Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Къуръан тIера а

Суннатера а доIанаш

 

  

Жайна яздинарг:

Шейх СаIид ибн Iалийй

Ал-KъахьтIаний

 

  

Жайна гочдинарг:

Адама Султана Олхазар

 

_____________________

 

Гочдархочуьнан дешхьалхе

 

Къинхетаме а волчу, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца дIадоладо ас!

Ас хастам бо АллахIана, кхоччуш Цунна хастам бан сайн цкъа а ницкъ кхочур боций а хууш, Цо ша хаста ма-варра Иза вуйла а хууш.

Ас доьху Цуьнга, Цо Шен лай а, Шен элча а волу вайн пайхамар Мухьаммад Шена гергахь хазчу хасторца хастор, хазчу хьехорца хьахор, цунах къинхетам бар, цунах а, цуьнан охIлунах а, цуьнан асхьабех а, массерах къинхетам бар, Шегара маршалла царна массарна а кхачор.

Вайн нахана юкъахь олуш цхьа хIума ду: «Мискачу стеган герз доIа ду» олий. МаьIна доккха долуш а, нийса долуш а хIума ду иза. Делахь а, цхьана мискачу стага бен доIа дан ца деза бохург дац цуьнан маьIна. Юкъарчу чулацамца аьлла хIума ду иза. Ткъа, доIа дар – мискачуьнан а, хьолахочуьнан а, жимчуьнан а, воккхачуьнан а, божарийн а, зударийн а, массеран а герз а ду, Дела реза веш долу хIума а ду. Иштта хилла ца Iаш, Делан оьгIазло дIайоккху хIума а ду. ХIокху сийлахьчу хьадисе ладоьгIча хуур ду вайна доIа дар мел лараме хIума ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«АллахIе доIа ца деш, Цуьнга деха ца доьхуш волчунна АллахI оьгIаз воьду».[1]

ХIокху жимчу жайно шена чохь гулдина Къуръан тIера, пайхамарша а, дикчу наха а дина аьлла Дала дийцина доIанаш а, иштта Суннатера, хьалхалерачу пайхамарша дина аьлла, йа кхечу Делан эвлаяаша дина аьлла вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийцина доIанаш а.

ХIара жайна дацдина жима жайна хиларе терра, кху чохь ца дуьйцу доIанийн тешаллаш. Шена уьш довза луург хьажа хIокху жайнин бухе, доккхачу жайни тIе.

Ас Деле доьху хIокху гочдарх Дала вайна массарна пайда бар. Шуьга а дехар дан лаьа суна, шайн доIийна юккъе со а хьахавахьара аьлла.

Делера салам-маршалла хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна, цуьнан охIлунна, цуьнан асхьабашна, массарна.

 

Гочдархо: Адама Султана Олхазар.

Мединат. 1425 хI – 2004 м шш. 

 

Жайна яздинчуьнан дешхьалхе

 

Берриге хастам бу АллахIана. Иза хеста а во вай, Цуьнгара гIо а доьху вай, Цуьнгара гечдар а доьху вай. АллахIаца ларло вай вешан синойн вонех, вешан Iамалийн вонех.

Дала нисвинарг галваккха цхьа а вац, Цо галваьккхинарг нисван а цхьа а вац.

Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла – Ша Цхьаъ ву Иза, накъост а вац Цуьнан –, кхин а ас тешалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца – Делера салават хуьлда цунна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, дуккха маршаллаш а хуьлда царна. 

Цул тIаьхьа:

ХIара дацдина жима жайна ду, ас дацдина долу, сайн: "Зикр а, доIа а, рукъйатца дарба лелор а, Къуръан тIера а, Суннатера а схьаэцна долу" – аьлла цIе йолчу жайни тIера. Цу жайни юккъера доIанах лаьцна долу дáкъа дацдина ас, цуьнах пайда бáлар атта хилийта. Доккхачу жайни тIехь доцуш долу цхьацца керла пайданаш тIетоьхна ас хIокху чохь.

Ас АллахIе доьху, Цуьнан хазчу цIерашца, Цуьнан лекхачу сифаташца, Цо хIара жайна яздар Шен доьхьа дар, баккъалла а Иза ву цу тIехь ницкъ кхочуш верг а, цунна гIо ден верг а.

Делера салават а,  салам а, беркаташ а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадна, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, массарна а.

 

 

Жайна яздинарг,

ШаIбан-бутт, 1408 шо,

хIижратан терахьца.


___________________________________________

  

ДоIа даран дозалла

 

Шун Дала аьлла: деха Соьга, доIа де, Ас жоп лур ду шуна; бакъдолуш, Суна Iибадат дарх куралла еш берш гIур бу жоьжахате, аьшнаш бина сийсаз а болуш﴿     [Сурат "ГIафир" 60 аят].

Ткъа нагахь санна хьоьга Сан лайша Сох лаьцна хаттахь – бакъдолуш, Со гергахь ву шуна, Сайга доIа дечун доIийна жоп луш ву шуна Со; жоп лойла цара Суна (Ас бохучунна, Суна муьтIахь хуьлуш), Сох теша а тешийла уьш, тIаккха уьш нисбала мега﴿ [Сурат «Албакъарат» 186 аят].

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«ДоIа дар Iибадат ду. Шун Дала аьлла: «Деха Соьга, доIа де, Ас жоп лур ду шуна».

Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – :

«Баккъалла а шун Дела – Беркате а, Лекха а волу – Эхь хеташ а ву, Комаьрша а ву. Цунна эхь хета, Шен лайно Шега дехарца ши куьг хьалаайдича, и шиъ даьсса дита».

Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – :

«Цхьа а бусалба стага Деле доIа дийр дац – шена чохь къа дехар а доцуш долу, гергарло хадор а доцуш долу – Дала шена доьхьал хIокху кхаа хIуманех цхьана хIуманца жоп делла бен:

· Йа сихонца жоп лур ду цуьнан доIийна;

· Йа эхартана диканна дIадуьллур ду цуьнан иза;

· Йа цо дехаре терра цунна тIебогIу бала а, вон а духатухур ду.

ТIаккха асхьабаша аьлла: «Делахь, дуккха а дийр ду-кх оха доIа!» Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Делехь дерг кхин а дукха ду».

 

ДоIа даран гIиллакхаш а, цунна жоп даларан бахьанаш а.


1) ДоIа дар цIенчу даггара, Дела доьхьа хилар.

2) ДоIа Дела хасторца а, Иза вазварца а дIадолор, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дилларца дIадолор, цунна салават дилларца чекх а даккхар. 

3) Ша деш долу доIа чIагIдина хилийтар, шеконаш йоцуш; Дала шена жоп лург хиларх билггал тешар.

4) Шена дезаш дерг Деле дикка дехар, жоп далар сих ца дар.

5) ДоIа дечу хенахь дог доIийца цхьана хилар, даг чохь кхин ойланаш йоцуш.

6) ПаргIатонехь а, халонехь а доIа деш хилар, цхьа хало тIехIоьттича бен ца деш ца Iаш.

7) Цхьа АллахI воцучуьнга кхечуьнга хIумма а ца дехар.

8) Шен охIлунна а, гергарчарна а, даьхнийна а, доьзалхочунна а, ша-шена а доьхьал доIа ца дар.

9) ДоIа дечу хенахь аз ай ца дар, къайлах а доцуш, дукха чIогIа а доцуш, юккъарчу барамехь хилийтар.

10) Шен къиношца мукIарло дар, царна гечдар дехар; Дала шена динчу ниIматашца мукIарло дар, Далла оцу ниIматашна шукр дар (баркалла алар).

11) Дукха совнаха говза дешнаш ца лехар.

12) Далла муьтIахь хилар гучудаккхар, хьаставалар, Дала жоп даларга догдахар а, Цунах кхерар а.

13) Шена тIехь цхьанне хьакъ делахь, иза духадерзор, тIерадаккхар, ша динчунна тоба дар.

14) ДоIа кхозза дар.

15) ДоIа дечу хенахь къилбехьа верзар.

16) ДоIа дечу хенахь ши куьг хьалаайдар.

17) Шен таро хилахь, доIа дале хьалха ламаз эцар.

18) ДоIа дечу хенахь шена а, нахана а вон хIума ца дехар.

19) Ша цхьанна кхечунна доIа деш велахь, доьххьара шена дехар. [2]

20) Ша доIа дечу хенахь, Деле Цуьнан хазчу цIерашца дехар, Цуьнан лекхачу сифаташца дехар, ша йинчу дикчу Iамалца дехар, йа дийна волчу дикчу стеган доIийца дехар.

21) ДоIа деш волчун даар а, малар а, духар а хьанал рицкъанах хилар.

22) Къа хуьлуш долу хIума а, гергарло хадор долу хIума а ца дехар.

23) ДоIа деш верг диканиг де олуш, вониг ма де олуш хилар.

24) Массо къинойх а, вочу хIуманех а генавалар.

 

 ДоIийна жоп луш йолу хенаш а, хьолаш а, меттигаш а.

 

1)        Лайлатул-Къадр.[3]

2)        Буьйсанан тIаьххьара дакъа.

3)        Парз ламазел тIаьхьа.

4)        Азанна (молла кхайкхарна) а, къамат дарна а юкъахь.

5)        Буьйсанан цхьа сахьт (муьлхарг ду ца хаьа иза).[4]

6)        Парз ламазе нах кхойкхучу хенахь.

7)        ДогIа догIучу хенахь.

8)        Дела некъахь тIом беш, тIемалойн тобанаш мостагIчунна тIелетачу хенахь.

9)        ПIерасканан дийнан цхьа сахьт. ХIокху сахьтах лаьцна Iелам-наха аьллачу дешнех гIолийниг ду, и сахьт пIерасканан дийнахь малхбуза хенан тIаьхььара сахьт хилар. Делахь а, хила тарлуш ду, и сахьт хутIба де хан а, ламаз де хан а хилар.

10)     Бакъдолу ниййат а дина, Замзам молчу хенахь.

11)     Сужудехь волчу хенахь.

12)     Буьйсанна набарха самаваьллачу хенахь, ишттачу меттехь  Суннатехь деш долу доIа.

13)     Ламаз керахь а долуш дIавижинчул тIаьхьа, буьйсанна самаваьлча деш долу доIа.

14)     «ЛаилáхIа иллá анта, субхьáнака, иннú кунту миназзóлимúна» - олуш деш долу доIа.

