Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Бусалба дин доцца довзийтар

 

Гочдина:

Адама Султана Олхазара

 

 

Пайхамаран шахьар – Мединат

1422 хI. – 2002 м. шш

 

______________

 
Дешхьалхе

Ислам доцца довзийтар

Бусалба динан Ιалашонаш

Бусалба динан коьрта баххаш

Бусалба динан хьалхара бух    Ийманан ялх  рукн

Бусалба динан шолгΙа бух - Исламан арканаш

Бусалба динан кхоалгΙа бух – Ихьсан

 

 

 

АллахΙана хастам бу, Ιаламийн Эла волчу. Къинхетам а, маршалла а хуьлда элчанийн имам волчу вайн пахамарна Мухьаммадна, цуьнан охΙлунна, цуьнан асхьабашна, массарна.

Цул тΙаьхьа: Бусалба дин бохург – иза тешалла дар ду дагца а, маттаца а, дегΙан меженашца а, АллахΙ воцург кхин дела вац аьлла, Мухьаммад АллахΙан элча а ву аьлла.

Ислам-динна (Бусалба динна) юкъадогΙуш ду Ийманан ялх рукнах (бIогIамах) тешар, Исламан пхеа рукнаца Ιамал яр, и массо хΙума цΙенчу даггара, Ихьсанаца дар.

Ислам-дин (Бусалба дин) – иза пайхамарашна а, элчанашна а юккъехь шел тΙаьхьа кхин пайхамар а, элча а хир воцуш волчу ΙабдуллахΙан воΙана Мухьаммад пайхамарна тΙедоссийна дин ду.

Бусалба дин – иза бакъдолу дин ду, ша доцург АллахΙа кхин къобул дийр доцуш долу. Бусалба дин шена чохь хало йоцуш, атта дина доссийна ду АллахΙа вайна. И дин лелош болчарна, церан ницкъ ца кхочург тΙе ца диллина Цо, цаьрга далур доцург де а ца аьлла.

Шен орам АллахΙ цхьаъвар болуш дин ду иза. Цуьнан билгало бакъ лер ю, цуьнан тIум бакъо ю, бакъонна а, нийсонна а тΙехь лаьтташ а ду иза. Ткъа цуьнан са – къинхетам бу.

Делан лайшна (адамашна) дуьненахь а, эхартахь а пайде долчу массо хΙуманна тΙенисвеш, царна дуьненахь а, эхартахь а зен дийр долчу массо вочу хΙуманах ларвеш, деза, доккха, Делан дин ду Ислам-дин (Бусалба дин).

Кхетамаш а, гΙиллакхаш а шеца АллахΙа нисдина долу, дΙасакъаьстина дегнаш а, цхьаьна боцу лаамаш а вовшахтоьхна, дегнаш харцонан боданера арадаьхна, нийсо царна гайтина долу, нийсачу некъа тΙехь уьш нисдина долу сийлахь дин ду иза.

Нийса, цΙена дин ду иза, шена чохь цхьанне кепара цакхетам боцуш. Цо довзуьйтуш дерг нийса, цΙена ду, цуьнан массо хьукманаш нийса а, цΙена а ду. Бакъдерг а, бакъо а бен цо юьйцуш яц, дика а, нийса а долу хIума бен цо хIоттош дац. Бусалба дино адамашна луш болу кхетамаш берриге нийса бу, цунна чохь йолу Ιамалш ерриге нийса ю, цуьнан гΙиллакхаш дерриге оьзда, хаза ду. 


 

Бусалба динан Ιалашонаш

 Ислам-дин, Бусалба дин, адамашна доссоран а, иза вайна АллахΙа даларан а Ιалашонаш йовзуьйтур ю вай хΙинца:

1. Хьалхара Ιалашо – адамашна шаьш кхоьллина волу шайн Дела АллахΙ  вовзийтар ю.

АллахΙан хаза цΙераш а ю, хаза сифа́таш (куцош) а ду. Ткъа Цуьнан сифа́таш (куцош) тера дац Цо кхоьллинчу кхолларан сифа́тех.

