа, 15 минот

чинлик /ду/ — ведар

чик /бу/ — гIулган агIо

чайтаI /ю/ — чен кIорни /медвежонок/

черо /ю/ — ловзочу кехатийн биъсаберг

чамбуц  /ю/ — хаза  хьожа  а,  дика  чам   а  болу юу буц  /петрушка/

чераш /ду/ — кIомарийн даI

човка /ю/ — Iаьржа мас йолу, сийна бос лепа, бовхачу махка дIадоьдуш долу олхазар /грач/

чола /куй/ сира /куй/

чорда — чекхсагуш /киса/

чупара — кхартматтане, къорза, аьгна /юьхь/ — рябой

чукаре /ю/ — хIусаме дIа а воьдуш, хьошалла я гергарло лелор

чуха /бу/ — цкъа а ларгаза Iахар

чуха /ю/ — аса

чучал /ю/ — тоьпан балл, хиэна тIе биргIа чIагIъен чIуг /закрепительное кольцо

винтовки/

чхьовг /ю/ — аренан асаран буц /сурепка/

чхьоч /ю/ — буппаз, стомма, верстина стаг

чхьонкар /ю/ — буьххьехь корта болу гIаж /дубинка/

чухта /ю/ — йоккхачу стеган коьртатуьллург

чуьйна /ду/— 1/ чохьлазар, чолазар; 2/ чугун

 

ЧI

 

чIама /ю/ — хьаьжа тIехь сет долу дийнат

чIана /ю/ — хIусаман беркат, рицкъа, ялта

чIапа — шера, нийса

чIаплам /бу/ — шера, нийса лам

чIачкъа — бага а гIаттош, бесни озо

чIегIиг /ю/ — 1/ бедар тоьгучу чорхан тай тIелистина чIу чубуьллу гуй  /челнок в   швейной   машине/;   2/ суьйлакъиг;   3/ хьаьжкIан   гIад,   хьаьжкIан   чIегIиг

чIерийлоьцург /ю/ — дуткъий, дехий когаш а, еха зIок а, деха лаг а долуш, чIерий лоьцу уьшалан олхазар /цапля/

чIерийлецархо /рыбак/ — чIерий лоьцу стаг

чIеIа — соьцуш велха, цIийза

чIиж /ду/ — цамгарна дуьхьал кочахь лело хIума /амулет/

чIим /бу/ — юуш йолу орамат, цу бецан орам /стом/

чIинт /ю/ кран, хи арахоьцу трубка

чIиркъе — оьгIазе, кIоршаме

чIода /ду/ — уьстагIий лоргу тукар

чIоь /бу/ — ялта чудухку до /ларь/

чIаж /ду/ — кIорга басе, готта Iин

чIоьндарг /ю/ — зурма /чунгур/

чIуноста /ю/ — настаран даьIахк

 

Ш

 

шамали /ю/ — пастанах тера жима хасстом /канталупа/

шалмаз /бу/ — накхармозийн хьаьхьамч /прополюс/

шаткъа /бу/ — 1/ ткъарш, ло а, догIа а ийна; 2/ дингад /ласка/

шатлакх /ду/ — салют

шаршолаг /бу/ — шахьаьхна басе, шу, барз

шедаг /ю/ — 1/ эрзах я дечигах йина музыкальни инструмент /свирель/; 2/ пеша хIупъэриг /трубка/

ше /ю/ — нанапIелган, цIазапIелган юкъаметтиг

шерет /ду/ — бахам бекъар

шере /ю/ — лергайоьдург

шинар /ду/ — шо кхаьчна бежан /къона, жима, стен оса/ — телка

шинара /ю/ — кIиранан шолгIа де /вторник/

ширдолаг   /ю/ — тIулгкхуссург,   овгол  кхосса  кечйина,  тIийраг  тесна  гIаж

ширма /ю/ — коре уллу кIади

шо /ю/ — акха газа

шовр /бу/ — кIалд чуйилла бина туьхаберам

шовхалди /ю/ — асаран бецан тайпа

шоршал /ю/ — олхазар /дрозд/, эшарш локху хьуьнан хьоза

шун /ду/ — юург тIехь стол

шу /бу/ — барз

шуьста /бу/ — ши сту

шаткъам /бу/ — моьлкъа /медяница/

шокъали /ю/ — хIоъ, даьндарг /пуля/

 