15)     Адам кхелхинчул тIаьхьа наха деш долу доIа.

16)    ТIаьхььара ташаххIуд (эттахьиг) доьшучу хенахь, Пайхмарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават диллинчул тIаьхьа деш долу доIа.

17)     Делан уггар езчу цIарца дина доIа, шеца доIа дича Дала жоп луш йолу, шеца дехча Дала дехнарг луш йолу.[5]

18)     Бусалба стага къайлах шен бусалба вешийна дина долу доIа.

19)     Iарафат-дийнахь Iарафатехь деш долу доIа.

20)     Мархин баттахь деш долу доIа.

21)     Дела хьахон бусалба нах гулбеллачу хенахь деш долу доIа.

22)     Цхьа бала тIебеъча, хIокху дешнашца деш долу доIа: «Иннá лиллáхIи ва иннá илайхIи рóжиIýн. АллóхIуммаъжурнú фú мусúбатú, ва ахлиф лú хайран минхIá»

23)     Адаман дог Деле дирзинчу хенахь, дог Делан доьхьа цIанделлачу хенахь.

24)     Зулам хиллачо зуламхочунна деш долу доIа.

25)     Дас-нанас шайн доьзалхочунна деш долу доIа, йа цунна доьхьал деш долу доIа.

26)     Некъахочо деш долу доIа.

27)     Марха кхобучо марха дастталц деш долу доIа.

28)     Марха кхобуш хиллачо марха достуш деш долу доIа.

29)     ДоIа ца дича кхин гIулкх хир доцуш волчо деш долу доIа.

30)     Нийсонна тIехь волчу паччахьо деш долу доIа.

31)     Дикчу доьзалхочо шен дена-нанна деш долу доIа.

32)     Ламаз эцначул тIаьхьа деш долу доIа, нагахь санна Суннатехь деана дерг дахь.

33)     Хьадж дечу хенахь, тIулгаш кхуьссуш йолчу Жимачу меттехь тIулг кхоьссинчул тIаьхьа дина доIа.

34)     Юккъерчу меттехь тIулгаш кхиcсинчул тIаьхьа.

35)     КаIбат чохь дина долу доIа. КаIбатна уллехь болун го КаIбат лоруш бу.

36)     Сафа-лома тIехь дина долу доIа.

37)     Марват-лома тIехь дина долу доIа.

38)     Муздалифатехь, МашIарул-Хьарам олучу меттехь дина долу доIа.

Делах тешаш волу стаг ша миччахь велахь а, даим доIа деш хила везаш ву. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан чохь:

Ткъа нагахь санна хьоьга Сан лайша Сох лаьцна хаттахь – бакъдолуш, Со гергахь ву шуна, Сайга доIа дечун доIийна жоп луш ву шуна Со﴿

Муъма стага даим до Деле доIа, делахь а, хIара лакхахь хьахийна йолу меттигаш а, хенаш а, хьолаш а кхин а чIогIа вай тергам а, тIалам а бан безаш меттигаш ю.

  

Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш

 

Хастам бу цхьана АллахIана, салават а, салам а хуьлда шел тIаьхьа кхин пайхамар воцучунна.

 «Роббанá заламнá анфусанá, ва иллам тагIфир ланá ва тархьамнá ланакýнанна минал хóсирúн» [1]

«Робби иннú аIýзу бика ан асъалака мá лайса лú бихIú Iилмун, ва иллá тагIфир лú ва тархьамнú акумминассóгIирúн»[2]

«РоббигIфир лú ва ливáлидаййа, ва лиман дахала байтийа муъминан, ва лилмуъминúна валмуъминáт»[3]

«Роббанá такъоббал миннá, иннака антассамúIул Iалúму. Ва туб Iалайнá, иннака антаттаввáбуррохьúм» [4]

«РоббижIалнú мукъúмассолáти ва мин зурриййатú, роббанá ва такъоббал дуIáи» [5]

«РоббанагIфир лú ва ливáлидаййа ва лилмуъминúна йавма йакъýмул хьисáб» [6]

«Робби хIаб лú хьукман, ва алхьикънú биссóлихьúна. ВажIал лú лисáна сидкъин фил áхирúна. ВажIалнú мин варасати джаннатиннаIúм» «Ва лá тухзинú йавма йубIасýн» [7]

«Робби хIаб лú минассóлихьúн» [8]

«Роббанá Iалайка таваккалнá, ва илайка анабнá, ва илайкал масúр» [9]

«Роббанá лá тажIалнá фитнатан лиллазúна кафарý, вагIфир ланá роббанá, иннака антал Iазúзул хьакúм» [10]

«Робби авзиIнú ан ашкура ниIматакаллатú анIамта Iалаййа ва Iалá вáлидаййа, ва ан аIмала сóлихьан тардóхIу, ва адхилнú бирохьматика фú Iибáдикассóлихьúн» [11]

«Робби хIаб лú милладунка зурриййатан тIоййибатан иннака самúIуддуIáи» [12]

«Робби лá тазарнú фардан, ва анта хайрул вáрисúн» [13]

«Лá илáхIа иллá анта, субхьáнака, иннú кунту миназзóлимúн» [14]

«Роббишрохь лú содрú. Ва йассир лú амрú. Вахьлул Iукъадатам-мил-лисáнú. ЙафкъохIý къовлú» [15]

«Робби иннú золамту нафсú, фагIфир лú» [16]

«Роббанá áманнá бимá анзалта, ваттабаIнарросýла, фактубнá маIашшáхIидúн» [17]

«Роббанá лá тажIалнá фитанатал-лилкъовмиззóлимúн. Ва надджинá бирохьматика минал къовмил кáфирúн» [18]

«РоббанагIфир ланá зунýбанá, ва исрóфанá фú амринá, ва саббит акъдáманá, вансурнá Iалал къовмил кáфирúн» [19]

«Роббанá áтинá мил-ладунка рохьматан, ва хIаййиъ ланá мин амринá рошадан» [20]

«Робби зиднú Iилман» [21]

«Робби аIýзу бика мин хIамазáтиш-шайáтIúн. Ва аIýзу бика робби ай-йахьдурýни» [22]

«РоббигIфир вархьам, ва анта хайрур-рóхьимúн» [23]

«Роббанá áтинá фиддунйá хьасанатан, ва фил áхирати хьасанатан, ва къинá Iазáбаннáр»[24]

«СамиIнá ва атIоIнá, гIуфрóнака роббанá, ва илайкал масúр» [25]

«Роббанá лá туáхизнá ин насúнá ав ахтIоънá, роббанá ва лá тахьмил Iалайнá исрон камá хьамалтахIý Iалаллазúна мин къоблинá, роббанá ва лá тухьаммилнá мá лá тIóкъата ланá бихIú ваIфу Iаннá, вагIфир ланá, вархьамнá, анта мавлáнá, фансурнá Iалал къовмил кáфирúн» [26]

«Роббанá лá тузигI къулýбанá баIда из хIадайтанá, ва хIаб ланá мил-ладунка рохьматан, иннака антал ваххIáб» [27]

«Роббанá мá халакъта хIáзá бáтIилан субхьáнака, факъинá Iазáбаннáри. Роббанá иннака ман тудхилиннáра факъод ахзайтахIý ва мá лиззóлимúна мин асóр. Роббанá иннанá самиIнá мунáдийай-йунáдú лил úмáни ан áминý бироббикум фаáманнá, роббанá фагIфир ланá зунýбанá, ва каффир Iаннá саййиáтинá, ва таваффанá маIал абрóр. Роббанá ва áтинá мá ваIаттанá Iалá русулика, ва лá тухзинá йавмал къийáмати, иннака лá тухлифул мúIáд»[28]

«Роббанá áманнá, фагIфир ланá вархьамнá, ва анта хайруррóхьимúн» [29]

«Роббанасриф Iаннá Iазáба джахIаннама, инна IазáбахIá кáна гIорóман. ИннахIá сáат мустакъорров-ва мукъóман» [30]

«Роббанá хIаб ланá мин азвáджинá ва зурриййáтинá къуррата аIйунин, ваджIалнá лилмуттакъúна имáман» [31]

«Робби авзиIнú ан ашкура ниIматакаллатú анIамта Iалаййа ва Iалá вáлидаййа, ва ан аIмала сóлихьан тардóхIу, ва аслихь лú фú зурриййатú, иннú тубту илайка, ва иннú минал муслимúн» [32]

«РоббанагIфир ланá ва лиихвáниналлазúна сабакъýна бил úмáни, ва лá таджIал фú къулýбинá гúллал-лиллазúна áманý, роббанá иннака раýфур-рохьúм» [33]

«Роббанá атмим ланá нýранá вагIфир ланá, иннака Iалá кулли шайъин къодúр» [34]

«Роббанá иннанá áманнá, фагIфир ланá зунýбанá, ва къинá Iазáбан-нáр» [35]

«Роббанá áманнá, фактубнá маIашшáхIидúн» [36]

«РоббижIал хIáзал балада áминан, ваджнубнú ва баниййа ан наIбудал аснáм» [37]

«Робби иннú лимá анзалта илаййа мин хайрин факъúр» [38]

«Роббинсурнú Iалал къовмил муфсидúн» [39]

«Роббанá лá таджIалнá маIал къовмиз-зóлимúн» [40]

«ХьасбийаллóхIу лá илáхIа иллá хIува, IалайхIи таваккалту, ва хIува роббул Iаршил Iазúм» [41]

«Iасá роббú ай-йахIдийанú савáассабúл» [42]

«Робби надджинú минал къовмиззóлимúн» [43]

«АллóхIумма áтинá фиддунйá хьасанатан, ва фил áхирати хьасанатан, ва къинá Iазáбаннáри» [44]

«АллóхIумма иннú аIýзу бика мин фитнатиннáри, ва Iазáбиннáри, ва фитнатил къабри, ва Iазáбил къабри, ва шарри фитнатил гIинá, ва шарри фитнатил факъри. АллóхIумма иннú аIýзу бика мин шарри фитнатил масúхьиддаджжáли. АллóхIуммагIсил къалбú бимáиссалджи вал баради, ва наккъи къалбú минал хатIáйá камá наккъойтассавбал абйада минадданаси, ва бáIид байнú ва байна хатIáйáйа камá бáIадта байнал машрикъи вал магIриби. АллóхIумма иннú аIýзу бика минал касали, валмаъсами, валмагIроми». [45]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика минал Iаджзи вал-касали, вал-джубни, вал-хIарами, вал-бухли, ва аIýзу бика мин Iáзабил-къобри, ва мин фитнатил-махьйá вал-мамáти“ [46]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин джахIдил-балáи, ва даракишшакъóи, ва сýил-къодóи, ва шамáтатил-аIдáи“ [47]

