|
|
| Видео |
|
БУСАЛБА КХЕТАМ АЛ-IАКЪИДАТУЛ-ИСЛАМИЙЙАХI ("Ар-РисалахI" жайнин дошдолор)
Имам Ибн Аби-Зайд Ал-Къайраваний Дала къинхетам бойла цунах 310 - 386 шш. хI. т.
Жайнин маьIне ладогIа:
Маттаца схьаалар а, дагца тешар а важиб долу бусалба кхетамаш буьйцу да́къа ду хIара
Важиб ду дагца теша а тешаш, маттаца схьаолуш хилар:
АллахI - цхьаъ волу дела ву аьлла!
Иза воцург кхин дела вац.
Цунах тера хIумма а дац,
Цуьнца нисдала йиш йолуш хIумма а дац.
Цуьнан доьзалхо а вац.
Иза дех-ненах схьаваьлла а вац.
Цуьнан хIусамнана а яц.
(Цуьнан балхахь) Цуьнца цхьаьна цхьаъа накъост вац.
Иза хьалхара хиларан юьхьиг яц (Цул хьалха цхьаъа хIума хилла дац; цкъа воцуш а хилла, тIаккха хила волавелла вац Иза, даим волуш хилла ву Иза).
Иза тIаьххьара хиларан чаккхе а яц (Иза дIа а ваьлла, Цул тIаьхьара хир долуш цхьаъа хIума дац; воцуш хир волуш вац Иза, даим хир волуш верг ву Иза).
Цуьнан куцош дуьйцурш кхуьур бац церан духе (Цуьнан куцош ма-дарра муха ду хуийла дац цхьанна а, Цунна Шена бен).
Цуьнан болх ма-барра бевзар а бац (Цунах лаьцна) ойла ечарна.
Пайда эца луучара, хьехам хила луучара Цуьнан билгалонаш тIехь ойла йо, Цуьнан Шен духе кхиа гIерташ ойланаш ца йо цара.
[Цуьнан Iилманах цхьаъа хIума ца хаьа царна, Цунна лиънарг бен. Стигланаш а, латта а шена чулоцуш ду Цуьнан «курсийй»[1]. И шиъ (стигал а, латта а) лардаро цхьаъа хало а ца йо Цунна. Лекха верг а, воккха верг а ву Иза];
(Массо хIума) хууш верг а, девзаш верг а ву Иза.
(Массо хIума) лелош верг а, (массо хIуманна тIехь) ницкъ болуш верг а ву Иза.
(Массо хIума) хезаш верг а, гуш верг а ву Иза. (Массо хIуманал) лекха верг а, воккха верг а ву Иза.
Ша́ Шен сийлахь Iарш тIехула (лакхаваьлла) а ву Иза.
Шен Iилманца (массо хIума девзаш хиларца) массо меттехь а ву Иза:
Адам кхоьллина Цо, цуьнан дагчу уьхуш йолу ерриге ойланаш йовза а евза Цунна, (Шен хаарца, гарца, хазарца) цуьнан синан-пхенал герга а ву Иза цунна.
Цхьаъа (дитта тIера) гIа охьа ца дужу, Цунна иза хууш долуш бен. Латтанан боданашкахь цхьаъа тIеда хIума а, йа цхьаъа екъа хIума а яц (кхуьуш, кхоллалуш, дIайолуш), билггал долчу жайни тIехь (Ал-Лавхьул-Махьфу́з тIехь) ша́ дIаяздина долуш бен.
Iарш тIехула лакхаваьлла Иза.
Дерриге паччахьалла а чулаьцна Цо.
Уггар хаза цIераш а, уггар лакха куцош (сифа́таш) а ду Цуьнан.
Шен сифаташца а, Шен цIерашца а даим хилла ву Иза (Цуьнан сифа́таш а, Цуьнан цIераш а, церан маьIнеш а даим хилла ду Цуьнца, цкъа доцуш а хилла тIаккха кхолладелла дац уьш).
Лакха ву Иза Шен сифа́таш кхоьллина хиларх, Шен цIераш кхоллаелла хиларх.
Ша́ Шен сифат долчу Шен къамелаца вистхилла Иза Муса-пайхамаре, Цо цуьнга дина долу къамел кхоьллина а дац.
Шена а, ломана а юкъара пардо дIадаьккхина хилла Цо, тIаккха и лам Цуьнан сийлахьаллийна атабелла, боьхна дIабаьлла.