 

Э

эвхье — эхье

эвхьаза — эхь доцуш

эвлаяъ /ву/ — шайх

эгIаза — жима, оза, гIийла, хесара

экха /ю/ — носилка

экха /ду/ — акхаро /зверь/

экам — хIума атта хаалуш, хIума ца лалуш, атта оьгIазвоьдуш

элтар /ду/ —Iахаран холхаз

эр /ду/ — таллархойн жIаьла

эр//иэр — вовшахъэр

эмалк /ю/ — Iамоза, аьрха, акха говр

эра /ка/ — хадоза /ка/

эхиг — ах, ахъяьлларг

элхьамч   /ду/ — кIохцалш долу, дуккха а гонах йийгIича, кертан метта а мега йолчу кепара йолу колл /боярышник/

эс /ю/ — хIума диц ца луш, дагахь лаьтташ, дагалацам болуш

хилар /память/

энаюкъ /ю/ — юккъера юкъаметтиг

энже — кIоршаме, оьгIазе, инзаре, карзахе /грубый, страшный/

эриг /ду/ — 1/ ловзочу кехатийн жIарийн салти /валет/; 2/ олуш дерг /сказуемое/

эханг /ду/ — тIергIан тай

 

Ю

 

юкъанаюьллург /ю/ — мехкарша хи хьош, дегIаний, кIудалний юккъеюьллург

юкъалеларг /ду/ — 1/ юкъарло дуьйцу стаг; 2/ тардинчу маьIнехь: ахча

юдар — кIез-кIезиг яржош тасар

юкъарло /ду/ — юкъаметтиг тоеш, машар беш дийцар

юкъарло /ю/ — доза тухуш, керт къастош, юккъе хIоттийна керт, дина ога

юм — говр кхиссалуш ядар /галоп/

юкъаршлахь — дуккха а хIуманашна я бахамашна юкъахь

юкъанаьккхара — юккъера, юккъерчу барамехь

юккъерхо /ву/ — юккъера бахам берг, къехочунний, хьалхочунний юккъера вахархо

юкъъяла — лустъяла, юькъа хилла дIахIотта /сгустеть/

юкъаяла — /саьнгар/ — юза, дIаюкъаяла

юхашха — чуьраяьлла хенан маьIиг йолу астагIниг /хромой с вывихом бедра/

 

Юь

 

юьсте /ю/ — таллар /охота/

юьхьдагна — гIиллакхана

юьхьдагалла /ю/ — гIиллакх лардар, юьхь ларъяр

юьхькIеда /стаг/ — мела амал йолу /стаг/

 

Я

 

яйдакх — нуьйр тиллаза

яйлла /ю/ — яйн хилар /легкость/

язо /ю/ — еза хилар /вес/

ялкха /ю/ — чкъургаш тIехула хIоттийна ворданан цIа /ога/

ялпор /ду/ — металлах йина хIума цIанъен гIоргIа кехат /наждак/

ямбаш /ду/ — астагIниг

яча — йочуна хила

 

I

 

IаддаргIа /ю/ — Iодан тIийриг тIетосу гIаж  /дуга лука;  развалина рогатки/

Iажаркх /ю/ — бецан тайпа /пырей/

IаммагIа   /ду/ — IандагIан кепара долу, къилбехьара, гIаш долу доккха дитт /карагач/

Iарч /ду/ — 1/ стигал   /небо/;   2/ ворданан аьрша /оглобля/;   3/ Iарш  /высь/

IаьIа /бу/ — шатайпанара гIаш долу асаран буц /лопух/

IаьIалаг /бу/ — жима IаьIа, асаран буц /лопух маленький/

Iожа — сирла-можа-бора /бос/ — буланый /цвет/

IонтIаз /ю/ — дарбанан буц /девясил лекарственный/

IуьIа /ю/ — гIулг /альчик/, гIулгIан агIо

IандагIа   /ду/ — онда гIад а, гIаш а долу лекха, доккха дитт  /ильм/

Iаьвла Iахар /бу/ — Iа чекхдолуш, бIаьстенан юьххьехь бина Iахар

Iеха /бу/ — аренан  буц, хьагI-буц, хIуманна гонах хьерчаш, кхуьуш йолу, шена тIехь кIайн-сирла-цIен зезагаш хуьлу аренан асаран буц /вьюнок/