“АллóхIумма аслихь лú дúнийаллазú хIува Iисмату амрú, ва аслихь лú дунйáйаллатú фúхIá маIáшú, ва аслихь лú áхиротиллатú фúхIá маIáдú, ваджIалил хьайáта зийáдатан лú фú кулли хайрин, ваджIалил мавта рóхьатан лú мин кулли шаррин” [48]

“АллóхIумма иннú асъалукал хIудá ваттукъó, валIафáфа валгIинá” [49]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика миналIаджзи, валкасали, валджубни, валбухли, валхIароми, ва Iазáбил къобри. АллóхIумма áти нафсú такъвáхIá, ва заккихIá, анта хайру ман заккáхIá, анта валиййухIá ва мавлáхIá. “АллóхIумма иннú аIýзу бика мин Iилмин лá йанфаIу, ва мин къолбин лá йахшаIу, ва мин нафсин лá ташбаIу, ва мин даIватин лá йустаджáбу лахIá”[50]

“АллóхIуммахIдинú ва саддиднú, аллóхIумма иннú асъалукал хIудá вассадáда” [51]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин завáли ниIматика, ва тахьаввули Iáфийатика, ва фуджáати никъматика, ва джамúIи сахотIика” [52]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин шарри мá Iамилту, ва мин шарри мá лам аIмал” [53]

“АллóхIумма аксир мáлú, ва валадú, ва бáрик лú фúмá аIтIойтанú, ва атIил хьайáтú Iалá тIóIатика, ва ахьсин Iамалú, вагIфир лú” [54]

"Лá илáхIа иллаллóхIул Iазúмул хьалúму, лá илáхIа иллаллóхIу, роббул Iаршил Iазúми, лá илáхIа иллаллóхIу, роббуссамáвáти, ва роббул арди, ва роббул Iаршил карúм". [55]

"АллóхIумма рохьматака аржý, фала такилнú илá нафсú тIарфата Iайнин, ва аслихь лú шаънú куллахIý, лá илáхIа иллá анта". [56]

"Лá илáхIа иллá анта, субхьáнака, иннú кунту миназзóлимúн". [57]

"АллóхIумма иннú Iабдука, ибну Iабдика, ибну аматика, нáсийатú бийадика, мáдин фиййа хьукмука, Iадлюн фиййа къодóука, асъалука бикуллисмин хIува лака, саммайта бихIú нафсака, ав анзалтахIý фú китáбика, ав IалламтахIý ахьадан мин халкъика, авистаъсарта бихIú фú IилмилгIойби Iиндака, ан тажIалал къуръáна рабúIа къалбú, ва нýра содрú, ва жалáа хьузнú ва захIáба хIаммú". [58]

“АллóхIумма мусоррифал къулýби, сорриф къолбú Iалá тIóIатика” [59]

“Йá мукъоллибал къулýби саббит къолбú Iалá úмáника” [60]

“АллóхIумма иннú асъалукал Iáфийата фиддунйá вал áхироти” [61]

“АллóхIумма ахьсин Iáкъибатанá фил умýри куллихIá, ва аджирнá мин хизйиддунйá, ва Iазáбил áхироти” [62]

“Робби аIиннú ва лá туIин Iалаййа, вансурнú ва лá тансур Iалаййа, вамкур лú ва лá тамкур Iалаййа, вахIдинú ва йассирил хIудá илаййа, вансурнú Iалá ман багIó Iалаййа. РоббижIалнú лака шаккáрон, лака заккáрон, лака роххIáбан, лака митIвáIан, илайка мухбитан, лака аввáхIан мунúбан. Робби такъоббал тавбатú, вагIсил хьавбатú, ва аджиб даIватú, ва саббит хьудджатú, вахIди къолбú, ва саддид лисáнú, васлул сахúмата къолбú” [63]

“АллóхIумма иннá насъалука мин хайри мá саалака минхIу набиййука Мухьаммадун – соллаллóхIу IалайхIи ва саллама – ва аIýзу бика мин шарри мастаIáза минхIу набиййука Мухьаммадун – соллаллóхIу IалайхIи ва саллама – ва антал мустаIáну, ва Iалайкал балáгIу, ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIи” [64]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин шарри самIú, ва мин шарри басорú, ва мин шарри лисáнú, ва мин шарри къолбú, ва мин шарри маниййú”[65]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика минал бараси, валджунýни, валджузáми, ва мин саййиил аскъóми” [66]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин мункарóтил ахлáкъи, вал аIмáли, вал ахIвáи” [67]

“АллóхIумма иннака Iафуввун карúмун тухьиббул Iафва, фаIфу Iаннú”[68]

“АллóхIумма иннú асъалука фиIлал хайрóти, ва таркал мункарóти, ва хьуббал масáкúни, ва ан тагIфиро лú, ва тархьаманú, ва изá ародта фитната къовмин фатваффанú гIойра мафтýнин. Ва асъалука хьуббака, ва хьубба ман йухьиббука, ва хьубба Iамалин йукъоррибунú илá хьуббика” [69]

“АллóхIумма иннú асъалука минал хайри куллихIи, IáджилихIú ва áджилихIи, мá Iалимту минхIу ва мá лам аIлам; ва аIýзу бика минашшарри куллихIи, IáджилихIú ва áджилихIи, мá Iалимту минхIу ва мá лам аIлам. АллóхIумма иннú асъалука мин хайри мá саалака Iабдука ва набиййука, ва аIýзу бика мин шарри мастаIáза бика минхIу Iабдука ва набиййука. АллóхIумма иннú асъалукал джанната, ва мá къорроба илайхIá мин къовлин ав Iамалин, ва аIýзу бика минаннáри, ва мá къорроба илайхIá мин къовлин ав Iамалин, ва асъалука ан тажIала кулла къодóин къодойтахIý лú хайрон” [70]

“АллóхIуммахьфазнú бил ислáми къóиман, вахьфазнú бил ислáми къóIидан, вахьфазнú бил ислáми рóкъидан, ва лá тушмит бú Iадувван ва лá хьáсидан. “АллóхIумма иннú асъалука мин кулли хайрин хозáинухIý бийадика, ва аIýзу бика мин кулли шаррин хозáинухIý бийадика” [71]

“АллóхIуммакъсим ланá мин хошйатика мá йахьýлу байнанá ва байна маIáсúка, ва мин тIóIатика мá тубаллигIунá бихIú джаннатака, ва минал йакъúни мá тухIаввину бихIú Iалайнá мусúбáтиддунйá. Ва маттиIнá биасмáIинá, ва абсóринá, ва къувватинá мá ахьйайтанá, важIалхIул вáриса миннá, важIал саъронá Iалá ман золаманá, вансурнá Iалá ман Iáдáнá, ва лá тажIал мусúбатанá фú дúнинá, ва лá тажIалиддунйá акбаро хIамминá, ва лá маблагIа Iилминá, ва лá тусаллитI Iалайнá ман лá йархьамунá” [72]

"АллóхIумма иннú аIýзу бика минал бухли, ва аIýзу бика миналжубни, ва аIýзу бика мин ан урадда илá арзалилIумри, ва аIýзу бика мин фитнатиддунйá ва Iазáбилкъабр". [73]

"АллóхIуммагIфир лú хатIúатú ва джахIлú, ва исрóфú фú амрú, ва мá анта аIламу бихIú миннú. АллóхIуммагIфир лú хIазлú, ва джаддú, ва хатIоú, ва Iамдú, ва куллу зáлика Iиндú” [74]

"АллóхIумма иннú заламту нафсú зулман касúран, ва ла йагIфируззунýба иллá анта, фагIфир лú магIфиратан мин Iиндика вархьамнú, иннака антал гIофýруррохьúм" [75]

“АллóхIумма лака асламту, ва бика áманту, ваIалайка таваккалту, ва илайка анабту, ва бика хóсамту. АллóхIумма иннú аIýзу биIиззатика, лá илáхIа иллá анта, ан тудилланú, антал хьаййуллазIи лá йамýту, валджинну вал инсу йамýтýна" [76]

“АллóхIумма иннá насъалука мýджибáти рохьматика, ва Iазáима магIфиратика, вассалáмата мин кулли исмин, валгIанúмата мин кулли биррин, валфавза билджаннати, ваннаджáта минаннáри” [77]

“АллóхIуммажIал авсаIа ризкъú Iалаййа Iинда кибари синнú, ванкъитIóIи Iумурú”[78]

“АллóхIуммагIфир лú занбú, ва вассиI лú фú дáрú, ва бáрик лú фú ризкъú” [79]

“АллóхIумма иннú асъалука мин фадлика ва рохьматика, фаиннахIý лá йамликухIá иллá анта” [80]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика минаттароддú, валхIадми, валгIаракъи, валхьарúкъи, ва аIýзу бика аййатахобатIанишшайтIóну Iиндал мавти, ва аIýзу бика ан амýта фú сабúлика мудбирон, ва аIýзу бика ан амýта ладúгIан”[81]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика минал жýIи, фаиннахIý биъсаддоджúIу, ва аIýзу бика минал хийáнати, фаиннахIá биъсатил битIóнату” [82]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика минал Iаджзи, валкасали, валджубни, валбухли, валхIароми, вакъосвати, валгIофлати, валIайлати, ваззиллати, валмасканати, ва аIýзу бика минал факъри, валкуфри, валфусýкъи, вашшикъóкъи, ваннифáкъи, вассумIати,  варрийáи, ва аIýзу бика минассомами, валбаками, валджузáми, валбароси, ва саййиил аскъóми” [83]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика минал факъри, валкъиллати, ваззиллати, ва аIýзу бика мин ан азлима ав узлама” [84]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин джáриссýи фú дáрил мукъóмати, фаинна джáрол бáдийати йатахьаввалу” [85]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин къолбин лá йахшаIу, ва мин дуIáин лá йусмаIу, ва мин нафсин лá ташбаIу, ва мин Iилмин лá йанфаIу, аIýзу бика мин хIáзихIил арбаIи” [86]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин йавмиссýи, ва мин лайлатиссýи, ва мин сáIатиссýи, ва мин сóхьибиссýи, ва мин джáриссýи” [87]

“АллóхIумма иннú асъалукал джанната, ва астаджúру бика минаннáри” [88]  (кхозза доьшур ду хIара).

