|
|
|
Бер ца хиларан дарба (Къуръанаца а, Суннатца а) «Ас-Со́римул-Батта́р» жайни тIера
БисмиллахIир-рохьманир-рохьим. Вас-солату вас-саламу Iала набиййина Мухьаммад, ва Iала алихIи ва сахьбихIи аджмаIин.
1. Божарийн агIор бер ца хилар. Иза шина тайпана ду: - ДегIаца долу лазар бахьана долуш бер ца хилар. Цунна дарба лоьрашка дайта хьажа веза, нагахь санна цаьргахь цуьнан дарба делахь. - Жинийн хьу хьакхадалар бахьана долуш (жин стагана чудаларца, йа кхечу агIор). ХIокхунна дарба хуьлу – АллахIан пурбанца – Къуръанаца а, доIанца а, азкарашца а (Дела хьахорца а). Муха хуур ду вайна бер ца хилар дегIан цамгарх ду, йа жинаш бахьана долуш ду? Бер ца хилар жин бахьана долуш хилча, цуьнан билгалонаш иштта хуьлу: - Малхбуза хан хиллачул тIаьхьа са дукълуш хилар. Цхьайолчу хенахь иза буьйса юккъе йаххалц дахдала а мега. - Тидамза хилар а, хьекъал гIийла хилар а (невнимательность). - Букъа-тIехк чекхйолучу меттехь лазар хилар. - Наб ца кхетар, йа наб паргIат ца йар. - Кхераме (долу) гIенаш гар.
2. Зударийн агIор бер ца хилар. Иза а шина тайпана ду: - Дала и зуда кхуллучу хенахь бер ца хуьлуш кхоллар. - Чу жин далар бахьана долуш бер ца хилар, зудчуьнан беран-цIа чура стен-зирх жино талхор бахьана долуш. Жино и хIума дича «оплодотворени» кхочуш ца хуьлу, йа иза кхочуш хиллалц Iад а юьтий, тIаккха и зуда берах хилла масийтта бутт баьлча цу шайтIано меттахбоккху зудчуьнан беран-цIа чохь болу пха (артери), тIаккха и бахьана долуш цIий а долалой, и бер дала а лей ара долу. Масийтозза бер делла арадалар жин бахьана долуш хила и тарлуш ду, и санна долчу хьолашна дуккхозза дарба хилла а ду. Вайн Пайхамаран – Делера салам а, маршалла а хуьлда цунна – хьадисехь деана ду, шайтIа адамийн цIийца лелало аьлла. (Фатхьул-бáрú 4:282; Шархь Сахьихь Муслим, Нававий 14:155).
3. Бер ца хиларна дарба. - Рукъйат [1] кассети тIехь яз а дина, ладогIийта деза цомгачуьнга, йа цо ша деша деза, хIора дийнахь кхозза. - Рукъйат дешначул тIаьхьа, цу стеган лерга чу лакхарчу озаца азан дан деза (моллакхайкха веза). - ХIора Iуьйранна «Ас-Со́ффа́т» олу Къуръанан сурат деша деза, йа цуьнга ла догIа деза. - ДIавуьжчу хенахь «Ал-МаIа́ридж» олу Къуръанан сурат деша деза, йа цуьнга ла догIа деза. - Iаьржа тмúнан даьттана тIехь доьшур ду «Ал-Фатихьа» а, «Айатул-курсий» а, «Ал-Бакъарат» суратан тIаьххьара ши айат а, «Áл-Iимран» суратан тIаьххьара ши айат а, «Ал-фалакъ» а, «Ан-нас» а олу ши сурат а. ТIаккха и даьтта ша дIавижале шен накхана тIе а, хьаж тIе а, букъан-тIехка (позвоночник) тIе а хьокхур ду. И лакхахь дийцина долу айаташ доьшур ду цIенчу моз тIе, тIаккха хIора дийнахь мецчу чоьна тIе цхьацца Iайг кхоллуш и моз дуур ду. Иштта и дарба лелош масийтта бутт баккха беза, дарба хиллалц, АллахIан омрунаш кхочуш а деш, Дала шайна дарба деш болчу бусалбанех ша хилийтархьама. АллахIа аьлла: [Оха доссадо Къуръанах (айаташ), Делах тешачарна дарба а, къинхетам а шайца болуш долу]. Оцу айатехь АллахIа къастийна Шех тешаш берш, къаьсттина царна дарба ду иза аьлла. ТIаккха цу лазарна дарба хир ду – Дала мукъалахь – цунах тера долчу дуккха лазаршна дарба лелийна а ду, АллахIан къинхетамца. Делера салават а, салам а хуьлда Делан Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, массарна а. (ХIара а, рукъйат а кечдеш соьца дакъалаьцна Мединатера IабдуллахIа. Дела реза хуьлда цунна). [1] Ар-РукъйахI – Къуръан тIера билгал даьхна айаташ а, суннатера доIанаш а ду, цхьацца цамгаршна дарбанна доьшуш долу.
|