АллахΙах тера цхьаъа хΙума дац.

Цо деш долу массо хΙума хьекъале ду.

Цуьнца цхьаъа гΙоьнча вац, я Цунна накъост оьшуш а вац.

Шена Ιиба́дат дан до́гIуш долуш а, хьакъ долуш а ву Иза. Ткъа цу гIулкхехь Цуьнца цхьаъа декъашхо вац, цундела шена Ιиба́дат дан хьакъ верг Иза цхьаъ бен вац.

2. ШолгΙа Ιалашо – АллахΙаца накъост а ца веш, Цунна цхьанна Ιиба́дат даре адамаш кхайкхар ю, Цо Шен Къуръан чохь а, Элчанан Суннатехь а де аьлларг дан дезий хоуьйтуш, ма де аьллачух ларвала везий а хоуьйтуш.

Ткъа нагахь санна адамаша АллахΙа бохург дахь – дуьненахь а, эхартахь а, синтем а, синпаргΙато а карор ю царна.

3. КхоалгΙа Ιалашо – адамашна дагадаийтар ю, дахаран хан чекх а яьлла, адамаш деллачул тΙаьхьа цера хир долу хьал, уьш боьрзур болу меттиг а, каш чохь царна хирдерг а, дендина гΙовттийначул тIаьхьа царна хьесап дечу хенахь хирдерг а.

Шаьш йинчу Ιамалшка хьаьжжина, шаьш дуьненахь лелийначуьнга хьаьжжина уьш йа жоьжахате, йа ялсамане гΙур бу, дика динехь дика хир ду царна, вон динехь иза карор ду царна.


 

Бусалба динан коьрта баххаш

 ХΙинца Бусалба динан коьрта баххаш довзуьйтур ду вай.

Бусалба динан коьрта бух кхоъ бу: Ийман, Ислам, Ихьсан.

Церан хIоранне доцца маьIна дийр ду вай, Ийман бохург хIун ду а, Ислам бохург хIун ду а, Ихьсан бохург хIун ду а дуьйцуш.

 

Бусалба динан хьалхара бух  –  Ийман (тешар) ду.

Ийманан ялх бIогIам бу. Ийман оцу ялх бIогIамна тIедоьгIна ду.

 

1 - Хьалхара бIогIам: АллахΙах тешар.

АллахΙах тешарна юкъадогΙу:

• АллахΙан элаллех тешар. Вуьшта аьлча – АллахΙ массо хΙуманийн Эла хиларх тешар, дерриге хΙума кхоьллинарг Иза хиларх тешар. Массо хΙума керахь долуш верг, массо хΙума долахь долуш верг, Ша кхоьллинчу хIокху Ιаламан а, дерриге кхолларан а куьйгалла деш верг АллахΙ ву аьлла тешар.    

• АллахΙ бакъ волу Дела хиларх тешар. Иза воцург кхин шена Ιиба́дат дан хьакъ долуш цхьаъа ца хиларх тешар. АллахΙ а воцуш, наха шайна Ιиба́дат деш болу кхиболу деланаш харц хиларх тешар.

• АллахΙан массо цΙарах а, сифа́тех а тешар. Къуръан тIехь а, Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) Суннатехь а юьйцуш АллахΙан хаза цΙераш а, лекха сифа́таш а дуй хаар, уьш довзар, тIаккха церан маьΙнех тешар. 

 

2 - ШолгΙа бIогIам: Малийкех тешар.

Малийкаш АллахΙа кхоьллина Цуьнан лайш ду. АллахΙана Ιиба́дат до цара, Цунна муьтΙахь а ду уьш. Иштта, Дала царна тΙе цхьацца белхаш а дехкина, и белхаш кхочуш деш а ду уьш.

Вайна девзаш долчу малийкех цхьадерш ду:           

• Жибри́л (Жабраил). АллахΙа Шен пайхамаршна а, элчанашна а тΙе «вахьйу»[1] доссадойтуш хилла цуьнга.

• Ми́ка́и́л (Минкаил). ДогΙанца а, ораматашца а болу, Дала шена тΙебиллина болх лелош ду иза.