“АллóхIумма факкъихIнú фú дúнú” [89]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика ан ушрика бика ва ана аIламу, ва астагIфирука лимá лá аIламу” [90]

“АллóхIумманфаIнú бимá Iалламтанú, ва Iаллимнú мá йанфаIунú, ва зиднú Iилман” [91]

“АллóхIумма иннú асъалука Iилман нáфиIан, ва ризкъан тIоййибан, ва Iамалан мутакъоббалан” [92]

"АллóхIумма иннú асъалука, йá АллóхIу, бианнакал вáхьидул ахьадуссамад, аллазú лам йалид ва лам йýлад, ва лам йакун лахIý куфуван ахьад, ан тагIфира лú зунýбú, иннака анталгIофýруррохьúм". [93]

"АллóхIумма иннú асъалука бианна лакалхьамду лá илáхIа иллá анта вахьдака лá шарúка лака, алманнáну, йá бадúIассамáвáти валъарди, йá залджалáли валъикрóми, йá хьаййу, йá къаййýму, иннú асъалукал джанната ва аIýзу бика минаннáри". [94]

"АллóхIумма иннú асъалука бианнú ашхIаду аннака анталлóхIу лá илáхIа иллá антал ахьадуссамаду, аллазú лам йалид, ва лам йýлад ва лам йакун лахIý куфуван ахьад". [95]

“РоббигIфир лú, ва туб Iалаййа, иннака антаттаввáбул гIофýру” [96]

"АллóхIумма биIилмикалгIайба, ва къудратика Iалáлхалкъи, ахьйинú мá Iалимтал хьайáта хайран лú, ва таваффанú изá Iалимтал вафáта хайран лú. АллóхIумма иннú асъалука хашйатака филгIайби вашшахIáдати, ва асъалука калиматал хьаккъи фирридó валгIодоби, ва асъалукал къасда филгIинá валфакъри, ва асъалука наIúман лá йанфаду, ва асъалука къуррата Iайнин лá танкъатIиIу, ва асъалука бардалIайши баIдал мавти, ва асъалука лаззатанназари илá ваджхIика, вашшавкъа илá ликъóика фú гIайри даррóа мудирротин, ва лá фитнатин мудиллатин. АллóхIумма заййиннá бизúнатил úмáни, важIалнá хIудáтан мухIтадúн". [97]

“АллóхIуммарзукънú хьуббака, ва хьубба ман йанфаIунú хьуббухIý Iиндака. АллóхIумма мá розакътанú миммá ухьиббу фажIалхIу къувватан лú фúмá тухьиббу. АллóхIумма ва мá завайта Iаннú миммá ухьиббу фажIалхIу фарóгIан лú фúмá тухьиббу” [98]

“АллóхIумма тIоххIирнú миназзунýби валхотIóйá, аллóхIумма наккъинú минхIá камá йунаккъоссавбул абйаду минадданаси. АллóхIумма тIоххIирнú биссалджи, валбаради, валмáил бáриди” [99]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика минал бухли, валджубни, ва сýил Iумури, ва фитнатиссодри, ва Iазáбил къобри” [100]

“АллóхIумма робба Джибрóúла, ва Мúкáúла, ва робба Исрóфúла, аIýзу бика мин хьарриннáри, ва мин Iазáбил къобри” [101]

“АллóхIумма алхIимнú рушдú, ва аIизнú мин шарри нафсú” [102]

“АллóхIумма иннú асъалука Iилман нáфиIан, ва аIýзу бика мин Iилмин лá йанфаIу” [103]

"АллóхIумма роббассамáвáтиссабIи, ва роббал Iаршил Iазúми, роббанá ва робба кулли шайъин, фáликъол хьабби ваннавá, ва мунзилаттаврóти валъинжúли валфуркъóни, аIýзу бика мин шарри кулли шайъин, анта áхизун бинáсийатихI. АллóхIумма антал аввалу фалайса къоблака шайъун, ва антал áхиру, фалайса баIдака шайъун, ва антаззóхIиру, фалайса фавкъака шайъун, ва антал бáтIину, фалайса дýнака шайъун, икъди Iаннаддайна, ва агIнинá миналфакър". [104]

“АллóхIумма аллиф байна къулýбинá, ва аслихь зáта байнинá, вахIдинá субулассалáми, ва надджинá миназзулумáти иланнýри, ва джаннибнал фавáхьиша мá зохIара минхIá ва мá батIана, ва бáрик ланá фú асмáIинá, ва абсóринá, ва къулýбинá, ва азвáджинá, ва зуррийáтинá, ва туб Iалайнá, иннака антаттаввáбуррохьúму, важIалнá шáкирúна линиIматика, муснúна бихIá Iалайка, ва атмимхIá Iалайнá” [105]

“АллóхIумма иннú асъалука хайрал масъалати, ва хайраддуIáи, ва хайраннаджáхьи, ва хайрал Iамали, ва хайрассавáби, ва хайрал хьайáти, ва хайрал мамáти, ва саббитнú, ва саккъил мавáзúнú, ва хаьккъикъ úмáнú, варфаI дароджáтú, ва такъоббал солáтú, вагIфир хотIúатú, ва асъалукаддароджáтил Iулá минал джаннати. АллóхIумма иннú асъалука фавáтихьал хайри, ва хавáтимахIý, ва джавáмиIахIу, ва аввалахIý, ва зóхIирохIý, ва бáтIинахIý, ваддароджáтил Iулá минал джаннати, áмúн. АллóхIумма иннú асъалука хайра мá áтú, ва хайра мá афIалу, ва хайра мá аIмалу, ва хайра мá батIана, ва хайра мá зохIара, ваддароджáтил Iулá минал джаннати, áмúн. АллóхIумма иннú асъалука ан тарфаIа зикрú, ва тадоIа визрú, ва туслихьа амрú, ва тутIоххIира къолбú, ва тухьассина фарджú, ва тунаввира къолбú, ва тагIфира лú занбú, ва асъалукаддароджáтил Iулá минал джаннати, áмúн. АллóхIумма иннú асъалука ан тубáрика фú нафсú, ва фú самIú, ва фú басорú, ва фú рýхьú, ва фú холкъú, ва фú хулукъú, ва фú ахIлú, ва фú махьйáйа, ва фú мамáтú, ва фú Iамалú, фатакъоббал хьасанáтú, ва асъалукаддароджáтил Iулá минал джаннати, áмúн”. [106]

“АллóхIумма джаннибнú мункарóтил ахлáкъи, вал ахIвáи, вал аIмáли, вал адвáи” [107]

“АллóхIумма къанниIнú бимá розакътанú, ва бáрик лú фúхIи, вахлуф Iалаййа кулла гIóибатин лú бихайрин” [108]

“АллóхIумма хьáсибнú хьисáбан йасúрон” [109]

“АллóхIумма аIиннá Iалá зикрика, ва шукрика, ва хьусни Iибáдатика”[110]

“АллóхIумма иннú асъалука úмáнан лá йартадду, ва наIúман лá йанфаду, ва мурóфакъатаннабиййи – соллаллóхIу IалайхIи ва саллама – фú аIлá гIурофил джаннати, джаннатил хулди” [111]

“АллóхIумма къинú шарро нафсú, ваIзим лú Iалá аршади амрú, аллóхIуммагIфир лú мá асрорту, ва мá аIланту, ва мá ахтIоъту, ва мá Iамадту, ва мá Iалимту, ва мá джахIилту”[112]

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин гIолабатиддайни, ва гIолабатил Iадувви, ва шамáтатил аIдáи” [113]

“АллóхIуммагIфир лú, вахIдинú, варзукънú, ва Iáфинú. АIýзу биллáхIи мин дúкъил мукъóми йавмал къийáмати” [114]

“АллóхIумма маттиIнú бисамIú, ва басорú, важIалхIумал вáриса миннú, вансурнú Iалá ман йазлимунú, ва хуз минхIу бисаърú” [115]

“АллóхIумма иннú асъалука Iúшатан накъиййтан, ва майтатан савиййатан, ва мараддан гIойра мухзин ва лá фáдихьин” [116]

“АллóхIумма лакал хьамду куллухIу, аллóхIумма лá къóбидо лимá басатIта, ва лá бáситIа лимá къобадта, ва лá хIáдийа лимá адлалта, ва лá мудилла лиман хIадайта, ва лá муIтIийа лимá манаIта, ва лá мáниIа лимá аIтIойта, ва лá мукъорриба лимá бáIадта, ва лá мубáIида лимá къорробта. АллóхIуммабсутI Iалайнá мин барокáтика, ва рохьматика, ва фадлика ва ризкъика. АллóхIумма иннú асъалуканнаIúмал мукъúмаллазú лá йахьýлу ва лá йазýлу. АллóхIумма иннú асъалуканнаIúма йавамал Iайлати, вал амна йавмал ховфи. АллóхIумма иннú Iáизун бика мин шарри мá аIтIойтанá, ва шарри мá манаIта. АллóхIумма хьаббиб илайнал úмáна, ва заййинхIу фú къулýбинá, ва каррихI илайнал куфра, валфусýкъа валIисйáна, важIалнá минаррóшидúна. АллóхIумма таваффанá муслимúна, ва алхьикънá биссóлихьúна, гIойра хазáйá ва  лá мафтýнúна. АллóхIумма къотилил кафараталлазúна йуказзибýна русулака, ва йасуддýна Iан сабúлика, важIал IалайхIим риджзака ва Iазáбака. АллóхIумма къóтилил кафараталлазúна ýтул китáба, илáхIал хьаккъи, áмúн” [117]

“АллóхIуммагIфир лú, вархьамнú, вахIдинú, ва Iáфинú, варзукънú, ваджбурнú, варфаIнú” [118]

“АллóхIумма зиднá ва лá танкъуснá, ва акримнá ва лá тухIиннá, ва аIтIинá ва лá тахьримнá, ва áсирнá ва лá туъсир Iалайнá, ва ардинá, вардо Iаннá”[119]

“АллóхIумма ахьсанта халкъú, фаахьсин хулукъú” [120]

“АллóхIумма саббитнú важIалнú хIáдийан махIдиййан” [121]

“АллóхIумма áтинúл хьикматаллатú ман ýтийахIá факъод ýтийа хайран касúран” [122]

“АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммадин, ва Iалá áлихIú, ва асхьáбихIú, аджмаIúна, ва ман табиIахIум биихьсáнин илá йавмиддúни” [123]

 

 


[1] ХIара хьадис дийцина Ибн МаджахI цIе йолчу Iелам-стага шен «Сунан» жайни чохь, 3817 лоьмарца; Имам Ахьмада а дийцина шен «Муснад» чохь, 9342 лоьмарца а, 9789 лоьмарца а.

