Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iеламнах

Пайхамар

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

Пайхамар

Дела хьахор

Аудио

Дерриге йозанаш

Хеттарш

 

 

 

Кегийрахошна

Шун некъ серлабоккху йозанаш

 

Др. Iабдул-Карим Бакка́р

 

 

12. «Баркалла олучерах хила шу»

Вайх хIоранна а гуобина лаьтташ долчу диканийн, ниIматийн дукхалла а, доккхалла а гайта ма-дезза гойтуш кхин дешнаш ца девза суна, лекха хинволчу АллахIан хIара дешнаш доцурш: «Ткъа, АллахIан диканаш аш дагардахь – дерриге чулацалур дац шуьга уьш; бакъдолуш, АллахI – гечдийриг а, къинхетам бийриг а ву».[1]

ХIара зама, сан йоьIарий, сан кIентий, телхина хьелаш делхон зама ю, галдаьллачу хьолана латкъам бен зама ю, цуьнан бахьана адамийн лаамаш даккхийхилар ду, церан аьттонашна а, цара лоьхучунна а юкъара херо алсам ялар ду.

Ткъа шу.. Цу боламна тIаьхьа ма гIуо шу, шайн баххашка духадерза шу. Даим дагахьлаттаде аш, хьелаш мел галдовларх, баланаш мел совдовларх, лекха хинволчу АллахIана вай баркалла ала дезаш долу хIума даим хир ду шуна: ийманан ниIмат, бIаьрсин ниIмат, хезаш хиларан ниIмат, доьзал, гергарнаш, доттагIий хиларан ниIмат.. Тахана вай долуш хиларан ниIмат а: вайгара даьллачунна тоба дан аьтту бу вайн, вайгара дикаллехь алсамдовла а аьтту бу вайн.

Баркалла аларе АллахIана гергавоьдуш деш долчу хIумане санна хьовса шу. Ткъа, лекха хинволчу АллахIа Шен лега Шена баркалла алийтар, Цо цуьнан и аьтту бар - кхин цхьа баркалла ала деза ниIмат ма ду.

Баркалла алар, баркалле хилар муха ган деза шуна? Самукъанан хьост иза хиларца, резахиларан, синпаргIатон, ирсан бахьана иза хиларца хьовса деза шу цуьнга. Массо кхачамбацарех цIена волчу АллахIан хIокху дешнаша гайта тарлуш долчу маьIнех ду иза: «...ткъа, [АллахIа шена динчу диканашна Цунна] баркалла аьлларг – шен доьхьа олуш ду цо баркалла; ткъа, [АллахIа шена динчу диканашна Цунна баркалла ца олуш, уьш] керстадинарг – бакъдолуш, сан Дела [цуьнан баркалле] хьашт долуш вац, [баркалла олучуьнца а, ца олучуьнца а кху дуьненан дахарехь] комаьрша ву».[2]

Вайна хаьа дуккха нах леткъамах кIад ца лой, кхечарна мел дукха лерах кIад ца лой. Цаьрца жимма ахь жимма хан яккхахь, цкъа а цхьана а хIуманах уьш буьзна бац аьлла хетало хьуна, цхьанне хIуманна уьш реза бац аьлла хетало хьуна. Кхачор боцу синалазамаш кхуллу бахьана ду иштта хилар. ХIара ду аьлла лаца бахьана а доцуш сингаттамехь хуьлу уьш, гIайгIанехь хуьлу уьш.

Сан кIентий, сан йоIарий! АллахIана хастам барца, Цунна баркалла олуш хиларца, Иза хазчу дешнашца хьехорца ларде шайн синош а, шайн догIмаш а церах шайха схьакхоллалучу мекханах. АллахIана хастам барца, Цунна баркалла олуш хиларца марзлуо шайна дика динчунна шайн дикалла гайтаре, цо динчу диканан пусар даре.

Шайх цхьаьнга хьал-де а, могшалла а муха ю аьлла хаттахь, «АллахIан диканаша вуькъна ву-кх со» ала аш, «Уггар дикчу хьолехь ву со» ала аш, «Шен комаьршалла даим латтор, Шен диканах цо вайна совда́хар доьху ас АллахIе» ала аш.

Баркалла, сан бераш, дагца хуьлу шуна, вайна дика динчуьнан, вайна гIо динчуьнан, вайна гIортор хиллачуьнан агIор вайгахь кIорггера деган хаам хиларца. Баркалла маттаца а хуьлу, хаза дешнаш аларца, хасторца, кIеда-мерза вистхиларца, хаза къамел дарца. Кхузахь сайн цхьаболчу йоIаршка а, кIенташка а ала лаьа суна: шайна дика дина волчунна хаза, мерза, хастаме дешнаш ала марзлуо шу, коIрггера, цIенчу даггара болчу синхаамца доьзна хилийта а хьовса шу шаьш олуш дерг.

Баркалла куьйгаца а, дечу гIуллакхца а хуьлу. Ткъа хIора диканна доьхьал цуьнца догIуш долу баркалла хуьлу, и доцург кхин цуьнца нислойла доцуш. Иштта нийса баркалла ала Iамор вайн декхарех цхьаъ ду.

Ма-дарра аьлча, баркалла алар – хазчу говзаллех цхьа говзалла ю, исбаьхьалла ю. И говзалла Iамон лаккхарчу даржера цIеналла а, синкхетам а оьшу, вайх муьлххарчуьнан таро ю шегахь и хилийта, лиъчахьана.

Бакъдолуш, Делан кхолларш – адамаш а, кхидерг а – Цо доладеш, Цо лелош, Цо Iалашдеш ду. Цундела, Далла вай олучу баркаллех цхьа да́къа хилийта до́гIу вай Цуьнан кхолларна вай пайде хилар, Цо доладечарна вайгара пайда хилийтар, массо кхачамбацарех цIена волчу АллахI Делера вайна кхочур болчу хазчу бекхаман доьхьа.


 

[1] Сурат 16 «Ан-Нахьл», 18 айат.

[2] Сурат 27 «Ан-Намл», 40 айат.