 

ХIИНЦАЛЕРЧУ НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН НОРМАНАШ А, ЦЕРАН СУРТХIОТТОРАН ГIИРСАШ А, ИСБАЬХЬАЛЛИН БАШХАЛЛАШ А

 

Бакъонаш а, норманаш а ларъян гIо деш литературни меттан уггаре а мехала а, ца хилча ца торуш а йолу суртхIотторан гIирсийн а, исбаьхьаллин а башхаллаш ю. ХIинцалера литературни мотт шен бакъонаш а, норманаш а къестош йолу уггаре а лакхара форма ю. Цу бакъонаша а, норманаша а литературни меттан ерриге а агIонаш юкъалоцу.

1.        меттан бакъдерш а, дешнийн хазна а, церан маьIнаш а, башхаллаш а;

2.        бартан а, йозанан а меттан белхан тайпанаш, кепаш;

3.        дешнаш маьIнашца нийса харжар /лексика/;

4.        дошкхолларан кепаш нийса ларъяр;

5.        грамматика,  меттан Iилманан  коьрта  дакъош,  церан   маьIнаш,  бакъонаш;

6.        стилистика, цуьнан башхаллаш.

Бартан а, йозанан а литературни мотт — иза исбаьхьаллин произведенийн а, телевиденин а, радион а, газетийн а, журналийн а мотт бу, иза пачхьалкхан а, культурни учрежденийн а, дешаран заведенийн а, театрийн а мотт бу. ХIора культурни стаг литературни меттан норманаш, бакъонаш Iамо а, йовза а, хаа а декхарийлахь ву. Халкъан мотт шарбеш, нисбеш, Iамош, кхиош, цунах бакъонца литературни /йозанан/ мотт беш, гIуллакх динарш а, дийраш а меттан Iилманчаш а, яздархой а, гочдархой а, журналисташ а, хьехархой а, юкъараллин деятельш а бу. ХIинцалерчу нохчийн литературни маттана бухе йиллина шерачу аренан диалект ю.

Нийсааларан а, нийсаяздаран а, грамматикан а, дешнаш харжаран а, стилистикан а бакъонех литературни меттан норманаш олу.

И норманаш кху кепара ю:

1.        лексически /дешнаш маьIница нийса далор/,

2.        морфологически /дешнийн грамматически форманаш нийса ялор/,

3.        синтаксически /предложенеш нийса хIиттор, дешнийн уьйр хила ма-еззара нисъяр/,

4.        орфоэпически /дешнаш нийса ала хаар/,

5.        орфографически /дешнаш нийса яздан хаар/,

6.        пунктуационни /йозанехь сацаран хьаьркаш нийса лелор/,

7.        фонетически /дешнашкахь къамелан аьзнаш нийса лелор/,

8.        стилистически /меттан стиль ларъян а, шен ойланаш нийса йийца а хаар/.

Цу кеппара, литературни меттан норманаш хуьлу лексикан дешнаш нийса далоран, орфоэпин, орфографин, пунктуацин, фонетикан, дошкхолларан, морфологин, синтаксисан, стилистикан бакъонех.

1. Литературни меттан лексически норма хуьлу дешнаш церан маьIнийн башхаллашка   хьаьжжина нийса дало хаарх. Масала, аьр вай: цкъа иллиалархочо «ГихтIарчу Жоьрабабин Ганин, ВорхI вешин йишин иллин» хIара дешнаш галдаьхна алар бахьанехь, ладогIархой  цунах нийса ца кхеттера. «ГIайна» бохучу дешан маьIна цахаарна, цо иза «гIина» ду моьттуш, кху кепара гIалат аьллера: «Цу мисар мехаца, чилланан хаьлгаца цу шагатIулгана гIина дилла хала ду». Иза кху кепара ала дезара: «Цу мисар мехаца,  чилланан хаьлгаца цу шагатIулгана гIайна дан хала ду». ГIина месаш басар еш долу басар ду, ткъа гIайна тоьгуна дарах, тир ярах олу. Иллин и юкъахь долу кийсак ялор а, цуьнан маьIна бакъонца дуьззина билгалдар а хила диэза.