[2] Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – доIа дечу хенахь цкъацкъа шена дехарца дIадолош хилла, цкъацкъа кхечунна дехарца дIадолош а хилла, масала цо Анасана дина доIа а, Ибн Iаббасана а, Умм ИсмаIилана а, иштта кхечарна а дина доIа санна. Цунах лаьцна кхин а кIорггера хаа лууш верг хьажа: Нававийс яздинчу жайни тIе: «Шархь Сахьихь Муслим», 15\144; Ибн Хьаджар Ал-Iаскъаланийн жайни тIе а: «Фатхьул Бáрú», 1\218.

[3] Къадран буьйса – мархин беттан тIаьхььарчу итт дийнан буьйсанех цхьа буьйса ю иза.

[4] Шен лайшка буьйсанна доIанаш дайтархьама Дала и сахьт муьлхарг ду ца хаийтина вайна.

[5] Делан уггар еза цIе юкъахь йолуш ду хIокху жайни тIера 94-гIа а, 95-гIа , 96-гIа а доIанаш.



 

ДоIанийн маьIна

 

 

[1] ×Тхан Дела! Оха тхайн синошна зулам дина-кх, нагахь Ахь тхуна геч а ца дахь, Ахь тхох къинхетам а ца бахь тхо эшамехь болчерах а хир ду-кхØ

[2] ×ХIай сан Дела! Со Хьоьца ларло айса сайна ца хуург Хьоьга дехарх; нагахь Ахь суна геч а ца дахь, Ахь сох къинхетам а ца бахь со эшамехь болчерах хир ву-кхØ

[3] ×ХIай сан Дела, суна а гечде Ахь, сан дена-нанна а гечде Ахь, сан хIусам чувеанчу Хьайх тешаш волчунна а (гечде Ахь), хьайх тешаш болчу божаршна а, зударшна а (гечде Ахь)Ø

[4] ×Тхан Дела! (Оха лелош дерг) тхоьгара къобал де Ахь; баккъалла а, Хьо Хезаш а, Хууш а ву-кх.Ø ×Тхан тоба а къобал де Ахь, баккъалла а, Хьо Тоба къобал деш верг а, Къинхетам беш верг а ву-кхØ

[5] ×ХIай сан Дела! Ламаз деш хилийта Ахь со, сан зуьретах ( тIаьхьенах берш) а; хIай тхан Дела, сан доIа къобал а де АхьØ

[6] ×Тхан Дела! Гечде Ахь суна а, сан дена-нанна а, хьайх тешаш болчарна а, хьесап хIуттур долчу дийнахьØ

[7] ×ХIай сан Дела! Суна кхетам а ло Ахь, дикчу нахах со дIа а тоха Ахь. ТIаьхьарчарна юкъахь бакъонан мотт а ло Ахь суна. НаIийм-ялсаманийца ирс оьцур болчерах а ве Ахь соØ  ×Сийсаз а ма ве Ахь со, (адамаш) гIовттор долчу дийнахьØ

[8] ×ХIай сан Дела! Дикчу нахах хир долу бер а ло Ахь сунаØ

[9] ×Тхан Дела! Хьуна тIе болх а биллина Оха, Хьоьга дерза а дирзина тхо, Хьоьга (эхартахь) дерзар а ду тханØ

[10] ×Тхан Дела! Керста динчу нахана тхох питана ма де Ахь, тхуна геч а де Ахь тхан Дела, бакъдолуш, Хьо Нуьцкъала верг а, Хьекале верг а ву-кхØ

[11] ×Сан Дела! Аьтту бе Ахь сан, Айхьа суна а, сан дена-нанна а деллачу ниIматашна Хьайна соьга шукр дайта, соьга Хьо реза волун дика Iамал а йайта; Хьайн къинхетамца Хьайн дикчу лайшха дIа а тоха Ахь соØ

[12] ×ХIайн сан Дела! Суна Хьайна гергара дика зуьрет (тIаьхье) ло Ахь, бакъдолуш Хьо доIа хезаш верг ву-кхØ

[13] ×ХIай сан Дела! Со сой цхьаъ ма вита Ахь, Хьо ирс лучерах уггар гIолийниг а ву-кхØ

[14] ×Хьо воцург кхин Дела вац, Сийлахь-ЦIена ву Хьо (массо кхачамбацарех), баккъалла а, со зулам динчерах хилла-кхØ

[15] ×ХIай сан Дела! Сан дог паргIатдаккха Ахь. Сан гIуллакх а атта де Ахь. Сан метта шад а дIабаста Ахь. Уьш сан дашах кхетийтаØ

[16] ×ХIай сан Дела! Ас айса сайна зулам дина-кх, гечдехьа сунаØ

[17] ×Тхан Дела! Ахь доссийначух тешна тхо, Элчанна тIаьхьа а хIиттина тхо, ткъа Ахь яздехьа тхо (Хьой цхьаъ хиларца) тешалла деш болчаьрцаØ

[18] ×Тхан Дела! Зуламе болчу нахана питана ма де тхох. Керста динчу нахах Хьайн къинхетамца кIелхьара а даха Ахь тхоØ

[19] ×Тхан Дела! Гечдехьа тхуна тхан къинош а, тхаьшна тоьхна долчу дозанал тхо тIехдовлар а; чIагI а бехьа тхан когаш (ницкъ, ГIазотана), гIо а дехьа тхуна керста динчу нахана доьхьалØ

[20] ×Тхан Дела! Тхуна Хьайн къинхетам ло Ахь, тхешан хIокху гIуллакхехь нисдалар атта а де Ахь тхунаØ

[21] ×Сан Дела! Iилманца сов ваккха Ахь со!Ø

[22] ×Сан Дела! Хьоьца ларло со шайтIанийн вочу ойланех. Хьоьца ларло со уьш сайна герга дахкарх аØ

[23] ×Сан Дела! Гечде Ахь, къинхетам а бе Ахь, Хьо къинхетам бечарна юкъахь уггар къинхетаме верг ву-кхØ

[24] ×Тхан Дела! Дуьненахь а дика ло Ахь тхуна, эхартахь а дика ло Ахь тхуна, цIеран Iазапах лар а де Ахь тхоØ

[25] ×Тхуна хаза а хезна, тхо муьтIахь а хилла; Хьан гечдар доьху оха, хIай тхан Дела; доьрзу меттиг Хьоьга а ю тханØ

[26] ×Тхан Дела! Тхо бехке ма де Ахь, нагахь санна тхо дицлахь, йа гIалат довлахь; тхан Дела, тхуна тIе хало а ма йилла Ахь, тхол хьалха хиллачарна тIе Айхьа ма-йиллара; тхан Дела, тхан ницкъ кхочур боцу хIума а ма дилла Ахь тхуна тIе; тхайн къинойх хьалхадаха Ахь тхо, геч а де Ахь тхуна, къинхетам а бе Ахь тхох; Хьо ву тхан Эла, ткъа Ахь гIо дехьа тхуна, Хьайх ца тешачу нахана доьхьалØ

[27] ×Тхан Дела! Тхан дегнаш (хIокху динах) дIамадерзаде Ахь, Айхьа тхо нисдинчул тIаьхьа, Хьайна гергара къинхетам а ло Ахь тхуна, бакъдолуш Хьо массо хIума луш верг ву-кхØ

[28] ×Тхан Дела! ХIара (Iалам) эрна ца кхоьллина-кх Ахь – Сийлахь ЦIена ву Хьо – ткъа Ахь тхо лардехьа цIеран Iазапах. Тхан Дела! Ахь цIерга вигнарг – иза сийсаз вина-кх Ахь, зуламхошна гIоьнчий а хир бац-кх. Тхан Дела! Тхуна хезира кхайкхархо кхойкхуш: «Шайн Делах теша» - бохуш, тIаккха тхо тийшира; тхан Дела, тхан къиношна тхуна гечде Ахь, тхан вочу Iамалх тхо дIа а цIанде Ахь, тхан дикчу нахаца далар а де Ахь. Тхан Дела! Айхьа Хьайн Элчаншкахула тхуна ваIд дина дерг дала а ло Ахь тхуна, къемат дийнахь сийсаз а ма де Ахь тхо, бакъдолуш, Ахь Хьайн ваIд доха ца до-кхØ

[29] ×Тхан Дела! Тхо тешна Хьох, тхуна гечде ахь, тхох къинхетам а бе Ахь, Хьо уггар дика къинхетам беш верг ву-кхØ

[30] ×Тхан Дела! Жоьжахатин Iазап тхуна тIера дIадерза де Ахь, баккъалла а, цуьнан Iазап дIакъасталуш дац-кх. Баккъалла а, ма вон Iан меттиг а, соцу меттиг а ю-кх изаØ

[31] ×Тхан Дела! Ло Ахь тхуна тхан зударех а, тIаьхьенах а бIаьрг бузар; (Хьайх) кхоьруш болчарна дикаллийца масал а де Ахь тхохØ

[32] ×Сан Дела! Аьтту бе Ахь сан, Айхьа суна а, сан дена-нанна а деллачу ниIматашна Хьайна соьга шукр дайта, соьга Хьо реза волун дика Iамал а йайта; сан тIаьхье дика а йе Ахь суна; баккъалла а, ас Хьоьга тоба а дина, со бусалба нахах а вуØ

[33] ×Тхан Дела! Гечде Ахь тхуна а, тхол хьалха Ийман диллинчу тхан вежаршна а; тхан дегнаш чохь (Хьайх) тешначаьрца хьагI а ма хилийта Ахь, бакъдолуш, Хьо къахеташ а, къинхетам беш а ву-кхØ