Къуръан – АллахIан къамел ду, дIаде́ра долчу кепара кхоьллина къамел а дац иза, йа довр долчу кепара кхоьллина долчу хIуманан куц а дац иза.
Къадрах (Делан кхелах, хIоттамах, билгалдаккхарх) тешар важиб ду, хуьлийла иза дика хIума, йа вон хIума, мерза хIума, йа къаьхьа хIума – и дерриге вайн АллахI Дала (хьалхе дуьйна) билгалдаьккхина хIоттийна ду, Цуьнан кхиэлаца хуьлуш а ду.
Массо хIуманан хилар Цуьнан керахь ду, массо хIуманан лелар а, схьадалар а Цуьнан кхиэлаца ду.
Хила а хилале хьалха девзаш хилла ду Цунна массо хIума, тIаккха Цо билгалбинчу хIоттамца хилла а ду массо хIума.
Цуьнан лайша (адамаша) цхьаъа дош эра дац, цхьаъа Iамал а йийр яц Цуьнан кхиэлаца бен, Цунна иза доьххьара дуьйна девзаш хилла бен, [Муха девзар дац кхоьллина волчунна (Ша кхоьллинарг)?! Иза – мел жима хIума а хууш верг, массо хIума а девзаш верг ву].[2]
Шена луург тила а вой (нийса некъа тIера галвоккхий), Шен нийсонца сийсазво Цо. Шена луург Шен комаьршаллийца аьтту бой нис а во Цо (нийса некъа тIе).
ХIора (адамана) атта дина Цо Шен Iилмангахь а, Шен хIоттамехь а хьалхе дуьйна долуш хилларг – иза йа дакъаза даьлла хир долуш, йа ирс долуш хир долуш.
Лакха ву Иза Шен паччаллехь Шена лууш доцург хиларх, йа Цуьнга хьашт доцуш цхьаъ хиларх, йа Иза воцург кхин кхоллархо хиларх (Цуьнан паччахьаллехь Цунна ца лиънарг хуьлийла дац, Цуьнан паччахьаллехь Цуьнга хьашт доцуш цхьаъа хуьлийла дац, Цуьнан паччахьаллехь Иза воцург кхин кхоллархо а хуьлийла дац).
Адамийн а Эла ву Иза, церан Iамалийн а Эла ву Иза (уьш массо кхоьллинарг а ву Иза).
Церан лелар а, церан Iожаллин хенаш а билгалйинарг ву Иза.
Царна тIехь (Шен) тешалла кхочушдеш царна элчанаш бахийтинарг а ву Иза.
ТIаккха тIаьххьара кхочушдина Цо элчаналла а, кхерамца кхайкхамалла а, пайхамаралла а Шен пайхамарца Мухьмаммадца, Делера салават а, салам а хуьлда цунна. Элчанех уггар тIаьххьарниг вина (ваийтина) Цо иза, (дика хиллачарна) кхаъ боккхуш волуш, (вон хиллачарна) кхерам кхайкхош волуш, АллахIан пурбанца (адамаш а, жинаш а) Цуьнга кхойкхуш волуш, серло лун тогар санна (нийса некъ гойтуш) волуш.
Цо цуьнга доссийна Шен хьекъале жайна, Цо цуьнца довзийтина Шен нийса дин, Цо цуьнца гайтина нийса некъ.
(Къемат дийнан) сахьт догIур долуш (хилар бакъ) ду, цхьаъа шеко йоцуш. АллахIа юха гIаттор а ву велларг ша-верг. Цо уьш доьххьара ма-кхоллара, (юха денбина) юха боьрзур бу уьш (беллачул тIаьхьа).
Кхачамбацарех цIена волчу АллахIа Шех тешаш болчу Шен лайшна совдо́ху (алсам доху цара дина долу) диканаш.
Цо гечдо царна даккхий къиношна, цара тоба дарца. Кегийчу къиношна а гечдо Цо царна, даккхийчу къинойх уьш ларбелчахьана.
Даккхийчу къинойх тоба а ца деш велларг Шен лааме воьрзуш хилийтина цо (Шена лиъча гечдийр долуш, Шена лиъча таIзар дийр долуш): [Бакъдолуш АллахIа геч ца до Шеца (Шен балхехь) накъостий барна; ткъа кхидIа дерг гечдо Цо Шена луучунна].[3]
Шен жоьжахатца Цо таIзар динарг цу чура Цо аравоккхур ву цуьнан (дуьненахь хиллачу) ийманаца, тIаккха цуьнца Шен ялсамани чу а вохуьйтур ву Цо иза: [Че́налган барамехь дика динчунна а иза гур долуш а ду].[4]
Кхин а Цо цу чура аравоккхур ву Шен пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шафаIатца, даккхий къинош летийначарна юкъара цо шена шафаIат динарг.