«Цу мисар мехаца, чилланан хаьлгаца цу шагатIулгана гIайна дан хала ду» бохучу дешнийн маьIна ду: тай-маха тIулгах летар дац, цкъа шен дог реза доцуш духадаьллачул тIаьхьа цу дагах безаман кIеда ойла лата хала хир ду бохург.

Лексически норма талхош хир дара, дойн кхесарш /грива коней/ аларан метта, динийн кхесарш /грива религий/ аьлча. «Терк Iоьхуш ду» аьлча лексически гIалат ду, хIунда  аьлча мIо-оI бохуш Iеха йиш яц хи. «Терк гIергIа»  ала диэза.

2. Литературни меттан морфологически норма хуьлу дешнийн морфологически форманаш  нийса ялорах, масала: маттана шера,  дашна говза ву, барзана гур боьгIна; ца олуш, меттана шера ву, дешна говза ву, берзана гур боьгIна аьлча, литературни меттан морфологически норма телха, юху, /ненан меттана балха вахана, ло дешна, когаш берзана бу аьлча, кхин маьIнаш хуьлу/.

3.  Литературни  меттан синтаксически  норма хуьлу предложени нийса хIотторах, дешнийн вовшашца йолу уьйр нийса нисъярх. Далор вай масал: «Республикански «Ленинан некъ» газетан редакце къинхьегамхоша дукха кехаташ дахкийтира» ца яздеш,   «Республикански «Ленинан некъ» газетан редакци къинхьегамхоша дукха кехаташ даийтира» яздича, хIунда аьлча дешнийн синтаксически уьйр талхийча, синтаксически а,   цуьнца цхьаьна морфологически а гIалаташ хуьлу.

4.  Литературни меттан орфоэпически норма хуьлу дешнаш бакъонашка хьаьжжина нийса аларх, масала: орфографехь вай тIехула, зудчо, оха оху, доьхка доьхку олий яздо, ткъа дIааларехь — орфоэпехь вай и дешнаш кху кепара олу: тIоьхула, зуччо, оха оху,  доьхка  доьхку.   Масала, оьрсийн маттаца дустар далош хилча, билгалдан тарло:   орфоэпехь нийса хуьлу: конешно, ево, руссково языка, ткъа орфографехь хила деза: конечно, его, русского языка.

5.  Орфографически норма хуьлу дешнаш бакъонашка хьаьжжина нийса яздарх, масала,   аьр вай масалш: кхиссина бохучу хандешан метта, кхийсина, яздича, «областной апрельски пленум» ца яздеш «областера апрелера пленум» яздича, литературни меттан орфографически а, морфологически а норманаш талхайо. «Пленум из области, из апреля» аьлча гIалат хир ду. «Апрелехь хилла пленум» аьлча, нийса хир ду.

6.  Литературни меттан пунктуационни норма хуьлу йозанехь сацаран хьаьркаш нийса лелорах,  масала:  1. Хьава доьшуш юй, Асет?  2. Хьава, доьшуш юй Асет? 1-чу предложенехь Асете хоьтту, Хьава доьшуш юй бохуш, ткъа 2-чу предложенехь Хьавага хоьтту, Асет доьшуш юй бохуш. Сацаран хьаьркаша предложенин маьIна а, чулацам а хийца тарло, масала: 1. Жима, зуда ялоза волчу стеган бахам бу сайниг. /М. Г./ 2. Жима зуда ялоза волчу стеган бахам бу сайниг. 3. Лохьа соьга кхин хаза книга. 4. Лохьа соьга кхин, хаза книга. /Лохьа соьга кхин, аьлча а хаза книга/. 1-чу предложенехь бахам жима бу, зуда ялоза волчу стеган хуьлуш ма-хиллара, 2-чу предложенехь зуда жима ю, бахам жима зуда ялоза волчу стеган санна лору, 3-чу предложенехь: цхьа хаза книга соьгахь хиллера, хIинца кхин хаза книга лохьа боху маьIна ду, ткъа 4-чу предложенехь: соьга ахь еша елла книга хаза яцара, хIинца ас доьху хьоьга, сайга кхин, аьлча а хаза книга ялар.