• Исра́фи́л. Къемат дийнахь адамаш хьалагΙовттош, уьш гулдеш цΙузам чу мох тохар диллина цунна тΙе АллахΙа.

• «Малакул-мавт» (Валаран малийк, са оьцу малийк). Адамаш лечу хенахь, церан са оьцуьйту цуьнга АллахΙа.

 

3 - КхоалгΙа бIогIам: Жайнех тешар.

АллахΙа – сийлахь лекха ву Иза – Шен элчанашна тΙе жайнаш диссийна, шайна чохь дика а, нийсо а йолуш долу.

Вайна цу жайнех Дала довзийтинарш хΙорш ду:

• Тавра́т. Иза Муса пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тΙедоссийна хилла ду, цуьнан къоман уггаре коьрта жайна хилла а ду иза.

• Инжи́л. Иза АллахΙа Ιийса пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тΙедоссийна хилла ду.

• Забу́р. Иза АллахΙа Давуд пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) делла хилла ду.

• ИбрахΙиман жайнаш. Уьш АллахΙа ИбрахΙим пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тΙедиссийна хилла жайнаш ду.

• Сийлахь деза Къуръан. ХΙара, АллахΙа Шен тIаьххьарчу пайхамарна Мухьаммадна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) тΙедоссийна ду. Цундела АллахΙа Къуръан доссорца сацийна дΙадаьккхина Къуръанал хьалха хиллачу жайнашца Ιамал яр. Ша Къуръан доссийча, АллахΙа Шена тΙелаьцна иза лардар Къемат де кхаччалц.

 

 4 - БоьалгΙа бIогIам: Элчанех тешар.

АллахΙа Ша кхоьллинчу адамашна а, жинашна а элчанаш бахкийтина. Церах хьалхарниг Нухь пайхамар ву (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), тΙаьххьарниг Мухьаммад пайхамар ву (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна).

Массо элчанаш, шайна юкъахь Ιузайр а волуш,  Марйаман кΙант Ιийса а волуш, Дала кхоьллина адамаш ду, Дела бен хила догIуш доцу сифа́таш (куцош) цаьрца дан а дац, цундела уьш АллахΙан лайшха лайш бу, Дала элчаналла царна даларца базбина а бу.[2]

Ткъа вайн пайхамар Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) массо нахана ваийтина ву, массо пайхамаршна мохΙур дина, шел тΙаьхьа кхин пайхамар хир воцуш, тIаьххьара пайхамар вина ваийтина ву. 

 

5 - ПхоьалгΙа бIогIам: Къемат дийнах тешар. 

Къемат де – иза адамаш кешнаш чура гΙовттор долу де ду. Цул тΙаьхьа уьш даим дийна хир бу, йа ялсаманехь, йа жоьжахатехь.

Къемат дийнах тешар – вай деллачул тΙаьхьа вайна хир долчух тешар ду, кошахь хир долу зер а, хаттар а, ниΙмат а, Ιазап а санна долчух тешар ду. Юха цул тΙаьхьа гΙовттор хилар а, гулдийр хилар а, хьесап дийр хилар а, барт хоттур хилар а, цул тΙаьхьа йа ялсамане, йа жоьжахате гΙур хилар а санна долчух тешар ду иза.

 

6 - ЯлхолгΙа бIогIам: Къадрах (Делан кхиэлах, Делан хIоттамах) тешар.

Къадрах тешар бохург – иза вай тешар ду, АллахΙа Ιаламах а, цу чохь долчу массо кхолларх а хиндерг билгалдаьккхина хиларх.

Вай  теша АллахΙа Шен Ιилманца, цхьана пайденна кхоллар кхоьллина хиларх. Вай  теша, Ша хΙара Ιалам кхолла а кхоллале, АллахΙана хΙокху Ιаламах а, хΙокху Ιалам чохь долчух а хиндерг хууш хиларх.

Иштта вай теша, и массо хIума АллахΙа Шена гергахь долчу «ал-Лавхьул-махьфуз» («лардина долчу тептар») тΙехь дΙаяздина хиларх.