[34] ×Тхан Дела! (Айхьа тхуна делла) тхан нур кхочуш де ахь тхуна, геч а де Ахь тхуна; бакъдолуш, Хьо массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву-кхØ

[35] ×Тхан Дела! Хьох тешна ду тхо, ткъа Ахь тхуна тхан къиношна гечдехьа, цIеран Iазапах тхо лар а дехьаØ

[36] ×Тхан Дела! Оха Ийман диллина, ткъа тхо язде Ахь (Хьайн Къуръанах а, Элчанах) тешаш болчаьрцаØ

[37] ×Сан Дела! ХIара мохк маьрша бе Ахь; со а, сан кIентий а цIунашна Iибадат дарха лар а де АхьØ

[38] ×Сан Дела! Ахь суна луш долчу массо дикане хьашт долуш ву-кх соØ

[39] ×Сан Дела! Бохамаш бечу нахана доьхьал суна гIо де АхьØ

[40] ×Тхан Дела! Зуламечу нахаца (цхьаьна) ма хилийта Ахь тхоØ

[41] ×АллахI тоьаш ву суна, Иза воцург кхин Дела вац; Цунна тIе болх билли ас, Иза доккхачу Iаршан Дела а вуØ

[42] ×Сан Дала со нисвийр вац-те нийсачу некъа тIеØ

[43] ×Сан Дела! Зуламечу нахах ларве Ахь соØ

[44] «Йа АллахI! Дуьненахь а дика ло Ахь тхуна, эхартахь а дика ло Ахь тхуна, цIеран Iазапах лар а де Ахь тхо»

[45] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца цIеран питанах, цIеран Iазапах а, кошан питанах а, кошан Iазапах а, хьалдолдолуш хиларан питанах а, къеллин питанах а. Йа АллахI! Со ларло Хьоьца Дадджалан питанан вонах. Йа АллахI! Сан дог дIацáнде Ахь лайн хица а, ша санна долчу хица а; сан дог къинойх дIацIан де Ахь, мIоданех кIайн коч дIацIанлуш санна; суна а, сан къиношна а юкъахь йолу юкъ генаяккха Ахь, Айхьа малхбале а, малхбузе а вовшийн гена ма-яккзара. Йа АллахI! Со ларло Хьоьца малонах а, къа латорах а, декхарах а».

[46] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца кIелвисарх а, малонах а, осалаллех а, къанвелча уггар вочу, халчу хене валарх а, бIаьрмецигаллех а; со ларло Хьоьца кошан Iазапах а, дахаран а, валаран а питанех а».

[47] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца балано сой кIелвитарх а, дакъазалло сой лацарх а, вочу кхелах а, мостагIийн хьагIах а».

[48] «Йа АллахI! Суна сан то де Ахь, сан белхан лардархо долун; сан дуьне а то де Ахь суна, шена чохь сан дахар долун; сан эхарт а то де Ахь суна, сан воьрзу меттиг йолу; сан дахар суна массо дикчу хIуманехь со сов волуш де Ахь; со валар со массо вочу хIумнах паргIат волуш а де Ахь».

[49] «Йа АллахI! Ас йоьху Хьоьга нийса куьйгалла а, (Хьох) кхерар а, догцIеналла а, тоамалла а»

[50] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца кIелвисарх а, малонах а, осалаллех а, бIаьрмецигаллех а, къанвелча уггар вочу, халчу хене валарх а, кошан Iазапах а. Йа АллахI! Сан сина (Хьайх) кхерар ло Ахь, иза дIацIанде Ахь, уггар дика иха дIцIандийр дерг Хьо ву-кх; Хьо ву цуьнан тергамхо, цуьнан Эла. Йа АллахI! Со ларло Хьоьца пайда ца беш долчу Iилманах а, хьаста ца луш долчу дагах а, тоам ца хуьлчу сих а, шена жоп ца луш долчу доIанах а».

[51] «Йа АллахI! Нисве Ахь со, нийсо гайта Ахь суна. Йа АллахI! Ас нийса некъ а боьху Хьоьга, нийсо а йоьху Хьоьга».

[52] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца Хьан ниIмат дIадаларх, Ахь елла могшалла хийцайаларх, Хьан Iазапо цIеххьана лацарх, Хьан массо оьгIазлонах».

[53] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца айса динчун вонах а, айса даза долчун вонах а».

[54] «Йа АллахI! Сан даьхни а, доьзал а совбаккха Ахь, Айхьа суна делачунна беркат а де Ахь суна, Хьайна муьтIахь хиларца сан хан а яхйе Ахь, сан Iамал хаз а йе Ахь, суна геч а де Ахь».

[55] «АллахI воцург кхин Дела вац, Воккха а, Эсала а ву Иза, АллахI воцург кхин Дела вац, доккхачу Iаршан да ву Иза, АллахI воцург кхин Дела вац, стигланийн Эла ву Иза, лаьттан а Эла ву Иза, сийлахьчу Iаршан да а ву Иза».

[56] «Йа АллахI! Хьан къинхетаме дог доху ас, ткъа Ахь со ма вита сох сайх воьзна, бIаьрга негIар тухучу юкъана а, сан ша долу гIуллакхаш то а де Ахь, Хьо воцург кхин Дела вац».

[57] «Хьо воцург кхин Дела вац, ЦIена ву Хьо, баккъалла а, со зулам динчарах хилла-кх».

[58] «Йа АллахI! Баккъалла а, Хьан лай ву со, Хьан лайн кIант а ву со, Хьан лай йолчу (сайн ненан) кIант а ву со, сан болх Хьан керахь бу, Хьан хьукм суна тIехь чекхдолуш а ду, Ахь йина кхел суна нийса а ю. Ас Хьан массо цIарца доьху Хьоьга, Ахь Айхьа Хьайна яккхина йолчу, йа Ахь Хьайн Жайни тIехь йоссийна йолчу, йа Ахь Айхьа кхоьллинчу Хьайн халкъах цхьанна Iамийна йолчу, йа Ахь Хьайна гергахь Хьайн къайленехь сацийна йолчу, (ас доьху Хьоьга) Къуръан сан деган бIаьсте йар, сан кийран нур иза дар, сан сингаттам дIаойъуш дерг иза дар, сан сагатдалар а дIадоккхуш дерг иза дар».

[59] «Йа АллахI! ХIай дегнаш хуьйцуш верг! Тхан дегнаш Хьайна муьтIахь хилар тIе дерзаде Ахь».

[60] «ХIай дегнаш хуьйцуш верг! Сан дог Хьайн дин тIехь чIагIде Ахь».

 

[61] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга дуьненахь а, эхартахь а массо вочу хIумнах хьалхавалар».

[62] «Йа АллахI! Тхан массо белхийн тIаьхьло дика хилийта Аь, дуьненан сийсазаллех а, эхартан Iазапах а лар а де Ахь тхо».

[63] «ХIай сан Дела! Суна гIо де Ахь, суна доьхьал цхьанна гIо ма де Ахь; суна толам ло Ахь, суна доьхьал толам ма ло Ахь; суна гIонна хIилла ло Ахь, суна доьхьал мекарло а ма хилийта Ахь; со нисве Ахь, нийсо суна атта а йе Ахь, суна харцонца доьхьал ваьллачунна тIехь суна гIо а де Ахь. Сан Дела! Со хьайна дукха шукр деш ве Ахь, Хьой дукха хьехош ве Ахь, Хьайх дукха кхоьруш ве Ахь, Хьайна сов муьтIахь ве Ахь, Хьайна муьтIахь хиларга воьрзуш ве Ахь, Хьоьга кхойкхуш, Хьайга воьрзуш ве Ахь. Сан Дела! Сан тоба къобал де Ахь, сан къа дIадайъа Ахь, сан доIийна жоп ло Ахь, сан тешалла чIагIде Ахь, сан дог нисде Ахь, сан мотт нийсонга берза бе Ахь, сан дагчура хьагI а дIайаккха Ахь».

[64] «Йа АллахI! Оха доьху Хьоьга Хьан пайхамара Мухьаммада – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дехначу дикаллех диканаш; тхо лар а ло Хьоьца Хьан пайхамар Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шех ларвелла долчу вонех. Хьо ву тхан ГIоьнча, Хьоьга кхайкхар а ду тхан. ГIора а дац, ницкъ а бац АллахIера боцург».

[65] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца сайн хазаран вонах, сайн бIаьрсин вонах, сайн меттан вонах, сайн деган вонах, сайн бехкечу меттиган вонах».

[66] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца проказин цамгарх а, коьртана галваларх а, джузама-цамгарх а, массо вочу цамгарех а».

[67] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца массо вочу гIиллакхех, вочу Iамалех, вочу лаамех».

[68] «Йа АллахI! Баккъалла а, Хьо Къинхетаме а, Комаьрша а ву-кх, къинхетам безаш а ву-кх Хьо, къинхетам бехьа сох».

[69] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга дика хIуманаш соьга дайтар, вон хIуманаш соьга Iаддийтийтар, миска нах суна безар. Ас доьху Хьоьга Ахь суна гечдар, Ахь сох къинхетам бар. Нагахь санна Хьайна цхьана нахана питана дан лаахь, питана юкъа ца тухуш сан валар нисде Ахь. Ас доьху Хьоьга Хьо везар, Хьо везаш верг везар, Хьо везарна со герга вуьгур йолу Iамал а езар».

[70] «Йа АллахI! Ас ша-долу дика доьху Хьоьга: сихха хиндерг а, тIаьхьа хиндерг а, суна доьвзаш дерг а, суна ца доьвзинарг а. Со ларло Хьоьца массо вонах: сихха хир долчух а, тIаьхьа хир долчух а, цуьнах суна доьвзинчух а, суна довзаза долчух а. Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга Хьан Пайхамара Хьоьга дехначу диканех; со ларло Хьоьца Хьан Пайхамар а, Лай а Хьоьца ларвеллачу вонех. Йа АллахI! Ас йоьху Хьоьга ялсамане а, цунна герга вуьгу дош а, Iамал а. Со ларло Хьоьца цIерах а, цунна герга вуьгчу дашах а, Iамалх а. Ас доьху Хьоьга Айхьа суна мел йеш йолу кхел суна дика хилийтар».