7.  Литературни меттан фонетически норма хуьлу дешнашкахь къамелан аьзнаш нийса   аларх. И аьзнаш дешнашкахь гIалат аьлча, фонетически норма талхайо вай, масала: шед, шеда, беш, бен, пен боху дешнаш вай.-шад, шада, баш; бан, пан аьлча гIалат хуьлу. Уьш талла йиш ю вай дехачу мукъачу аьзнийн гIоьнца, я дукх. терахье доккхуш. Масала: шед — шедах — шеддаш я шодмаш /кхузахь вайна хаьа, шад — шадах — шаддаш ца олий/,  беш — бешах — бошмаш,  бен — бенах — баннаш,  пен — пенах — пенаш — /кхузахь  а  хаьа  вайна,  бан — банах,  пан — панах, баш — башах  ца  олий/.  Амма вайна кхин цхьа  хIума а хаьа, шед, шеда боху дешнаш дуккхамма а шад, шада олий, гIалат яздеш хилар. Ткъа, и муха талла деза, ца хаьа. Хьаьвсина,  Iаьвшина, неI яздаран метта,хьевсина,  Iевшина, наьI олий  яздо. Цу дешнашкахь а литературни меттан фонетически норма талхайо.

8.  Литературни меттан стилистически норма хуьлу предложенехь, я къамелехь, я произведенехь меттан стиль нийса ларйича, стилистикан бакъонаш нийса ларйича. Нагахь и бакъонаш галъяхахь, стилистически норма талхош нисло, масала: 1933-чу шарахь арахецначу «Деган аз» цIе йолчу поэтически сборника тIехь   «Накъосташка» бохучу стихотворенин хIара строфа, сов дош юкъа а далийна, литературни меттан стилистически а, синтаксически а норманаш, стихан ритм талхийнера, масала:

«Со, тIаьхьашха нахана наьIалт бохуш,

Дуьхьал дегза воьлуш вац,

Матто дуьйцуш, дог ца дешаш,

Шина ойланехь хилла вац».

Цу строфа юкъахь ца оьшуш, сов ду нахана боху дош: тIаьхьашха лер нахана хуьлу, ша-шена луьйш ца хуьлу, шозлагIа-делахь, цу дашо ритм а йохайо. Иза кху кепара ала езара:

«Со, тIаьхьашха наьIалт бохуш,

Дуьхьал дегза воьлуш вац,

Матто дуьйцуш, дог ца дешаш,

Шина ойланехь хилла вац».

Юкъараллин дахаран тайп-тайпанчу агIонашкахь буьйцучу литературни меттан тайпанех литературни меттан стилаш олу. Литературни меттан стилаш Iамочу Iилманах стилистика олу. Нийсааларан бакъонех орфоэпи, дешнийн нийсаяздаран бакъонех орфографи олу. Орфографин коьрта диъ дакъа а, йиъ принцип а ю.

Цуьнан дакъош хIорш ду:

1.        дешан маьIнийн дакъош нийсаяздар,

2.        хоьттина а, къаьстина а, дефисца а яздар,

3.        дош сехьадаккхаран бакъонаш,

4.        доккха элп яздар.

Орфографин принципаш кху кепара ю:

1.        фонетически принцип /цхьана кепара олучу дешнийн олуш а, хезаш а ма-дарра яздар/,

2.        морфологически принцип /тайп-тайпана олучу дешнийн морфологин бакъо-нашца яздар/,

3.        традиционно-исторически принцип /вайн матте тIеэцначу дешнийн нийса-яздар/,

4.        семантически /маьIнин/ принцип /дешнаш церан маьIнийн башхаллашка хьаьжжина яздар, масала: Дукхаваха совхозан агроном ву. Воккхачу стага жимачу кIанте элира:  «Дукха  ваха  хьо,  хьайгара  хаза  гIиллакх  гайти  ахь»/.

Таханлерчу дийнахь нохчийн меттан нийсаяздаран бакъонаш ю вайн орфографин дерриге дакъошна а, ерриге принципашна а оьшуш ма-хиллара. Уьш вай, дика тидам беш а, лераме а Iамо а, ларъян а еза, хIунда аьлча литературни норманаш, бакъонаш ларъян декхарийлахь бу литературни маттаца гIуллакх дерш массо а. Цхьа бакъо а ца ларъеш, хет-хетачу кепара, тайп-тайпана яздича, цунах кегари хуьлу.