Вай теша, АллахΙан лаамца бен цхьаъа хΙума хуьлуш ца хиларх, иштта, хΙара Ιалам  а, кхоллар а Цо Шен лаамца кхоьллина хиларх.


 

 

Бусалба динан шолгΙа бух – Ислам (Iамалца шен тешар гучудаккхар) ду.

Ислам пхеа бIогIамана тΙедоьгΙна ду, адам бусалба хуьлуш дац оцу пхеаннах тешшалц, цаьрца Ιамал яллалц.

 

1 - Хьалхара бIогIам: Тешалла дар, АллахΙ воцург кхин дела вац аьлла, Мухьаммад АллахΙан элча а ву аьлла.

ХΙара тешалла дар Исламан до́гΙа ду, Ислам шена тΙедоьгΙна болу коьрта бΙогΙам а бу. АллахΙ воцург кхин дела вац бохучуьнан маьΙна – АллахΙ воцург шена Ιиба́дат дан хьакъ вац цхьаъа бохург ду. Бакъ волу Дела АллахΙ ву, АллахΙ воцуш кхиболу массо деланаш харц деланаш бу. Ткъа, дела бохург – шена наха Ιиба́дат деш верг бохург ду.

Мухьаммад АллахΙан элча ву аьлла тешалла дар – иза Мухьаммада (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) дийцина массо хIума бакъ дар ду, цо де аьлларг дар а, ма де аьллачух генавалар а, иза ца дар а ду, цо де аьллачу кепара бен Ιиба́дат ца дар а ду.

 

2 - ШолгΙа бIогIам: Ламаз дар.

Ца дича мегар доцуш тΙедехкина долу ламазаш пхиъ ду, уьш дийнахь а, буьйсанна а шен-шен хенахь дан дезаш а ду.

Шен лайшна тΙехь долу Шен хьакъ цаьрга кхочушдайта, Шена шукр дайта, Далла а, Цуьнан лайна а юкъахь йолу юкъаметтиг чΙагΙялийта, АллахΙа тΙедехкина ду уьш. Иштта, Шен лайшка Шега дехийта а, уьш Шега кхайкхийта а, уьш Шена хьастабалийта а, бусалба адам вочу хΙуманах духакхетийта а тIедехкина ду Цо уьш.

Ткъа и ламазаш деш волчунна Дала дуьненан дикалла а лур ю, дуьненахь а, эхартахь а ме́л а лур бу. Цундела, ламаз деш волчунна, дуьненахь а, эхартахь а иза ирсе веш йолу дегΙан а, синан а паргΙато хуьлу.

 

3 - КхолгΙа бIогIам: Закат далар.

Закат – иза сагΙа ду, закат тΙедожжал даьхни шен гулделлачо шарахь цкъа мискачу нахана а, иза дала хьакъ болчарна а луш долу.

Закат тΙехь дац закат тΙедожош долу даьхни доцуш волчу мискачунна. Иза далар тΙехь ду хьал долчу нахана.

Закат далар царна тΙехь ду, иза даларца церан бусалбалла кхочуш хилийта, церан гΙиллакхаш а, хьал а туодалийта, царна тΙебогΙу бала бухатоха, халонаш юхатоха, церан даьхнийна хуьлуш болу эшамаш бухатоха, вочу хΙуманах, къинойх уьш цΙанбалийта, мискачу нахана гΙо хилийта, адамашна юккъера марзо, безам, вовший пайдане хилар чΙагΙдалийта. Закат даларх хуьлуш дерш оццул дукха пайданаш ду, ткъа и дала деза закат Дала царна деллачу даьхнех а, рицкъанах а кΙеззиг долу да́къа бен дац.

 

4 - БоьалгΙа бIогIам: Марханаш кхабар.

Вайна тΙедиллина дерг – бусалба нехан терахьца иссолгΙа, Рамада́н цΙе йолу мархин бутт кхабар ду.