[71] «Йа АллахI! Со ирахь волуш а бусалба динца ларве Ахь со, со хиъна волуш а бусалба динца ларве Ахь со, со дIатевжина волуш а бусалба динца ларве Ахь со, мостагIун а, хьагIлелорхочун а хьагI суна тIе а ма яккха Ахь. Йа АллахI! Ас массо дика доьху Хьоьга – цуьнан хазнаш Хьан керахь ю-кх –, со массо вонах а ларло Хьоьца – цуьнан гулдалар а Хьан керахь ду-кх –.

[72] «Йа АллахI! Тхо Хьуна Iеса хиларна юкъадоьра долун Хьайх кхерар ло Ахь тхуна, Хьайн ялсамане тхо кхачор долун Хьайна муьтIахь хилар а ло Ахь тхуна, дуьненан баланаш атта бийр долун Хьайх билггал тешар а ло ахь тхуна; тхан хазарца марзо ло ахь тхуна, тхан бIаьрсица марзо ло Ахь тхуна, тхан ницкъашца марзо ло Ахь тхуна тхо дийна мел ду, и ша-дерг тхан тIаьхьлонна а кхачаде Ахь. Тхуна зулам динчунна тхан бекхам кхочуш бе Ахь, тхоьца мостагIалла долчунна тIехь тхуна гIо а де Ахь, тхуна хир болу бала тхан динехь а ма бе Ахь, хIара дуьне тхан уггар коьрта сингаттам а ма бе Ахь, йа тхан Iилман чаккхе а ма йе Ахь, тхох къинхетам бийр боцург тхуна тIе а ма таса Ахь».

[73] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца бIаьрмецигаллех, осалаллех а ларло со Хьоьца, къанвелча, уггар вочу, халчу хене валарх а ларло со Хьоьца, дуьненан питанех а, кошан Iазапах а ларло со Хьоьца».

[74] «Йа АллахI! Гечде Ахь суна сан къина а, сан цакхетамна а, сайн балхехь со сов валарна а, сол дика Хьайна хуучунна а. Йа АллахI! Гечде ахь суна сан забарна а, ас баккъалла динчунна а, сан гIалатна а, ас хууш динчунна а, и ша-дерг соьца долуш а ду-кх».  

[75] «Йа АллахI! Ас сайна дукха зулам дина, ткъа къиношна Ахь бен геч ца до, гечдехьа суна, Хьайн гечдарца, къинхетам а бехьа сох, баккъалла а, Хьо гечдеш а, Къинхетаме а ву-кх».

[76] «Йа АллахI! Хьуна муьтIахь хили со, Хьох теша а тийши со, болх Хьуна тIе а билли ас, Хьоьга (хьаставелла) верза а вирзи со, Хьан доьхьа къийсам а хили сан. Йа АллахI! Со ларло Хьан нуьцкъаллийца – Хьо воцург кхин Дела вац – Ахь со тилорха, Хьо цкъа а лийр воцуш, даим дийна верг ву – ткъа адамаш а, жинаш а лийр долуш ду -.

[77] «Йа АллахI! Оха Хьан къинхетам хуьлуйту хIума доьху Хьоьга, Ахь гечдаран бахьанаш а доьху Хьоьга, массо Iесаллех маьрша хилийтар а доьху Хьоьга, массо дикчу хIуманца пайда эцийтар а доьху Хьоьга, ялсаманица толам а боьху Хьоьга, цIерах хьалхадахар а доьху Хьоьга».

[78] «Йа АллахI! Айхьа суна лур долу уггар шорта рицкъа сан шераш алсам девлча хилийта Ахь, сан хан хада герга йахча хилийта Ахь».

[79] «Йа АллахI! Сан къина гечде Ахь, сан ков-керт шор де Ахь, сан рицкъанах суна беркат а де Ахь».

[80] «Йа АллахI! Ас Хьан комаьршалла а, Хьан къинхетам а боьху Хьоьга, баккъалла уьш долахь верг Хьо бен вац-кх».

[81] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца сайн хьал галдаларх а, дохарх а, хи буха вахарх а, цIе яларх а. Со ларло Хьоьца, лечу хенахь шайтIано галваккхарх; со ларло Хьоьца, Хьан некъахь тIом бечара ведда воьдуш валарх; со ларло Хьоьца цхьана хIумано къовзийна сой валарх а». 

[82] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца мацаллех, бакъдолуш вон накъост ву-кх иза. Кхин а со ларло Хьоьца ямартлонах, бакъдолуш вон духар ду-кх иза».

[83] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца кIелвисарх а, малонах а, осалаллех а, бIаьрмецигаллех а, къанвелча уггар вочу, халчу хене валарх а, къизаллех а, терго йоцуш хиларх а, къен хиларх а, аьшнаш вина хиларх а, къечу хьолах а. Со ларло Хьоьца къеллах а, керстаналлех а, Iесаллех а, дуьхьалонех а, нифáкъах а, цIе хазийта лаарх а, нахана вовзийта Iамал йарх а. Со ларло Хьоьца къора хиларх а, мотт сацарх а, джузам-цамгарх а, проказа-цамгарх а, массо вочу цамгарех а».

[84] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца къеллах а, кхачам боцуш хиларх а, аьшнаш вина хиларх а. Со ларло Хьоьца айса цхьанна зулам дарх а, суна цхьамма зулам дарх а».

[85] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца вочу лулахочух хIокху дуьненахь, бакъдолуш аренца лела акха Iаьрбо лулахо сих-сиха хийцалуш хуьлу-кх».

[86] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца хьаста ца лучу дагах а, дIахезаш доцучу доIанах а, тоам ца хуьулучу сих а, пайда ца бечу Iилманах а, со ларло Хьоьца хIокху деа хIумнах».  

[87] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца хIокху дуьненахь вочу дийнах а, вочу буьйсанах а, вочу сахьтах а, шеца вон долчу адамах а, шеца вон долчу лулахочух а».

[88] «Йа АллахI! Ас йалсамане йоьху Хьоьга, жоьжахатин цIарах Хьоьца лар а ло со».

[89] «Йа АллахI! Суна сайн динехь кхетам ло Ахь».

[90] «Йа АллахI! Со Хьоьца ларло айса Хьоьца накъост лацарх со хууш а волуш, ас Хьоьгара гечдар а доьху сайна ца хуучунна!»

[91] «Йа АллахI! Айхьа суна Iамийнчух суна пайда бе Ахь, суна пайда хир берг суна Iама а де Ахь, Iилманца со сов а ваккха Ахь».

[92] «Йа АллахI! Ас пайдане Iилма а доьху Хьоьга, дика-цIена рицкъа а доьху Хьоьга, къобал хир йолу Iамал а йоьху Хьоьга».

[93] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга хIай АллахI, Хьо цхьаъ хиларца, Хьо Хьой цхьаъ верг хиларца, Хьо даим волуш хиларца, Хьо халкъана оьшуш а волуш, Хьуна халкъера хIумма а оьшуш ца хиларца, бер хилла а воцчу, дех-ненах схьаваьлла а воцчу, Шеца цхьа а накъост хилла а воцчу, (ас доьху Хьоьга) суна сан къиношна гечдар, баккъалла а, Хьо Гечдеш верг а, Къинхетаме верг а ву-кх».

[94] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга берриг хастам Хьуна хиларца, Хьо воцург кхин Дела вац, Хьой цхьаъ ву Хьо, Хьоьца накъост а вац, Хьайгара массо дика хуьлуш верг ву Хьо, хIай стигланаш а, латта а кхоьллинарг, хIай Сийлахь верг, Комаьрша верг, хIай даим дийна верг, хIай даим волуш верг, ас ялсамане йоьху Хьоьга, Хьоьца жоьжахатех лар а ло со».

[95] «Йа АллахI! Баккъалла а, ас доьху Хьоьга айса тешалла дарца: Хьо АллахI-Дела ву аьлла, Хьо воцург кхин Дела вац аьлла, Хьо Хьой цхьаъ верг ву аьлла, Хьо даим волуш верг ву аьлла, Хьо халкъана оьшуш а волуш, Хьуна халкъера хIумма а оьшуш доцуш верг ву аьлла, бер хилла а воцчу, дех-ненах схьаваьлла а воцчу, Шеца цхьа а накъост хилла а воцчу (Хьоьга доьху ас, доIийна жоп ло Ахь)».

[96] «Сан Дела! Гечде Ахь суна, тоба къобал де Ахь сан, бакъъалла а Хьо Тоба къобал деш верг а, Гечдеш верг а ву-кх».

[97] «Йа АллахI! Хьайна къайлах дерг хууш хиларца, Хьан кхолларан ницкъ хиларца, со дуьненахь вахар дика ду аьлла Хьайна хиъча – сан вахар дах де Ахь, со валар дика хилар Хьайна хиъча – со валар сих де Ахь. Йа АллахI! Со Хьайх къайлах а, гучахь а кхерийтар доьху ас Хьоьга, со резахиларехь а, оьгIазвахарехь а со бакъ луьш хилийтар а доьху ас Хьоьга, мискаллехь а, хьалдолуш хиларехь а юккъера хьал а доьху ас Хьоьга, чекх дер доцу ниIмат а доьху ас Хьоьга, чекх дер доцу самукъадалар а доьху ас Хьоьга, Хьан кхел лелла яллачул тIаьхьа Хьо реза хилар а доьху ас Хьоьга, Хьоьга хьажаран марзо а, бIаьрг бузар а доьху ас Хьоьга, Хьоьца цхьаьнакхетаре догдахар а доьху ас Хьоьга, суна зен а хир доцуш, я галвоккхуш долу питана а хир доцуш. Йа АллахI! Ийманан хазаллийца хаз дехьа тхо, нийсачу некъа тIе кхойкхуш а долуш, нийсачу некъа тIехь нисделла а дехьа тхо»

[98] «Йа АллахI! Хьой везар а ло Ахь суна, Хьуна гергахь ша везча суна пайда хир берг везар а ло Ахь суна. Йа АллахI! Айхьа суна делла долун суна деза рицкъ – Хьайна дезарг дарехь суна ницкъ луш хилийта Ахь; Айхьа суна дезаш долчу хIуманех соьгара дIадаьккхинарг – Хьайна дезачунна со тIеверзаран бахьана де Ахь».

[99] «Йа АллахI! Со къинойх а, гIалатлонех а дIцIанве Ахь. Йа АллахI! Со церах дIацIанве Ахь, кIайн коч моданех дIацIанлуш санна. Йа АллахI! Со церах дIацIанве Ахь лайца а, ша санна долчу хица а, шийлачу хица а».