Цхьаболчу накъосташа галдохуш, гIалат яздо оьрсийн маттера вайн матте тIеэцна дешнаш. Оьрсийн маттера вайнехан матте тIеэцначу билгалдешнийн суффиксаш ларъярхийцар а, нохчийн меттан доланиг дожар хIоттор а церан маьIнийн башхаллашка хьаьжжина хила диэза, церан маьIнаш а ца дохош, масала: 1/ грамматически классаш я таллар, 2/ грамматикан дакъош, 3/ Коммунистически парти, 4/ коммунистийн гIуллакх , 5/ морфолйгически таллар, 6/ морфологин дакъош. Иштта маьIилца нийса хила диэза дешан схьаяьлла форма ялор а, масала: белхалойн класс, совхозан белхало, юьртара хьехархо, республикан бахам, республикански газета, районни комитет /райком/, районан бахам. Исторически кхиар, историн кхиар цхьаъ дац.

Вайн маттахь уггаре а алсам галдохуш а, гIалат олуш а яздеш а ду цхьана дешдекъах лаьтта цIердешнаш. Цхьана дешдекъах лаьттачу цIердешнийн алар а, нийсаяздар а церан ораман кепе а, маьIне а, дожарийн чаккхенашка а хьаьжжина хуьлу, масала: мохь: маьхьарца /маьхьарий/; махьарца /махьарш/; рагI: регIаца /раьгIнаш/; рогIе /раьгIаш/; борз: барзана /берзалой/; амма: берзана когаш; дош: дашна говза  ву /дешнаш/; амма: ло дешна /кхин  маьIна  ду/.

Литературни меттан шен суртхIотторан гIирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а ю. Хьовсур вай, вешан маттахь уьш муха нисло.

ХIилла долчух халкъа юкъахь цхьогал ду, цIен цхьогал ду олу, ка тоьхна шена хIума яккха гIертачух иза-м борз яра олу, ситтиний, леллий ца волуш, сов кIеда, мела волчух гомаш я гомашкIорни ю олу, майра а, ницкъ болуш а волчух лом я цIоькъалом ду, каде а, майра а волчух леча я тIам Iаьржа леча, бен а воцуш, ледара хила тарлучух моша ду, я хьекъал а, я доьналла а доцуш ледарчух иза-м тодакх яра олуш хилла. Иза символ ю цхьана хIуманца  кхин хIума билгалъяр.

Исбаьхьа суртхIотточу билгалдешнех хуьлуш йолу эпитеташ, гуттаренан эпитеташ хаза нисло, масала: барзах гила борз, бацах сийна я баьццара буц, шовданах шийла, шал шийла я горга шовда, сих мерза са, дошах сийна даш, малхах дашо малх, нур дашо можа малх, ткъа С. Бадуевс шен «Iимран» дийцарехь «дуьненна а исбаьхьалла латто сийлахь дашо малх» аьлла; туьрах дуткъа тур, терсмаймал дуткъа тур, цIокъболатан терсмаймал, дуьттаца шокъетта цIен-горга болатан тур олу.

Цхьа хIума кхечух таръечу дустаро исбаьхьа, хаза суртхIоттадо, масала:

Мархашкахь лиэчкъа дашо малх санна,

Мусостан баьрчехь, базаран кирхьан кIел,

Ша лиэчкъаш яра, тов,

ВорхI вешин йиша.

Стигланца ва йозуш, ламанца ва керчаш,

ДогIанна язъелла мокха марха ва санна,

Ченан кIур гIаттийна,

Iаьржа бода хIоттийна,

Дерриг дойх къаьстина,

Хьалха богIуш бара, тов,

Шихмирзин гила.

Риторически /говза/ тIедерзар хуьлу къамел шена тIедерзочу говзачу дешнех, масала:

Дакъаза ма йовла, чомеца берзалой,

Садаьлча йожур аш шен юткъа голаш,

Дакъаза ма йовла, босIаьржа хьаргIанаш,

Садаьлча мер аша шен Iаьржа и бIаьргаш.

Дуьхьал дош ца доьхуш, шен синкIоргера дог-ойла гойтуш, далочу говзачу /риторически/ хаттаро инзаре хаза суртхIоттадо, масала:

Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца,

Ламанийн басешкахь попах букъ ва тоьхна,

Корта кара ва кхоьхьуш, ша гIийла гIелвелла,

Ойла ян хиира, тов, Харачойн Зеламха:

«Арешка дохк доьлча, аренаш ва идош,

Даккъашка дохк доьлча, и даккъаш ва цоьстуш,

Нанас вина ва ваша сайн тоьпах тарвина,

Ас маццалц дуур те малх кхета хьо дуьне?»