Оцу баттахь массо бусалба наха цхьатерра Ιадйуьту шайн дегΙан марзонаш. Ιуьйранна сатосуш дуьйна, суьйранна малхбуза хан кхаччалц, цара яахΙума а ца юу, хΙумма мала а ца молу, я шайн зударшца гΙулллакх а ца доуьйту.

Цара и хΙуманаш дитарна, цара марханаш кхабарна, АллахΙа царна церан дин а кхочуш до, шайн динехь уьш чΙагΙбеш, Шен комаьршаллийца царна боккха ме́л а ло, даржехь уьш сов лакха а боху, сийлаллехь Шена гергахь лакха а боху. Иштта, марханаш кхаьбначарна дуьненахь а, эхартахь а Ша лур ду аьлла долу кхин дуккха диканаш а ло Дала.

 

5 - ПхоьалгΙа бIогIам: Хьадж дар.

Хьадж дар бохург – Делан цIен тIе вахар ду, шарΙо билгалйинчу хенахь, шарΙо билгалдина долу Ιиба́дат кхочуш дархьама.

Дала иза тΙедиллина дахарехь цкъа, ницкъ кхочуш волчунна.

Хьадж дечу хенахь, массо бусалба нах вовшахкхета дуьнентΙехь уггаре езчу меттехь, АллахΙана цхьанна Ιиба́дат а деш, духар массера цхьатера а долуш, паччахьна а, паччахь воцучунна а юкъахь, хьолахочунна а, мискачунна а юкъахь, кΙайчунна а, Ιаьржачунна а юкъахь цхьаъа башхало-къастам а боцуш.

ТΙаккха цара кхочуш йо хьадж деш йан еза Ιамалш. Оцу Ιамалех уггаре йоккха, уггар еза Ιамал Ιарафатехь хан яккхар ю, бусалба нехан къилба долчу КаΙбатана гонаха тΙава́ф деш гонаш дахар а ю, Сафа – Марват шина лома юккъехула дΙасавахар а ю.

Дийцина а, дагар дина а ца валлал ме́л а, чΙогΙа доккха дика а, дуьненна а, динна а пайданаш ду хьадж дарехь.


 

Бусалба динан кхоалгΙа бух – Ихьсан (дика хилар) ду.

Ихьсан бохург – ахь АллахΙана Ιиба́дат дар ду Исламаца а, Ийманаца а, хьайна АллахΙ гуш волуш санна; ткъа хьуна Иза гуш вацахь а, Цунна хьо гуш ву хьуна. Айхьа лелориг а, айхьа дийриг а, хьо АллахΙана хьалха́ волуш санна дика хилийта деза бохург ду иза, хьайн Iиба́дат ахь хьой Цунна хьалха волуш санна дика дан деза бохург ду иза, Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Суннат тΙехь а волуш, цунна тIера а ца волуш.


 

И вай мел дийцинарг Бусалба динна юкъадогΙуш ду.

Массарна а хууш ду Бусалба дино хΙора адаман а, массо нехан а дахар туодина, нисдина хилар, дуьненахь а, эхартахь а уьш декъал хир болчу агΙор. Цундела, бусалба нахана зуда ялор магийна, иза чΙагΙ а дина, амма зинá [3] ца магийна, ши стаг вовший эвхьаза валар а ца магийна, иштта кхидолу оьзда доцу гΙуллакхаш а ца магийна. Шен дика а, нийса а хиларца Бусалба дино тΙедожийна гергара нахаца гергарло чΙагΙдар, мискачу нахаца комаьрша, кΙеда-мерза хилар, уьш ларбар, амма цо ца магийна вон гΙиллакхаш а, адамийн барт бохош долу хIуманаш а, гΙиллакхе ца хилар а.

Бусалба дино вайна магийна йохкаэцар лелорца а, и санна кхечу агΙор а хьанал рицкъа даккхар, амма цо вайна ца магийна рибá [4] а, нах Ιехорца долу йохка-эцар а.