Кхачамбацарех цIена волчу АллахIа кхоьллина (тахана а йолуш) ю ялсамани. Цо иза кечйина Шен гергарчу нахана (бусалбанашна), даим хир йолу хIусам йина.
Цо уьш сийлахь бийр бу цу чохь Шен сийлахь юьхье уьш хьовсийтарца (Ша гайтарца).
Иза ю Цо шена чура Шен пайхамар а хилла волу, Шен омрунца хьукма а деш хилла волу Адам Шен лаьтта тIе охьаваьккхина ерг, Шен Iилмангахь Шена хьалхе дуьйна хууш хилла долу бахьана хIоттарца (Адама дитт тIера стом баарца).
Кхин а Цо кхоьллина (тахана а йолуш) ю жоьжахати. Цо иза кечйина даим хир йолу хIусам йина, Шеца керстаналла динчунна, Шен билгалонаш а, Шен жайнаш а, Шен элчанаш а (бакъ ца беш, церах) дIавирзинчунна. Цо пардо хIоттийна Шена а, царна а юкъахь, Ша царна гойтур воцуш.
Беркате а, лекха а волу АллахI вогIур волуш ву къемат дийнахь, иштта догIур ду [малийкаш а, могIанашкахь], умматаш шена гайтийта а, царна хьесап дан а, (до́гIучунна) таIзар дан а, (бо́гIучунна) ме́л бала а.
(Къемат дийнахь) терзанаш дугIур ду, адамийн Iамалш озархьама: [Ткъа шен терзанаш (диканца) дазделларш – уьш бу декъал хир берш].[5]
Царна лур ду церан тептарш, тIехь язйина шайн Iамалш йолуш. Ткъа шен тептар шега аьтту агIор делларг – цунна хьесап дийр ду аттачу хьесапца. Ткъа шайн тептарш шайга букъ тIехьашхула делларш – церах хьаьрчар ю жоьжахатин цIе.
(Жоьжахатина тIехула доьгIна) тIай хилар бакъ ду. Делан лайш (адамаш) цу тIехула девр ду, шайн Iамалшка хьаьжжина. Цхьаберш жоьжахатин цIерах кIелхьарабевр бу, церан кIелхьарабовларан сихалла тайп-тайпана а хир ю (цу тIай тIехула дехьабовларан сихалла церан Iамалшка хьаьжжина хир ду). Ткъа цхьаберш (цу тIай тIехула дехьа а ца бовлуьйтуш) церан Iамалша жоьжахати чуиэгор бу.
АллахIан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – «хьавд» (Iам) хиларх тешар важиб ду. Цуьнан уммат догIур ду цу тIе, ткъа цу чура (хи) мелларг хьаглур вац цкъаъа. Цунах (генаваккхарца) юхатухур ву (бусалба дин кхечу динца а, нийса некъ галваларца а) хийцинарг а, (бусалба дин юкъахь керла хIуманаш юкъадахарца а, иза галдаккхарца а) хийцам бинарг а.
Ийман – иза маттаца о́лун дош а ду, дагчохь долу ихлас[6] а ду, дегIан меженашца ен Iамал а ю. Iамалш (алсам) йарца совдолу иза, уьш кIеззиг йарца а, (къинош леторца а) лах а ло иза, цундела Iамал йар Iаддитарца гIелдалар а хуьлу цуьнан, Iамал йарца совдалар а хуьлу цуьнан. Ийман гучудоккхуш долу дош кхочуш ца хуьлу Iамал йарца бен.
Цхьаъа дош а, Iамал а (нийса а, къобал еш а) яц ниййатца бен (цIенчу даггара АллахIа доьхьа еш хилча бен). Цхьаъа дош а, Iамал а, ниййат а (нийса дац, къобал деш дац) Суннатца догIуш хилча бен.