Къайлахчу дустарх хуьлуш йолчу метафоро а маттана исбаьхьалла ло, масала: дашо чIуг, дашо сахьт аьлча, нийса маьIна хилахь, дашо малх аьлча, цунах тардина /тIедеана/ маьIна хуьлу: дашо малх хаза малх бохург ду. Церан кийра цIе лиэтара, шаьш арадаьккхинчу гIуллакхан тIаьхье ца хууш. /С. Б./. Мичара ели ца хууш, еана схьакхаьчначу йоIе бага леян дагахь кечвелла Павка цу дешнаша оьгIазаллин герз дIа а эцна витира. /Иза ду оьгIазваханчуьра ваставалийтира бохург/.

Халкъан кицанах а метафора хуьлу, масала: Хьалха хьажаза, ког а ма баккха, тIехьа хьажаза, дош а ма ала. Нехан хьаьвди тIехь дин а ма барстабе, бехачу новкъахь куралла а ма лелае. Хьовла ма хила хьо, тIе мел кхаьчначо вуур ву хьо, аьрга стом ма хила хьо, церг мел тоьхначо дIакхуссур ву хьо.

ХIума хаздеш, дестош дийцаро /гиперболо/ а мотт хазбо, масала:

Ва сарахь суьйренца бузучу малхаца,

Туька юллал ва дари шен дегIа дерзийна,

Бере кечвал ва дети шен некхе дерзийна,

Чилхьесан бухкарца, цу цIестгн кIудалца,

Цу хIурдан ва мохо ездари ловзадеш,

Эсаран ва мохо кисин тIам ловзабеш,

ХитIа яха ма елира

ВорхI вешин ва йиша.

Цхьа йоI кечъян оццул дукха дари я дети а ца оьшу. Иза илли хаздеш ялийна гипербола ю.

Олицетворени къинхьегаман халкъан барта кхоллараллехь а, исбаьхьаллин литературехь а исбаьхьа суртхIотторан а, синхаамийн а кепех цхьаъ ю. Адамна санна, садоцчу хIуманна тIедерзош, дош аларан синхаамийн исбаьхьаллин кепах олицетворени олу.

Цунна масалш далор вай къинхьегаман халкъан бартан кхоллараллин а, исбаьхьаллин литературан а произведенешкара. Масала:

«Ассалам Iалайкум, бос сийна буто Терк,

Дукха вогIу алий, бехк ма билла суна,

Наггахь бен ца вогIуш, жима хьаша ву со-ма.

Цу элийн эшарах хьо гIергIаш доьду Терк,

Элан стун боларахь хьо сетташ доьду Терк,

Хьо дуьйцу ва хезча, кIенташна ма моьтту,

Хударал дуькъа ду, хьаьхьамчо ва санна,

Хьо кIентий лоьцуш ду...»

/«Ненан кIентан, Маьхьтин Идарзан илли»/

«Марша Iалда хьо, ирсе дуьне!

Тахана тIаьххьара керчайо ахь

Сийна тулгIенаш суна хьалха,

Кура хазалла хьайн къегайо ахь.

 

ДоттагIчун гIайгIане лер ша санна,

ТIаьхьарчу сохьтера цуьнан кхойкху аз санна,

Хьан гIийла гIовгIа, гIовгIа ахь кхайкхаран

ТIаьххьарчу сохьтехь суна хезира.

...ГIовгIа е, ловза бала мохе ткъевнаца:

И вара, хIай хIорд, хьан илланча.

 

Хьан чуьрчу Iаьнаро и вина вара,

Ша нуьцкъал, ша кхоьлина,

Ша кIорга хьо санна,

Ша къарван хIума доцуш,

Данне а хьо санна.

 

Сан са хьайгахь лаьттина аре!

Хьан бердан йиштошца мел дукха лийли

Тап-аьлла со меллаша, кхоьлина,

Ойланан кIоргено сагатдина!»

Къинхьегаман халкъан хьекъалечу бартан поэзехь хьалха юьхьанца дуьйна а хиларца сийлахь-баккхийчу поэташа а, яздархоша а исбаьхьаллин литературехь шайн кхоллараллина а юкъаялийна исбаьхьаллин башхаллаш а, суртхIотторан гIирсаш а.