Массо адамаша Бусалба дин лело ма-дезза лелор доций а хууш, Шена гергахь а, нахана гергахь а къинош летош болчу нахана таΙзар хΙоттийна Дала. Далла гергахь хуьлуш долу, Цуьнан хьокъах хьакхалуш долу, шаьш динчунна Дала таΙзар хΙоттийначу къинойх цхьадерш хΙорш ду:

· бусалба стаг,  йа зуда шен дин тΙера юхада́лар;

· зинá дар;

· къаьркъа малар;

· иштта оцу кепара долу кхидерш а.

Нехан хьокъехь хуьлуш долу, Дала уьш динчунна таΙзар хΙоттийна долу къинош хIорш ду:

· стаг вер;

· хΙума лачкъор;

· бехк боцучу стагана, я зудчунна зина́ дина аьлла цΙекхоллар;

· нахана бохам бар, тохар-латар, талораш дар;

· хьакъ доцуш, бакъо йоцуш нехан даьхни схьаэцар.[5]

Ткъа оцу къиношна хIоттийна долу таΙзар цаьрга хьажжина ду, йа сов а дац, йа эшам болуш а дац.

Иштта Бусалба дино нисйина паччахьна а, халкъана а юкъахь хила еза юкъаметтиг. Халкъана тΙедиллина паччахьо бохучу нийсачу хIуманна тIехь цуьнгахьа́ хилар, нагахь санна цо АллахΙана Ιеса хила ца бахахь. Нийсо еш волчу паччахьна дуьхьало еш, герзаца цунна дуьхьал аравалар а ца магийна Бусалба дино, цуьнах хуьлу баккхий бохамаш бахьана долуш. Ткъа паччахьана тIедожийна нийсо йар а, шегара зулам ца далийтар а, шен декхарш дан ма-дезза кхочуш дар а.

ТΙаьххьара, дΙадерзош аьлча нийса хир ду: бакъдолуш, Бусалба динца ю нийса Ιамал а; Далла а, Цуьнан лайшна а юкъахь нийса юкъаметтиг кхоллар а; адамашна юкъахь, церан вовшашлахь нийса юкъаметтиг кхоллар а. Нахаца лело езачу юкъаметтигца доьзна долу, гΙиллакхца доьзна долу, дахарехь оьшуш долу цхьаъа дика дитина дац Бусалба дино иза нахана гайтина, довзийтина, билгалдина бен, уьш цунна тΙенисбина бен. Иштта, цхьане а кепара вон а ца дитина цо, ма де аьлла бен, цунах генадовла аьлла бен, цунах адам духатоьхна лардина бен. Цо гойту вайна, хΙара Бусалба дин кхачамаллин дин хилар, массо агΙор кхачам болуш, эшам боцуш дин хилар, цунна тΙетоха а, йа цунна тΙера дΙадаккха а оьшуш хΙума ца хилар.

Вай хастам бо АллахΙана, Ιаламийн Эла волчу, вайна Бусалба дин Цо даларна.


 

 


[1] АллахIа Шен пайхамарна луш болу хаам, кхайкхам, хуьлийла иза шарI даларца, йа жайна даларца.
(Кхузахь а, кхидIа а,
дерриге билгалдахарш соьгара ду. Олхазар)

[2] Керстанаха Ιийса пайхамар АллахΙан кΙант а, Дела а ву боху. Ткъа жуьгташа Ιузайр АллахΙан кΙант ву аьлла. Лекха а, цΙена а ву АллахΙ цара бохучух. Уьш а, вай массо а АллахΙан лайш ду, Цуьнан кхолларех цхьа кхоллар а ду. Вай бусалба ду, вай АллахΙана муьтΙахь а ду, АллахΙ воцучунна Ιибадат деш а дац, Цуьнца цхьа а накъост веш а дац, Цуьнан бен хила йиш йоцу куц цхьанна а луш а дац, Цунах цхьаъа хIума тардеш а дац.

[3] Шен долахь йоцучу зудчуьнца эвхьаза гΙуллакх хилийтар.

[4] Духалург деллачу ахчанна тΙе са́ яккхар.

[5] Даккхийчу къинойх лаьцна чΙогΙа дика жайна ду Ахьмад Бетис вайн маттахь яздина, «Даккхий къинош» цΙе йолуш.