Къилбанан охIлу болчу (бусалба) нахах цхьаъа керста хуьлуш вац къа латорца.[7]
ШахIидаш (Дела доьхьа гIазот деш кхелхинарш) дийна бу, шайн Делера рицкъа кхочуш а бу.[8] Ирсе хиллачу нехан синош дуьссур долуш а ду, зовкх хьоьгуш а ду, къемат де кхаччалц. Дакъаза бевллачеран синош Iазапехь лаьттар долуш ду, бекхаман дийне кхаччалц.[9]
АллахIах тешаш хилларш шайн кешнаш чохь зуьйр болуш бу, цаьрга хаттам бийр болуш а бу. Ткъа [АллахIа чIогIачу дашца чIагIбийр бу Шех тешаш хилларш, дуьненахь а, эхартахь а].[10]
Делан лайшна (адамашна) тIехIиттийна хехой (малийкаш) ду, церан Iамалш дIаязйеш. Цара яздечух цхьаъа хIума церан Делан Iилманна юкъарадолуш а дац (Цунна ца хууш дац).[11]
(Са иэцарна тIехIоттийначу) валаран малийко са оьцу (Iожалла тIехIоьттинчеран), шен Делан пурбанца.
(ХIокху уммат юкъахь) уггар диканаш АллахIан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ган а гина, цунах тешна хилларш бу (асхьабаш бу), тIаккха церал тIаьхьабогIурш бу (та́биIу́наш), тIаккха церал тIаьхьабогIурш бу.
Асхьабашна юкъахь уггар везаниг (уггар дика верг, уггар сийлахь верг) виъ халиф ву, нийсонна тIехь а, нисвелла а хилла волу: Абу Бакар, тIаккха Iумар, тIаккха Iусман, тIаккха Iела, Дела реза хуьлда царна массарна.
Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – асхьабех цхьаъа хьахо мегар дац уггар дикчу агIор бен. Царна юкъахь лелларг ца дийцар а, иза ца хьехор а (тIехь ду бусалба нахана). Берриге нахана юкъахь уггар хьакъ долуш берш бу уьш шайна бехказло лаха а, шайн гIуллакх уггар дикчу агIор тида а.
Бусалба нехан имамашна – церан гIуллакхаш лелош болчу куйьгалхошна а, Iелам-нахана а – муьтIахь хилар (фард) ду.
Хьалха-хьалха хилла болчу дикачу нахана (асхьабашна а, та́биIу́нашна а, церал тIаьхьа хиллачарна а,) тIаьхьава́зар а, церан лараш тIехь дIавахар а (важиб) ду, царна гечдар дехар а вайн декхар ду.
Динехь (харцонца) къийсавалар а, къовсам латтор а Iаддитар (важиб) ду.
Керлахоша (динехь) керла юкъадаьхна хIуманаш дерриге Iаддитар а (важиб) ду.
(ТIаьххьара), вай доьху АллахIе, Цо Шегара салават а, дуккха салам а кхачор вайн эла волчу Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан хIусамнаношна а, цуьнан тIаьхьенна а. [ХIара билгалдахарш дерриге соьгара ду. Олхазар.]
[1] «Курсийй» - АллахIан Iаршан лахара дакъа ду. [2] Сурат «Ал-Мулк», 14 айат. [3] Сурат «Ан-Ниса́ъ», 48 айат. [4] Сурат «Аз-ЗалзалахI», 7 айат. [5] Сурат «Ал-АIро́ф», 8 айат. [6] Ихлас – деган Iамал ю, цуьнан маьIна: дийриг а, лелориг а цIенна АллахIа доьхьа хилийтар ду, ниййат цIена хилийтар ду. [7] Кхузахь лууш дерг керстаналла дойту къа а доцуш, кхидIа дерг ду, иза мел доккха делахь а, масала къаьркъа малар а, гIийбат дар а, харц лер а, иштта кхидIа а. [8] ШахIидийн дахар дуьненан дахар санна дац, дуьненна а, эхартана а юкъахь долуш ша-тайпа дахар ду, вайн хьекъалш тIекхуьур доцуш. [9] Каш чохь хир долу Iазап а, зовкх а синна а, дегIана а цхьаьне ду. Синош шайн догIмашца хIоттаделла зIе йолуш ду, цундела синошна хуьлуш дерг догIмашна а кхочуш ду. [10] Сурат «Ибро́хIи́м», 27 айат. Оцу айатехь «эхартахь» бохург – каш чохь хаттам бечу хенахь бохург ду, хьадисехь ма-дийццара. [11] Шена ца хуу дела яздойтуш дац иза АллахIа, Цунна массо хIума хууш ду: хилларг а, хиндерг а, хилла доцург хилча муха хир дара а. Ткъа Цо малийкашка адамийн Iамалш дIаязйайтаран бахьанех цхьа бахьана и тептарш адамашна тешаллийна хIиттор хилар ду, адамашна Ша нийсо еш хилар гойтуш. |