Оьрсийн сийлахь-воккхачу поэта М. Ю. Лермонтовс шен «Мархаш» цIе йолчу стихашкахь мел хаза а, говза а пайдаэцна исбаьхьачу эпитетех, дустарех, олицетворених, риторически /говзачу/ тIедерзарх, говзачу хаттарх! Масала:

Стигланан шун мархаш, даиман лиэларш,

Лепачу аренца жовхIаран зIенаха

Йоьлху шу, со санна, махкаха яьхнарш,

Беза-ме лаххьара къилбенан агIорхьа.

 

Мила ву те шу лоьхкург? Кхиэл ю те и хилла?

Къайлах хьагI ю теша? Гуш оьгIазал ю теша?

Я лиэлаш ю те шу зулам дар дазделла?

Я доттагIийн сардамах даьлла дIовш ду теша?

 

Дац, шуна кIордийна стом боцу аренаш,

Безам шу бевзаш яц, девзаш яц доглазар,

Даиман шийланаш, даиман маьршанаш,

Бац-кха шу евлла мохк, дац махках йовлар а.

ХIинцалерчу нохчийн советски литературни меттан норманаш а, суртхIотторан гIирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а вайн матте гочйинчу произведенешкахь муха нисло а гойтуш, сайн къамел дерзо лаьа суна: цкъа хьалха сийлахь-воккхачу поэтан А. С. Пушкинан «Iаьнан Iуьйре» цIе йолчу стихашкахь а, гIараваьллачу советски яздархочун Н. А. Островскийн «Муха дахчалора болат» романан 2-чу декъан 3-чу коьртехь аьллачу дахаран маьIна гойтучу башхачу дешнашкахь а.

 

        IАЬНАН IУЬЙРЕ

 

Ю гIура, бу малх; де хазделла!

Хьо доттагIа набарх ца яьлла —

Самаяла, хазаниг, хан яьлла:

Падъяхаро хьаббина бIаьргаш белла,

Къилбаседа хилий дуьхьал йола

Къилбаседехьарчу Iуьйренан зIаьнаршна!

 

ДагадогIий, сийсара дарц хилла,

Стиглахь кхоьлинчу мархаш хьаьдда;

Беса кIайдарг санна, бутт бара

Бодане мархашлахь можа кхетта,

Ткъа хьо сингаттаме хиъна Iара —

ХIинца хьажахьа цу корах ара:

 

Цу мокхачу стигланаш кIел,

ТIех дика шех кузаш хилла,

Малхо къегош, кIайн ло Iуьллу;

Ерзана хьаннаш бодане лаьтта,

КIац тIехь и зез сийна гуш ду,

Ша кIелахь къиэгаш хи лаьтта.

 

Можачу нуьро дерриг цIа сирла до.

Хазачу татанца йогу пеш.

Iуьллучохь ойла еш хаза ду.

ХIун дара те йожийтича

И бора кхел цу салазах?

 

Шершарца Iуьйренан лай тIехь,

ДIахоьхкур вай, хьоме доттагIа,

Сатухуш боцчу сихачу динахь

Цу яьссачу аренашкахь,

Цу хьасттагIа юькъа хиллачу хьуьнхахь,

И суна биэза берд болчохь.

 

Н. Островскийн романан башха дешнаш: «Адаман уггаре хьомениг — иза дахар ду. Иза цкъа бен лац цунна. Ткъа и дахар дIадахьа диэза, динарг хIума доцуш, эрна дIаэхийтина шераш бахьанехь дагахьбаллам болуш дог цалоззург, боьханиг лиэлош, пуьсаллица, осалаллица дIаихначу хенан эхьо юьхь цаяггориг, ша лечу минотехь: сан берриге ницкъаш, сан дерриге дахар дуьненахь мел долчул а исбаьхьачунна — адамаш паргIатдахарехьа латточу къийсамна дIаделлера, ала йиш хирриг. Сихвелла ваха виэза, дуьненахь ша мел ву. Мичара ели ца хууш тIееанчу цамгаро я цIаьххьана иккхинчу кхечу цхьана дагахь а доцчо хадо тарло и вахар».

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

ï                   ð