[100] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца бIаьрмецигаллех а, осалаллех а, вочу хенах а, деган питанах а, кошан Iазапах а».

[101] «Йа АллахI! ХIай Жабраилан а, Минкаилан а Дела! ХIай Исрафилан Дела! Со ларло Хьоьца жоьжахатин цIеран йовхонах а, кошан Iазапах а».

[102] «Йа АллахI! Нийса кхетам таса Ахь сан дагчу, сан син вонах лар а ве Ахь со».

[103] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга пайдане Iилма. Со ларло Хьоьца пайда ца бечу Iилманах».

[104] «Йа АллахI! ХIай ворхIе стигланийн Дела, лаьттан а Дела, доккхачу Iаршан а Дела, хIай тхан а, массо хIуманан а Дела, буьртиг а, хурманан лаг а кхиош волу Дела, хIай Таврат а, Инжил а, Къуръан а доссийна верг, со Хьоьца ларло массо хIуманан вонах, Хьо ву иза керахь долуш верг. Йа АллахI! Хьо ву Хьалхарниг, Хьол Хьалха хIумма а хилла дац, Хьо ву ТIаьххьарниг а (массо белча а вуьсур верг, Хьайн сифаташца), Хьол тIаьхьа хIумма а дац, Хьо ву толаме верг, Хьол лекха хIумма а дац, Хьо ву Къайлах верг (а, къайлах дерг хууш верг а), Хьол герга хIумма а дац, (йа АллахI), тхуна тIера декхар дIадаккха Ахь, тхо мискаллех хьалха а даха Ахь».

[105] «Йа АллахI! Тхан дегнаш юкъахь марзо йе Ахь, тхан синош то де Ахь, тхо Хьайгарчу маршонан некъаш тIе нисде Ахь; боданех кIелхьарадахе, тхо нур долчахьа дерзаде Ахь; гучахь а, къайлах а долчу къинойх тхо ларде Ахь; тхуна тхан хазарца а, тхан бIаьрсица а, тхан дегнашца а, тхан хIусамнаношца а,тхан доьзалшца а беркат де Ахь; тхан тоба къобал а де Ахь, бакъдолуш Хьо Тоба къобал дийриг а, Къинхетам бийриг а ву; тхо Хьайн ниIматана шукр деш хилийта Ахь, цуьнца Хьо хестош хилийта Ахь, иза тхуна кхочуш а де Ахь».

[106] «Йа АллахI! Ас уггар дика дехар доьху Хоьга, уггар дика доIа доьху Хьоьга, уггар дика толам боьху Хьоьга, уггар дика Iамал йоьху Хьоьга, уггар дика мел боьху Хьоьга, уггар дика дахар а доьху Хьоьга, уггар дика валар а доьху Хьоьга. Къемат дийнахь со чIагIве Ахь, сан терзанаш дазде Ахь; Хьайх сан тешар бакъ де Ахь, сан даржаш айде Ахь, сан ламаз къобал де Ахь, сан къина гечде Ахь; йалсаманехь лакхара даржаш а доьху ас Хьоьга. Йа АллахI! Ас диканийн юьхь йоьху Хьоьга, цуьнан чаккхе а, цуьнан дукхалла а, цуьнан хьалхе а, цуьнах гучахь дерг а, цуьнах къайлах дерг а, йалсаманехь лакхара даржаш а доьху ас Хьоьга, жоп ло Ахь суна. Йа АллахI! Ас сайн массо белхан дика доьху Хьоьга, айса мел-дечу хIуманан дика а, айса мел-йечу Iамалан дика а, къайлах мел-долчу хIуманан дика а, гучахь мел-долчу хIуманан дика а, дика доьху ас Хьоьга, йалсаманехь лакхара даржаш а доьху ас Хьоьга, жоп ло Ахь суна. Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга сайн хьехор лакхадаккхар, суна тIера сан къа а дIадаккхар, сан болх а то бар, сан дог а дIацIандар, сан бехке меттиг а лайар, сан дог а нуьре дар, суна сан къина а гечдар; йалсаманехь лакхара даржаш а доьху ас Хьоьга, жоп ло Ахь суна. Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга Ахь суна беркат дар, сан хазарна а беркат дар, сан бIаьрсина а беркат дар, сан сина беркат дар, сан кхолларна а беркат дар, сан гIиллакхашна а беркат дар, сан охIлунна а беркат дар, сан дахарна а, сан валарна а, сан Iамална а беркат дар; Ахь сан диканаш а къобал дар; йалсаманехь лакхара даржаш а доьху ас Хьоьга, жоп ло Ахь суна.       

[107] «Йа АллахI! Со массо вочу гIиллакхех а, вочу Iамалех а, вочу лаамех а ларве Ахь».

[108] «Йа АллахI! Айхьа суна деллачу рицкъанах тоам беш хилийта Ахь со, цуьнах суна беркат а де Ахь, сан доцучун метта суна диканиг а ло Ахь».

[109] «Йа АллахI! Суна атта хьесап де Ахь».

[110] «Йа АллахI! Суна гIо де Ахь Хьой хьахорна тIехь а, Хьайн шукр дарна тIехь а, Хьайн дикка Iибадат дарна тIехь а».

[111] «Йа АллахI! Ас юхадер доцу Хьох тешар (Ийман) а доьху Хьоьга, чекхдер доцу ниIмат а доьху Хьоьга, даим хир йолчу йалсаманин лакхарчу хIусамашкахь Пайхамарца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – со цхьанатохар а доьху Хьоьга».

[112] «Йа АллахI! Сайн син вонах ларве Ахь со, сан белхан нийсонна тIе нисве Ахь со. Йа АллахI! Гечде Ахь суна ас къайлах динарг а, ас гучахь динарг а, соьгара гIалат даьлларг а, ас хаа а хууш динарг а, суна доьвзаш хилларг а, суна ца доьвзаш хилларг».

[113] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца декхаро сой лацарх а, мостагIчо толам баккхарх а, мостагIчун хьагI бакъ хиларх а».

[114] «Йа АллахI! Гечде Ахь суна, нисве Ахь со, рицкъ ло Ахь суна, могшалла а ло Ахь суна. АллахIаца ларло со, къемат дийнахь латтаран готталлех».

[115] «Йа АллахI! Сан хазаран а, бIаьрсин а марзо ло Ахь суна, и шиъ сан тIаьхьлонна ло Ахь; суна зулам деш волчунна тIехь суна гIо де Ахь, цунна соьгара бекхам а бе Ахь».  

[116] «Йа АллахI! Ас цIена дахар а доьху Хьоьга, паргIат валар а доьху Хьоьга, со сийсаз а хир воцуш, аьшнаш вина а хир воцуш йолу воьрзу меттиг а йоьху Хьоьга».

[117] «Йа АллахI! Ша-болу хастам бу Хьуна! Йа АллахI! Ахь дIахецнарг сацо стаг вац, Ахь сацийнарг дIахеца стаг а вац, Ахь тилийнарг нисван стаг а вац, Ахь нисвинарг тило стаг  а вац,  Ахь духатоьхнарг дала стаг а вац, Ахь делларг духатоха стаг а вац, Ахь генадаьккхинарг герга дало стаг а вац, Ахь герга далийнарг генадаккха стаг а вац. Йа АллахI! Хьайн беркаташ делха де Ахь тхуна тIе, Хьайн къинхетам а, Хьайн комаьршалла а, Хьайн рицкъ а делха де Ахь тхуна тIе. Йа АллахI! Ас цкъа а хедар доцу, дIадер доцу, лаьттар долун ниIмат доьху Хьоьга. Йа АллахI! Массо нехан Хьоьгахь хьашт хир долчу дийнахь ниIмат доьху ас Хьоьга, кхерам хир болчу дийнахь маршо а йоьху ас Хьоьга. Йа АллахI! Хьоьца ларлуш ву со Ахь тхуна деллачун вонах а, Ахь тхуна ца луш сацийначун вонах а. Йа АллахI! Хьайх тешар марзде Ахь тхуна, тхан дегнаш чохь хазде Ахь иза; керстаналла а, муьтIахь ца хилар а, Iесалла а безам боцуш де Ахь тхуна, нийсачу кхетам тIехь а хилийта Ахь тхо. Йа АллахI! Тхан далар бусалба долуш де Ахь, тхан дендар а бусалба долуш де Ахь, тхо дикчу нахах дIа а тоха Ахь, сийсаз дина а доцуш, питана хилла а доцуш. Йа АллахI! Хьайн элчанаш харц а беш, Хьан новкъа тIера адамаш дIа а дерзош болу керстанаш хIаллак бе Ахь, царна тIехь Хьайн таIзар а, Iазап а де Ахь. Йа АллахI! Айхьа шайга Жайна делла хилла болу керста-нах хIаллак бе Ахь, хIай бакъонан Дела, сан доIийна жоп ло Ахь».

[118] «Йа АллахI! Суна гечде Ахь, сох къинхетам бе Ахь, со нисве Ахь, сан хьал то де Ахь, суна рицкъ ло Ахь, суна синтем а бе Ахь, со даржехь лакха ваккха Ахь».

[119] «Йа АллахI! Алсам даккха Ахь тхуна (дика хIума), эша ма де Ахь; лараме де Ахь тхо, сийсаз ма де Ахь; (диканаш) ло Ахь тхуна, дехка ма дехка Ахь уьш тхуна; тхо гIолий хете, хьалха татта Ахь, тхол хьалха кхиниг ма татта Ахь; тхо реза а де Ахь, тхуна реза а хила Хьо».

[120] «Йа АллахI! Сан кхоллар хаза дина Ахь, иштта сан гIиллакх а хаза дехьа!»

[121] «Йа АллахI! (Дин тIехь) чIагIве Ахь со; кхинверг нисвеш а, сой нисвелла а хилийта Ахь со».

[122] «Йа АллахI! Суна хьекъалалла ло Ахь, Ахь и шена делларг доккха дика делла хуьлуш волу».

[123] «Йа АллахI! Хьайн къинхетам а, хазчу хьахорца хьахор а, маршалла а ло Ахь тхан Пайхамарна Мухьамадна, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, къемат де кхаччалц дикаллийца царна тIаьхьабаьзначарна массарна а».